Учебник по чеченскому языку 6 класс

ТIеэцна билгалонаш
Дешан хIоттам къастор:
орам, дешхьалхе, суффикс,
чаккхе, лард.
Предложенин меженашна буха сиз хьакхар
подлежащи, сказуеми,
кхачам, къастам, – латтам.
2
Чолхечу билгалдешнийн нийсаяздар
Ц1ен – къорза
Юткъа – еха
Дика – вон
ТаьIна – цIен
ТаьIна – цIен – можа
КIеда – мерза
Бела – баьццара
Лилула – сийна
А О
бархI борхIалгIа
ткъа ткъолгIа
ИЙ – УЬЙ
шийтта шуьйтталгIа
И УЬ
исс уьссалгIа
итт уьтталгIа
3
Овхадов М.Р., Махмаев Ж.М., Абдулкадырова Р.А.
НОХЧИЙН МОТТ
6-чу классан учебник
Магийна Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министерствос
4
Соьлжа-ГIала – 2016
УДК
ББК
ТIеэцна билгалонаш
Iамийнарг карладаккхарна лерина хаттарш, тIедилларш.
кхоллараллица тIедилларна йолу упражненеш.
К
х
ъ
къамел кхиорна юкъаялийна упражненеш.
?
¿ ловзаран кепаш юкъаялийна упражненеш.
- тобанашца болх бар
5
Авторийн яцйина цIерш, фамилеш
А. Айдамиров (А. А.) Э. Минкаилов (Э. М.)
В.-Хь. Амаев (В-Хь. А.) Н. Музаев (Н. М.)
I. Ахмадов (I. А.) М. Мусаев (М. М.)
М. Ахмадов (М. А.) С-Хь. Нунуев (С-Хь. Н.)
Ш. Айсханов (Ш. А.) Х. Ошаев (Х. О.)
С. Бадуев (С. Б.) Ш. Окуев (Ш. О.)
Хь. Бурчаев (Хь. Б.) Н. Островский (Н. О.)
М. Бексултанов (М. Б.) П. Петирова (П. П.)
Х-А. Берсанов (Х-А. Б.) Ш. Рашидов (Ш. Р.)
I. Гайсултанов (I. Г.) М. Сулаев (М. С.)
М. Дикаев (М. Д.) А. Сулейманов (А. С.)
С-Хь. Дадаев (С-Хь. Д.) С-С. Саидов (С-С. С.)
О. Джамбеков (О. Д.) Хь. Саракаев (Хь. С.)
К. Ибрагимов (К. И.) З. Сулейманова (З. С.)
Д. Кагерманов (Д. К.) I-Хь. Хамидов (I-Хь. Х.)
А. Кусаев (А. К.) I-Хь. Хатуев (I-Хь. Х.)
С. Курумова (С. К.) Х. Хасаев (Х. Х.)
М. Мамакаев (М. М.) А. Уциев (А. У.)
I. Мамакаев (I. М.) Х. Эдилов (Х. Э.)
Ж. Махмаев (Ж. М.) Х. Яндарбиев (Х. Я.)
Ш. Макалов (Ш. М.)
6
Хьалхарчу агIонна сурт
Даймехкан хазачу Iаламан исбаьхьа цхьа меттиг (пейзаж)
7
Вайн мотт – вайн бахам
Шардар 1. ДIаеша. Схьаязъе байташ.
Нохчийн мотт
Даймахках лаьцна
Вай илли олу.
Вайнехан ийман
Цунах схьадолу.
Дайн иллеш ца декахь ‒
И Даймохк бац.
Нохчийн мотт, хьо бацахь
Тхо данне дац.
Воккханиг хасто,
Жиманиг нисван,
Бакълуьйриг къасто,
ГIалатна гечдан –
Къонахчун дош лардан
Ма атта дац!
Нохчийн мотт, хьо бацахь
Тхо данне дац!
Вайн дахар марздо,
Ойланаш хазйо,
Бекачохь оьзда
Нохчочун мотт
Хиндолчух тешош,
ГIиллакхаш дебош,
Бека хьо даима –
Сан ненан мотт.
(I-Хь. Хатуев).
1. Ийман стенах схьадолу боху поэта?
2. Муха кхета хьо «Воккханиг хасто, жиманиг нисван» бохучу дешнех?
3. Нохчочун оьзда мотт бекачохь дахар а, ойланаш а муха хуьлу?
4. ХIунда боху поэта: «Нохчийн мотт, хьо бацахь тхо данне дац»?
5. Байташ дагахь Iамае.
Шардар 2. ДIаязъе дийцаран кийсаг. Цунна хIун цIе туьллур яра ахь?
Нохчийн меттан де вайн къоман уггаре а дезачу денойх цхьаъ хилла дIахIоьттина. Иза
ишта ца хилча йиш а яц, хIунда аьлча, ненан мотт къоман орам бу. Ткъа иза къам мел ду ларбан
безаш бу. Мотт байча къам а дов. Вайн къам кхечарах схьакъастош дерг нохчийн мотт, дайн
оьзда гIиллакхаш, Iадаташ ду. И билгалонаш дIаевлча, къам а дIадолу. Шен ненан мотт ца хуу
стаг даима а юьхьIаьржа хир ву шен къомана хьалха хилла ца Iаш, кхечу къаьмнашна хьалха а,
хIунда аьлча, цунна евзар яц къоман синан кIоргенаш, цуьнан хазна. Бевзар бац хьалха баьхна
болу вайн меттан говзанчаш, Iилманчаш. Мотт ца хиъча вайна вешан истори а евзар яц,
кхидолу Iилманаш а Iамалур дац. Муьлхха а Iилма маттаца кхуьуш ма ду.
1. Хьуна хаьий нохчийн меттан де муьлхачу баттахь, муьлхачу дийнахь билгалдоккху?
8
2. Ненан мотт къоман орам бу бохучух муха кхета хьо? Дагалацал кхул хьалхарчу
упражненера «Нохчийн мотт, хьо бацахь – тхо данне дац» боху дешнаш.
1. Дагалацал, 5-чу классехь предложенийн муьлха меженаш Iамийна вай? Уьш маса ю?
2. Муьлханаш ю коьрта меженаш? Коьртазнаш муьлханаш ю?
Сочинени
«Нохчийн мотт, хьо бацахь – тхо данне а дац»
Масаллин хьесап
Бекалахь, ненан мотт, тахна
Дуьнене машаре кхойкхуш,
Лаьтта тIехь къинхетам, нийсо,
Вошалла, Ирс, Машар кхайкхош.
(А. Айдамиров)
ХIокху хаттарех пайда а оьцуш, язъе сочинени.
1. Вайн меттан хазна:
а) халкъан барта кхоллараллехь меттан исбаьхьалла;
б) фразеологизмаш, дустарш, дешнийн дуьхь-дуьхьал маьIна хилар.
2. Нохчийн эшарийн, иллийн мотт.
3. Муха кхета шу «Хазачу дашо лам башийна» бохучу кицанах?
Шардар 3. Лахахь ялийначу предложенешкахь подлежащеш караде, буха сиз хьакха.
Нана могуш йоцу цхьа кIира дара. ьйранна хьалагIаьттича а, делккъехь ишколера цIа
веача а, цхьацца гIуллакхаш дора ЯрагIис. ХIинццалц цкъа а хааделла дацара цунна ненан
гIуллакхаш иштта дукха хилар. Уьш ша дан ваьлча, цецваьлла висира. Чохь горгам-нуй
хьокхура, чорпа кечйора, пхьегIаш юьлура, шен мотт дIатобора - масане дара уьш! (I. Г.)
Шардар 4. ДIаязъе дийцаран кийсак. Предложенешкара коьрта меженаш билгалъяха.
КIайн кир тоьхначу жимачу цIийна хьалхахь боьгIначу Iожо а, цул жима лахахь болчу
кхуро а зазадаьккхинера. Iожан заза цIен-кIайн дара, кхуран заза деккъа кIайчу басахь.
Зазашна тIехуьйшуш, юха царна тIера гIуьттуш, цкъа хьаьвзий цхьанхьа дIадоьлхуш, тIаккха
хьаьвзий юхадогIуш хьийзачу накхармозийн «зузз» лаьттара хIаваэхь.
Кхура бухахь динчу дехачу букътухийла йолчу гIанта хиъна Iара воккхастаг ТIайба.
Цунна уллохь лаьттара цуьнан кIант ХIаваил. Да къамел деш вара:
КIант, со мел веха а ца хаьа. Со дIаваьлча, хьуна хьехар дан воккха а вац. Цундела ас
дуьйцучуьнга дика ла а догIа, цкъа а диц а ма де
‒ ЛадугIуш ву-кх со, дада…
ЛадугIуш вац, дегI кхузахь делахь а, хьан ойла генахула кхерсташ ю, дIо шовданан
йистехула, ‒ реза вацара да. (М. Ахмадов).
Упражнени 5. ДIаеша, схьаязъе туьйранан кийсак. Шалха элпаш шайца долчу дешнашна
буха сиз хьакха.
ТIаккха эла шен къа-бала балхо хIоьттина:
‒ ЧIогIа холчахь ву со. ХIара тамашийна хIума ду. Юучу хIуманах чIогIа чам баьлла сан,
цхьа къаьхьа чам боцург. ХIара хн ду-те дан мукъане? Суна цкъа а хилла хIума дац хIара. Со
хIокху балех хьалха ваьккхинчунна цхьа сахь деши лур дара-кх ас.
9
Ватталхьана, тхуна лор а, пхьар а карор ву хьуна, аьлла, аралилхина оьзданаш. Оцу
сохьта массо а маьIIе хез-хезаш дIахезна, эла дарбане сатесна ву аьлла. Дукха лоьраш, пхьераш,
дешна говза нах а оьхуш хилла элана тIе юххерчу а, тIаккха генарчу а ярташкара а. Массо а
тайпа чамбецаш тухуш кечбеш хилла цунна кхача, амма цхьана а молхано лерина кечбинчу
кхачано элан цамгарна гIоли ца йина.
1. Муьлха шалха элпаш ду ахь билгалдаьхначу дешнашкахь?
2. Царех мукъазнаш, мукъанаш муьлханаш ду?
3. Кхин муьлха шалха элпаш девза хьуна?
4. Караде кхузахь шала мукъаза элпаш шайца долу дешнаш.
Упражнени 6. Тидамца хьовса лахахь далийначу дешнийн хIетал-метале. Пурхнехьа
гайтинчу терахьашна догIу дешнаш нийса карадахь, лакхара охьа билгалъяьхначу клеткаш чохь
аш йоьшур ю дика дешарна шуна уггар чIогIа оьшучун цIе.
1.
2.
3.
4.
5.
1. Хьалха заманахь куьйга хьовзош хилла жима хьер . 2. Аьттан-эса, уьстагIан-Iахар,
говран- . 3. Тхов туьллуш юьллу дечиг. 4. Хьалха нохчийн зударшна лергах уллуш хилла
йоккха дашо чIуг. 5. Куьркахь кхорзу хьаьжкIаш кего гIирс.
ТIедилларш:
1. Оцу пхеа дашах шайна луъу кхоъ юкъа а далош, предложенеш хIиттае, дIаязъе.
2. Шайна карийначу дашна (билгалъяьхначу клеткаш чохь) синоним ялае.
3. Дешнашкара шалха элпаш къастаде: мукъа, мукъаза, къора, зевне.
Упражнени 7. ХIокху лахахь далийначу дешнашна улле маьIница царна дуьхьал долу
дешнаш даладе.
Кеп: нийсо – харцо.
ьйре, де, генара, хаза, Iаьржа, дукха, мерза, дуьра, гIоргIа, нилха, серло, хьекъале,
дуькъа, дерстина, йоькхана.
1. ХIун олу ишттачу дешнех?
2. Царех тайп-тайпана дешнаш юкъа а далош, 3 предложени хIоттае, дIаязъе. Коьрта меженаш
билгалъяха.
Стохка Iамийнарг карладаккхий вай:
1. Дагалацал, муьлхачу дешнех олу омонимаш?
2. Синонимаш муьлхачех олу?
Упражнени 8. ХIара дешнаш тайп-тайпанчу маьIнехь юкъа а далош, предложенеш
хIиттае: хьалхарчу шина дашах лаххара а кхоккха, вукха шиннах шишша. ДIаязъе и
предложенеш.
Мотт, тIам, неI, хьайба.
10
Кеп: Ловзар. Тхан лулахь зуда ялийначара ловзар дира. Асланна буьрканах ловзар дукха
деза.
Упражнени 9. ДIаеша предложенеш. Билгалдаьхначу дешнашна уллехь къовларш
юккъехь маьIница царна герга долу дешнаш а далош, схьаязъе.
1. «Хьайн бегаш битина Iаш вац-кх хьо», ‒ аьлла шабарш дира цо (ТIайбас).
2. Цхьа сирла цхьа мерза еара и Iуьйре. 3. Малх кхетта бIаьстенан декхна де. 4.
ТIайбина и бай баьлла латта шен дахаран аре хетаелира. 5. Сахьаьвзира ТIайбин. 6. Тоитал,
ТIайба! Тоитал! Вайшимма лелорига-м кху кIантана хьалхахь а эхь ду. 7. Сиха дахана хи
хIурдах ца кхетта, олуш ду-кх8. Цхьа хан елира кхунна ша мича кхаьчна ца хууш. 9. Iилма
Iамийначу стагера пайда алсам хила хьакъ бу. 10. Оцу суьйранна цомгаш хилла воьжна ТIайба
вистхилар доцуш, кхаа дийнахь Iиллина, дIавелира. 11. ТIаккха доккха ловзар хIоттийра цара
ХIаваилан уьйтIахь. 12. Бекисат ялийначу шолгIачу шарахь дуьнен чу велира кIант ХIарон. (М.
Ахмадов)
Упражнени 10. ДIаязъе предложенеш. Билгалдаьхначу дешнийн хIоттам къастабе
ешхьалхе, орам, суффикс, чаккхе).
Кеп: чухьаьжира. Кхузахь: чу дешхьалхе, хьаьж орам, и хандешан хIинцца яханчу
хенан чаккхе, ра – хандешан гуш яханчу хенан чаккхе.
1. Ас дуьрста схьалаьцча, меллаша корта хьалаайира говро, тIаккха новкъа а яьлла,
Бена-Юьртахьа дIайолаелира Бораниг. 2. Цул тIаьхьа дукха хан ялале со тхан девашас ша
волчу дIавигира. 3. Кулсум сихха шен майра волчухьа бIаьрг а кхуссий, арайолура. 4. Цкъа
вайчара байинчарна юккъехь а витина, мостагIчун санитарни отрядо дIаваьхьира со. 5. Чучча
даханчохь чIогIа чов хилла со а вуьсуш, вайн эскар духаделира. 6. Хазачу гуьйренан сирлачу
дийнахь кхузара дIахьаьжча куьйган кераюккъехь санна гуш тийна Терк а ду, цунна тIера
дIаIуьллуш йист йоцу шера Нохчийн аре а ю. 7. Кхин цкъа а бовр боцуш, тIорказчу
дIабиллалахь хIара. 8. Шу йистехь суо охьавоьжна меттиг евзира суна. (М.М.)
Упражнени 11. Лахахь далийначу дешнех тайп-тайпанчу суффиксийн гIоьнца керла
маьIна долу дешнаш а кхуллуш, дIаязде.
Деша, ала, талла, теша, сема, йовха, шийла, латта, гIатта, юрт, лулахь, пондар, зурма,
илли, беш, гергара, да, хаза, яздан, говза.
Кеп: нана – ненахо̂, дика – дикалла̂ , къаста – къастам.
Упражнени 12. Сизан аьтту агIорхьарчу суффиксийн гIоьнца аьрру агIорхьарчу дешнех
керла маьIна долу дешнаш кхолла, дIаязде. Тидаме эца: цхьайолу суффиксаш масех дашца хила
тарло.
Хьеха, ваша, хьада, йоза,
болх, Ведана, хьун, адам,
къонах, хьер, назма, вота,
Iилма, лекха, сийна, лам
Упражнени 13. Схьаязъе байташ. Буха сиз хьакхарца билгалдаьхначу дешнашна
хаттарш хIиттаде.
Дагна синтем лоьхуш, КIант аравелира
-лла, -нча, -лча,
-ло, -хо, -м,
-рхо, -алла,
-аро, -анхо.
11
аре теллина цу гIалин гIопах,
Безаме сатуьйсуш Корта бу оллийна,
ойла гIелйина гIайгIане ву.
Буьйса Iаьржа хиларх И мас схьа эцаро
беттан нур гина, бала бин боккха,
Ирсах дог ца дуьллуш, Дин а цо кхайкхина
Ас сайн некъ бина. (Д.М.) схьакхаьчна бу. (Т.Хь.)
1. «ХIун? Мила? Муьлш?» бохучу хаттаршна жоп лучу дешнех хIун олу?
2. Муьлхачу дожарехь ду и дешнаш?
3. Кхин муьлха дожарш девза хьуна?
4. Барта жоп луо: И дешнаш дийриг дожарехь муха хир дара? Коьчалниг дожарехь?
ХIокху хаттаршна жоьпаш язде:
1. Нохчийн маттахь маса дожар ду?
2. ЦIердешнийн маса легар ду?
3. Легарш муьлхачу дожаран чаккхенашца къастадо? Масалш даладе хIора легарна.
Упражнени 14. Цкъа хьалха сизана аьрру агIорхьа дожарийн цIерш хила езачу
рогIаллехь дIаязъе, тIаккха аьтту агIорхьара дешнаш, оцу дожаршна дуьхьал нисдеш, дIаязде.
Меттигниг, дустург,
хотталург, доланиг, коьчалниг,
лург, дийриг, цIерниг
маьждигах, маьждиг, маьждигца,
маьждигал, маьждиган, маьждиго,
маьждиге, маьждигна
1. Иштта легаде хIара цIердешнаш:
аре, йиша, хьархо.
2. Уьш муьлхачу легарна чудогIу?
Къамелан дакъош
1. Дагалацал, кхул хьалхарчу классашкахь муьлха къамелан дакъош девзина вайна?
2. «ХIун? Мила? Муьлш?» бохучу хаттаршна жоп луш дерг муьлха къамелан дакъа ду?
3. ХIокху цIердешнашна барта хаттарш хIиттаде: хьун, хьелий, воI, ваша, вежарий,
уьстагIий, зезагаш, зингатий, зударий, берзалой, таллархо, юьртахой, белхалой.
4. Билгалдашо муьлхачу хаттаршна жоп ло? Цо хIун гойту?
Упражнени 15. Лахахь далийна дешнаш схьаязде хIокху рогIаллехь:
1) цIердешнаш; 2) билгалдешнаш; 3) хандешнаш.
Баьццара, ведда, сийналла, яздира, жIов, лам, хьаннаш, воккха, йижарий, йовлакх,
гIаргIулеш, хохкура, Iамийна, куьг, кIентий, белхало, мангалхо, кертана, кемсаш, маьрсаца,
уьрсо, ловзу, лекха, лекхалла, кхетам, хабар, хабарча, лулахо, лулахочун, ураме, ерстина, оза,
можа, къорза, дистинера, охьакхетта, стомма, ира, месала, коча, хаьттира, мерза, чаьмза, дуьра,
кIеда, кхоьссина, дийци, ешна, кхехка, сеттина, гина.
ТIедилларш, хаттарш:
1. Барта хаттарш хIиттаде оцу дешнашна.
2. Цара хIун гойту?
3. Иштта хаттарш а хIиттош, цIердешнийн дожарш билгалдаха.
4. Iаьржа яздина цIердешнаш муьлхачу легарна чудогIу?
12
Упражнени 16. Лахара дешнаш, кеп ца хуьйцуш, шаьш ма-дарра юкъа а далош,
предложенеш хIиттае, дIаязъе.
Хьостамий, доттагIашца, лекхачу, цхьанакхийтира, дешархой, хьехархочо, хьаннаша,
чIегIардигах, бес-бесара, дIадийна, дийцира, говза.
1. Муьлха къамелан дакъош ду и дешнаш?
2. Аш хIиттийначу предложенешкахь уьш муьлха меженаш ю?
3. Шайн предложенех цхьаъ юьззина синтаксически къастае.
Упражнени 17. ДIаеша. Схьаязъе предложенеш, билгалдаьхначу дешнашна барта
хаттарш хIиттаде.
