Дешан х1оттам. Орам
15-г1а урок
Урокан ц1е: «Дешан х1оттам. Орам».
1алашо: берашна дешан х1оттамах кхетам балар. Дешан дакъош
довзийтар. Орамах лаьцна юкъара кхетам балар.Дешан орам каро
гергара дешнаш лаха дезаш хилар хаийтар.
Кхочушдан лерина жам1аш:
1.Предметни: берашна девзар ду дешан дакъош. Евзар ю х1ора декъан
билгалонаш. Берашна хуур дуо рам х1ун ю , хуур ду орамера мукъа аз
хийцалуш хилар.
2. Метапредметни:
• Регулятивни: берашна 1емар ду шайн белхан план х1отто, оцу
планан рог1аллица дешаран кхиамаш баха. Берийн аьтту хирба
цхьаъ ша болх бан, шайн тобанашца а болх бан.Берашна хуур ду
шаьш дуьххьара х1ун толлур ду къасто, хуур ду и теллича х1ун
кхиамаш бохур бу хаа.
• Коммуникативни: берашна 1емар ду вовшашка шайна оьшург
хата, хуур ду накъостий кхетар болчу кепара шена хуург д1адийца.
Берашна хуур ду хьехархочо деллачу хаттаршна жоьпаш дала,
масалшца т1е а ч1аг1деш.
• Познавательни:берашна 1емар ду дешнашна юкъара гергара
дешнаш къасто , церан орам билгалбаккха. Берашна евзар ю
гергарчу дешнийн коьрта билгалонаш (юкъара , дакъа, цхьа
маь1на).Берашна хуур ду гергара дешнаш омонимех къасто.
3. Личностни: берин алсам бер бу вовшашна накъосталла дан лаам,
вовшашна юккъехь уьйр ч1аг1лур ю берийн. 1аламе безам хир бу
берийн , цуьнан доладан лаам хир бу.
Урок д1аяхьар.
1.Маршалла хаттар.
-Бераш , де дика хуьлда шун!
-Диканца дукха ехийла !
2. Ц1ера болх таллар.
Шардар № 51,аг1о 29.
-Муьлхачу элрашна буха сиз хьаькхна аша? Муьлха аьзнаш билгалдо
цара?
3. 1алашо йовзийтар.
-Бераш , д1аелла книгин 31-г1а аг1о. Д1аеша урокан ц1е (Дешан
х1оттам).
-Стенах лаьцна дуьйцур ду вай тахана? (Дешан х1оттамах).
-Муьлха хаттарш ду вайна тахана тала билгалдаьхна? Муьлхачу дакъойх
лаьтта дешанаш? Стенах олу орам?)
-Х1ун хаьа вайна дешан х1оттамах?
Х1ун 1амор ду вай тахана? Х1ун кхиамаш бохур бу аша? Мила ву ша
цхьаъ болх бан лууш? Мила ву тобанца болх бан лууш? Дийца , муха
д1аболор бу аша шайн болх? Х1ун толлур ду дуьххьара?
-Бераш, вай тахана дешнаш толлур ду шайн х1оттамца. Вайна девзар ду
гергара дешнаш, 1емар ду уьш йозанехь билгалдаха. Вайна евзар ю
гергарчу дешнийн билгалонаш , 1емар ду уьш кхечу дешнех къасто.
4. Керла тема хьехар .
• Гергарчу дешнийн тидам бар.
Туьйра: «Лулахой».
Бехаш бара лулахой: лекха лам, баьццара хьун. Бертахь а ,хаза а дехара уьш.
Уьш бератхь а хаза а, дахаро гонах мел долу садолух1ума а , адам а дара ирсе а ,
могаш а дехаш.
Цхьана дийнахь хьуьнхо веара лам болчу дагавала. Цо элира , ша ларъеш
йолу хьун мажлуш , кхиарехь сецна ю, иза х1аллакьхила герга ю. Ойлайира ломо.
