Диктанты по чеченскому языку

ШОЛГ1А КЛАСС
«Машар»
Машар бохург дика дош ду.Вайна машар беза.Машарехь адамаша болх бо,уьш
дика деха.Вайн Даймахко машарехьа къийсам латтабо.
«Гуьйре»
Диттийн г1аш мажделла.Денош дацлуш ду.Олхазарш бовхачу махка
д1аоьху.Арара ялташ чудерзийна.Дешархой деша буьйлабелла.
«Дешархо»
Со дешархо ву.Ас дика доьшу.Ас нанна г1о до.Нанас суна, дика к1ант ву, олу.Со
школе т1аьхьа ца вуьсу.
«Тхан школа»
Тхан школа хазачу меттехь ю.Школан кораш даккхий ду.Корашна т1ехь зезагаш
лаьтта.Оха царна хи туху.Хаза ду тхан класса чохь.Оха дика доьшу.
«Хьоза»
Тхан кертахь кест-кеста жима хьоза го.Иза тхан кора юххе охьахуу.Цо хаза эшарш
лоькху.Ас цуьнга ладоьг1у.Иза соьх ца къаьхка.Ас цунна цуьргаш тосу.
«Хьехамаш»
Суна йишас хьехамаш бо.Ас цуьнга ладуг1у.Тетрадаш,книжкаш ц1ена 1алашъян
еза,боху цо.Ас уьш ц1ена лелайо.Урокаш йина ваьлча,шайн метта д1айохку ас
книжкаш.
«Шовда»
Со юьртахь 1аш ву.Тхуна юххехь шовда ду.Шовданан хи шийла ду.Шовданан хи
ц1ена,сирла ду.Оха шовданан хи молу.Тхан юьртахь шовданаш дуккха а ду.
«Лийча эхар»
Аьхка йовхачу хенахь тхо х1ора дийнахь доьлху хи т1е.Лийча дика айма йолуш
меттиг хаьа тхуна.Лекха боцчу берда т1ера чукхийсало тхо.Хи т1ехула нека
деш,юьйсина буьрка сана,лела тхо.Хаза хуьлу аьхка луьйчуш!
«Тхан цициг»
Ч1ог1а харцхьара ду тхан цициг.Кхоссалой маьнги т1е долу иза, кора т1е долу,
юха маьнги к1ел лечкъа.Мачаш т1еюхуш вахьа хиъча, ботинкийн чимчарг1аш
ийзадо цо.Данне а дац тхан цициг цхьана метта соцуш.
«Комарийн дитт»
Тхан кертахь комарийн дитт ду.Со цунна т1е валало.Ас га дегийча,комарш дитта
к1ел охьаоьгу.Нанас,йишас шаршу а лоций, царна а эгайо ас комарш.Тхан дитта
т1ера комарш ч1ог1а мерза ю.
«Кехат»
Ас сайн веше кехат яздо.Иза Москвахь доьшуш ву.Кеста отпускана ц1а вог1ур ву
иза.Суна дукхавеза сайн ваша.Цо гуттар а хьехамаш бо сунна.Ас цуьнга
ладуг1у.Цо сунна дуккха а керланиг 1амадо.
«Юьртан клуб»
Юьртахь йоккха клуб йина.Цигахь кест-кеста кино гойту.Со дадица воьду
цига.Юьртан клубехь г1алара баьхкина артисташ а хуьлу.Хаза ду юьртан клубехь.
«Белхи»
Тхо г1о дан дахара.Делкъан хилча,х1ума яа кхайкхира тхоьга.Жижиган чорпа
йиинчул т1аьхьа тхуна хьалха дехкира ц1ен,мерза 1ежаш а, можа бос болу хьечаш
а,1аьржа хьечаш а.Хма а йиъна,кхид1а а бира оха болх.
«Танкист»
Жалил танкист ву. Танкана юххехь лаьтташ даьккхина сурт даийтира цо
ц1а.Х1ора кехата т1ехь шен танк хестайо Жалила. Воккха хилча,со а хир ву
танкист.Суна кинохь дукха гина танкаш.Онда машинаш ю уьш.
«Хьуьнхахь»
Ц1ена ду хьуьнхара х1аваъ.Абу хьуьнха тала воьду.Ж1аьла а дуьгу цо шеца.Хьун
тийна хетта.Амма хьуьнхахь кхехкаш дахар хуьлу.Цхьанхьа тебна цхьогал
доьду,кхечанхьа хьуьнан к1оргехь генаш кегдеш лела партала ча.