Бераш, кIеззиг ойла ел,
Хаттарна жоп карадел;
Ас гойту хIумнийн билгало –
Бос, барам, чам, стенах йо,
Мацалера я хьенан ю,
Адам делахь – мичара ду.
Шун къамел хаздеш, ас тодо
Цундела даим оьшу со.
хьалха аьлларг тоьлла ву
Со муьлха къамелан дакъа ду? ( Ж.Махмаев)
1. Муьлха къамелан дакъош девзина вайна хьалхарчу классашкахь?
2. Кхузахь дуьйцург муьлханиг ду? Ойла е: бос, чам, барам, я хIума стенан (стенах йира)
ю, мичара я мацалера ю гойтучу дешнашна муьлха хаттарш хIитто тарло?
Упражнени 18. ДIаеша. Iаьржа яздинчу дешнашна хаттарш хIиттаде.
1. Нанас Залинина кIайн коч ийцира. 2. Тхан школана хьалха лекха таьллаш ду. 3.
Лулахошка Шелара хьаша еанера. 4. Кешнашна гонаха кибарчигийн керт йина. 6.
Селханлера худар мустделлера. 7. Баьццарчу бацалахь бес-бесара зезагаш лепара. 8.
Кешнашна тIекхаьчча воккхачу стага доIа дира. 9. Ен бухара хьал чоьлпина хаьа. (Кица)
1. Барта дийца муьлха къамелан дакъош ду и дешнаш?
Билгалдош.
§ 1. Билгалдош, цуьнан маьIна
ХIуманан билгало а гойтуш, муха? муьлха? хьенан, стенан? мичара? стенгара?
мацалера? бохучу хаттаршна жоп луш долчу къамелан декъах билгалдош олу.
Масала: хаза (зезаг), йовха (аьхке), вешин (книга), дечиган (стол), генара
(хьаша), селханлера (газета).
Билгалдешнаша гайта тарло хIуманан тайп-тайпана билгалонаш: бос, барам,
чам, хIума долахь хилар я стенах йина ю, иштта хенаца, меттигаца йоьзна
билгалонаш и дI.кх.
Упражнени 19. Схьаязъе предложенеш, билгалдешнашна буха тулгIенан сиз хьакха.
13
1. Гобаьккхина лекха лаьмнаш а долуш, цу лаьмнашна юккъехь дехаш дара тхо. 2.
Юххехула охьадогIуш шан тIулг санна шийла хи дара. 3. Хиэ даккхий тIулгаш дахьара, керчаш
охьа, ткъа лахделча, башха сурт хIуттура хьалха: татол дуьззина, дIадийшина уьстагIий санна,
Iохкуш горга, дакххий тлгаш хуьлура. 4. Цуьнан хама бан хууш волчунна жовхIаран гIала ю
къоналла. 5. Дахаран уггаре хаза мур бу иза. 6. Иза хьан тешаме доттагI хила еза, тIаккха хьан
хьоме нус а хир ма ю иза. 7. Дукха хан ялале юьртахь доккха ловзар хIоьттира. 8. Оьзда,
гIиллакхе, адамалла долуш, хьекъале хсамнана нисъелира суна. 9. КIайчу меттахь ьллучу
Заретан ши бIаьрг хих буьзнера. 10. ТIулган чурт дуьйгIира оха цунна, тIехь Iаьрбийн, нохчийн
меттанашкахь йозанаш а долуш. 11. ДIабаьхьира цо мерза безам, сирла ойла. (Ш. Р.)
Упражнени 20. Схьаязде билгалдешнаш шайца уьйр йолчу ц1ердешнашца.
1. Ас хьуна Баьццарчу Ломара дарбане хи дохьур ду, Баба. 2. Хаьа суна, ЧIирдиг, хьо
майра кIант ву. 3. Кху новкъахь йоьхкина тайп-тайпана минаш ю бохуш дийцира
хьуьнхочо. 4. Аьхкенан довха де суьйренгахьа лестича дIакхечира гIалара мангалхой.
5. Некъаца охьа машино гIаттийна кйн чан хьийзира дикка. 6. Уллерчу шовдан
тIехь яххьаш, куьйгаш а дуьлий, стоьла хьалха гулло уьш, лаьмнийн Iаламах, цIенчу
хIаваах баккхий а беш. 7. Оцу хенахь екхначу стиглара беттасин кхоалгIа долу дакъа,
шен кIеда-шийла серло лаьмнаш тIе а хьоьрсуш, анайисте лахделлера. 8. Болар сихдо
цо, довхачу дийнахь хи тIе хьаьдда доьдучу шинаро санна. 9. Байн мох а хьоькхуш,
юкъа-кара шурула-кIайн мархаш йолуш деанера еарин де. 10. Иза Iаьржачу аматехь,
гуттар а цхьана хIуманан ойла еш сецна баккхий Iаьржа бIаьргаш а болуш, векъано
жима стаг вара. (М. А.)
1. Хьалхара шина предложенин коьрта меженаш билгалъяха.
Упражнени 21. Сизана аьрру агIорхьа далийначу билгалдешнашна дуьхьал аьтту
агIорхьарчу цIердешнех маьIница догIурш а дохкуш, схьаязде дешнийн цхьаьнакхетарш.
Лекха, хаза, мерза, дуьра, кIуон, чаьмза, хьена,
берстина, ира, стомма, муьста, дуькъа, шера,
шога, чехка, чIогIа.
тIулг, кIохцал, сту, коч, чорпа, берам, некъ,
худар, чай, саьрмсекх, муш, молха, басар,
машина, керт, хьач.
Упражнени 22. Схьаязде лахахь билгалдешнашца далийна ц1ердешнаш (хIоранца
кхоккха).
гIап диг
ТIулган дог ира дош
керт бIаьрг
йоI урс
Хаза коч аьрта ойла
къамел мангал
говр стаг
аьрха амал къоьжа лам
бер кавказ
мухIар бер
дашо гуьйре коча худар
куьйгаш хабар
14
1. Муьлханаш ду царех нийсачу маьIнехь дерш?
2. ТIедеанчу (тардинчу) маьIнехь дерш муьлханаш ду?
3. Тайп-тайпана (нийсачу а, тIедеанчу а) маьIнехь долу дешнийн цхьаьнакхетарш юкъа а
далош, 2-3 предложени хIоттае, дIаязъе, маьIна даста.
Упражнени 23. ХIокху билгалдешнашца тайп-тайпана лаххара а кхоккха цIердош а
далош, дешнийн цхьаьнакхетарш хIиттаде. ДIаязде уьш.
Сира, сирла, онда, чолхе, готта, атта, говза, самукъане, ирча, шуьйра.
Кеп: екъа дечиг, екъа сискал, екъа кибарчиг.
1. Царех тайп-тайпана дешнийн цхьаьнакхетарш юкъа а далош, 2 предложени хIоттае,
дIаязъе.
2. Синтаксически талла и предложенеш.
Упражнени 24. ТIадамийн меттана гIоьнна далийначу билгалдешнех маьIница догIуш
дерш а дохкуш, схьаязъе предложенеш.
1. Нанас дуккха а …хIуманаш дуьйцура Фаридина. 2. Фарида суьрташ дохкуш
хазахеташ яра, цуьнан къоламаш а дара цу гIуллакхана лелош. (П.П.) 3. Раисин кхин бехк
а ца хиллера. 4. Раисина тIехь … коч ю бохура, … ши чIаба а. 5. Тхойшингахь Iуьргаш дийлина
… тас а дара, … сара а, киснахь … буьйранал … тIулгаш а, тас тIекъовла эцна негIар а. (Б.М.) 6.
… мохо лоькхучу хьаннаша, …цанашлахь кортош лестош техкачу зезагаша, кIар-кIар деш
тIулгаш тIе Iеначу шовданаша ша хьоьстуш санна хетара цунна. 7. Иза яра уггаре а хан,
цхьана Солтина хила ца Iаш, оцу …берриге бахархошна а. 8. Иза …, дахарна тIебоьдучу новкъа
велира. 9. …, цIенош а, …, мотт а, кхача а, тIеюха бедарш а дерриге а дара
кхузахь. (А.А.)
ГIоьнна дешнаш: бес-бесара, тамашийна, жимачу, кIайн, еха, эчиган, тиша, горга,
хIоьан, Iаьржа, эсалчу, сийначу, шийлачу, юьртарчу, хала, ирсечу, сирла, цIена, бовха, кIеда,
мерза, цIена.
1. Буха сиз хьакхарца билгалдаьхначу дешнашна барта хаттарш хIиттаде. Уьш муьлхачу
дожаршкахь хила тарло?
2. Хьалхара предложени синтаксически талла.
КЪ
КХ
Упражнени 25. ХIокху Iаламан суртах лаций жима дийцар язде. Шайн
предложенешкахь тайп-тайпана билгалдешнаш даладе.
сурт
Гуьйренан Iаламан цхьа сурт: аьхна (охуш долу) латта, (диттан аса), стигалхула дIайоьлху гIаргIулеш.
Дитташна уллехь элан меттана (хьаькхна тIекIелдиллина докъар), буьххье хиъна маккхал
15
ГIоьнна хаттарш:
1. Шеран муьлха мур бу гайтинарг? 2. Арахь муха ю? 3. Стигал муха ю? 4. ХIун деш ву
у) тракторист (аш)? 5. Аьхна латта муха ду? 6. «Литтан буьххье маккхал хиънехь, гуьйре
йоьлла» олуш кица ду вайн. Иза гайтиний кхузахь?. 7. Диттийн баххьаш муха ду? 8. «Дашо
гуьйре» хнда олу?. 9. Кхин муха гуьйре олу вай? 10. Гуьйре дIаяьлча тIебогIург муьлха мур
бу? 11. Гуьйренах лаьцна муьлха кицанаш девза хьуна?
§ 2. Билгалдешнийн тайпанаш
Шаьш гойтучу билгалоне хьаьжжина, билгалдешнаш хуьлу шина тайпана:
мухаллин, юкъаметтигаллин.
Мухаллин билгалдешнаша хманан мухалла гойту: бос, барам, чам, и дI.кх.
Цара муха? муьлха? бохучу хаттаршна жоп ло.
Масала: цIен зезаг, можа хьоза, доккха дитт, лекха лам, мерза стом, дуьра
берам.
Юкъаметтигаллин билгалдешнаша хманан коьчалан, хенан, меттиган
долаллин билгалонаш гойту.
Масала: дечиган ков, стохкалера журнал, ломара ло, вешин ручка, Яхин
тIоьрмиг.
Упражнени 26. ДIаеша дийцаран кийсак. ТIехула элпаш дахкарца къастаде
билгалдешнийн тайпанаш: мухаллин – м, юкъаметтигаллин – ю.
Сийначу хIорда йистехь, лекхачу берда тIехь лаьтташ яра кIайчу тIулгах йина исбаьхьа
гIала.
Нурседа цIе йолуш билгала йоI яра цу чохь ехаш-Iаш.
Шен дагца, шен сица, ойланца тамашийна корматалла йолуш яра и цхьайтта шо долу йоI.
Дуьненан хазаллех цецйийла ца кIордадора цунна цкъа а, Iаламан хиламаш тергалбора цо даим.
Цунна гора анайистехь дашо малх гIоттуш, буьйсанна хIорда чохь беттан нур техкаш,
бос хаза стелаIад дуьнен тIехь айлуш, бацалахь зезаго сийна бIаьрг боьллуш. Цунна хезара
бIаьстенан мукъамаш, гуьйренан тийжамаш. Хезара мархашлахь кIайн леча карзахе кхойкхуш,
ламанан шовданаш самукъане декаш. (З. Сулейманова)
Упражнени 27. ДIаеша байташ. Шайца уьйр йолчу цIердешнашца схьаязде
билгалдешнаш. Барта билгалдаха церан тайпанаш.
Даймехкан косташ
Шуьга ду маршалла, хьомсара накъостий,
Дехийла, ирс хуьлда, IадIелаш шу ховший.
Шун оьзда гIиллакхаш ‒ Даймехкан безам бу,
Барт болуш гулдалар ‒ сан дагна хаза ду.
Хеназа самаюьйлуш, меттан мотт шун хуьйцуш,
Мерзачу набарна аганан гIожца туьйш,
Доьзалан хьашташа хеназа къежйина ‒
Хьомсара шайн нана йиц ма йиэ, боху цо.
Хьаша-да, оьздангал лаьттинчу хIусмашкахь
Яхь йолуш кхиинчу шен дикчу кIенташка,
Бехачохь, дуьйцучохь, боккхучу когаца,
16
Сийлахьчу Даймехкан сий айде, боху цо.
(М. Мамакаев)
)
Упражнени 28. Лахахь далийначу хаттаршна жоьпаш луш долу тайп-тайпана пхиппа
билгалдош язде.
Муха? Мичара? Мацалера? Хьенан? Стенан?
1. Барта тайпанаш къастаде шаьш яздинчу билгалдешнийн.
2. Царех кхоъ юкъа а далош, предложенеш хIиттае, дIаязъе. Цхьаъ синтаксически талла.
Упражнени 29. ХIокху цIердешнашца, церан билгалонаш гойтуш долу лаххара а шишша
кхоккха дош а далош, дешнийн цхьаьнакхетарш кхолла. ДIаязде уьш. Цкъа далийна
билгалдош шолгIа ма язде.
Шовда, мох, буьйса, некъ, дитт
, урам, ор, жIонк, маьнга, хьач.
Кеп: хьокхам – бовха Д 1аеша кийсиг. Билгалдешнаш шайца долу предложенеш.
хьокхам, боккха хьокхам, схьаязъе билгалдешнаш шайца долу предложенеш.
Упражнени 30. Г1арг1ули. Хаза а, доккха а, когаш т1ехь лекха а олхазар ду иза. Б1аьста
яьлча. апрель беттан деношкахь. Вайна го стиглахь мог1анаш дина схьаоьхчу г1арг1улин
г1еранаш.Церан зевне а «къар-р-р-р! Къар-р-р-р!» бохуш г1орг1ачу декаро адамийн дегнашка
б1аьстенан бовха кхаъ бахьа.
Г1арг1улин з1ок нийса а, еха а. ира а ю. Г1ортош ехаю. Настарш лекха а. юткъий а ю
цуьнан. Ц1ога доуа ду, месаш охьайирзина кхозуш а йолуш.
Г1арг1улеш ялх тайпана ю вайн мехкашкахь. Церан дахар д1ай схьай кхелхаш ду.
Б1аьста бовхачу мехкашкара къилбаседехьа хьала йог1у уьш, гурахь къилбехьа бовхачу
мехкашка юха йоьлху.Г1арг1улин коьрта туьтан т1ехь масс йоцуш меттиг ю. Нилхха чо а
болуш. И ялхе тайпа г1арг1ули шеен шеен беса ю. Масала, угаре а йоккханиг мокхачу басахь
ю т1еман йоьхигаш 1аьржа а йолуш. Цуьнан лаг а 1аьржа ду, б1аьрга т1ера охьа шина а аг1ор
к1айн сиз а долуш. И шиъ сиз г1орта кхачалучохь букъ т1ехь вовшаххоттало. Коьртан туьтанна
т1ехьа ц1иэ т1еда бу цунна. Когаш 1аьржа бу.
Ал – басахь а, к1ай а. 1аьржа а хуьлу г1арг1улеш.
1аламан хазна еш уьш хиларетерра г1арг1улеш ларо декхар ду адамийн.
(Х – А. Берсанов)
§ 3. Лаамаза а, лааме а билгалдешнаш
ЦIердашца цхьаьна лелаш долчу билгалдашах лаамаза билгалдош олу.
«Лаамаза» бохург шен лаамехь доцуш, цIердашах дозуш ду бохург ду.
Масала: йовха аьхке, лоха цIа, дечиган г1ант, аьчкан ков, Адаман цIенош,
Тамарин йовлакх.
17
Лаамечу билгалдашна тIе -иг, -ниг кхетарца кхолла а луш, цIердашца а доцуш,
ша лелаш долчу билгалдашах лааме билгалдош олу.
Масала: йовханиг, лоханиг, дечиганиг, аьчканиг, Адаманиг, Тамариниг.
Лааме билгалдешнаш дерриге а терахьашца хийцало. Масала: йовханиг
йовханаш, дечиганиг – дечиганаш, Адаманиг – Адаманаш.
Упражнени 31. ДIаязъе предложенеш. Лаамазчу билгалдешнашна буха доца тулгIенан
сиз, лаамечарна буха – деха тулгIенан сиз хьакха.
1. Говраш хохкучохь Iожа говр чехка йогIура, амма сираниг цул хьалха елира. 2. КIайн
цициг дитта тIехула хьаладедира, Iаьржаниг лаьттахь дисира. 3. Тхан керта еана гомаш неханиг
хиллера. 4. Хьекъалениг дукха ца лоь. 5. Уггар хазаниг лаха аьлча, къийго шен кIорни еана.
(Кица) 6. Собарениг Далла а везна. 7. Дадин дато мухIар ду дашониг божаршна лело ца
магийна. 8. Нанас керла чорпа йира – селханлерниг мустъеллера. 9. Къамел доцаниг, муш
беханиг тоьлу. (Кица). 10. …Цхьана хманна ша бехкала яхча санна, корта охьа а бахийтина
лаьттара бораниг. 11. Оццул йоккхачу эрна арахь суо висинчу сан хIинца дуьненахь цул гергара
хIумма а дацара. (М.М.)
Упражнени 32. Лахахь далийна билгалдешнаш шайца долчу цIердешнашца дIаязде
хIокху рогIаллехь: мухаллин, юкъаметтигаллин.
Бабин кортали, гIордалойн лам, Эвтарара хьаша, хьоме нана, дика накъост, мерза
кемсаш, тешаме доттагI, стохкалера декхар, лулара йоI, дарин йовлакх, дашо чIуг, хьуьнхара
стоьмаш, стомарлера чорпа, Iежийн беш, муьста берам, дуьра кIалд, хохийн хас, вешин сахьт,
буьрса дарц, йовха аьхке, токхе гуьйре, сирла Iуьйре, гIалара кIант, бертахь доьзал, бусалба
вежарий.
1. Хьалхарчу 6 билгалдашах лааме билгалдешнаш кхоллий, дIаязде. 2. ТIаьххьара ши
дешнийн цхьаьнакхетар юкъа а далош, предложенеш хIиттае, дIаязъе. Цхьаъ синтаксически
талла.
Упражнени 33. Схьаязъе дийцаран кийсак. Билгалдешнашна буха тулгIенан сиз хьакха.
Цхьа тийна, лерина Банос хаза дийцарш дуьйцуш, цуьнан екъачу юьхьа тIехь чуэгна
Iохкучу ойланечу бIаьргашка хьоьжуш, хийла наб кхетта суна.
Децас, юххе охьа а вижийна, хаза туьйра а дуьйцуш, хIор чо цхьацца боккхуш сайна
коьртах шен довха куьг хьаькхча, со сайн нанна юххехь волуш санна хетара суна…
…Тхо тогIех дехьа а девлла, «ЦIонтаройн юкъ» олу йоккха ирхо а яьккхина, шерачу
акъаре тIе девлира.
Хазачу гуьйренан сирлачу дийнахь кхузара дIахьаьжча куьйган кераюккъехь санна
гуш, тийна Терк ду, цунна тIера дIаьллуш йист йоцу шера НогIийн аре ю. Аьтто агIор
дIахьаьжча, иштта тийна гуьйренан можачу духарца лаьтташ лекха раьгIнаш ю. (М. Мамакаев).
Упражнени 34. Лаамазчу билгалдешнех санна шина терахьехь лааменаш а кхуллуш,
дIаязде.
Кеп: хьаьрса – хьаьрсаниг, хьаьрсанаш.
Мокха, луьста, гома, арара, нийса, ломара, буьрса, селханлера, тлган, мела, теза,
аьчкан, бертахь, ахьаран, къорза, кIайн.
1. Цхьаллин терахьан лааме билгалдешнаш муха кхоллало?
18
2. Дукхаллин терахьан лааме билгалдешнаш кхоллалуш лаамазчарна тIе муьлха суффикс
кхета?
§ 4. Билгалдешнийн терахьашца хийцадалар
Билгалдешнийн терахьашца хийцадалар церан тайпане а, лаамаза я лааме хиларе
а хьаьжжина хуьлу.
Лаамаза мухаллин билгалдешнаш цхьадерш бен ца хийцало терахьашца.
