Дешан чаккхе

16-г1а урок
Урокан ц1е: «Дешан чаккхе».
1алашо: дешан хийцалуш долу дакъа чаккхе довзийтар. Чаккхено
лелош долу г1уллакх довзийтар (Предложенехь дешнашна юккъахь
уьйр латтайо).
Кхочушдан лерина жам1аш:
1.Предметни: берашна евзар ю чаккхенаш , хуур ду чаккхе х1ун ю , цо
х1ун г1уллакх леладо.
2. Метапредметни:
Регулятивни: берашна 1емар ду шайна оьшу г1ирс книги т1ехь
кхечу меттигашкахь лаха , царех пайдаэца. Берашна 1емар ду
накъосташца болх бан , цхьана кхиамаш баха. Йиш хир ю шайн
корматалле хьаьвсина цхьаъ ша болх бан.
Коммуникативни: берашна 1емар ду хьехархочун хаттаршна
шаьш жоьпаш лаха, накъостий кхетар болчу д1адийца, масалаш а
далош. Берашна 1емар ду шайна оьшург хатта, шайга дийцинарг
тала.
Познавательни: беранша 1емар ду дешнашкахь чаккхенаш
билгалъяха. Хуур ду предложенехь маь1нега хьаьжжина уьш
хийцо. Берашна девзар ду чаккхено лелош долу г1уллакх.
3. Личностни: берашна 1емар ду вовшашна г1о дарца , уьйр латто. Дика
деша лаам кхоллалур бу.
Урок д1аяхьар.
1.Маршалла хаттар.
-Бераш , де дика хуьлда шун!
-Диканца дукха ехийла !
2. Ц1ера болх таллар.
Шардар №58, аг1о 32.
-Д1аеша шардар. Маса дийцар ду шардар чохь?
-Стенах лаьцна ду хьалхара дийцар? (Шовданах).
-Шолг1аниг? (Хьуьнах).
-Муьлханаш ду гергара дешнаш?Муьлхачу дешнашкахь хийцаделла
орамера мукъа аз?
-Х1ун ю орам? Х1ун билгалонаш ю цуьнан?
3. 1алашо йовзийтар.
-Муьлха дакъош дара дешан? Муьлханиг 1амор дув ай тахана? (Чаккхе).
-Муьлха хаттар дув ай тахана жоп дала дезаш? (Стенна оьшу чаккхе?)
-Мила ву болх бан дагахь? Стенна т1ера д1аволавала дагахь ву хьо? Х1ун
кхиамаш бохур бу ахьа?
-Мила ву тобанца болх бан лууш? Х1ун план ю шун х1оттийна?
-Бераш , вайна девзар ду дешан дакъа чаккхе. Шуна хуур ду стенах олу
чаккхе, цо х1ун г1уллакх до. Вай 1амор ду чаккхе кхечу дакъойх къасто.
4. Керла тема хьехар.
Чаккхенан тидам бар.
-Бераш , Ч1ирдига язйина предложенеш. Иза жима г1алат ваьлла. Вай
г1о дан деза цунна уьш нисъян.
Тхан юьртахь йоккха клуб ю. Суьйранна юьртахой клуб сада1а боьлху.
Клуб кораш даккхий ду. Клуб суьйранна самукъане хуьлу.
-Д1аеша текст. Нийса юй иза? (Яц).
-Х1унда яц?( Дешнашна юкъахь уьйр яц).
-Муха тосу предложенехь дешнашна юкъа уьйр? (Берийн жоьпаш).
-Муьлха дош ду нийса ца яздинарг? (Клуб).
-Д1аеша хьалхара предложени. Х1ун ю юьртахь? (Клуб).
-Д1аеша шолг1а предложени. Стенга сада1а боьлху юьртахой? (Клубе).
-Муьлха дакъа т1етуьйхи аша?(-е).
-Д1аеша кхоалг1а предложени. Стенан кораш ду даккхий? (Клубан).
-Муьлха дакъа т1етуьйхи аша? (-ан).
-Д1аеша йоьалг1а предложени.Мичахь хуьлу самукъане? (Клубехь).
-Муьлха дакъа т1етуьйхи аша? (Ехь).
