Дешан х1оттам. Суффикс. Дешхьалхе
17-г1а урок
Урокан ц1е: «Дешан х1оттам. Суффикс. Дешхьалхе».
1алашо: берашна дешан дакъош-суффиксаш,дешхьалхенаш йовзийтар.
Цара дашехь лелош долу г1уллакхаш довзийтар.
Кхочушдан лерина жам1аш:
1.Предметни: берашна 1емар ду дешнашкахь суффиксаш
,дешхьалхенаш каро , уьш билгалъяха.Хуур ду суффиксийн,
дешхьалхенийн г1оьнца керла дешнаш кхолла.
2. Метапредметни:
• Регулятивни: берашна 1емар ду шайн болх кхиамаш хир болчу
кепара д1абахьа. Берашна хуур ду шайна оьшу г1ирс книги т1ехь
каро, цунах пайдаэца. Берашна 1емар ду шайн кхиамийн мах хадо
,церан бахьнаш довза.
• Коммуникативни: берашна 1емар ду шайна хиънарг ,
накъосташка дийца. Шаьш ца кхеттачух дагабовла. Берашна 1емар
ду шайна хетарг масалаш далорца т1еч1аг1дан.
• Познавательни: берашна хуур ду суффиксо,дешхьалхено керла
маь1на а долуш дешнаш кхуллий. Берашна хуур ду дешхьалхенан ,
суффиксан цхьатера дерг довза , башхаллаш къасто.
3. Личностни: берашна хуур ду нохчийн меттан хазалла ган, и йовза .
Урок д1аяхьар.
1.Маршалла хаттар.
-Бераш , де дика хуьлда шун!
-Диканца дукха ехийла !
2. Ц1ера болх таллар.
Шардар №61, аг1о 33.
-Д1аеша хьалхара предложении. Муьлха дош яздина аша хаттаран
метана? (Ж1аьла).
-Муьлха дош яздина шолг1ачу предложенехь?(Ж1аьло).
-Муьлханиг бу оцу дешнийн орам? (Ж1аьла).
-Кхин муьлха дакъош ду оцу дешнашкахь? (-о,-ица,-их,-ина).
-Х1ун ю уьш? (Чаккхенаш).
-Стенна оьшу чаккхе? (Чаккхе оьшу дешнашкахь уьйр латто).
3. 1алашо йовзийтар.
-Х1етал-метал хаьийла шуна:
Орамна со т1ехьа лаьтта,
Дашна керла маь1на ло.
Цуьнца даим цхьана язйо
Х1ун дешдакъа хир ду со?
-Х1ун ю иза ? (Суффикс).
-Шен муьлха билгалонаш йийци цо вайна? (Орамна т1ехьа лаьтта, дашна
керла маь1на ло).
Орамна со хьалха лаьтта,
Дашна керла маь1на ло,
Цуьнца даим цхьана язйо,
Х1ун дешдакъа хир ду со? (Дешхьалхе).
-Х1ун ю иза ? (Дешхьалхе).
-Шен муьлха билгалонаш йийци цо вайна? (Орамна хьалха лаьтта, дашна
керла маь1на ло).
-Х1ун кхиамаш бохур бу вай? Стенна т1ера д1адолалур ду вай?
-Вай тахана а 1амор ю дешан х1оттам ц1е йолу тема.Шуна 1емар ду дош
х1оттамца талла , цуьнан дакъош билгалдаха. Девзар ду суффикс ц1е
йолу дакъа, 1емар ду цуьнан г1оьнча керла бешнаш кхолла.
4. Керла тема хьехар.
• Суффиксан тидам бар.
Туьйра «Дош».
Дош чохь са долуш х1ума ю. Цо дегабаам бо,оьг1аз доьду, самукъадолий хийза и , адам
сана. Оьшуш меттиг еъча шен амал а,юьхь-сибат а хуьйцу дашо.Цуьнан дог а ду –орам.
Дешан корта иза дешхьалхе ю.Гуттара а ойла еш ю иза ,дешан маь1на дика довзийтарехь,г1о
муха дийр дара те ша, бохуш.Хала ду орамна дешхьалхе йоцуш.Хьовсал шу, ваха , веа мича?-
Х1унда? Хьажал хьайна хаьий? Ткъа царна т1е дешхьалхе тоьхча ,деригге а бохург сана
кхеташ ду: д1аваха, схьавеа, хьалаваха,охьаваха,д1авеа, т1евеа ,хьалавеа,охьавеа.
-Иштта хуьлу шуна дош корта болуш хилча!
Ткъа суффикс –уьш куьйгаш ду. Х1аъ, белхан дашо куьйгаш. Суффиксо деш дукха г1уллакхаш
ду. Барам хуьйцу ,масала ,боккха б1ал ,суффикс –иг т1етоьхча жимло, цуьнах хуьлу цхьа
жима б1елиг. Доккха ц1а ду,цунна т1е суффикс –иг тоьхча ,хили жима ц1елиг.
Цо-м г1аланах стаг ванн тарлой. Хьанна хуур дара г1аланах стаг ванн суффиксан г1оьнца?