Хийцалуш дерш, коьртачу декъана, барам гойтуш дерш ду. Масала: йоккха юрт
яккхий ярташ, жима стаг – кегий нах.
Лаамазчу юкъаметтигаллин билгалдешнийн терахьашца хийцадалар шаьш
схьадевллачу цIердешнийн терахьах дозуш ду. Масала: комаран дитт – комарийн
дитташ, доттагIчун кехат, доттагIийн кехаташ.
Лааме билгалдешнаш дерриге а хийцало терахьашца.
Масала: хазаниг-хазанаш, кхураниг-кхуранаш, кIентаниг-кIентанаш.
Упражнени 35. Лахахь далийна лаамаза билгалдешнаш, цкъа хьалха шайца долчу
цIердешнашца дукхаллин терахье дохуш, тIаккха лаамазчарех лааменаш дарца дукхаллин
терахье дохуш, дIаязде.
Воккха стаг, доккха цIено, жима бер, еха зурма, стомма муш, готта некъ, боца урам,
дуткъа тай.
1. Муьлха лаамаза билгалдешнаш ду терахьашца хийцалуш дерш?
2. Церан орамашкахь хIун хийцамаш хуьлу?
3. Лааме билгалдешнийн терахьашца хийцадалар муха хуьлу?
Упражнени 36. Схьаязъе предложенеш. Буха тулгIенан сиз хьакха билгалдешнашна.
1. Арахь май беттан тIаьххьара денош лаьтта, делахь а татолан гIад дIа а лаьцна хIинца а
лаьтташ метр сов стомма ша бу. 2. Хедийна хи чу тийсина дукъош вовшех доьхкуш кечйина
къепалш ю кху Татол тIехь йоккха гIайре санна лаьтташ. 3. Цхьайолчу къепалшна тIехь лаьтташ
керла дечиган цIоьлгаш санна дина кегий цIенош ду, дукъош хиттинчухула схьагуш таьIана-
боьмаша басахь корсам а болуш. 4. ХIора цIийна хьалха бохург санна Iохку аьчкан машшийн
цIевнаш а, даккхий маIарнаш а… 5. Генна дIайоьдуш кIайн-сийна басахь шан аре ю, сов
тийна латтар шийлачу мохо дохийна. 6. Буьрса мох юха а чIагIло. (М.М.).
Упражнени 37. ДIаязъе байташ. Лаамазчу билгалдешнашна буха доца тулгIенан сиз,
лаамечарна буха деха сиз хьакха.
Сан Даймохк
КIайн кортош мархех чекхдаьхна,
Баьццарчу вертанах хьерчаш,
Дог хьоьстуш, дегIана аьхна,
Зоьртала тхан лаьмнаш лаьтта,
Маьршачу нохчочун латта.
Аьрцнашца аз шалха дохуш,
Iаламан эшаршца къуьйсуш,
Хьомениг шена тIе йоьхуш,
Безаман йовхонца ека
19
Къоначу жаьIуьнан шедаг.
Сан лаьттан пхенашкахь довха
Iаьржачу дешин цIий кхехка.
Аренаш бIаьрго ма-лоццу
Ялтийн хIорд тулгIешца ловзуш,
Эшарийн мукъамца техка.
(А. Айдамиров)
1. Лаамазчу билгалдешнех лааменаш а кхуллуш, дукхаллин терахье а дохуш, дIаязде.
2. «Аьрцнашца аз шалха дохуш» бохург хIун ду аьлла хетта хьуна? Лекхачу бердашца,
ломан басешца, цкъацкъа еса лаьттачу цIеношна уллехь а мохь тоьхча, дуьхьал изза мохь хеза.
Баккхийчаьрга а хаттий, цунах нохчаша хIун олу хьажа.
3. Муха кхета хьо тIаьхьарчу байтан хьалхарчу шина могIанах?
Упражнени 38. Схьаязде билгалдешнаш шайца долчу ц1ердешнашца цхьана. Къастаде
билгалдешан терахь.
1. Берийн уггар самукъадолу меттиг воккхачу стеган Амхьадан мазлагIа ю. 2. Цигахь
накхаршлелорхо ву воккха стаг Амхьад. 3. Берашна там бан хаьа цунна: ца кIордош дуьйцу цо
хаза туьйранаш, шира дийцарш, хьалхалера хилларш. (Д.К.) 4. Адамехь уггар а мехалниг тешаш
хилар ду. 5. Аьхкенан йоца буьйсанаш лаьттара. 6. Инзаре тамашийна хьуьнарш гайтира оцу
деношкахь белхалоший, царна гIоьнна баьхкинчу нохчаший. (I.Г.) 7. Шуьйра кIайн шаршу
яржийна ьллу семса луо (Ш.А.) 8.Август беттан дехачу дийнахь к1адвеллачул т1аьхьа мегарг
садаь1на а валале буьйса чекхйолура.(1.Г.)
Упражнени 39. Лаамечу билгалдешнашца маьIница дог цIердешнаш а далош,
дешнийн цхьаьнакхетарш хIиттаде, дIаязде. Буха сиз хьаькхна билгалдешнаш шайна карийначу
цIердешнашца цхьаллин терахье дохуш дIаязде.
Кеп: а) Селханлеранаш – селханлера къамелаш; б) дехийнаш – дехий некъаш, беха некъ.
Кегийнарш, генарнаш, сийнанаш, готтийнаш, доцийнаш, андийнаш, баккхийнаш,
стаммийнаш, баьццарнаш, стохкалеранаш.
1. Шайна луъу кхоъ дешнийн цхьаьнакхетар юкъа а далош, предложенеш хIиттае,
дIаязъе.
2. Царех цхьаъ синтаксически талла.
§ 5. Билгалдешнийн классашца хийцадалар
Шайн хIоттамехь классан гайтам болу билгалдешнаш классашца хийцало.
Масала: воккха стаг, боккха тIулг, доккха дитт, йоккха зуда. Веза хьаша, беза
мохь, деза гали, еза дечиг.
Гуш ма-хиллара, классан гайтам биъ бу: б, в, д, й.
Упражнени 40. Схьаязъе предложенеш. Билгалдешнашна буха тулгIенан сиз хьакха.
БогIучарна тIехула классан гайтамаш бахка (б, в, д, й).
20
1. Ас цIера ваьлла даьккхинчу оцу шарахь баккхий хийцамаш хиллачух тера ду. 2.
Даккхий хабарш ма дийцахьа, Сутарби. Гай тпIелг Iоьттича, гала йолу меттиг а хаалуш хила
еза оьздачу стеган гIодаюкъ. 3. Говран цергаш санна йолу кIайн хьаьжкIаш оьцур ярий ахь? 4.
Валийра аьлча а, оцу вайн боккхачу новкъа айина веар-кх. 5. Баккхийчу зударша, жинашца
тайна, дукха говза стаг ю боху иза. 6. Ю, хьо санна Iовдалниг карийча, шена сом даккха говза.
7. Соьга и дуьйцучул, вайн хьаькамашка довха а, шийла а хи хилийта ала ахь. 8. Села чохь да а
воцуш, йоккха стаг кхобуш, хала йоллуш ю. 9. Иза-м хьаха ду Iаламат хазачу ойланца дина
гIуллакх. 10. Хьоьга и йиш а лоькхуьйтуш, оцу вайн клубехь и нана доккха ловзар а дина,
шуьшиъ даха хаор ду-кх вай. (I-Хь. Хамидов).
Упражнени 41.
1. Когашкара дуьйна коьрте кхаччалц цхьа шийла ов хьаьдира Iайшатана. 2. ХIусамдас
хьахийна хабар цунна а хезнера, ша хIокху цIентIе а яле, шен да волчу баккхий нах
гулбеллачохь. 3. Цаьрца кIорггера дешна ламнах а хуьлура. 4. Iайшатана дагадогIу кхуза еана
дукха хан ялале тамашийначу суьртан ша теш хилар. 5. ДIавалахьа, оццул ирсе хила соьгара
хIун диканиг даьлла. 6. ХIаъ, Делан къайленаш-м яккхий дера ю… 7. Суна а хезна изза я цунах
тераниг. 8. Гуьйренан малх денна а керлачу корехула схьакхетара, хIоразза а ша хьалха
хиллачохь шен йовхонан цхьа дакъа а дуьтуш. 9. Амма Iалам сиха-м дацара гуттар а беш болу
хийцамаш бан: къилбаседера йогIу шело, цхьанхьа, кIоргачу Iин чохь, я лекхачу лаьмнел сехьа
ца ялалуш йисинчух тера дара. (Ж.М.).
1. Лааме билгалдешнаш схьа а яздай, дукхаллин терахье даха.
2. Шардаран хьалхара предложени синтаксически талла.
Упражнени 42. ХIара цIердешнаш маьIница догIу билгалдешнаш а далош дIаязде.
Доьзал, майда, хьун, хедар, чами, чоьлпа, бухка, хIусам, уьйтIе, йоI, дешархо, худар,
аьхке, малх, уьстагI, эмкал.
1. Муьлха билгалдешнаш ду классашца хийцалурш?
2. Царех 2-3 юкъа а далош, предложенеш хIиттае, дIаязъе.
К
х
ъ
Вайн Iалам лардар.
Сочинени
« Ларде вай 1алам?»
Масаллин кеп:
1. Лаьттан маьIданаш – халкъан хазна.
2. Iалам лардарца доьзна вайнехан гIиллакхаш.
3. Дуьнен чохь цхьа а ца оьшуш хIума кхоьллина яц.
4. Хьун Iалашъяр.
5. Хиш, шовданаш тодар, уьш бехцадар.
6. Нехаш цаяржор.
7. Массо а агIор оьзда, иман долуш хилар.
ТIедиллар. Шайн сочинени юкъа даладе тайп-тайпана билгалдешнаш. ХIун маьIна ду
церан сочиненин чулацам тобарна тIехь?
§ 6. Мухаллин билгалдешнийн даржаш
21
Мухаллин билгалдешнийн кхо дарж ду: юьхьанцара, дустаран, тIехдаларан.
Масала: лекха, лекхо, уггар лекха.
Юьхьанцарчу даржо гойтуш йолу мухалла кхечу мухаллица юьстина цахилар
гойту. Масала: хаза, лекха, дика.
Дустаран даржо мухалла кхечу хIуманан мухаллица юьстина хилар гойту.
Масала: хазо, лекхо, дико.
ТIехдаларан даржо хIуманан мухалла лаккхарчу барамехь хилар гойту. Масала:
уггар хаза, тIех лекха, Iаламат дика.
ТIехдаларан дарж кхоллалуш билгалдешнашца лела дешнаш уггар, уггаре,
Iаламат, тIех, вуно, сов, чIогIа, и дI.кх. Масала: сов лекха, чIогIа хаза, вуно дика.
Упражнени 43. Юьхьанцарчу даржера хIара билгалдешнаш дустаран, тIехдаларан
даржашка а хIиттош, дIаязде.
Кеп: муьста хьач – муьсто хьач, чIогIа муьста хьач.
Луьста хьун, кура кIант, сирла чиркх, меда туьрк, мерза Iаж, довха чай, лекха талл, готта
урам, ира мангал, хаза йовлакх, аьрта диг, генара хьаша, юххера юрт.
Упражнени 44. ДIаеша предложенеш. Юьхьанцарчу даржан мухаллин билгалдешнаш
къовларшкахь дустаран а, тIехдаларан а даржашка а хIиттош, дIаязде.
1. Сарахь, лимон санна можа малх дIабузуш, шийла мох хьаькхира. 2. Сатоссуш
гIотанашна хьалхарчу кегийрачу Iаьмнаш тIе, ахкарган пардо санна, буткъа ша озийра. 3. Онда,
лекхачу дегIахь, тIехьаьжча и дарц санна буьрса юьхь-сибат долуш стаг вара къена жаIу. 4. ДIо,
буьнан соннехь, йоккхачу кетарх а хьаьрчина, чан цIевна тIехь Iуьллура Ахьмад. 5. Цуьнан,
беран санна, ховха стаммий балдаш а долуш сийначу бIаьргашца горга юьхь, оцу кетаран
боккхачу коча юккъера, боданера цхьа къуьда санна, схьахьоьжуш яра. 6. УьстагIашна гуо а
баьккхина вухавирзинчу Ахьмадана, цкъа къоро тата а долуш, тогIийчохь жIаьлеш леташ
хезира. 7. Ахьмадан, къож санна, дуькъа, даккхий цIоцкъамаш Iаьржачу куйнаца дIаиэлуш ду.
8. Тхо доккха гIуллакх долуш даьхкина хьо волчу. (М.Мамакаев).
1. Муьлхачу даржехь ду, буха сиз хьаькхна билгалдош? Юьхьанцарчуй, тIехдаларан
даржехь муха хир дара иза?
2. ТIаьххьара предложени синтаксически талла.
Упражнени 45. Шаьш дагалаций, я дешаран книги тIера лахий, мухаллин
юьхьанцарчу даржан билгалдешнаш шайца долу 8-10 предложени язъе. Къовларшкахь и
билгалдешнаш дустаран а, тIехдаларан а даржашка хIиттаде.
Упражнени 46. Лахахь далийна билгалдешнаш дIаязде хIокху рогIаллехь: юьхьанцара
дарж, дустаран дарж, тIехдаларан дарж. ДIаяздешшехь царах лааме билгалдешнаш кхолла.
Кеп: жима, жимуо, массарал жима, жиманиг.
ЦIенуо, цIена, уггар цIена. Лекха, лекхуо, чIоглекха. Вуно стомма, стоммуо, стомма.
Дикуо, дика, тIех дика. Уггар шуьйра, шуьйруо, шуьйра. Буьрсуо, буьрса, инзаре буьрса.
Шийлуо, шийла, сов шийла. Ондуо, онда, Iаламат онда. Лекхуо, лекха, сов лекха. Дукха довха,
довхуо, довха. Хазуо, хаза, чIогIа хаза.
1. Айхьа кхоьллинчу лаамечу билгалдешнех кхоъ юкъа а далош, предложенеш хIиттае.
ДIаязъе.
2. Царех цхьаъ синтаксически талла.
22
§ 7. Билгалдешнийн легарш
Билгалдешнийн ши легар ду.
Хьалхарчу легарна чудогIу лач дожаршкахь чу чаккхе хIуттуш долу лаамаза
билгалдешнаш.
Масала: хаза бIаьсте хазачу бIаьстенан, хазачу бIаьстенна, хазачу бIаьстено.
Лекха лам лекхачу ломан, лекхачу ломана, лекхачу ломо. Генара мохк генарчу
мехкан, генарчу махкана, генарчу махко.
ШолгIачу легарна чудог лааме билгалдешнаш. Церан хIора лач дожарехь шен-
шен чаккхе хуьлу. Уьш дожаршца хийцало 4-чу легарна чудогIу цIердешнаш санна.
Масала: хазаниг, хазачун, хазачо, хазачуьнга, хазачух, хазачул; генарниг, генарчун,
генарчунна, генарчо, генарчуьнга, генарчух, генарчул.
Билгалдешнийн легаран кеп
Дожарш
Хьалхара
легар
ШолгIа легар
Цхьаллин
терахь
Дукхаллин
терахь
ЦI.
сирла шовда
сирланиг
сирланаш
Дл.
сирлачу шовданан
сирлачун
сирлачеран
Л.
сирлачу шовданна
сирлачунна
сирлачарна
Др.
сирлачу шавдано
сирлачо
сирлачара
К.
сирлачу шовданца
сирлачуьнца
сирлачаьрца
Х.
сирлачу шовданах
сирлачух
сирлачарах
М.
сирлачу шовдане
сирлачуьнга
сирлачаьрга
Дс.
сирлачу шовданал
сирлачул
сирлачарал
Упражнени 47. Схьаязъе предложенеш. Билгалдешнашна буха сиз хьакха.
1. Массо а, цхьана а кхетта, юьртарчу къаночунна тIебахана, тIехIоьттинчу къизачу
балех хIун дича хьалха девр дара-техьа, аьлла хатта. 2. Хьаьвзинчу Iасанна тIе а тийжаш,
араваьллачу къеначу стага аьлла: «Дас-нанас аьлларг деш волчу дикачу кIанта кху балех
хьалхадохур ду». 3. Баккхийчу наха сацам бина, сихонца Бердина тIе геланчаш бахийта. 4.
Яккхийчу халонашца дIакхаьчна, Бердин хIусамна хьалха севцира баханарш. 5. Генара хьеший
баьхкина аьлла, аравелира Берда. 6. Дайх дисина хаза Iадат кхочушдеш, къеначу Бердас и
генара хьеший шен хIусаме кхайкхира. 7. Ассаламу Iалайкум, турпалчу кIентан да! 8. Ва
Iалайкум салам, беркате хьеший! 9. ДогIийла шу марша сан беркъачу хIусаме! 10. Шен кийрахь
къурдаш деш, доIанаш деш вара къоьжа Берда. (А. Арсанукаев).
ТIедилларш:
1. Билгалдешнашна а, цаьрца уьйр йолчу цIердешнашна а буха сиз хьакха.
2. Муьлхачу дожаршкахь ду билгалдешнаш? Иза хаа хьуна гIо дийр ду цаьрца уьйр
йолчу цIердешнаша.
3. ТIаьххьарчу кхаа предложенера лаамазчу билгалдешнех лааменаш а кхуллуш, дIаязде.
Царех цхьаъ шина а терахьехь легаде.
Упражнени 48. Легаде лахахь далийна лаамаза а, лааме а билгалдешнаш.
ГIалара хьаша, баьццара аре, луьста хьун, гIаларниг, луьстанаш.
23
Упражнени 49. Тидамца дIадеша лахахь далийна дожарш а, царна дуьхьал яздина
билгалдешнаш а. ГIалаташ дуй кхузахь? Дожарийн цIерш рогIаллехь нийса язйиний? Цаьрца
догIуш дуй билгалдешнаш? И гIалаташ нис а деш, дIаязде дожарш а, билгалдешнаш а.
ЦIерниг сирлачух селханлераниг къоьжачул
Меттигниг сирланиг селханлерачун къоьжачух
Коьчалниг сирлачун селханлерачуьнга къоьжаниг
Доланиг сирлачуьнца селханлерачо къоьжачун
Хотталург сирлачуьнга селханлерачуьнца къоьжачунна
Лург сирлачо селханлерачух къоьжачуьнга
Дустург сирлачунна селханлерачун къоьжачо
Дийриг сирлачул селханлерачунна къоьжачуьнца
Упражнени 50. Кхул хьалхарчу шардаршкахь хилларш юкъа а ца далош, айхьа дага а
лаций, кхоккха билгалдош язде: 1) меттиган юкъаметтигаллин; 2) хенан юкъаметтигаллин; 3)
мухаллин. Уьш юкъа а далош, предложенеш хIиттае. Билгалдешнех цхьаъ шина кепара легаде
(лаамаза а, лааме а).
Упражнени 51. БIогIамалгахь дожарийн цIерш дIа а язъяй, легаде лахахь далийна
дешнаш: хьалха цIердешнаш, тIаккха билгалдешнаш (цIердешнаш муьлханаш ду, уьш
муьлхачу легарна чудогIу?).
Луларниг, куьйгалхо, можаниг, доттагI.
Хаттарш а, тIедилларш а:
1. Вовшашца юста цIердешнийн а, билгалдешнийн дожарийн чаккхенаш. Ала: дожаршца
муха хийцало лааме билгалдешнаш?
2. Дожаршца айхьа хийцинчу билгалдешнашна хаттарш хIиттаде. Цу тIехь хьуна гIо
дийр ду церан чаккхенаша.
§ 8. Билгалдешнийн кхолладалар
Лаамаза юкъаметтигаллин билгалдешнаш цIердешнийн доланиг дожаран кепах
кхоллалуш ду.
Масала: аннийн керт, тIулган некъ, Ахьмадан къоламаш, Залпаан тIоьрмиг.
Лааме билгалдешнаш кхоллало лаамазчу билгалдешнашна –иг, ‒ниг суффиксаш
тIекхетарца.
Масала: хаза зезаг – хазаниг,
цIен байракх – цIениг,
лулара йоI ‒ луларниг,
24
селханлера сискал – селханлераниг,
аннийн керт – аннийниг,
кIентан ручка – кIентаниг.
Упражнени 52. Билгалдешнашна буха сиз а хьокхуш, лаамазчарех къовларшна юккъехь
лааменаш а кхуллуш, схьаязъе предложенеш.