-Д1аеша текст юха. Х1инца юй нийса? Муьлхачу дакъоша г1о ди шуна
дешнашна юкъа уьйр таса? (-е,-ан,-ехь).
-Уьш х1ун ю? (Чаккхенаш).
-Стенна оьшу чаккхе? (Предложенехь дешнашна юккъехь уьйр латто).
-Д1аязъе предложенеш. Билгалъяха чаккхенаш.
Бакъо таллар.
-Д1аеша 33-г1а аг1он т1ера бакъо.
-Х1ун ю чаккхе?
-Стенна оьшу чаккхе?
Дешнашкахь орам а , чаккхе а билгалъяккха 1амор.
Шардар № 60, аг1о 33.
-Д1адеша т1едиллар. Муха кхочушдан деза шардар?
-Д1аеша хьалхара предложени. Стенан дийно кхобу ? (Аьхкенан).
-Стенан бутт кхоба? (1аьнан).
-Х1ун дакъа туьйхи аша? (-нан).
-Х1ун ю иза ? (Чаккхе).
-Стенна оьшу чаккхе? (Предложенерчу дешнашна юккъехь уьйр латто).
-Д1адеша хийцина ,хийцаделла дош. (Аьхке-аьхкенан).
-Муьлханиг бу орам? (Аьхке).
-Билгалбаккха. Муьлханиг ю чаккхе? (-нан).
-Билгалъяккха.
-Бераш , ойлае. Цхьана дешан орам къасталур буй? (Бац).
-Х1ун дан деза дешан орам каро? (Гергара дешнаш лаха деза).
(Иштта толлу дисина дешнаш).
5. Сада1аран миноташ.
Газа
Газа-газа-гуьзалг,
Хьийзина ма1аш, газа,
Чилланан маж, газа,
Ди ахь сарралц хелхарш
Кертал ара шершаш:
Когаш бетташ «дап-дап»,
Ма1аш етташ «т1ох-т1ох»,
Б1аьргаш къерзош «лап-лап»
Корта сеттош «oxloxl».
(Бераша газано дийриг до, цуьнан хьийзина ма1аш гойту, чилланан маж хьоьсту, когаш
бетта, корта а сеттабо, «ма1аш» 1уьтту.)
6. 1амийнарг т1еч1аг1дар.
Чаккхе , суффикс къастор.
-Шуна хаа деза чаккхенаш йовза уьш билгалъяха.
Бат-бетан-бетана.
Юрт-юьртахо.
-Д1адеша хьалхара дешнаш. Муьлханиг бу орам? (Бат).
-Кхин муьлха дакъа ду орамал совнаха? (-ан,-ана).
-Цара дешан маь1на хийциний? (Ца хийцина)
-Д1адеша шолг1ачу мог1анера дешнаш. Муьлханиг бу орам? (Юрт).
-Кхин совнаха муьлха дакъа ду данехь? (-хо).
-Оцу декъо дешан маь1на хуьйций? (Хуьйцу. Юьртах т1е -хо тоьхча адам
хили).
-И хир юй чаккхе? (Яц).
Карточкашца болх бар.
Дешнашкахь билгалбаккха орам а ,нагахь
сана елахь чаккхе а.
Лам, ломан ,ломана,ламанца,ломах,
ломе,ломал,юрт,юьртахо.
7. Жам1 дар.
Х1етал-метал хаьийла шуна:
Дешнашкахь со йолуш ю,
Со саккхенгах хуьлуш ю,
Нанна дукха езаш ю.
Дешнашкахь ас барт ма бо,
Царна юккъехь уьйр тосу.
Бераш йовза ,бераш еза
Юьйцуш ериг ….(чаккхе )ю.
-Х1ун ю иза?
-Чаккхенан муьлха г1уллакх ду цо дуьйцург?
8. Рефлекси.
-Х1ун кхиамаш бехи аша?
9.Ц1ахь бан болх балар.
Шардар № 61,аг1о 33,бакъо –аг1о 32.
Дешнашкахь билгалбаккха орам а ,нагахь
сана елахь чаккхе а.
Шовда,шовдана,шовданна,шовдано,
шовданца,шовданах,шовдане,шовданал,
лам,ламаро.