«Школьни выставка»
Школехь выставка яра.Цу выставкехь дара бераша дехкина суьрташ.Виситас
диллина сурт хазахийтира массарна а.Цуьнан суьрта т1ехь яра церан школа а,
школана юххера ц1енош а, урам а. Виситина хаза совг1ат делира.
«Охана»
Б1аьстенан хьалхарчу деношкахь аха яхара тракторш.Цхьана тракторна т1ехь
болх беш сан ваша ву.Шуьйра,йоккха аса схьалоций оху тракторо.Нуьцкъала
машинаш ю тракторш.
«Олхазарш»
Олхазарш бошмийн доттаг1ий ду.Бошмашна зен деш йолу садолу х1уманаш юу
цара.Олхазарш 1алашдан деза.Царна баннаш дан деза.Олхазарш къехко ца деза.
«Ч1ерий дахар»
Хи т1е ч1ерий даха вахара ши к1ант.Хи тийна дара.М1ерий дуьйг1ира шина
к1анта.Ч1еро муьрг туьйхира.Цхьана к1анта м1ара схьабаьккхира.Цу т1ехь
боккха ч1ара кхозура
«Лётчик»
Лётчикаш майра адамаш ду.Уьш шайн кеманашна т1ехь мархашна лакхахула
лела.Кема халла бен гуш ца хуьлу.Лётчикаш парашюташца охьалелха. Воккха
хилча, со а хир ву лётчик.
«Синтарш»
Оха школан бешахь синтарш дийг1ира.Школана хьалхарчу новкъахь а
дийг1ира.Царна т1е цхьабосса г1а даьлла.Хаза хир бут хан урам.Шорта 1индаг1
хир ду.
«Аьхке»
Довха дара аьхка денош.Хи а дара дохдича санна.Бераш лийча оьхура.Малхехь
дог1маш дагош, хи чохь луьйчуш денош дехира цара.Ч1ерий даха а оьхура бераш.
«Дешархой»
Ахмадов Мустапий, Сулиманов Вахий цхьаьна доьшуш ву.Церан классехь
доьшуш ю Саламова Зина а.Цара дика доьшу.Ц1ахь ян елла урокаш цхьаьна
йо.Цахуург вовшашна дуьйцу цара.Дика бераш ду уьш.
«Ц1ахь»
Ас сайн нанна г1о до.Цуьнан г1уллакхаш дукха ду.Ас хи а дохьу, пхьег1аш а
юьлу.Бедарш йитта пурба ца ло суна нанас.Йоккха хилчхьана,юьттуьйтур
ю,олу.Сихха йоккха хилахьара со.
«Жима Селим»
Жима Селим школе деша оьху шо герга хан ю.Цунна школа езаелла.Керла дуккха
а х1уманаш 1емина Селимана.Цунна яздан а,деша а хаьа.Тохара вашас йоьшура
цунна книжка.Х1инца ша йоьшу цо.Доккха х1ума дац ткъа иза?
«Кеманахь вахар»
Кеманна т1ехь вахара со дадица Москва.Мархашна т1ехула доьдура кема.Суна
юххехь хиъна 1аш вара Майрбек.Иза а вара шен деца вог1уш.Корехула лаьтта
охьахьоьжура тхойшиъ.Мархаш, бамба биллина аре санна, хетара.
«Б1аьсте»
Б1аьсте т1ейог1уш, ира мехий санна, хьалайовлу бецахелигаш.Денош денна
дохло, дахло.Массеран а самукъадолу б1аьста.Дехачу 1ай дижина 1иллича санна
самадолу 1алам.Каде хьийза олхазарш.
«1а доллар»
Гуьйренан т1аьххьара денош шийла хуьлу.Буса г1ура озайо,дийнахь ястало.1а
т1ег1ертаран билгало ю иза.Д1а а вижна, 1уьйранна хьо хьалаг1аьттича, диллина
к1айн ло хуьлу.Йовха бедарш т1е а юхий, арадовлу бераш.Салазаш хоьхку
цара.Самукъане хуьлу берашна 1а.
«1ежийн беш»
Юьртан йистехь йоккха беш ю.Бешахь стоьмийн дитташ ду.Беш 1алашъеш
бешахо ву.Телхинчу дитташна дарбанаш леладо бешахочо.