1. Лекхачу лаьмнийн кура ирахъихна кIайн баххьаш дара гуш таханлерачу хIокху
сирлачу дийнахь доккхачу Теркана дехьара схьа. 2. Жимачу корехула некъан мокхачу асанца
дIахьоьжуш, шен ирачу бIаьргашца а, дог-ойланца а уьш тIеуьйзуш Iара хенаро стаг. 3. Боккха
ницкъ шайна дуьхьал баьккхича а совцалуш дац хIара акха адамаш. 4. Маьнгин сонехь, цициг
санна, хьаьрчина Iуьллура жима кIант, Iаьржа бIаьргаш хьеше а хьежош. 5. Жимачу коран
бIаьргана тIеоьзначу ахкаргехула хаалора буьйса беттаса долуш хилар. 6. Боккха кхаъ кхечира
коьрта командующина. 7. Лекхачу меттехь даккхий, шозза тIекIелдина цIенош. 8. Гонаха йина
кегий гIишлош а яра. 9. Бехачу новкъа доттагIалла тасаделира кIентан, воккхачу стеган.
(I.Гайсултанов).
Упражнени 53. Схьаязъе предложенеш. Билгалдешнашна буха сиз хьакха.
1. ХIетта кан таса дазаделла, некъаца лаьтта сийна кIа техкош гIийла хьоькхуш мох а
бара, Iуьйранна зевне маьхьарий хIинца а дIатеза дара. 2. ГIийлачу борза тIера дIа шерачу арахь
а баьццара хIорд санна токх техкаш хьийкъина ялташ лаьтта. 3. Чохь летар ду вайша, гIаж
еханиг луо соьга, аьлла шайтIано. 4. Хийла вониг, диканиг гинчу кху буьрсачу лаьмнашкахь
деган аз хуьлий, дегIах чекхдолу и башха илли. 5. Тергалъелаш, адамаш, хIара шайн хаза
хьаннаш, Iалашделаш хIара шайн дато татолаш, шовданаш. 6. Цхьана басара охьадуьйлучу
шовданан гуо, бегана тIулг буьллуш, тобеш волу, юькъа яьлла кIайн маж а йолуш жимочу
дегIехь воккха стаг. (М. Мамакаев).
Хаттарш а, тIедилларш а.
1. Лааме билгалдешнаш дуй кхузахь? Уьш барта легаде.
2. Буха сиз хьакхарца къастийна билгалдош муьлхачу даржехь ду? Барта даржашца
хийца иза.
Упражнени 54. ХIара лааме билгалдешнаш шаьш ма-дарра юкъа а далош,
предложенеш хIиттаяй, дIаязъе. ХIора билгалдешан дожар, дарж ала.
Буьрсаниг, чехканиг, воккхачуьнга, лекхачо, эсалчул, стохкалерачул, хьомечуьнца,
декъазчунна.
Упражнени 55. Кхул хьалхарчу шардарерачу лаамечу билгалдешнех кхоъ шина а
терахьехь легаде.
Упражнени 56. ТIадамийн меттана лахахь далийначу билгалдешнех маьIница догIуш
дерш а дохкуш, схьаязъе предложенеш.
1. Дукха хан ялале ……… дитташна юккъехула схьагучуелира Асет. 2. Цунна
тIеюьйхина ……… ……… кофта а, ………, ……… моханаш оьхучу ……… кIадинан юбка а,
когахь ……… кIажош долу туфлеш а яра. 3. Оцу ……… мехкарех уггаре ……… яра Курсам. 4.
……… белхало а, хаза ……… а, ……… а кнт вара иза. 5. Берашца шен ……… хIусаме
йирзича, Курсаман даг тIера бала кхин а алсамбелира. 6. Иштта ша алахьа, сан ………! 7.
Аьхкенан ……… де суьйренгахьа лестича, цIеххьана хийцаделла хаваъ кхоьлира. 8. Стиглахь
……… мархаш гулъелира. 9. Хезаш дацара Нуржанан, Лаидан ……… хабарш а, ……… беларш
а. (А. Айдамиров).
25
ГIоьнна дешнаш: кIайчу дарин, стоьмийн, дезчу, Iаьржий, кIайн, эвларчу, лекха,
хазаниг, дика, есачу, гIиллакхе а, оьзда а, довха, хьомениг, зевне, синкъераме, Iаьржа.
§ 9 ТIеэцна билгалдешнаш нийсаяздар
Оьрсийн маттара тIеэцначу билгалдешнашкахь нохчийн маттахь чаккхенгахь и
яздо.
Масала:
Социальный – социальни;
космический – космически
Упражнени 57. Оьрсийн маттера тIеэцначу билгалдешнашна буха сиз а хьокхуш,
схьаязъе предложенеш.
1. Щорсаца цхьаьна, Богунски полкехь цо тIемаш германски оккупанташна а,
петлюровцашна а дуьхьал. 2. ХIетахь, Граждански тIеман шерашкахь БIаьхалин ЦIечу
Байракхан орденца а, революционни сийлаллин герзаца а совгIат дина цунна. (Хь. С.) 3.
Советски закон ца девза хьуна? (А.А.). 4. Ас деана хьуна военни коч-хечий. 5. Немецки
разведчик ву. Вайн эскарш долу меттиг лоьху боьхачу хмано. 6. Мичча хьолехь а советски
тIемало малх санна хила веза. 7. Комсомольски совгIат деш дара тхо царна. 8. Тахана
пулеметни расчетан командир вина хьох, накъост Нурадилов! 9. Накъост Нурадилов,
мостагIчун цхьайолу пулеметни точканаш хIинца а йохаза ю. (Х.I-Хь).
Упражнени 58. Схьаязъе предложенеш. Оьрсийн маттера тIеэцначу билгалдешнашна
буха сиз хьакха.
1. 1917-чу шарахь Россехь Октябрьски Социалистически Революци хилла. 2. Хьалха
дешархой пионерски лагершка буьгура. 3. Тхан школана хьалха йоккха футбольни стадион ю.
4. Цигахь тайп-тайпана спортивни къийсадаларш а хуьлу. 5. Вайн республикехь меттахIиттош
ю юьртбахаман а, промышленни а предприятеш. 6. ИсмаIал авиационни училище деша ваха
лууш ву. 7. Цомгашниг операционни чу вигира. 8. Глин урамаш серладаьхна электрически
лампанаша. 9. Дено-дено толуш ду вайн бахамийн экономически хьелаш.
Упражнени 59. ДIаязъе, тIадамийн метта оьшуш йолу чаккхенаш йохкуш.
1. Штабехь волчу пан полковнике хаийтира электрическ… серло цахиларан хьокъехь.
(Н.О.) 2. Школера цIа веанчул тIаьхьа шен урокаш а йой, тIаккха музыкальн… занятешка
воьдура Салман. (Д.У.) 3. Космическ… талламашна боккха Iилманан пайда бира цу группов…
полето. (С.Э.) 4. Радиохула кхайкхира информационн… хаам гонахара Iалам лардарехь. 5.
Массо а культурн… хьукматашкахь дIахьош ду синмехалашкахь дакъалацаран кечам бар.
Упражнени 60. Шаьш дага а лаций, кхоккха тIеэцна билгалдош легаде. Цаьрца
предложенеш хIиттае, цхьаъ синтаксически талла.
§ 10. Билгалдош грамматически къастор
Билгалдош морфологически къасторан некъ иштта бу:
1. Юьхьанцара кеп (цхьаллин терахь цIерниг дожар).
2. Тайпа (мухаллин, юкъаметтигаллин)
3. Лаамаза я лааме.
4. Дарж (юьхьанцара, дустаран, тIехдаларан).
26
5. Дожар.
6. Терахь.
7. Классан гайтам (белахь).
8. Синтаксически гIуллакх (предложенехь муьлха меже ю).
Къастор вай хIокху предложенешкара билгалдешнаш.
1. Генна хьалхахь дежаш дара доккха жа. Кхузахь билгалдош ду – доккха.
1) Юьхьанцара кеп – доккха;
2) тайпа – мухаллин;
3) лааме я лаамаза – лаамаза;
4) дарж – юьхьанцара.
5) дожар – цIерниг;
6) терахь – цхьаллин.
7) классан гайтам – д;
8) синтаксически гIуллакх – къастам.
2. Шурул-кIайчу шерачу арахь гуш хIумма а дацара. (М.М.). Билгалдош шурул-кIайчу.
1) Шурул-кIайн;
2) мухаллин;
3)лаамаза;
4) юьхаьнцара;
5) лач дожарехь ду;
6) ца хийцало;
7) бац;
8) къастам.
3. Декъазчунна ден цIера а йогIу, олуш кица ду вайн. Билгалдош – декъазчунна.
1) Декъаза;
2) мухаллин;
3) лааме;
4) юьхьанцара;
5) лург;
6) цхьаллин;
7) бац;
8) кхачам.
Упражнени 61. Схьаязъе предложенеш. Билгдешнашна буха сиз хьакха.
Морфологически къастаде тIаьхьарчу шина предложенера билгалдешнаш.
1. Массанхьа а кхочуш, халаниг уггар хьалха шена тIеоьцуш схьавогIу Iимран. 2. Тхойшиъ тIе а
кхачале, леташ, даккхий жен жIаьлеш даьхкира дуьхьал. 3. «ДIадовла йовсарш!» аьлла шен
беха коьжалг а айина, дIачовхийра къеначу жаIуьно жIаьлеш. 4. «Марша догIийла шу!» ‒ аьлла,
тхойшиннан рогIехь куьйгаш лецира, малхой, мохой чахчйина Iаьржа замано хершнаш тийсина
декъано юьхь-сибат а долуш, лекхачу дегIахь волчу къеначу стага. 5. «Ас дийриг-м доккха
хIума дацара», ‒ аьлла куьг ластийра жаIуьно. (М.М.).
К
х
ъ
Упражнени 62. ХIокху сурте а хьожуш, жима дийцар язде. Шайн дийцарехь тайп-
тайпана билгалдешнаш хилийта.
сурт
27
Хьаькхна кесаршко охьадиллина докъар кепатухуш ю трактор, цу чохь – трактор лелорхо.
И дIаяханчу асанна тIехь могIара Iохку докъаран кепаш. Оцу тракторна тIаьхьа, жимма гено,
и кепаш машенна тIеютуш бу кхиберш: шиъ – машен тIехь докъар дIанисдеш.
ГIоьнна хаттарш:
1. Шеран муьлха мур бу суьрта тIехь гойтург?
2. Арахь муха ю? Тидам бе: геннахь, анайистехь мархаш елахь а, екхначу сирлачу
стигалан, бовха хьоьжучу маьлхан, болх бечарна тIерачу духаран: майканаш пхьуьйш
хьалдина кучамаш), коьртахь чертан куйнаш (я лабанаш йолу кепканаш).
3. ХIун деш бу суьрта тIехь гуш берш?
4. Стенна оьшу оццул докъар? Муха хета шуна: цхьамма (я цхьана доьзало) шенна
гулдеш дуй иза?
5. И докъар машенахь стенга хьур ду?
6. Маца, стенна оьшур ду иза?
7. Наха даьхни стенна леладо?
Упражнени 63. Схьаязъе предложенеш. Билгалдешнашна буха сиз хьакха. Хьалхарчу
шина предложенера билгалдешнаш морфологически къастаде.
1. ГIалин тIекIелдинчу цнойн цхьана хIусамехь йоккха стаг хьийзара. 2. Диканиг бен,
вониг кхуо цкъа а схьа ца лоцура. 3. Мел къаьхьа деана де а шеца цхьацца тамашийнаниг
дохьуш хуьлура. 4. Ойлано генна шен жималле юхайигинчу Зазин цхьа онда, аьрха лаам
гIаьттира. 5. Шега дийцинчу адресца д1акхаьчча, машен сацайо къоначу таксисто. 6. Жима стаг
ша волччохь а витина дIайолаелла йоккха стаг кевнехь соцу. 6. Цул тIаьхьа кхин керла
гIайгIанаш, керла бIаьрхиш, хазахетарш, ирсе мIаьргонаш…7. Йоккха гIовгIа эккхийтина,
лайн мижаргех ловзуш бераш дара. 8. Аренгарчу юьртахь ехара иза. 9. Оцу къоьжачу
воккхачу стеган бIаьргаш дуккха а шераш хьалха санна хьоьжура кхуьнга, хIетахьлера Заза
йолуш санна (П. Петирова).
Упражнени 64. ДIаеша Мамакаев Iаьрбин байташ. Цу юкъара схьаязде билгалдешнаш
шайца долу могIанаш.
БIаьстенан Iуьйре
БIаьстенан набарха йолий,
Сирла бIаьрг дуьнен чу боьллий,
Сахуьлий, текхочу, гIоттий,
Эсалчу бIаьстенан Iуьйре.
Стиглахь малхбалехьа серло
Мархийн бос дашо беш, кхерста,
Баххьашца къегачу малхо
ЗIаьнаршца бода дIатотту.
ЦIен зезаг гарманан арахь
Бай кхолуш, тIамарца гIотту,
Тхи къегаш баьццарчу бай тIехь
Кегийра седарчий хIуьтту.
Олхазарш бошмашкахь ловзуш,
28
Дуткъачу гаьннаш тIехь дека.
Юткъачу шакаршца эшарш
Цара, дилхан дог хьоьстуш, лоькху.
Хазчу кху дахаро хьостий;
Вайга мерза маршала хоттий.
Ду шуьга сан маршал, ‒ олий;
Вайна йоьлуш йогIу Iуьйре.
I. Мамакаев
ТIедилларш, хаттарш:
1. Барта къастаде билгалдешнийн тайпанаш.
(мухаллин, юкъаметтигаллин).
2. «Къегачу», «Юткъачу» боху билгашдешнаш муьлхачу дожаршкахь ду? Иза муьлхачу
дешнаша гойту?
3. Дукхаллин терахьера билгалдош дуй кхузахь? Иза цхьаллин терахьехь муха хир ду?
Упражнени 65. Шина тайпана лаамаза а, лааме а билгалдешнаш юкъа а далош, ялх
предложени хIоттае, дIаязъе. Цхьа дош шозлагIа ма язде. Лаамечу билгалдешнех цхьаъ шина а
терахьехь дожаршца хийца.
§ 11. Терахьдош
1. Муьлха къамелан дакъош девзина вайна?
2. ЦIердашо хун гойту?
3. Билгалдашо хун гойту?
4. ХIара лахара дешнаш дIа а яздеш, хаттарш хIиттаде:
гуьйре- итт- воккханиг-
аренаш- Айза- шуьйра-
нох- ворхI- б-
уьстаг- уьссалгIа- эзар кхо бIе-
шийла- ткъе итт- ши эзар цхьайтта-
шело- говраш- пхиппа-
1. ЦIердешнашна буха цхьа сиз, билгалдешнашна буха тулгIенан сиз хьакха.
2. Муьлха дешнаш дисина? Шайца долчу хаттаршца кхин цкъа а дIадеша уьш. Цара хIун
гойту аьлла хета хьуна?
ХIуманан масалла я рогIалла гойтучу къамелан декъах терахьдош олу.
Масала: кхоъ, итт, дезткъа, кхоалгIа, уьтталгIа, доьзткъалгIа.
Шайн маьIне хьаьжжина терахьдешнаш хуьлу масаллин, рогIаллин, декъаран,
гулдаран, дакъойн, билгалза-масаллин, эцаран. Масала: цхьаъ, хьалхара, цхьацца,
шишша, цхьаъ шолгIа, цхьа-шиъ, шозза.
Шайн хIоттаме хьаьжжина терахьдешнаш хуьлу цхьалхе, чолхе, хIоттаман.
Масала: диъ, пхийтта, кхо б1е цхьаъ.
Упражнени 66. Терахьаш дешнашца а яздеш, схьаязъе дийцаран кийсак.
29
Эмкалш букъ т1ехь цхьа дума болуш а ю, ши дума болуш а ю. И дуьмеш бахьана долуш,
мацалла а, хьогалла а оцу г1ум аренашкахь лан дукха хала ца хуьлу царна. Эмкалш, шаьш
наггахь болчара бен уьш ца лелийнехь а, дика евза нохчашна, аренашкахь бехаш болчу ног1аша
а, г1умкаша а лелош хилла дела. Амма уьш вуно дика евзира Казахстанехь. Буькъачу т1арг1ано
шелонах а, йовхонах а к1елхьара йоху уьш. Вуно чомехь, хьена, дег1ана пайдехь ю церан
шура.Эмкалш вуно онда г1ора ницкъ хилар бахьана долуш, мел генарчу мехкашка а оьхуш,
йохк эцар лело таро хилла. Иштта Чилла к1адин некъ,аьлла ц1е тиллина хилла оцу некъана.
(С – М. Гелагаев)
Муьстарг 2 3 метр лекха кол ю, дукха генаш а долуш, бухахь орамаш гуш а долуш.
Г1индалг1аш дика лекха коьллаш ю, 10 метр хила а мегаш. Заза хаза хьожа йолуш ду, можуо
к1айн бос а болуш. Стоьмаш 1аьржа бу, 3 4 лаг а долуш. Май баттахь заза доккху. Шеран 7
бутт чекхболучу хенахь стом хуьлу. !онтазаш Кавказехь массанхьа а ду. 25 см лекха ду уьш.
Хьуьнц1азамаш дукха тайпанаш долуш ду.Кавказан хьаннашкахь кхуьурш 10 15 см лекха
хуьлу. Б1аьлланг декхнийн тайпанан диттех лоруш кол ю. Цхьаерш 10 метр гергга лекха
ахуьлу. (С М. Гелагаев)
Упражнени 67. ХIокху хаттаршна дуьззина жоьпаш луо. Терахьаш дешнашца язде.
1. Хьо маца (муьлхачу шарахь, баттахь, дийнахь) вина (йина)? 2. Хьо школе муьлхачу
шарахь вахара (яхара). 3. Хьо мосалгIачу классехь доьшуш ву (ю)? 4. Шун классехь маса
дешархо ву? 5. Царех йоI маса ю, кIант маса ву? 5. Хьан маса книга ю? Шун класса чохь маса
стол, гIант ду? 8. Шун урокаш маса сахьт даьлча дIайолало? Чекх маса сахьт даьлча йовлу?
ТIедилларш:
1. Терахьдешнашна буха сиз хьакха.
2. Барта ала, уьш муьлха терахьдешнаш ду.
Упражнени 68. Схьаязъе дийцаран кийсак. Терахьаш дешнашца язде.
Иза кхин а тIехваларна кхоьруш санна, Амана пхьа болийра:
ХIетал-метал хаалда, баганан дитт мел деха?
3000 шарахь, ‒ жоп делира Вахас.
Наж?
2000 шарахь.
Поп?
1000 шаре кхаччалц.
Хьех?
1200 шарахь. (Д.К.)
Хаттарш а, тIедилларш а:
1. Шиъ я масех стага лакхахь далийна ма хиллара вовшашца дечу къамелах хун олу?
2. Муьлха терахьдешнаш ду кхузахь дерш: цхьалхе, чолхе я хIоттаман?
Упражнени 69. Терахьаш дешнашца а яздеш, схьаязъе дийцаран кийсак.
Идрисов Абухьаьжа вина 1918 чу шарахь Бардк1елахь. 1918 чу шарахь йистехьара
ягийнера иза. 1939 чушарахь, октябрь баттахь, Абухьаьжин 21 шо дуьзча, Ц1ечу Эскаре
кхайкхира цуьнга. 1941 –чу шеран 22 чу июнехь. Сатоссучу хенахь, т1еман орца а
даьккхина,хьалаг1аттийра батальон.1941 –чу шеран ноябрь баттахь фашистийн атакаш севцира,
кхин т1ег1ерта ницкъ а цакхаьчна. Тхуна дуьхьал 1охкучу мостаг1ийн окопаш, ч1аг1онаш 300
400 метр гена яра. 1944 чу шарахь январь баттахь Ленинградана бина гуо баьстира. (
Х.Ошаев)
Ш
30
§ 12. Масаллин терахьдешнаш
ХIуманан масалла а гойтуш, маса? бохучу хаттарна жоп лучу терахьдашах
масаллин терахьдош олу.
Масала: цхьаъ, пхиъ, ворхI, шовзткъа
Масаллин терахьдешнаш кхечу дешнашца (цIердешнашца) уьйр йолуш, цаьрца
цхьаьна я шаьш лела тарло.