Цо схьакхайкхира шен гергара нах ,хьуьнан г1о дан. Схьакхечира ламанан шийла
шовда. Цо шеен сирлачу хица 1абийра хьун. Сенъяла йолаелира хьун. Схьакхечира
ламанхой. Цара дакъаделла битташ д1а а ,дохуш керла синтарш дийг1ира,
нуьнхахь хила ца еза нехаш д1аехира. Хьалхачулла а хазъелла д1ах1оьттира
хьун. Хьалхачул ирсе бехира : ламанхой, ламанан шовда, лам, хьун ,
хьуьнхо,хьуьнан 1алам.
-Бераш , муха лулахой хила уьш? (Дика ).
-Х1унда? (Уьш кийча бу вовшашна г1о дан).
-Аша дийр дарий ишттаниг?
-Хьожур ю со , шу муха лулахой бу. Карабе оцу туьйранехь гергара нах?
(Лам, ламанан ,ламанхо).
(Уьн т1е д1аяздо дешнаш).
-Уьш х1ун дешнаш ду ? (Гергара).
-Гергарчу дешнийн хуьлу юкъара , цхьатера дакъа. Муьлханиг ду оцу
дешнийн юкъара дакъа? (Хьун).
-Х1ун олу гергарчу дешнийн юкъарчу декъах? (Орам).
-Билгал баккха орам. (Бераша уьн т1ехь билгалбоккху орам).
-Орам-дашехь коьрта дакъа ду. Орамна т1е тайп-тайпана дешдакъош
тохарца кхоллало керла дешнаш. Орамо шена чохь леладо дешан коьрта
маь1на.
-Д1адеша юха а дешнаш. Ламанхо дашехь орамна т1ехьа муьлха дакъа
ду? (Хо).
-И (-нхо) дешдакъа т1екхетаро лам дешан маь1на хуьйций? (Хуьйцу лам
дашах , чохь са а долуш ламанхо аьлла адам хила).
-Иза ю суффикс. Суффиксо керла маь1наш а долуш дешнаш
кхуллу.Билгалъяккха суффикс.
-Ламанан дашехь муьлха дешдакъа ду орамна т1ехьа лаьтташ? (-нан).
-И дешдакъа т1екхетча дешан маь1на хийцалой? (Ца хийцало).
-Иза чаккхе ю. Чаккхено предложенешкахь дешнашна юккъехь уьйр
латтайо.Билгалъяккха чаккхе.
-Х1ун билгалонаш ю гергарчу дешнийн?
• Гергара маь1на.
• Юкъара дакъа.
-Кхин муьлха гергара дешнаш ду оцу туьйранан юккъехь?
(Хьун ,хьуьнан, хьунхо).
-Д1аязде и дешнаш тептарш т1е.Х1оттамца тала и дешнаш.
-Дешан дакъош деригге дийца сунна? (Орам, суффикс, чаккхе,
дешхьалхе).
• Суффиксан г1оьнца керла дешнаш кхоллар.
Шардар № 56 , аг1о 31.
-Муьлхачу дешдекъо кхуллу элира вай керла дешнаш? (Суффиксо).
-Х1инца суффиксан г1оьнца вай лахарчу х1уманехь адамаш билгалден
дешнаш кхолла деза.
-Д1адеша хьалхара дош. (Пондар).
-Пондар локхучу адамах х1ун олу? (Пондарча).
-Д1адеша шолг1а дош. (Зурма).
-Мила ву зурма локхуш верг? (Зурманча).
(Иштта толлу дешнаш).
-Муьлха дакъош т1етуьйхира вай ? (-ча, -хо).
-Уьш х1ун ю? (Суффиксаш).
-Х1ун г1уллакх леладо суффиксо? (Керла дешнаш кхуллу).
• Бакъо таллар.
-Д1аелла книгин 31-г1а аг1о .Д1аеша бакъо.
-Стенах олу орам?
-Х1ун хийцамаш дуьлу орамехь?
