Мукъаза шалха элпаш дашехь т1аьхье-хьалхе яздар

14-г1а урок
Урокан ц1е: «Мукъаза шалха элпаш дашехь т1аьхье-хьалхе яздар.».
1алашо: шалхачу элпех болу хаамаш шорбар. Муъаза шалха элпаш
дашехь т1аьхье-хьалхе нисделча уьш яздаран бакъонаш йовзийтар.
Кхочушдан лерина жам1аш:
1.Предметни: берашна 1емар ду шалха элпаш йозанехь билгалдаха.
Хуур ду мукъаза шиъ шалха элп дашехь т1аьхье-хьалхе нисделча уьш
муха яздан деза.
2. Метапредметни:
Регулятивни: берашна 1емар ду цхьаъ ша ,шеен корматтале
хьажжина болх бан. Цхьатера лаам болу берашна хуур ду шайн
тоба а йиллина цхьана болх бан. Берашна 1емар ду шайн балхана
кхиамаш хир болу г1ирсаш лаха. Царех пайдаэца.
Коммуникативни: берашна мар ду шайна хеташ долу х1ума
кхечарна уьш кхетар болчу кепара дийца , д1акхачо. Берашна хуур
ду шаьш ца кхетарг хата, шайга дуьйцучух кхета.
Познавательни: берашна мар ду т1адамийн метана оьшу элпаш
дохкуш дешнаш яздан. Берийн алсам дер ду ойлаяр , тидам
бар,х1ума довза лаам.
3. Личностни: берийн лаам хир бу шена хуучуьнца накъостана г1о дан ,
берашца уьйр лело тарвала , вазавала 1емар ду. Дешар шайн дуьхьа
хилар хуур ду берашна.
Урок д1аяхьар.
1.Маршалла хаттар.
-Бераш , де дика хуьлда шун!
-Диканца дукха ехийла !
2. Ц1ера болх таллар.
Шардар №48, аг1о 27-28.
-Муьлхачу элпашна буха хьаькхна аша сизаш?
-Муьлхачу бакъонна т1едоьг1на яздина дош жижиг? (Х1уманийн дар
билгалде дешнаш доцчу кхечу дешнашкахь доца шеконан мукъа аьзнаш
(а,у,и) хазахь , яздо а. Г-ний, к-ний хьалхахь яздо и).
-Даладе масалш оцу бакъонна.
-Муьлхачу бакъонна т1едоьг1на яздина дош потт? (Дешан чаккхенгахь
мукъаза шиъ шалха элп яздо , дош хийцича мукъачу элпана хьалхахь
уьш шиъ хазахь).
-Даладе кхин а масалаш оцу бакъонна.
-Муьлхачу бакъонна т1едоьг1на яздина дош хин? (Хьенан? я стенан?
бохучу хаттаршна жоп лучу дешнийн чаккхенгахь яздо Н).
-Даладе масалш оцу бакъонна.
3. 1алашо йовзийтар.
-Бераш д1аелла книгин 28-29 аг1онаш. Х1ун 1амор дув ай тахана? Х1ун
кхиамаш бохур бу аша? Мила ву цхьаъ ша болх бан лууш? Мила ву шеен
тобанца болх бан лууш?
-Бераш, вай тахана карлабохур бу шалхачу элпех лаьцна болу хаамаш.
Вай 1амор ду мукъаза шалха элпаш т1аьхье-хьалхе дашехь нисделча уьш
муха яздан деза.
4. Керла тема хьехар.
Мукъаза шалха элпийн тидам бар.
Уьн т1е д1аяздо дешнаш.
-Бераш со г1алатъяьлла дешнаш яздеш ,хьанна хуур дара дешнаш
нисдан.
Якъкъаш, яхьхьаш, бахьхьаш, баккъаш, т1къе итт,
ч1къоьрнаш, дукхкха, юкхкъехь, техьхье.
-Д1адеша дешанаш. Муьлханиг ду г1алат? Муьлха бакъо ца евза сунна?
-Нисдеш д1аязде дешнаш.
Бакъо таллар.
-Д1абеша дагалацам. Муха яздо мукъаза шиъ шалха элп дашна т1аьхьа-
хьалха нисделча? (Бераша д1абошу дагалацам. Дешнаш карточкашца
берийн кара дала мега. Шайга болх байта).
Берашка шайга болх байтар.
Шардар № 49, аг1о 28.
-Д1адеша т1едиллар. Муха кхочушдан деза шардар?
-Муьлхачу бакъонна т1едоьг1на яздина билгалдаьхна дешан?
(Берашка д1абешийта а мега дагалацам. Цо кхиор ду берийн оьшу г1ирс
каро лаам).
5. Сада1аран миноташ.
Поезд
Хьехархо берашна хьалха д1ах1утту. Бераш вагонаш ю.
- Ма беха а бу вайн поезд! Гайтал чкъургаш муха юьйлало
(бераш куьйгаш голашкахь сатта а дой, хьалха-т1аьхьа доьлхуш лела).
Вайн поезд д1абоьду,
Чкъургаш керчайо.
Поезд чохь д1адоьлхуш
Кегий бераш го.
Генна шаьш д1адоьлхуш
Дегнаш ийало.
- Сацийта! Соцунг1а ю!
Мила ву ловза лууш?Сихха арадовла (бераш поезд чуьра ара а довлий, хьуьнан
ц1азамаш лехьо х1уьтту).Поездан шок хеза. Бераша, юха а мог1а бой д1а а х1уьттий,
поезд бола болуьйту.
6. Керла тема кхин д1а а хьехар.
Мукъаза шалха элпаш дешнашкахь билгалдахар.
Шардар № 50 , аг1о 28.
-Д1адеша т1едиллар. Муха кхочушдан деза шардар?
-Д1аеша хьалхара предложении. Муьлхачу дашехь ду мукъаза шиъ шалха элп
т1аьхье-хьалхе нисделла? Муха яздан деза уьш?
(Иштта толлу важа предложенеш).
Карточкашца болх бар.
Чакхъяккха предложении.
Мукъаза шиъ шалха элп дашехь т1ахье-хьалхе
нисделча………………………………………………………………..
……………………………………………………………………………….
Масала,
Т1адамийн меттана оьшу элпаш а
дохкуш д1аязъе предложенеш.
Диттийн ба…аш лестабора
мохо. Берийн я…аш яра
Берашка шайга болх байтар.
Шардар № 53 , аг1о 30.
7. Жам1 дар.
-Муха яздан деза мукъаза шиъ шалха элп дашехь хьалхе-т1аьхье
нисделча?
-Х1ун керланиг хиишуна?.
8. Рефлекси.
-Х1ун кхиамаш бехи тобанашкахь болх бинчара? Х1ун кхиамаш бехи
цхьаъ ша болх бинчо? Х1ун кхиамаш бехи дисинчу бераша?Хьан бина
дукъа болх?
9. Ц1ахь бан болх балар.
Шардар № 51,аг1о 29, бакъо –аг1о 28.
самукъане гуш. Тобанна ю…ера
схьавелира цхьа хьаьрса
к1ант.