ЦIердешнашца цхьаьна лелаш долчу терахьдашах лаамаза терахьдош олу.
Масала: цхьа стаг, пхи кхор, итт къолам.
ЦIердашца доцуш, ша лелаш долчу терахьдашах лааме терахьдош олу.
Масала: цхьаъ, пхиъ, итт.
Лааме я лаамаза хилар йозанехь къаьсташ ду масаллин терахьдешнаш:
Цхьаъ – цхьа къолам, шиъ – ши книга, кхоъ – кхо тетрадь, пхиъ – пхи ручка.
Упражнени 70. Схьаязъе предложенеш. Масаллин терахьдешнашна буха сиз хьакха.
Дисинарш муьлха терахьдешнаш ду?
1. Оха школан кертахь 34 толлан а, 18 боллан а, 12 бIаран а синтарш дуьйгIира. 2.
Хьуьнах экскурси ваха 22 дешархо гулвеллера. 3. Тхан юьртарчу бахамо 900 гектар ялта
дIадийна. 4. Вевзаш волу поэт Дикаев Мохьмад вина 1941-чу шеран сентябран хьалхарчу
дийнахь. 5. ГIараваьллачу иччархочо Идрисов Абухьаьжас 349 мостагI хIаллаквина: 6. Цунна
1944-чу шарахь Советски Союзан Турпалхо боху цтиллина. 7. 380 агIо йолу книга 3 дийнахь
ешна елира Айза.
Упражнени 71. ДIаеша лахара предложенеш. Дешнашца далийна терахьдешнаш
терахьдашца а дохкуш, схьаязъе уьш.
1. И дIо ши бткъа цIе йолу лакхе фашистийн карахь хиларо чогIа ницкъ бо вайна. 2.
ТIом болабелчхьана ткъе шийтта вийна хилча, тIом чекхбалале кхин шозза сов мостагIий
хIаллакбийра бу. 3. Захаровка, Толстой, Шигра районашкахь ялх бе шовзткъе итт мостагI вийна
Ханпашас, пхиъ пулемётан бен бохийна, шийтта мостагI лаьцна каравалийна. (Хь. Х.). 4.
Брестан гIап ларъеш турпаллица хIаллакьхиллачарна юккъехь кхо бIе сов нохчо вара. 5. Царех
дукхах берш кхо б1е ткъе кхойтталгIачуй, бткъе кхоалгIачуй полкашкахь бара. 6. Сийлахь-
боккхачу Даймехкан тIамехь дакъалоцуш шовзткъа эзар сов нохчий, гIалгIай хилла. (Х.О.).
Упражнени 72. Нохчийн маттахь дагардан хаьий хьуна? Хаахь, цхьанна тIера
шовзткъанна тIекхаччалц дагардеш, дIаязде терахьдешнаш.
Хаттарш, тIедилларш:
1. Тидам бе: муха яздина цхьанна тIера пхеанна тIекхаччалц долу терахьдешнаш? Церан
хIун аз ду, йозанехь хIун олу цунах?
2. Цхьайттанна тIера берхIиттана тIекхаччалц дерш муха яздина? Маса орамах лаьтта
уьш? И орамаш барта билгалдаха. Шиъ я цул сов орамах лаьттачу дешнех хн олу вай?
3. «Ткъа» боху терахьдош кхидIа а дагардеш муха хийцало? Чаккхенгарчу «а» элпан
метта муьлха элп хIутту? Иза даима а дагахь латтаделаш!
Упражнени 73. Дешнашца дIаязде хIара терахьаш:
101, 202, 313, 426, 537, 6789, 5678, 10000, 10111, 3002, 67, 76, 23456.
Упражнени 74. Схьаязде терахьдешнаш дешнашца хIокху рогIаллехь: 1) цхьалхе, 2)
чолхе 3) хIоттаман.
31
1. 133, 8, 9, 624, 17, 735, 9876, 5, 6, 13, 14, 200, 987.
2. Терахьдош 4 юкъа а далош, дешнийн цхьаьнакхетарш кхолла хIокху цIердешнашца:
кIант, йоI, цициг, уьстагI, гомаш, етт, говр, гIант, хьостам, коч, мухIар.
Кеп: йиъ москал, диъ к1еза.
§ 13. РогIаллин терахьдешнаш
РогIалла а гойтуш, масалгIа? бохучу хаттарна жоп лучу терахьдешнех
рогIаллин терахьдешнаш олу.
Масала: кхоалгIа, доьалгIа, ткъе ворх1алгIа.
РогIаллин терахьдешнаш кхоллало масаллин терахьдешнех -лгIа, -алгIа
суффиксаш тIекхетарца:
диъ-доь-алгIа, бIе-бIо-лгIа.
РогIаллин терахьдешнаш хуьлу лаамаза а, лааме а. Лааме терахьдешнаш
кхоллало лаамазчех суффикс -ниг тIекхетарца.
Масала: кхоалгIа де – кхоалгIаниг, ткъе ворхIалгIа терахь-ткъе ворхIалгIаниг.
Упражнени 75. Схьаязъе предложенеш. Барта билгалдаха рогIаллин терахьдешнаш.
Лаамечу рогIаллин терахьдешнашна буха сиз хьакха.
1. Бусалба динан рузбанан хьалхарчу баттах мухьаррам олу. 2.КхоалгIаниг-раби-Iаль-
авваль бу, вай цунах Мовладан бутт олу. 3.Раджаб ворхIалгIа бутт бу. 4.Оцу баттахь кхаа беттан
марханаш лоцу. УьссалгIаниг Рамадан бутт бу, мархийн бутт. 6.Оцу баттахь марханаш кхабар
фарз дина тIедожийна ду бусалба нахана. 7.ТIаьххьарчу шуьйтталгIачу баттах зуль-Хьиджа олу.
8.Иза хьаьждаран а, гIурбанан а бутт бу. (Зорбанера).
Упражнени 76. Лахахь далийначу терахьах цкъа хьалха лаамаза рогIаллин, тIаккха
лааме рогIаллин терахьдешнаш а кхуллуш, дешнашца дIаязде.
Кеп: 62: кхузткъе шиъ, кхузткъе шолгIа, кхузткъе шолгIаниг.
8, 10, 13, 25, 217, 2, 2011, 96, 555, 7, 7012, 342.
ТIедиллар:
1.Тидам бе: хIоттаман терахьдош хуьйцуш цуьнан муьлха дакъа хийцало. Иза даима а
дагахь латтаде.
Упражнени 77. Терахьдош дешнашца а яздеш, схьаязъе дийцаран кийсак.
Нохчийн вевзаш волу поэт, яздархо Кусаев диз вина 1938-чу шеран январан 3-чу
дийнахь. 6 шо бен дацара Iадизан нохчийн къам махках доккхучу хенахь. ГIиргIизойн махкахь
Исфан олучу юьртахь 1947-чу шарахь школехь деша волавелира иза. Вайн къам цIа дирзича цо
1959-чу шарахь тIехдика чекхъяькхира Соьлжа-ГIалара статистикин техникум. 1962-чу шарахь
Iадиза чекхйоккху Тамбовски областера Кирсановски тIеман авиационни технически
училище.
Кусаев Iадиза шен хьалхара байташ язйина 1958-чу шарахь. Уьш зорбане евлира 1965-чу
шарахь «Кераюккъехь седарчий» цIе йолчу юкъерчу гуларехь. «Амал» ц йолчу Кусаевн
дуьххьарлера поэзин книга араелира 1968-чу шарахь. Цул таьхьа 10 сов книга арахецна цо.
(О.Джамбеков).
Упражнени 78. Терахьдешнаш схьаязде хIокху рогIаллехь: масаллин, рогIаллин, лаамен.
Къовларш юккъехь терахьашца гайта уьш.
32
Кеп: исс бIе ворхI (907), ткъе шолгIа (22-гIа) кхо бIе ткъе дейтталгIаниг (334-гIаниг)
ВорхI бIе исс, кхо эзар ши бIе ялх, шовзткъе ворхIалгIа, бIе уьтталгIаниг, диъ бIе дезткъе
диъ, кхузткъе диъ, кхузткъе кхойтталгIа, ткъе шолгIа, вуьрхIитталгIаниг, уьссалгIаниг, ши эзар
кхойтталгIа, исс эзар шиъ, исс эзар исс бIе дезткъе ткъаесна, бархI эзар бархI бIе борхIалгIаниг,
эзар исс бIе, цхьа эзар исс бIе, ткъе йолхитталгIа, шовзткъе шуьйтталгIаниг.
?¿ Упражнени 79. Лахахь далийначу дешнийн хIетал-металера пурхнехьа долу дешнаш шуна
нийса карадахь, лакхара охьа билгалъяькхинчу хуларш чохь аш доьшур ду шайна уггар дукха
дезарг.
1
2
3
4
1. Диъ шай. 2. Дукха а адамаш. 3. Пхеа хьозанан маса ког бу? 4. Дарс ца Iамийча дуьллу
иза…
ТIедиллар.
1. И дешнаш юкъа а далош, предложенеш хIиттае.
2. Муьлха терахьдешнаш ду шуна карийнарш? Царех рогIаллийнаш, тIаккха лааменаш
деш, дIаязде.
§14. Декъаран терахьдешнаш
Декъаран маьIна а долуш, мас-маса? бохучу хаттарна жоп лучу терахьдешнех
декъаран терахьдешнаш олу.
Масала: шишша, кхоккха, диъ-диъ, ворхI-ворхI.
Дош шалхадаларца кхоллалуш долу декъаран терахьдешнаш дефисца яздо.
Масала: диъ-диъ, ялх-ялх, итт-итт.
Декъаран терахьдешнийн лаамаза а, лааме а кеп къаьста уьш цIердашца я шаьш
хиларе хьаьжжина.
Масала: кхоккха ручка-кхоккха, итт-итт къолам – итт-итт.
Упражнени 80. ХIокху терахьдешнашна юккъера схьаязде декъаран терахьдешнаш.
Ши бIе ялх, пхиппа, кхо бIе кхузткъе кхоъ. ШолгIа, цхьацца, шишша, уьссалгIа, ялх бIе
борхIалгIа, ткъе бархI, шовзткъе пхоьалгIа, исс-исс, итт-итт, ткъаесналгIа, пхи бIе исс,
дезткъалгIа, бархI бIе, кхо эзар, пхи эзар диъ бIе шовзткъе пхийтта, кхоккха, диъ-диъ, ялх-ялх,
дезткъе берхIитталгIа ткъаткъа, цхьай-цхьайтта, кхузткъе шуьйтталгIа, ворхI эзар шиъ, ши эзар
ворхI, дезткъе уьтталгIа, ший-шийтта, кхой-кхойтта.
Хаттар, тедиллар:
1. Кхин муьлха терахьдешнаш ду кхузахь?
2. Барта къастаде цхьалхе а, чолхе а, хIоттаман а терахьдешнаш.
33
Упражнени 81. ХIара декъаран терахьдешнаш юкъа а далош, предложенеш хIиттае.
ДIаязъе уьш.
Исс-исс, кхой-кхойтта, шишша, пхиппа, ворхI-ворхI, цхьай-цхьайтта, цхьацца, ткъаткъа,
ткъе-кхоккха, бархI-бархI.
Билгалдаккхар. Терахьдешнаш дакъойн а хуьлу. Уьш кхоллало математикин Iилманехь
цхьа дийна хIума (терахь) дакъошка йоькъуш. Оьрсийн маттахь царех «дробные числительные»
олу.
Масала: вай вовшашца дечу къамелехь санна, «ах», кхо дакъа дича ши дакъа, кхоалгIа
дакъа, уьтталгIа дакъа аларан меттана иштта яздо:
1
2
(0,5),
2
3
,
1
10
(0,1). Уьш иштта деша деза:
цхьаъ шолгIа (пхиъ уьтталгIа), шиъ кхоалгIа, цхьаъ уьтталгIа.
Упражнени 82. Хьалхарчу тобанера терахьашца гайтинарш дешнашца а яздеш,
шолгIачу тобанера дешнашца яздинарш терахьашца а гойтуш, дIаязде терахьдешнаш.
1.
3
4
,
5
6
,
1
7
,
4
11
,
7
9
,
2
13
,
9
16
,
6
15.
2. Шиъ-пхоьалгIа, кхоъ-ворхалгIа, ворхI-уьтталгIа, кхоъ-кхойтталгIа, цхьаъ-доьалгIа,
ворхI-йолхитталгIа, бархI-цхьайтталгIа, шиъ-уьссалгIа.
Дагахь латтаде: дакъойн терахьдешнаш доьшуш я дешнашца яздеш сизал лакхарнаг
(числитель) масаллин, сизал лахарниг (знаменатель) рогIаллин терахьдешнаш хуьлу. Уьш
юккъе сизалг (дефис) хьокхуш яздо.
Упражнени 83. ХIара терахьдешнаш дешнашца дIаязде.
724, 835, 946, 1057, 1168, 1279, 1380, 1490, 2500, 7777, 444.
ТIедиллар:
1. ТIаьххьарчу терахьдашах хIара цIердешнаш юкъа а далош, дешнийн цхьаьнакхетарш
кхолла: уьстагI, бIаьхо, говр, чIегIардиг.
§ 15. Гулдаран терахьдешнаш
Шайн маьIна терахьдашо билгалдеш долу масалла дерриге а юкъалацар гойтучу
терахьдешнех гулдаран терахьдешнаш олу.
Уьш «а» хуттургаца цхьаьна хуьлу.
Масала: ший а, итте а, пхийтте а.
ЦIердашца уьйр хиларе я цахиларе хьаьжжина, гулдаран терахьдешнийн къаьста
лаамаза я лааме кепаш. Нагахь терахьдош цIердашца цхьаьна делахь, иза лаамаза ду,
дацахь ‒ лааме. Масала: ший а кIант – ший а, пхийтте а гIант – пхийтте а.
Упражнени 84. ДIаязде. Гулдаран терахьдешнашна буха сиз хьакха.
БIе вуьрхIитта, итте а, шовзткъалгIа, вий а, ший а, ялх эзар, ворхIалгIаниг, шийтте а,
шовзткъе берхIитта, исс-уьтталгIа, иссе а, бархIе а, ялх-борхIалгIа, цхьайтте а, вейтте а, пхийтте
а, ши бIе исс, исс бIе шиъ, ялхе а.
Хаттар а, тIедиллар а:
1. Кхин муьлха терахьдешнаш ду кхузахь? Барта билгалдаха уьш.
34
2. Хьайна луъу кхоъ гулдаран терахьдош юкъа а далош, предложенеш хIиттае, дIаязъе.
Цхьаъ синтаксически талла.
Упражнени 85. Схьаязъе предложенеш. Гулдаран терахьдешнашна буха сиз хьакха.
1. Бешарчу еа а туьрко заза даьккхинера. 2. 6-чу «а» классера пхий а йоI дика доьшуш
яра. 3. Лулахошка веана ший а хьаша шолгIачу дийнахь дIавахара. 4. Тхан классера кхойтте а
кIант а охьатохарех латарехь дакъалоцуш ву. 5. Айзас, Хадишта, Залинас кхааммо а
диктантана пхеаннаш дехира. 6. Мадиний, Маьлх-Аьзний ший а оьзда йоI ю. 7. Шофер ворхIе а
гали машен тIе диллира. 8. Некъ цIехьа дIахьаьвзаш хиларна вилспетахь вогIу тхо кхоь а
охьакхийтира. 9. ДIадаьллачу кIиранан ворхIе а де довха деанера.
Упражнени 86. Лахахь далийна масаллин терахьдешнаш дешнашца дIаязде, царех
хьалха рогIаллин, тIаккха гулдаран терахьдешнаш а кхуллуш.
15, 17, 18, 24, 29, 33, 34, 36, 32, 53, 47, 55.
Кеп: дейтта-дейтталгIа-дейтте а.
Упражнени 87. Схьаязъе дийцаран кийсак. Терахьдешнашна буха сиз хьакха. Терахьаш
дешнашца язде.
Нохчийчоьнан яздархойх, поэтех лаьцна 3 книга язйина Кусаев Iадиза. Царех 1-ниг
араелира 2005-чу шарахь. Цу тIехь дуьйцу 53 яздархочун дахарх лаьцна. Цул тIаьхьа 4 шо
даьлча, 2009-чу шарахь араелира цо язйина «Нохчийчоьнан яздархой» цIе йолу шолгкнига.
Цу тIехь вуьйцург 72 яздархо вара. Кхин 1 шо даьлча изза цIе йолуш 3-гIа книга а арахийцира
Iадиза. Цу тIехь 20 яздархочун дахар, кхолларалла йовзийтира цуо. 1-чу книгин 406 агIо яра, 20
чун-495, 3-чун-158. Цу кеппара, ерриге а 1059 агIон тIехь Кусаев Iадиза довзийтира 145
яздархочун дахар, кхолларалла. (Ж.М.)
Упражнени 88. ХIара терахьдешнаш дешнашца дIаязде.
48-гIаниг, 62-гIа, 111, 596, 695, 965, 21, 22, 23, 24, 25, 31-гIа, 53-гIа, 85-гIаниг, 8888, 9999,
1011, 2031, 3033, 4054.
Хаттарш тIедилларш:
1. Муьлха терахьдешнаш ду уьш?
2. Цхьалхе терахьдешнаш дуй кхузахь? Хьайна хетарг бакъонца, тIечIагIде.
3. Барта билгалдаха рогIаллин лааме терахьдешнаш.
4. ХIорш муьлха терахьдешнаш ду: ткъе ялх-ялх, ткъе ворхI-ворхI? Оцу кепах пайда а
оьцуш, буха сиз хьаькхна, декъаран терахьдешнаш кхолла.
§ 16. Билгалза-масаллин терахьдешнаш
Масалла билггал ца гойтучу терахьдешнех билгалза-масаллин терахьдешнаш
олу.
Масала: цхьа-ши тетрадь – цхьа-шиъ, кхо-диъ бер – кхо-диъ, иттех дитт – иттех.
35
Билгалза-масаллин терахьдешан лаамаза а, лааме а кеп къаьста. Нагахь билгалза
масалин терахьдош цIердашца уьйр а йолуш, цуьнца цхьаьна делахь, иза лаамазчу
кепехь ду.
Масала: цхьа-ши тетрадь.
Нагахь терахьдош цIердашца а доцуш, ша делахь, иза лааме ду.
Масала: цхьа-шиъ, иттех, пхийтта-ялхитта.
Упражнени 89. Схьаязъе предложенеш. Билгалза-масаллин терахьдешнашна буха сиз
хьакха. Кхин муьлха терахьдешнаш ду кхузахь?
1. Нийсса кхо де далале иттех стихотворени, поэма, масех дийцар эцна, районни газетан
редактор волчохь вара иза. 2. Ши шо хьалха Iади ишколехь доьшуш вара. Доьшуш вара аьлча а,
цхьана классехь шина-кхаа шарахь а Iаш, кхоалгIачу классе хьалавелир-кха, ура-атталла дерриг
элпаш а ца девзаш. 3. Чуоча пхоьалгIачу классе ваьлча, кхуьнан да Къурба лам чу, кIотара
жа-даьхни лело дIавахара. 4. «Цигахь пхи-ялх шо а даьккхина, цул тIаьхьа машен а эцна, ас
гойтур ду-кх юьртарчу нахана», иштта яра цуьнан ойла. 5. Воккха стаг БочIа кхузткъе иттех
шо сов долчу шен дахарехь дуьххьара цомгаш хиллера. 6. БочIин хIетахь пхийтталгIа шо дара.
7. Иттех шо даьлча, цхьаболчара дуьйцура, иза, цуо лелийна харцонаш бахьанехь, лаьцна
бохуш. 8. Ша бохург бакъ хилар чагIдан оцу озан масийтта бахьана а дара. 9. Столови хIара
дIакхаьчча, масех стаг бен вацара х1ума юуш. 10. БочIас, хьалхахьа цхьа ког а баьккхина,
пхуьйтталгIачу палатин неI жимма дIайиллира. (М. Ахмадов).
Упражнени 90. Схьаязъе предложенеш. Терахьдешнашна буха сиз хьакха. Дийца, уьш
муьлха терахьдешнаш ду.