Хьун ,хьуьнан, хьунхо-дешнашкахь буй и хийцамаш?
5. Сада1аран миноташ.
Жима Ваха г1отту
Малойоцуш хьала.
Мел хан яьлла,хотту,
Т1аккха йо зарядка.
Охьа-хьалате1а,
Ирх акхиссало,
Цхьана меттехьводу,
Х1уммаъ к1ад ца ло.
Пхьаьрсаш, накха башош,
Сихха кхорзу хи,
Дег1е«зузз» доуьйтуш,
Хиларх шийла и.
Цергаш, юьхь-куьг дила
Цунна диц ца ло.
Морса гата хьокхуш,
Иза вакъало.
(Хь. Саракаев)
(Бераша Вахас дийрриг до)
6. Керла тема кхин д1а а хьехар.
• Гергара дешнаш талла.
Шардар № 57, аг1о 31.
-Д1адеша шардар . Муха кхочушдан деза иза?
-Схьакараде гергара дешнаш. (Деша,дешар,дешархо).
-Муьлханиг ду юкъара дакъа? (Деша).
-Х1ун олу гергарчу дешнийн юкъарчу декъах? (Орам молу).
-Д1аязде дешнаш орам билгал а боккхуш.
• Гергара дешнаш амонимех къасто 1амор.
Шардар № 59 , аг1о 32.
-Д1адеша дешнаш.
-Буьйцу мотт, ворданан мотт, доьхкаран мотт.
-И дешнаш хир дуй гергара? (Дац).
-Х1унда? (Церан маь1наш тайт-тайпана ду).
-Предложенеш х1иттае оцу дешнашца. (Буьйцу мотт оьзданга хила
беза адаман. Доьхкаран мотт нисбира Адама шен).
• Орам къастор таллар.
-Бераш , аса уьн т1е д1аяздинчу дешнийн орамаш билгал хьан бохур
бара?
Пондарча-…(пондар)
Х1илланча-…(х1илла).
Махкахо-….(мохк).
-Цхьана дешан орам карор буй? (Бац).
-Х1унда? (Орам –иза гергарчу дешнийн юкъара дакъа ду. Орам каро
гергара дешнаш каро деза).
-Караде оцу х1ора дашна гергара дешнаш? (Лоху бераша).
-Муьлхачу бакъонах дагадевр дара шу орам къастош. Вешан план
х1оттор ю вай орам къасто атта хилийта.
1.Д1адеша дош.
2.Караде кергара дешнаш.
3. Билгалдаккха юкъара дакъа.
-Оцу бакъонах пайда а оьцуш талла х1оттамца дешнаш. (Дешархо,
ахархо,зуламхо).
7. Жам1 дар.
-Х1етал-метал хаьийла шуна:
Гергарчу дешнийн юкъара дакъа
Хуьлий со лела ,хаалаш даим,
Ойла ей, жоп ло , бе ахь сан леерам
Хуур ду хьуна буьйцург буй….(Орам).
-Х1ун хаьа шуна орамах лаьцна?
-Хьан лур дара вайн хаттаршна жоьпаш? (Бераша жоьпаш ло, шайна
хетачу кепара).
-Муьлха дакъойх лаьтта дешнаш?.
-Стенах олу орам?Х1ун хийцамаш хила тарло орамехь?
8. Рефлекси.
-Х1ун кхиамаш бехи аша?
9. Ц1ахь бан болх балар.
Шардар № 58 , аг1о 32, бакъо –аг1о 31.
Педагогика - еще материалы к урокам:
- Мукъаза шалха элпаш дашехь т1аьхье-хьалхе яздар
- Список учеников "группы риска" (образец)
- Выступление на родительском собрании "Что такое ВПР"
- "Весенний КВН" для детей подготовительной группы
- Положение о работе с детьми "группы риска"
- Дидактическое пособие - лэпбук по правилам дорожного движения для детей дошкольного возраста