(Бераша кхуллу керла дош: г1ала –г1алахо).
• Берашка шайга болх байтар.
Шардар № 62, аг1о 34.
-Д1адеша т1едиллар. Муха кхочушдан деза шардар?
(Бераша шаьш кхочушдо шардар).
-Муьлха дешнаш хили шун? Х1ун эр дара аша суффиксах лаьцна?.
-Мича меттехь лаьтта суффикс? (Орамна т1ехьа).
-Х1ун г1уллакх леладо цо? (Керла дешнаш кхуллу.
• Дешхьалхенийн тидам бар.
Уьн т1е д1аяздо дешнаш.
Т1е-,чу-,хьала-,охьа-.
Кхосса-…(т1екхосса, чукхосса, хьалакхосса, охьакхосса).
Яха -…(т1еяха, чуяха,хьалаяха,охьаяха).
Вахара-…(т1евахара, чувахара,хьалавахара,охьавахара).
-Бераш , царна т1е дешхьалхенаш тухуш ,керла дешнаш кхолла.
-Д1адеша шаьш кхоьллина дешнаш. Муьлхачу дакъоша г1о дина шуна
уьш кхуллуш?(Т1е-,чу-,хьала-,охьа-)
-Мича меттехь яздина аша и дакъош? (Дешан юьххьехь).
-Х1ун олу цунах? (Дешхьалхе).
-Х1ун г1уллакх до дешхьалхено? (Керла дешнаш кхуллу).
• Дешхьалхе, суффикс таллар.
-Х1ун ду цу шинан цхьатера? (Керла дешнаш кхуллу цу шиммо.Ши
дешдакъа ду).
-Х1ун ду уьш къастош дерг?(Дешхьалхе орамна хьалха лаьтта,суффикс –
т1ехьа).
5. Сада1аран миноташ.
Дог1а
Мохо мархаш лоьхку, лоьхку,
Мархаш йоьлху, йоьлху.
Т1адамаш лаьтта 1ена, 1ена, -
Мала хи, к1а, мала.
К1ено охьа таь1ий:
Молу, молу, молу.
Мела дог1а, ца соцуш,
Дог1удог1у, дог1у.
(Бераша куьйгаш хьалха охьа а дохуьйтий, байтан хьалхара мог1а бешча, парг1ат
лестош, куьйгаш дегадо. Цул т1аьхьа,куьйгаш лесточуьра саца а деш, цкъа хьалха
керан юкъ хьалаерзайо, т1аккха охьаерзайо).
6. 1амийнарг т1еч1агдар.
• Дешан чаккхенгахь шала мукъаза элпаш яздаран тидам бар.
Шардар № 64, аг1о 35.
-Д1адеша т1едиллар. Муха кхочуш дан деза шардар?
-Д1адеша хьалхара дешнийн цхьанакхетарш. (Д1авуьжу мотт).
-Муха яздан деза мотт дош: чаккхенгахь цхьа т дуьллу я шиъ дуьллу?
Книги т1ехь хьанна карор дара сан хаттарна жоп?Д1адеша. Цунах пайда
а оьцуш кхочушде шардар.
• Забаре дийцар.
«Топ»
Нохчийн метан урок ю йоьалг1ачу классехь д1айоьлуш. Хьехархо ву
берашка талламан болх бойтуш. Боху цо : «Д1аязде бераш. Таллархочо
топ кхоьссира».
-Дешархочо хоту: «Топ чаккхенгахь цхьа пэ яздо , я шиъ яздо».
-Хьехархочо жоп ло: «Цхьалгониг яла цхьа пэ яздо, шалгониг делахь-
шиъ).
-Нийса вуй хьехархо? Аша муха яздийр дара и дош?
• Дешнаш х1оттамца къастор.
Шардар № 65 , аг1о 35.
-Д1адеша т1едиллар. Муха кхочушдан деза шардар?
-Д1аеша хьалхара предложени. Дашехь уггра хьалха муьлха дакъа
къастадо? (Орам).
-Х1ун дан деза орам каро? (Гергара дешнаш лаха деза, церан юкъара
дакъа билгалдаккха деза).
-Караде белхало дешан гергара дош.(Белхало -болх).
-Муьлханиг бу орам? (Болх).
-Кхин муьлха дакъа ду цу дашехь? (-ло).
-Цо болх дашах белхало хуьлуш хийцам бой?(Болх-белахало-адам хили).
-Х1ун ю иза?(Суффикс).
(Иштта толлу важа дешнаш).
• Берашка шайга болх байтар.
Шардар № 63 ,аг1о 34.
7. Жам1 дар.
• Бакъо таллар.
-Д1аеша 34-г1а аг1он т1ера бакъо. Мича меттехь лаьтта дешдакъа? Х1ун
г1уллакх леладо цо?
-Мича меттехь лаьтта суффикс? Цо х1ун г1уллакх леладо?
8. Рефлекси.
-Х1ун кхиамаш бехи аша?
9. Ц1ахь бан болх балар.
Шардар № 66, аг1онаш 35-36, бакъо , аг1о 35.