1. Билкъис нанас бохучунна тIетайра, цхьана шина буьйсанна елха а йилхина. 2. Iабдул-
Бакъий, Билкъиссий масех шарахь Iийра цхьана. 3. Масийтта бIешо хьалха дуьйна дехаш
схьадогIу кхеран шира тайпа. 4. Шена юххехь иккхинчу йоккхачу тоьпан хIоьан ницкъо ша,
лаьттах схьа а къастийна, масех метр хIаваэ хьалавоккхуш хааделира Уцина. 5. ХIара биъ некъ
къаьстачу лаьттах болла, цхьа-ши ша кIорга охьа а ахкий. 6. Делан цIе а йоккхуш, хIокху эрза
тIетаса и ворхI хма. (М. А.). 7. Ас туьканахь, сом лахахь доцуш, дезткъе итт туьма дела-кх
кхунах. 8. Айса дагар а деш, пхийтта туьма дела-кх ас кхуьнан метрах. (Хь.Х.)
Хаттарш а, тIедилларш а:
1. Классан гайтам болу терахьдош билгалдаккха.
2. Муьлханаш ду чолхе терахьдешнаш? Нохчаша ахча соьмашца ца дагардеш,
туьманашца дагардо. Соьмашкахь мел хир ду билгалдаьхна терахьдешнаш? ДIаязде уьш
терахьашца а, дешнашца а.
Упражнени 91. Билгалза масаллин терахьдешнаш юкъа а лоцуш, предложенеш
хIиттае.
Кхо-виъ кIант, ворхI-бархI бIаьхо, шийтт-кхойтта уьстагI, итт-цхьайтта дешархо, пхи-
ялх километр, ши-кхо юрт.
Упражнени 92. Билгалза-масаллин терахьдешнаш элпашца а яздеш, царна кIел сиз а
хьокхуш, схьаязъе.
1. Вайн Кавказан лаьмнашкахь цхьана хенахь хилла цIоькъалоьмаш. 2. ХIинца
уьш тосалуш дац. 3. Иза онда а, ницкъ болуш а, майра а экха ду. 4. ДегI деха ду
цуьнан 110-180 см, цIога 80-110 см. 5. Настарш йоций а, стоммий а ю цуьнан. 6.
Чо луьста а, боцу а бу. 7. ЦIока сирла а, тIехь тIедарчий долуш, къорза а ю. 8.
36
Бос кхоьлано можа бу, томмагIнаш мокха ду. 9. Масарх оьрсаша «Серна» олу.
10. Цуьнан дегIан дохалла 125-135 см ю. 11. Мунда йолчуьра локхалла 70-80
см. Йозалла 25-50 кг ю. (Х-А. Берсанов)
Вставить 17 эцаран
§ 17. ТIерахьдешнийн хIоттам
Шайн хIоттаме хьаьжжина, терахьдешнаш хуьлу цхьалхе, чолхе, хIоттаман.
Цхьалхе терахьдешнаш цхьана орамах лаьтташ ду.
Масала: цхьаъ, шиъ, кхоъ, итт.
Чолхе терахьдешнаш шина орамах лаьтташ ду.
Масала: цхьайтта (цхьаъ+итт),
шийтта (шиъ+итт),
пхийта (пхиъ+итт),
кхузткъа (кхузза+ткъа)
ХIоттаман терахьдешнаш цхьаннал сов дашах лаьтташ ду.
Масала: ткъе цхьаъ, шовзткъе берхIитта, ши эзар уьтталгIа.
Упражнени 93. Терахьдешнаш дешнашца дIаязде хIокху рогIаллехь:
1) цхьалхенаш,
2) чолхенаш,
3) хIоттаман.
822, 901, 13, 1000, 2006, 100, 49, 60, 80, 6, 34, 1, 99, 8, 12000, 15, 11, 12, 18, 6002, 94,133,
3709, 4068, 8604, 9588.
Хаттар а, тIедиллар:
1. ТIаьххьарчу деа терахьдашах хьалха лаамаза рогIаллин, тIаккха лааме рогIаллин
терахьдешнаш кхолла, дIаязде.
2. Тидам бе: хIоттаман терахьдеша муьлха дакъа хийцаделла?
Упражнени 94. Лахахь далийнчу хIоттаман терахьдешнаш цхьалхе деш, дIаязде.
Кеп: 730−ворхI, бIе, ткъа, итт.
7317−ворхI, эзар, кхоъ, бIе, итт, ворхI.
120, 9000, 8718, 1612, 2161, 8178, 23500, 4444.
Упражнени 95. Терахьдешнашна буха сиз а хьокхуш, схьаязъе предложенеш.
1. ЦIеххьана шерачу арахь виъ бере гучуваьллера. 2. Доьхкарх ши-кхоъ болатан цIетуха
а кхозура. 3. «ХIун доьху ахь цунах?» «Детин ахча итт туьма». 4. Алапа а диллира Алхастана:
баттахь ши сом. 5. ШолгIа гуьйре йоьллера Алхаст охьавеана. 6. Сарахь майора Масленниковс
ши туьма дато ахча делира йийсарх. 7. ДоьалгIачу дийнахь АтагIа вухавеара иза. 8. Майора,
юкъарло а дуьйций, пхеа туьманах я лаьцначун хьаьжжина-иттех туьманах волчарна дIалора
стаг. 9. ВорхI туьманах и говр а, нуьйр а йоьхкира Iеламсолтас. 10. Цхьайтта шара чохь Чахкар-
гIалин дуккха а хьаькамаш хийцабелира. 11. Иттех шо даьллера Сипсо гIуллакхе хIоьттина.
(Х.О.)
Хаттарш, тIедилларш:
1. Муьлха терахьдешнаш ду кхузахь дерш (масаллин, рогIаллин, билгалза-масаллин,
цхьалхе, чолхе, хIоттаман, лаамаза, лааме)?
2. ЦIетуха хIун ю хаьий хьуна? Ца хаахь-дошам (словарь) тIехь лаха я баккхийчаьрга
хатта.
37
Упражнени 96. ДIаязде, терахьдешнаш йозанца а яздеш. ХIоттаман терахьдешнашна
цхьа сиз, чолхечарна ши сиз хьакха.
…Воронцовн походехь дакъалоцуш, шена чу 30000 тIемало а вогIуш, 4 отряд яра:
Дагестански, Чеченски, Назрановски, Грознехь резервехь кхин 1. 1845 шеран 31 майхь инарла
Воронцов Дагестански а, Чеченски а 2 отрядаца цIаьххьана гIопера лаьмнашка
хьалаволавелира. 2 отрядехь 26 батальон, 9 рота гIашлой а бара, 4 саперни а, 3 стрелкови роташ
а, 16 сотни гIалгIазкхий, 46 йоккха топ а… (А.Айдамиров)
§ 18. Терахьдешнийн легадар
Терахьдешнийн дожаршца хийцадалар (легадар) церан лааме я лаамаза хиларх доьзна ду.
Лааме терахьдешнаш дерриге а хийцало дожаршца (легало), хIора дожарехь шен-шен чаккхе а
йолуш. Масала:
ЦI. ялх ткъе кхойтта бIе уьтталгIаниг
Дл. ялханнан ткъе кхойттаннан бIе уьтталгIачун
Л. ялханна ткъе кхойттанна бIе уьтталгIачунна
Др. ялханно ткъе кхойттанно, бIе уьтталгIачо
ялхаммо//ялхамма ткъе кхойттаммо// ткъе кхойттамма
К. ялханца ткъе кхойттанца бIе уьтталгIачуьнца
Х. ялханнах ткъе кхойттаннах бIе уьтталгIачух
М. ялханга ткъе кхойттанга бIе уьтталгIачуьнга
Дс. ялханнал. ткъе кхойттаннал бIе уьтталгIачул.
Лакхахь далийначу масалшкахь гуш ду хIоттаман терахьдешнашкахь дожаршца
хийцалуш дерг тIаьххьара дош хилар.
Лаамаза масаллин терахьдешнаш дожаршца ца хийцало. Хийцалуш дерг цаьрца долу
дош ду. Масала:
ЦI. ворхI кор ткъе кхойтта къолам
Дл. ворхI коран ткъе кхойтта къоламан
Л. ворхI корана ткъе кхойтта къоламна
Д. ворхI коро ткъе кхойтта къоламо
К. ворхI кораца ткъе кхойтта къоламца
Х. ворхI корах ткъе кхойтта къоламах
М. ворхI коре ткъе кхойтта къоламе
Дс. ворхI корал ткъе кхойтта къоламал
ЦIерниг дожаран а, лач дожарийн а лард къаьсташ ду лаамаза масаллин терахьдешнаш
«цхьа, ши, кхо, диъ, пхи»:
Ц. цхьа неI ши говр
Дл. цхьана неIаран шина говран
Л. цхьана неIарна шина говрана
Др. цхьана неIаро шина говро
К. цхьана неIарца шина говраца
Х. цхьана неIарх шина говрах
М. цхьана неIаре шина говре
Дс. цхьана неIара л шина говрал
ЦI. кхо Iаж йиъ коч пхи сом
Дл. кхаа Iожан еа кучан пхеа соьман
Л. кхаа Iожана еа кучана пхеа соьмана
38
Др. кхаа Iожо еа кучо пхеа соьмо
К. кхаа Iожаца еа кучаца пхеа соьмаца
Х. кхаа Iожах еа кучах пхеа соьмах
М. кхаа Iоже еа куче пхеа соьме
Дс. кхаа Iожал еа кучал пхеа соьмал
Оцу тайппана башхаллаш ю лакхахь билгалдаьхна лаамаза масаллин терахьдешнаш
(цхьа, ши, кхо, диъ, пхи) юкъахь долуш кхолладеллачу лаамазчу билгазчу масаллин
терахьдешнийн легадарехь а. Масала:
ЦI. цхьа-ши стаг кхо-виъ кIант
Дл. цхьана-шина стеган кхаа-веа кIентан
Л. цхьана-шина стагана кхаа-веа кIантана
Д. цхьана-шина стага кхаа-веа кIанта
К. цхьана-шина стагаца кхаа-веа кIантаца
Х. цхьана-шина стагах кхаа-веа кIантах
М. цхьана-шина стаге кхаа-веа кIанте
Дс. цхьана-шина стагал кхаа-веа кIантал
ЦI. пхи-ялх йоI
Дл. пхеа-ялх йоьIан
Л. пхеа-ялх йоIана
Др. пхеа-ялх йоIа
К. пхеа-ялх йоIаца
Х. пхеа-ялх йоIах
М. пхеа-ялх йоIе
Дс. пхеа-ялх йоIал
Лаамазчу рогIаллин терахьдешнийн легадаларан башхалла ю церан массо а лач дожарехь
чаккхе – чу хилар. Масала:
ЦI. ворхIалгIа де ши эзар шуьйтталгIа шо
Дл. ворхIалгIачу дийнан ши эзар шуьйтталгIачу шеран
Л. ворхIалгIачу денна ши эзар шуьйтталгIачу шарна
Др. ворхIалгIачу дийно ши эзар шуьйтталгIачу шаро
К. ворхалгIачу денца ши эзар шуьйтталгIачу шарца
Х. ворхалгIачу дийнах ши эзар шуьйтталгIачу шарах
М. ворхалгIачу дийне ши эзар шуьйтталгIачу шаре
Дс. ворхалгIачу дийнал ши эзар шуьйтталгIачу шарал
Упражнени 97. Легаде хIара дешнийн цхьаьнакхетарш. Чаккхенашна буха сиз хьакха.
Дуьра чорпа, кIайн йовлакх, доьалгIа кор, ялхитта турпалхо.
Упражнени 98. Терахьдешнаш йозанца а яздеш, схьаязъе.
1. Вайн махкахь гIараваьлла волу Советски Союзан Турпалхо вина 1924 шарахь. 2. 1940
шеран 18 октябрехь Ханпаша ЦIечу Эскаре вигира. 3. Ханпашас хIинцале 7 бIе гергга фашист
вийнера, 12 каравалийнера, мостагIчун 3 пулемет хIаллакйинера.
1. Масаллин, рогIаллин терахьдош легаде.
Упражнени 99. Йозанца дIаязде терахьдешнаш.
524, 246, 81, 121, 40, 99, 109.
39
1. Шиъ легаде, чаккхенаш билгалъяха.
2. Кхаанца предложенеш хIиттае.
§ 19. Терахьдешнийн легаран кепаш
1. Масаллин лааме терахьдешнаш
Цхьалхе Чолхе
ЦI. цхьаъ, диъ цхьайтта
Дл. цхьаннан, деаннан, цхьайттаннан
Л. цхьанна, деанна цхьайттанна
Др. цхьамма, деамма цхьайттамма (-нно)
К. цхьаьнца, деанца цхьайттанца
Х. цхьаннах, деаннах цхьайттаннах
М. цхьаьнга, деанга цхьайттанга
Дс. цхьаннал, деаннал цхьайттаннал
ХIоттаман
ЦI. диъ бIе шовзткъе исс
Дл. диъ бIе шовзткъе иссаннан
Л. диъ бIе шовзткъе иссанна
Др. диъ бIе шовзткъе иссамма (-нно)
К. диъ бIе шовзткъе иссанца
Х. диъ бIе шовзткъе иссаннах
М. диъ бIе шовзткъе иссанга
Дс. диъ бIе шовзткъе иссаннал
Билгалдахарш: 1. Масаллин лаамаза терахьдешнех цхьалхенаш бен дожаршца ца
хийцало. 2. ХIоттаман лаамечу терахьдешнийн тIаьххьара дош бен ца хийцало дожаршца.
2. РогIаллин терахьдешнаш
Лаамаза Лааме
ЦI. шолгIа керт, ткъе пхоьалгIа шо шолгIаниг, ткъе пхоьалгIаниг
Дл. шолгIачу кертан, ткъе пхоьалгIачу шеран шолгIачун, ткъе пхоьалгIачун
Л. шолгIачу кертана, ткъе пхоьалгIачу шарна шолгIачунна, ткъе пхоьалгIачунна
Др. шолгIачу керто, ткъе пхоьалгIачу шаро шолгIачо, ткъе пхоьалгIачо
К. шолгIачу кертаца, ткъе пхоьалгIачу шарца шолгIачуьнца, ткъе пхоьалгIачуьнца
Х. шолгIачу кертах, ткъе пхоьалгIачу шарах шолгIачух, ткъе пхоьалгIачух
М. шолгIачу керте, ткъе пхоьалгIачу шаре шолгIачуьнга, ткъе пхоьалгIачуьнга
Дс. шолгIачу кертал, ткъе пхоьалгIачу шарал шолгIачун, ткъе пхоьалгIачул
3. Декъаран терахьдешнаш
Цхьалхе Чолхе ХIоттаман
ЦI. цхьацца цхьай-цхьайтта бIе пхиппа
Дл. цхьаццаннан цхьай-цхьайттаннан бIе пхиппаннан
40
Л. цхьаццанна цхьай-цхьайттанна бIе пхиппана
Др. цхьаццамма цхьай-цхьайттамма бIе пхиппамма
цхьаццанно цхьай-цхьайттанно бIе пхиппанно
К. цхьаццанца цхьай-цхьайттанца бIе пхиппанца
Х. цхьаццаннах цхьай-цхьайттаннах бIе пхиппаннах
М. цхьаццанга цхьай-цхьайттанга бIе пхиппанга
Дс. цхьаццаннал цхьай-цхьайттаннал бIе пхиппаннал
Билгалдакхар: Аларехь шалхадовлучу терахьдешнийн дожаршца хийцалуш шолгIа
дакъа ду. Иза масаллин цхьалхе терахьдош санна легало.
4. Гулдаран 5. Дакъойн
ЦI. иссе а шиъ-ворхIалгIа
Дл. иссаннан а шиъ-ворхIалгIачун
Л. иссанна а шиъ-ворхIалгIачунна
Др. иссамо(-нно) а шиъ-ворхIалгIачо
К. иссанца а шиъ-ворхIалгIачуьнца
Х. иссаннах а шиъ-ворхIалгIачух
М. иссанга а шиъ-ворхIалгIачуьнга
Дс. иссаннал а шиъ-ворхIалгIачул
6. Билгалза-масаллин
ЦI. кхо-диъ маситта
Дл. кхаа-деаннан маситтаннан
Л. кхаа-деанна маситтанна
Др. кхаа-деанно (-ммо) маситтамма(-нно)
К. кхаа-деанца маситтанца
Х. кхаа-деаннах маситтаннах
М. кхаа-деанга маситтанга
Дс. кхаа-деаннал маситтаннал
Билгалдакхар: билгалза-масаллин терахьдешнаш: иттех, ткъех, масех-дожаршца ца
хийцало.
Упражнени 100. Легаде хIара терахьдешнаш:
кхоъ, ялх, ши бIе пхиъ, ялх-ворхI.
Упражнени 101. Легаде гулдаран а, дакъойн а терахьдешнаш:
БархIе а, итте а, цхьаъ-шолгIаниг, кхоъ-пхоьалгIаниг.
Упражнени 102. Терахьдешнашна буха сиз а хьокхуш, схьаязъе предложенеш.
1. Эзар исс бIе пхоьалгIачу шеран Iаьнан шийлачу буса Яьссин хин йистерчу жимачу
юьрта вуьйлира цхьа некъахо. 2. Мичахь бу ткъе берхIитта шо хьалха кхузахь бисина сан
доьзал? 3. Ялхитта шарахь ас тIеман цIеран алу кегочу хенахь хIунда ца йира ахь сан Iожалла?
4. Кхузткъе кхойтта шо хьалха, кхузахь, тIе латта тесна тхов а болуш хиллачу кегийчу цIенойн
мискачу хIусамехь машаре бехара Абубакаран бертахь жима доьзал. 5. ХIетта баьсса лаьттинчу
сийначу бай тIехь цхьа бIе сов кошан барз хIоьттира оцу цхьана дийнахь. 6. Болабелла иттех шо
а далале тIамо кхузахь хьалха теттира баккхий а, кегий а куьйгалхой. 7. Паччахьан эскарша
41
нохчийн тIаьххьара юрт Ведана дIалоцучу хенахь ткъе ворхI шо дара Iелин. 8. Маситта шарахь
лаьттинчу тIамо лаьхкина лелийна гIелбелла нах шайн йохийна ярташ меттахIитто буьйлира.
Хаттарш а, тIедилларш а:
1. Муьлха терахьдешнаш ду кхузахь?
2. ХIоттаман терахьдешнашца дуй чолхе терахьдешнаш? Уьш муха кхолладелла?
3. Муьлханаш ду билгалза-масаллин терахьдешнаш?
4. Хьалхарчуй, йоьалгIачуй предложенешкарчу билгалдешнашна буха тулгIенан сиз а
хьакхий, церан тайпанаш къастаде.
Упражнени 103.
а) хIара дакъойн терахьдешнаш дешнашца дIаязде:
11
18,
,
1
5,
3
7
,
5
9
,
6
7
,
2
3
,
4
13
,
7
12
,
8
15
,
9
17
,
13
20
,
14
17
,
15
19
,
17
30
,
3
4
;
+ б) хIокху терахьех декъаран терахьдешнаш а кхуллуш, дешнашца дIаязде:
2, 3, 6, 21, 105, 9, 14, 45, 67, 200, 300, 500, 100, 763, 1000, 4000.
Ш Упражнени 104. ХIара предложенеш, тIадамийн меттана догIу терахьдешнаш дешнашца
а яздеш, тIеюза.
Шеран …… бутт бу. Шо ……. муьре декъало, хIора муьран ……… бутт хуьлу. Шо
долочу январан ………….. де ду. Иштта ….. …………….. де ду хIокху беттанийн: март, май
июль, август, октябрь, декабрь. Беа беттан ……….. де ду: апрель, июнь, сентябрь, ноябрь.
Февраль уггаре боца бутт бу, цуьнан дукха хьолахь ……………. де бен ца хуьлу. Амма деа
шарахь цкъа ………… ……………. кхочу оцу беттан денойн барам. Цундела шара чохь дерриге
……………………….. де хуьлу деа шарахь цкъа.
Упражнени 105. Терахьдешнашна буха сиз а хьокхуш, терахьашца яздинарш дешнашца
а яздеш, схьаязъе предложенеш.
1. Вовшашца ярташ йохье юьйлуш, ши кIира далале ялх бIе дошло кечвинера наха. 2.
Ткъе итт шарахь гергга лелийра цо и гIуллакх. 3. Алпату ялийна ялхитта шо даьллачул тIаьхьа
кIант хилира церан. 4. 1916-чу шеран май баттахь, дашо медаль а луш, дешна велира Ахьмад
реальни школера. 5. ШолгIачу гIат тIе а ваьлла, Ахьмадна карийра накъост чохь вехаш волу
цIа. 6. ХIора денна делкъанна шийтта сахьт даьлча кхуссу и. 7. Цуьнан кIанта тIелаьцна суна
баттахь шишша туьма даийта. 8. Тхов тIехь маситта гIаларт ду гуш. 9. Январан цхьана шийлачу
дийнахь, 1905-чу шарахь, хIокху майданахь адамийн довха цIий Iаьннера кIайчу лай тIе. 10.
Куьйгалла деш волу кхойтта стаг Соьлжа-ГIалахь суд а йина, ирхъоьллира. (Х. Ошаев).
Хаттарш а, тIедилларш а.
1. Муьлха предложенеш ю терахьдешнаш долуш?
2. Тайпанашца а, хIоттамца а муьлха терахьдешнаш ду кхузахь дерш?
3. Кхин цкъа а дIадеша билгалдаьхна дешнаш. Уьш муьлха къамелан дакъа ду аьлла хета
хьуна?
Синтаксически талла хьалхара предложени.
Упражнени 106. Схьаязъе предложенеш. Терахьдешнашна буха сиз хьакха. Барта
дуьззина къастаде уьш.
1. Сан долахь цхьа кха ду, доккхачу вертано хьулдалла. 2. Юьртара, цхьа иттех цIа
доцург, массо а воллу со санна. 3. Шу а декъалур ду шина декъе. 4. ХIетахьлера хьан Айза
42
йоцуш ю, Iела, иза елла берхIитта шо хьалха. 5. Маржа яI! Iела, керстанашца даьккхинчу оцу
ткъе берхIитта шаро тиларчу вигна-кх хьо. 6. Тхуна тоьхна итт шо хан чекх а ялале Iожалло
баьхьира сан накъостий. 7. ТIаьххьара соьца висина Бенара Лом-Iела а кхелхира шуьйтталгIачу
шарахь. 8. Йисина ткъе ялх шо хан вайнехан стаг бIаьрга ца гуш яьккхи ас. 9. Ирс хили хьан а
айса ялхитта шарахь тIамехь лелийна шаьлта юкъах йихкина араваьлла ца хилла. 10. Со
дуьненчу ваьлла а дац ткъе кхойтта шо бен. (А.Айдамиров)
+ Упражнени 107. ХIокху билгалонашца хIоттаман терахьдош язде, терахьашца а:
1) цхьаннаш, эзарнаш. 2) иттаннаш, эзарнаш. 3) цхьаннаш, иттаннаш, эзарнаш 4)
цхьаннаш, бIенаш, эзарнаш. 5) иттаннаш, бIеннаш, эзарнаш. 6) цхьааннаш, иттаннаш, бIенаш,
эзарнаш. 7) бIенаш, эзарнаш.
Кеп: цхьаннаш, иттаннаш, бIенаш, эзарнаш – 4675, диъ эзар ялх бIе кхузткъе пхийтта.
§ 20. Терахьдешнийн нийсаяздар
Масаллин терахьдешнаш 1-20, 40, 60, 80, 100, царах кхолладелла рогIаллин
терахьдешнаш а яздаран кеп:
цхьаъ – цхьолгIа, хьалхара кхойтта – кхойтталгIа
шиъ – шолгIа дейтта – доьйтталгIа
кхоъ – кхоалгIа пхийтта – пхуьйтталгIа
диъ – доьалгIа ялхитта – йолхитталгIа
пхиъ – пхоьалгIа вуьрхIитта – вуьрхIитталгIа
ялх – йолхалгIа берхIитта – берхIитталгIа
ворхI – ворхIалгIа ткъайоьсна – ткъайоьсналгIа
бархI – борхIалгIа ткъа – ткъолгIа
исс – уьссалгIа шовзткъа – шовзткъалгIа
итт – уьтталгIа кхузткъа – кхузткъалг
цхьайтта – цхьойтталгIа дезткъа – доьзткъалгIа
шийтта – шуьйтталгIа бIе – бIолгIа
Упражнени 108. Терахьаш дешнашца а яздеш, схьаязъе дийцаран кийсак.
1958-чу шарахь Нохч-ГIалгIайн яздархойн Союзо арахеца йолийра «ДоттагIалла» ц
йолу литературан альманах. Иза нохчийн, гIалгIайн, оьрсийн меттанашкахь 3 баттахь цкъа
арадолура. Оцу хенахь дуьйна дIаболалуш бу «Орга» журналан некъ. 1960-чу шарахь шен
хIинца йолу ц тиллира «Орга». 1963-1973-чу шерашкахь цуьнан коьрта редактор вара
Мамакаев Мохьмад.
2003-чу шарахь дуьйна хIора баттахь арадолу «Орга» журнал. Цуьнан коьрта редактор ву
Минкаилов Эльбрус («Орга» журнала тIера).
Упражнени 109. ХIокху хаттаршна дуьззина жоьпаш язде:
1. Хьо муьлхачу шарахь йина (вина)? 2. Хьо муьлхачу шарахь деша йолаелла
(волавелла)? 3. Оцу хенахь хьан маса шо дара? 4. Шун классехь маса дешархо ву? 5. Классан
журнала тIехь хьан фамилий, цIей мосалгIа ю? 6. Шун школан маса гIат ю? 7. Ерриге школехь
маса дешархо ву? 8. Шун школа муьлхачу шарахь йиллина (тойина)?
ТIедиллар: барта къастаде шаьш далийна терахьдешнаш.
43
Упражнени 110. Лахахь далийначу терахьех рогIаллин терахьдешнаш а кхуллуш,
дешнашца дIаязде.
9, 13, 22, 208, 303, 2007, 1284, 3001, 166, 555.
ТIедиллар: царех хьалхарчу пхеаннах рогIаллин лааме терахьдешнаш деш, схьаязде.
Упражнени 111. Шозза-кхузза дIаеша дийцаран кийсак. Айхьа хьайна схьайийца.
ТIаккха тIе а ца хьожуш, изложени язъе. ЦIе тилла цунна.
Кавказехь наггахь бен тосалуш дац иза. Доца дег\ а долуш экха ду иза.Ц\ога, хадийча санна.
доца ду цуьнан. Дег\ан дохала 80 100 см. Шина а аг\ор беснеш т\ехь маж ю Лергаш т\ехь
ирахдахана чоьш ду, ма\аш санна хеталуш. Т\ера чо беха а, луьстаабу цуьнан. Мекха тесча
санна а хеташ, овкъаран басахь ду иза. Чук\ело жимма сирла ю. Жимма \аьржа т\едарчий ду
цуьнан букъ т\ехь а, хенаш т\ехь а. Вайн Кавказан лаьмнашкахь, хьаннийн аьрцнашкахь. Хин
тог\ешкахь хуьлуш ду акха – цициг.
Ижонна таллар буьйсанна ду акха –цициган.(Х – А. Берсанов)
К
х
ъ
Сочинени «Нохчаша эхье а, сийсаз а лоруш дерг».
«Бехъелла бедар-м цIанлур ю, йиттахь,
Амма ахь сий бехдахь, йиш яц и дитта».
(Ш. Арсанукаев)
Масаллин хьесап
Нохчаша эхье а, сийсаз а лоруш дерг:
1) куралла, тешнабехк, къоладалар, ямартло, шен дош цалардар;
2) стаг атта хеташ, дашца а, куьйгаца а Iоттар яр;
3) зудчун а, воккхачун а сий цадар, маьттаза лелар;
4) хьарам, хьанал цакъастадар. Хьарам бахам, даьхни гулдар;
5) сагIа дехар.
§ 21. ЦIерметдош
Упражнени 112. ДIаеша предложенеш. Схьаязъе уьш. Тидам бе буха сиз хьакхарца
билгалдаьхначу дешнийн. Шайл хьалхарчу предложенешкарчу муьлхачу дешнийн меттана
далийна уьш?
1. Увайсана дукхадезара Iалам. ХIинца къаьсттина хьоме хетара цунна маьI-маьIIера
схьахеза олхазарш. (М.С.). 2. Тархан бохуш цхьа кIант ву тхан ишколехь. Иза гуттар а шел
кегийчаьрца ловзу. 3. Довха де дара арахь. Иштта денош аьхка алсам хуьлу. 4. ДIадийначу к
тIе девллера бежнаш. Уьш дIалахка волавелира Шамхан. (Ж.М.). 5. Элинина итт тетрадь ийцира
нанас. Оццул тетрадаш Асланан а ду.
ЦIердешан. билгалдешан, терахьдешан меттана лелачу къамелан декъах
цIерметдош олу. ЦIерметдашо хIуманан ца ца йоккхуш, цуьнан мухалла, масалла
билгал а ца еш, и хIума гойту.
Масала: и, хьо, уьш, хIорш, хIун? маса? важа.
Упражнени 113. Схьаязъе предложенеш. ЦIерметдешнашна буха сиз хьакха.
44
1. «Марша вогIийла хьо, дика ду хьо кхуза веана, аьлла дино тховса хьайн дестечо
кечбина кхача ма баалахь, иза дIовш тоьхна бу хьуна. 2. Со хьайна ма-ийшшинехь, кхо чо
вовшахтоха, со гIоьнна кхочур бу хьуна. 3. ХIара ву шуна вайн мохк кIелхьарабаьккхинарг,
кхунна сужуд дан деза аш. 4. Со вайн пачхьалкх а, сайн корта а кIелхьарабаьккхинарг вовза
лууш ву. 5. Схьавалаве иза суна тIе, иза хила мега ас лоьхург! (М.Ш.). 6. ДIавалахьа, ахь хIун до
сан адарсах. 7. Хьан баркаллаш а ца оьшу, ас динарг кхин доккха хIума а дац. Цхьа кавказхой
дац вай? 8. Хьо паргIат цуьнга хьажа, со, дукха ца хьелуш, схьавогIу хьуна, – аьлла, оцу
кехаташца со суо а вуьтуш, аравелира Супьян. (А.М.).
Упражнени 114. Схьаязъе предложенеш. ЦIерметдешнашна буха сиз хьакха.
ХIетахь со жима вара. Делахь а дагадогIу дерриге а. И де санна ма дара кхидолу дуккха а
денош а. Делахь а уьш суна дага ца догIу и санна. ХIунда? Суна-м ца хаьа. Цу дийнахь тхан
нана делкъанна юург ян кечъелира. Тхо, бераш, чIогIа сакъералуш, цунна гонаха хьийзара.
(I.А.).
Шун дагахь дара йоккха стоьмийн беш кхио. Аш дIадийгIира синтарш. ТIаккха цунна
тIехь дола ца деш, цхьацца волуш, юьстахвелира. Беш хьуна хьайнна йисира. Ахь хIун дора
бешах? (М. Ахмадов).
Упражнени 115. Кхул хьалхарниг санна кхочушде хIара шардар а.
Сан Даймохк
Нанас берахь дуьйна
Суна хьо марзбина.
Хьоьга дагардуьйцуш,
Хийла ойла йина.
Хьуна гена ваьлча,
Херехь зама яьлча,
Даго лоькху зурма
Суна хьо хетара.
Сан дай баьхна латта,
Сан ирс долу Даймохк,
Малх бицбина,
Нур къагийна,
Суна хьо лепара.
(М. Дикаев)
Хаттарш, тIедиллар:
1. Дай баьхна латта шена хьан марздина боху поэта?
2. ТIаьххьарчу кхаа могIанах муха кхета хьо?
3. Дагахь Iамае байташ.
Упражнени 116. Схьаязъе предложенеш. ЦIерметдешнашна буха сиз хьакха.
- Кута, тхо сецо ма г1ерта, тхо тховса хан ялале д1акхиа дезаш ду. Сайн хьеший хьуна
а белла,хьох газа хьарчо а ца лаьа сунна.
- Газа елча г1уллакх хилахь, иза м хала х1ума дац. Хьуна лаахь, вай лаьмнашкара
акха гезарий, жай охьлахка йиш йолуш ду кха вай, - олуш. Юха шаьш сени чу девлча
т1етуьйхира: - Х1ун дийр ду,ткъа, аша бохург дина, чохь соцур ву со м.1одика Дала йойла,
некъ дика хуьлда шун. Са ма гатде аша, Дала мукъ лахь, Мида а, кхиберш а ц1абоьрзур бу
45
Делан пурбанца, -аьлла, юхавелира и. Т1аьхьаваьлла Хьамид хьеший дехьа урамах чубирзина
къайлабовллалц лаьттина, з1ара т1е а къовлуш, чувахара. ( М. Эльжуркаев)
Упражнени 117. ТIадамийн меттана гIоьнна далийначу цIерметдешнех маьIница
догIурш а дохкуш, схьаязъе предложенеш.
1. Имам ……… накъосташка хьожу. 2. ……бист а ца хуьлу. 3. Шемал кхета ………
дагахь долчух. 4. …… дагахь нажжаз во ……… . 5. ……… ши цIоцкъам тIеттIа доьду. 6.
Хаьа ………, Ахьмад, адамашка ца лабаллал баккхий баланаш ……… Iийшинийла, муьлххачу а
бохамна сатоха ……… собар а, къонахалла а юйла. 7. ……… киртигаш ю дуьненан. 8.
Хийланна тIехIиттина ……… .
ГIоьнна дешнаш: уьш, шен, цара, церан, цуьнан, хIара, аш, тхуна, иштта, уьш, шуьгахь.
Упражнени 118. ХIара цIерметдешнаш шаьш ма-дарра юкъа а далош, предложенеш
хIиттае. ДIаязъе уьш.
Тхоьга, вайн, шу, цаьрца, оццул, иштта, муьлхха а, тха, тхаьш, ас.
Хаттарш а, тIедиллар а:
1. ХIун предложенеш ю ахь хIиттийнарш?
2. Царех хьалхара шиъ синтаксически къастае.
§ 22. ЦIерметдешнийн тайпанаш
Шайн маьIне хьаьжжина, цIерметдешнаш декъало кху тайпанашка:
1. Яххьийн цIерметдешнаш: со, тхо, вай, хьо, шу, и, иза, уьш, уьзаш;
2. Дерзоран цIерметдешнаш: суо, со-суо, ваьш, вай-ваьш, тхаьш, тхо-тхаьш,
хьуо, хьо-хьуо, ша, шаьш, шу-шаьш, и-ша, уьш-шаьш;
3. Доладерзоран цIерметдешнаш: сан, вайн, тхан, хьан, шун, цуьнан, церан;
4. Дерзоран-доладерзоран цIерметдешнаш: сан-сайн, хьан-хьайн, цуьнан-шен,
вайн-вешан, тхан-тхешан, шун-шайн, церан-шайн;
5. Гайтаран цIерметдешнаш: хIара, и, иза, хIорш, уьш, дIора, дIораниг, кхузара,
кхузарниг, цигара, цигарниг, хьуьллара, хьуьлларниг;
6. Къастаман цIерметдешнаш: хIора, массо а, дерриге а, кхин, важа, муьлхха а,
изза, хIарра;
7. Къастамза цIерметдешнаш: хьенех, минех, цхьаверг, масех, хIуъа а, мелла а,
маситта, мелла а;
8. Дацаран цIерметдешнаш: хIумма а, цхьа а, аддам а, стагга а, цхьаъа а;
9. Хаттаран цIерметдешнаш: мила? муьлш? хIун? муьлха? мел? маса? мосалгIа?
Упражнени 119. Схьаязъе предложенеш. ЦIерметдешнашна буха сиз хьакха. Барта
къастаде церан тайпанаш.
1. Ас шуна баркалла боху, аш тхайн сий дарна. 2. Тахана шун баркаллица, аш лерарца
суо ирсе хета суна. 3. Цхьамма дийцира, ша хьуьнах талла вахана волуш, цкъа цIеххьана шена
дуьхьал ча Iоттаялар. 4. Цо и дийцича цуьнга массо а дIахьаьвсира. 5. Сол тоьлла хьо-м, сан
кIант! 6. Со а ма веанера, Хьаьжа-Iела, хьо волчу, ахь лело тамашийна хма сайна
довзийтархьама. (М. Сулаев).
Упражнени 120. ХIара црметдешнаш юкъа а далош, предложенеш хIиттае. ДIаязъе
уьш.
46
Тхоьга, вайн, шу, цаьрца, оццул, иштта, муьлхха а, уьш-шаьш.
Хаттар а, тIедиллар а:
1. Муьлха цIерметдешнаш ду уьш? (Тайпанаш барта билгалдаха).
2. Барта ала церан дожар, терахь.
Упражнени 121. Бакъонехь 22) гайтинчу рогIаллехь тайпанашка а доькъуш, дIаязде
цIерметдешнаш.
Со, масех, вай, хмма а, хIара, тхо, шу, хIора, хьенех, уьш, массо а, хьо, иза, тхо-тхаьш,
со-суо, и-ша, иштта, вай-ваьш, дIора, цхьа а, хьо-хьуо, изза, мелла а, мила?, мел?
Упражнени 122. ДIаязъе предложенеш. ЦIерметдешнашна буха сиз хьакха, барта
билгалдаккха хIораннан тайпа.
1. Цхьаннан а ала хIума доцуш, шен гIуллакх дIадахьа хуу Товсолта кху деношкахь
бахаман куьйгалхо чIагIвина. 2. Наб кхетта йоцу массо минот а балхахь йоккхура цо. (Н.М.). 3.
Кхуо хуьйцуш лаьтта уьш битий, хIара вайна вуьсурверг лара, кхуьнан даге хьовса, и тоьла
шуна. (М. Мус.). 4. ХIинццалц схьа тхешан латта а охуш, цу тIера ялта а гулдеш даьхна тхо-м.
(М.С.). 5. Хьанна моьттура хIара иштта театр ю, хIорш иштта артисташ бу. 6. ХIумма а бегаш
бан дагахь волчух тера дацара цуьнан хьажар. (I.Г.).
Упражнени 123. ХIора тайпанах цхьацца цIерметдош юкъа а далош, предложенеш
хIиттае. ДIаязъе уьш.
Упражнени 124. Схьаязъе дийцаран кийсак. ЦIерметдешнашна буха сиз хьакха. Барта
ала, уьш муьлха цIерметдешнаш ду.
Ас ма аьллера цуьнга хьан киснара цхьа хIума ма яккха, хьо гIийла стаг ву. Собарде
ахь, тховса ас цуьнан цIока йохйийр ю хьуна, хьан пхийтта соьман метта цо ши туьма охьа а
дуьллур ду хьуна. ХIумма а дац, хьо воха ма воха. Шек д а ма вала хьо, хьан ахча цхьанхьа
гIур дац хьуна. ХIинца ас хьуна говр эца а, стерчий эца а ахча лур ду. Хьо кхана юхавола.
Микаил, суна хьоьгара хIумма а ца оьшу. Ахь делла ахча а эцна со цIа а гIур вац. Со кхуза варна
а, ас хьайна хьовзам баккхарна а суна бехк ма билла. (Ш. Окуев).
Упражнени 125. Кхул хьалхарниг санна кхочушде хIара шардар а.
1. Амма вистхила саметтахь вацара ша-шен хестийна «турпалхо». 2. Хизар ша аравала
вахьарх тамаш а беш, арахьажа дагахь коре гIоьртинчу Илесана коран бIаьрга чохь шен сурт
гира. 3. Хизар, арахь хIумма а гирий хьуна? 4. Хизарна ца хаьара Илеса шега и хаттар хIунда
дира. 5. Сийссарехь барт а бина, хIорамма шайн-шайн цIера у, дечигаш, диг, херх, жIов, морзах,
кхиболу гIирсаш беанера. 6. ХIусамнанас шена тесна чIеран цуьрг а, кхиерг а, кIорнеш
тIехьаьлхича, царна а юьтий, духахуьлура цициг. (Д. Кагерманов).
Упражнени 126. Схьаязъе предложенеш. Караде цIерметдешнаш. Барта билгалдаккха
хIораннан тайпа, дожар.
1. Со бер долуш, тхан дедас нахана дуьйцуш хезна суна и. 2. Ас шуна а дуьйцур ду-кх. 3.
Эрна яйна хьан цаьрца яьккхина зама. 4. КъинтIера вала суна, СаьIид, хьайна ас
халахетийтарна. 5. ХIорш ма бу ас хьуна бийцина сан керла доттагIий. 6. ХIумма а ца оьшу, тхо
йиъна догIу, тхо хьоьца иштта сакъера даьхкина. 7. Вайн юккъерчу берашлахь суна дика кIант
хеташ ма вара хьо. (Д. Кагерманов).
47
§ 23. Яххьийн цIерметдешнаш а, церан легар а
Яххьийн цIерметдешнаш декъало кхаа юьхье:
цхьаллин терахь дукхаллин терахь
I юьхь со, тхо вай
II юьхь хьо шу
III юьхь и, иза уьш, уьзаш
Хьалхарчу юьхьо къамел деш верг (берш) билгалво: со, тхо, вай.
ШолгIачу юьхьо къамел шена тIедерзийнарг гойту: хьо, шу.
КхоалгIачу юьхьо къамел хьанах лаьцна ду гойту: и, иза, уьш, узаш.
Яххьийн цIерметдешнийн легаран кеп.
Цхьаллин терахь:
Дожарш
Хаттарш
Хьалхара
юьхь
ШолгIа
юьхь
КхоалгIа
юьхь
ЦI.
мила?
со
хьо
и
иза
Дл.
хьенан?
сан
хьан
цуьнан
оцуьнан
Л.
хьанна?
суна
хьуна
цунна
оцунна
Др.
хьан?
ас
ахь
цо
оцо
К.
хьаьнца?
соьца
хьоьца
цуьнца
оцуьнца
Х.
хьанах?
сох
хьох
цунах
оцунах
М.
хьаьнга?
соьга
хьоьга
цуьнга
оцуьнга
Дс.
хьанал?
сол
хьол
цул
оцул
Дукхаллин терахь:
Дожарш
Хаттарш
Хьалхара
юьхь
ШолгIа
юьхь
КхоалгIа
юьхь
ЦI.
муьлш?
тхо
вай
шу
уьш
уьзаш
Дл.
хьенан?
тхан
вайн
шун
церан
оцеран
Л.
хьанна?
тхуна
вайна
шуна
царна
оцарна
Др.
хьан?
оха
вай
аш
цара
оцара
К.
хьаьнца?
тхоьца
вайца
шуьца
цаьрца
оцаьрца
Х.
хьанах?
тхох
вайх
шух
царех
оцарех
М.
хьаьнга?
тхоьга
вайга
шуьга
цаьрга
оцаьрга
Дс.
хьанал?
тхол
вайл
шул
царел
оцарел
Тидам бе:
1. Лач дожаршкахь орамера аз (элп) муьлхачу цIерметдешнаша хуьйцу?
2. Дийнна кеп хуьйцурш муьлха цIерметдешнаш ду?
3. Шен кеп а, орамера аз а (элп) дийриг дожарехь бен ца хуьйцург муьлха цIерметдош
ду?
Упражнени 127. Схьаязъе дийцаран кийсак. ЦIерметдешнашна буха сиз хьакха.
48
Цкъа цхьана дийнахь, ловзуш дохкучу берашна тIе а веана, уьш чехадора воккхачу стага
ИбрахIима:
Муьлхачо бохийра аш сан куьзганан бIаьрг?
Ас бохийра, ца хууш буьрка а кхетта, даре дира Гоцис.
Ахь бохийнехь, хмма а дац. Хьо-м харцахьара вацара. Хьайна хууш дийр дац ахь и
саннарг, – аьлла, оьгIазваханчуьра васта а велла, дIавахара воккха стаг.
Бераш цец а девлла лаьттара, цо и бехк шена тIе лацарх тамаша беш. (Б. Х-А.).
ТIедилларш:
1. Барта билгалдаха, уьш муьлха црметдешнаш ду.
2. Лакхахь ялийначу таблицех пайда а оьцуш, цIерметдешнийн дожарш къастаде.
Упражнени 128. Схьаязъе предложенеш. Яххьийн цIерметдешнашна буха сиз хьакха.
1. Ас шуна баркалла боху, аш тхайн сий дарна. 2. Тахана шун баркаллица, аш леларца
суо ирсе хетта суна. 3. Цхьамма дийцира, ша хьуьнах талла вахана волуш, цкъа цIеххьана шена
дуьхьал ча Iоттаялар. 4. Цо и дийцича цуьнга массо а дIахьаьвсира. 5. Сол тоьлла хьо-м, сан
кIант! 6. Со а ма веанера, Хьаьжа-Iела, хьо волчу, ахь лело тамашийна хма сайна
довзийтархьама. (М. Сулаев).
Упражнени 129. Кхул хаьлхарниг санна кхочушде хIара шардар а.
Наташ, хIай Наташ, кхайкхира Тата, мичахь ю хьо? Схьаэцахьа оцу ларми чуьра
айхьа гурахь хи чу йоьхкина наьрсаш. Чам болуш ю хьан уьш. Дика хсамнана-м муххале а яра
хьо! − хьаставелира иза.
ХIун до ахь? Цхьа кIеззиг хало хьайна ма-хилли: «Наташ, Наташ…» Айхьа схьаэца
мегар ду ахь хьайна оьшург.
Хн дан воллу хьо, лап-аьлла, елла дIаялахь?! ТIаккха-м хьо мацалла лийр ма ву. ЭхI-
эхI, Делан цхьа гIуда хир ду-кх хьо а… Могаш йоцуш юйла хуъушехь, соьга мосазза кхайкхи
хьо тахана? ХIаъ, со елча бен хуур дац хьуна, ас хн боху. ТIаккха Iийр ву хьо, цхьанна а
оьшуш а воцуш… (Хь. Бурчаев).
Упражнени 130. ДIаеша туьйранан кийсак. Цу юккъера схьаязде цIерметдешнаш.
Генна хьалха заманахь вехаш-Iаш хилла цхьа эла. Цуьнан цхьа кIант бен доьзалхо ца
хилла. Ткъа зуда, цIеххьана лазар а кхетта, хеназа кхелхина хилла. Нанас, ша лечу дийнахь, т
а кхайкхина, шен кIанте аьлла: «КIант, со яла йоллу. Хьан да реза а волуш, ас, совгIат деш, сайн
дех бисина расха дин буьту хьуна. Адамийн мотт а, хIума хууш а башха говр ю хьуна иза. Амма
хьан дахарехь уггар хала киртиг тIехIоьттичий бен пайда ма эцалахь цунах. Ахь дукха
хьийзаяхь, мотт сиха бицлур бу цунна. Зингатанчул тата, хьозананчул гIовгIа йоцуш гIолахь
цунна тIе. ЧIогIа гIовгIа йолчу хьодуш ю хьуна иза, сан дас тIаме дукха лелийна. КIентан нана
дIа а ерзийна, дас шена керла нускал далийна.
КIантах къа ца хеташ, жIаьлин мотт болуш, сийдоцуш хилла десте. БIаьрга цIий
хьаьвзаш хилла цунна кIант гича новкъа хилла цунна иза. Шен ма-хуьллу сийсазвеш хилла цо
и. Муьлххачу а ямартлонца и хIаллакван, шен бьргаш дуьхьалара и дIаваккха хIуъа а дийр
долуш хилла иза. И боцург кхин сингаттам ца хилла цуьнан. (Ш. Макалов).
ТIедиллар: айхьа схьаяздинчу цIерметдешнех кхоъ юкъа а далош, кхин предложенеш
хIиттае. ДIаязъе уьш.
§ 24. Дерзоран цIерметдешнаш а, церан легар а
49
Дерзоран цIерметдешнаш яххьийн цIерметдешнех кхолладелла ду. Церан кхо
юьхь а ю, цхьалхе, чолхе кепаш а ю:
цхьалха кеп
чолхе кеп
Цхьаллин
терахь
дукхаллин
терахь
цхьаллин
терахь
дукхаллин
терахь
I юьхь
суо
тхаьш, ваьш
со-суо
тхо-тхаьш, вай-ваьш
II юьхь
хьуо
шаьш
хьо-хьуо
шу-шаьш
III юьхь
ша
шаьш
и-ша
уьш-шаьш
Чолхе дерзоран цIерметдешнаш дефисца яздо: со-суо, хьо-хуо, уьш-шаьш.
Цхьалхечу дерзоран цIерметдешнийн легаран кеп
Дожарш
Цхьаллин терахь
Дукхаллин терахь
ЦI.
суо
ваьш
Дл.
сайн
вешан
Л.
сайна
ваьшна
Др.
айса
ваьш
К.
сайца
ваьшца
Х.
сайх
вайх
М.
сайга
ваьшка
Дс.
сайл
вайл
Чолхечу дерзоран цIерметдешнийн легаран кеп
Дожарш
Цхьаллин терахь
Дукхаллин терахь
ЦI.
со-суо
вай-ваьш
Дл.
сан-сайн
вайн-вешан
Л.
суна-сайна
вайна-ваьшна
Др.
ас-айса
вай-ваьш
К.
соьца-сайца
вайца-ваьшца
Х.
сох-сайх
вайх-вешах
М.
соьга-сайга
вайга-ваьшка
Дс.
сол-сайл
вайл-вешал
Упражнени 131. Легаде дерзоран цIерметдешнаш: тхаьш, шаьш, хьуо, ша.
Упражнени 132. Легаде хIара чолхе дерзоран цIерметдешнаш:
Хьо-хьуо, шу-шаьш, тхо-тхаьш.
Упражнени 133. Дерзоран цIерметдешнашна буха сиз хьокхуш, дIаязъе предложенеш.
1. Накъосташа даре а ца хьоьжуш, ас айса дина сайна таIзар. (М.М.). 2. Суна сайна хаьа
сайн когехь дика хьал доцийла. (I.Г.). 3. Дуьнен тIе ваьлчхьана а декъаза стаг ву хьо, лаьттан
ерриге а докъазалла хьуна хьайна язйича санна. 4. Жима стаг, хьайн нана йолчу чувола. (С-
С.С.). 5. Боккъалла а, хьайн тарлахь, дIавалахьа гучуьра. 6. Шега деша аьлларг дешчахьана
волий иза-м. (Ц.С.). 7. Тхо тхаьш МартантIера ду. 8. Хьалха хилла безам сайн даг чохь бу-бац
ала хаац суна. (С.Я.).
50
Упражнени 134. Чолхечу дерзоран цIерметдешнашна буха сиз а хьокхуш, дIаязъе
предложенеш.
1. «Жа?» хаьттира цо ша-шега. 2. «Шина берде дигна!» аьлла, жоп делира кIанта ша-
шена. (С. Я.) 3. Ша-шех тоам хилла, елаелира Малисат. 4. Ас айса-сайна Iамийра. 5. «Хьажахьа,
Жунид, ша-шен лоьллуш боьду и етт», элира Нурида. 6. Гуттар а ша-шен хесто лууш волчу цо
шен «майраллех» лаьцна дукха дуьйцура. (Ж.М.). 7. Сауда дагахь ша-шена хьаам бира. 8. Илес
хIинца ша-шех а тешаш вацара. 9. Ахь айхьа-хьайн хестош дозаллаш ца дахь, цхьаьнгге а
дуьйцур дац ас. (Д.К.).
К
х
ъ
Упражнени 135. ХIокху суьртах лаций жима дийцар хIоттаде. ДIаязде иза. Шайн
дийцарехь мелла а цIерметдешнаш хилийта хьовса.
ГIоьнна хаттарш:
1. Шеран муьлха мур бу суьрто гойтург? Иза стенах хаьа вайна?
2. ХIун, муьлш го вайна суьрта тIехь?
3. ХIун деш бу доьзал? Цаьргахь хIун ю?
4. Аш лелайой беш я ирзу? Хн юьй аш цу тIе?
5. Къинхьегамах лаьцна муьлха кицанаш девза шуна? ДIаязде уьш.
сурт
Упражнени 136. Схьаязъе байташ. ЦIерметдешнашна буха сиз хьакха. ХIораннан тайпа,
терахь, дожар барта билгалдаккха.
Цхьана жимачу юьртахь вехаш ву к1ант. Цуьнан ши шо кхочу кестта. Х1инца а кога ца
вахана и. Оцу шина шара чохь дас, нанас, дедас, денанас, лулахоша, гергарчу наха кар кара а
оьцуш, карахь лелийна иза. Цундела цуьнан когашна х1инца а латта дика довза а ца девза. Ткъа
нехан бераш, цхьа шо кхаьчнарш а т1аьхьа, тоххарехь кога а дахана, уьдуш ду. Иза кхунна
хиира нанас Бабица къамел дечу хенахь. Царна моьтту х1ара шаьш дуьйцучух ца кхета. Х1ара
дерригенах кхета.(НФ)
§ 25. Доладерзоран цIерметдешнаш
Доладерзоран цIерметдешнаш яххьийн цIерметдешнийн доланиг дожаран
кепех кхоллалуш ду. Церан а къаьста кхо юьхь:
Цхьаллин
терахь
дукхаллин
терахь
I юьхь
сан
тхан, вайн
II юьхь
хьан
шун
III
юьхь
цуьнан
церан
Лаамечу доладерзоран цIерметдешнийн легаран кеп
(лаамазанаш дожаршца хийцалуш дац):
51
Дожарш
Цхьаллин
терахь
дукхаллин
терахь
ЦI.
сайниг
сайнаш
Дл.
сайчун
сайчеран
Л.
сайчунна
сайчарна
Др.
сайчо
сайчара
К.
сайчуьнца
сайчаьрца
Х.
сайчух
сайчарех
М.
сайчуьнга
сайчаьрга
Дс.
сайчул
сайчарел
Упражнени 137. Легаде хIара лааме доладерзоран цIерметдешнаш:
Вайниг, цуьнниг, тхайнаш, шуьнаш.
Упражнени 138. Схьаязъе предложенеш. Доладерзоран цIерметдешнашна
буха сиз хьакха.
1. Таханлерачу вайн газета тIехь зорбатоьхна ду хьо лазорах лаьцна. 2.
Корта шен меттехь бу, велакъежира Iабдул-Межид. 3. Баккхийнаш лоруш, церан
сийдеш хила беза кегийрхой. 4. Цхьа хIуманаш дара сан цунна дийца. 5. Оха хьо а
вицвийр вац, ахь хьайн динан вежарийн а ма бицбе-кх. 6. Жимма хIуманаш хууш хилла
хьуна-м. 7. Хьайн Делан дуьхьа ала и дешнаш кхин цкъа а! 8. Шайн юьрта кхаьччахьана вешех
йисина керт дагара ца йолура Исраилна. 9. ВахIида суна а дийцира хьан деца тIамехь ша хилар.
10. Йоьхна тхан тоба. 11. «Iодика йолда шун», аьлла, дIавахара Висарха. (I. Гайсултанов).
Упражнени 139. Лахахь далийначу лаамазчу цIерметдешнех шина а терахьехь лааменаш
а деш, дIаязде. Царех цхьаъ легаде шина а терахьехь.
Вайн, шун, тхан, цуьнан, церан, кхечеран, хIокхеран, дIорачеран.
Упражнени 140. ХIора тайпанах цхьацца цIерметдош юкъа а далош, предложенеш
хIиттае. ДIаязъе уьш.
1. Аш язйинчу предложенешкара цIерметдешнаш муьлха меженаш ю?
2. Кхин муьлха меженаш хила тарло цIерметдешнаш?
Упражнени 141. Лаамечу доладерзоран цIерметдешнашна буха сиз а хьокхуш, дIаязъе
предложенеш.
1. Гой хьуна, хьан говзалла инженер бохуш хир ю, ткъа сайниг хирург. 2. Аш шайниг
лелор, амма соьга сайн дог хийца ма ала. 3. Шениг дитина Iийр волуш вац иза. 4. Хьайчуьнга а
ца кхийдаш-м дац хьуна сайниг а. 5. ХIара тхайниг а ма вара цхьанхьа балха таса везаш. 6.
Шайниг дуьйцура цара-м. 7. Хьайчуьнниг ша тайпа гIуллакх ду. 8. Цо тIедеанарг цкъа а
духатоьхна дац ас, я сайниг цо а ца тоьхна. 9. Со сайчуьнца веха мел хан ю? 10. Шераш шайниг
дитина ца Iа. 11. Хаара, ден шича Висарг шениг кхочушдан гIортаза Iийр воцийла. (I.
Гайсултанов).
К
х
ъ
Сочинени «Нохчийн Даймахкаца йолу уьйр».
52
Масаллин хьесап.
1. Нохчийн стеган шен Даймахкаца йолу уьйр хада йиш йолуш яц.
2. Даймахкахь каш, чурт хила лаар.
3. Дай баьхна юрт, кIошт.
4. Нохчийчоьнан исбаьхьа Iалам (лаьмнаш, шовданан хиш, хьаннаш), хьалдолу
маьIданаш.
5. Даймахке, винчу юьрте безам.
§ 26. Дерзоран – доладерзоран цIерметдешнаш а, церан легар а
Дерзоран-доладерзоран цIерметдешнаш дерзоран цIерметдешнийн доланиг
дожаран форманах кхоллалуш ду. Церан а ю цхьалхе а, чолхе а кепаш, цхьаллин,
дукхаллин терахь а, кхо юьхь а.
цхьалхе кеп
чолхе кеп
Цхьаллин
терахь
дукхаллин
терахь
цхьаллин
терахь
дукхаллин
терахь
I юьхь
сайн
тхешан, вешан
сан-сайн
тхан-тхешан,
вайн-вешан
II юьхь
хьайн
шайн
хьан-хьайн
шун-шайн
III юьхь
ша
шайн
цуьнан-шен
церан-шайн
Дерзоран-доладерзоран цIерметдешнийн лаамаза а, лааме а кепаш хуьлу. Лааме
кеп кхоллало лаамазчу цIерметдашна тIе -иг суффикс кхетарца.
Масала: сайн къолам – сайниг, хьан-хьайн гIуллакх – хьан-хьайниг.
Дукхаллин терахьехь лаамечу кепан суффикс -иг, -ниг хийца а лой, -аш, суффикс
хIутту. Масала: хьан-хьайниг хьан-хьайнаш, цуьнан-шениг – цуьнан-шенаш.
Лаамечу дерзоран-доладерзоран цIерметдешнийн легаран кеп
(лаамазнаш дожаршца ца хийцало)
Дожарш
Цхьаллин
терахь
дукхаллин
терахь
ЦI.
сан-сайниг
церан-шайнаш
Дл.
сан-сайчун
церан-шайчеран
Л.
сан-сайчунна
церан-шайчарна
Др.
сан-сайчо
церан-шайчара
К.
сан-сайчуьнца
церан-шайчаьрца
Х.
сан-сайчух
церан-шайчарех
М.
сан-сайчуьнга
церан-шайчаьрга
Дс.
сан-сайчул
церан-шайчарел
Гуш ма-хиллара, лаамечу дерзоран-доладерзоран цIерметдешнийн дожаршца
хийцалуш дерг шолгIа дакъа ду.
Упражнени 142. Легаде хIара лааме дерзоран-доладерзоран цIерметдешнаш:
Хьан-хьайниг, цуьнан-шениг, тхан-тхайнаш, вайн-вешанаш.
ТIедилларш:
1. Барта билгалъяха дожарийн чаккхенаш.
53
2. Оцу цIерметдешнех цхьаллин, дукхаллин терахьех долу цхьацца юкъа а далош,
предложенеш хIиттае. ДIаязъе уьш.
Упражнени 143. Схьаязъе дийцаран кийсак. ЦIерметдешнашна буха сиз хьакха. Барта
къастаде церан тайпанаш.
Сайн ялхитта шо кхачале со вара цхьана дийнахь сайн деца талла вахана. Наггахь со а
вуьгура цо шеца талла. Дегахь шалго топ а йолуш, соьгахь цхьалго топ а йолуш, сатоссуш
вахана тхойша де дохдаллалц лийлира хьуьнахула. Амма тхойшиннийн таллар башха нисделла
дацара: дас цхьа-ши котам йийнера, ас йийна-м хIумма а яцара. Да суна жимма оьгIазвахнера:
цо схьаэккхийна лу, сайна хьалха нисделлашехь, ас, топ ца тухуш, тIехтилийтинера. (М.
Сулаев).
Упражнени 144. Схьаязъе байташ. ЦIерметдешнашна буха сиз хьакха.
Кавказ
Дуьненан са ду хьо,
Сан хьоме Кавказ!
Сан дагехь лекхало
Самукъне хьан аз.
Аьрзунах айвелла,
Гу лекхчу волий,
ЛадоьгIу ас цуьнга
Ойлане волий. (С. Дакаев).
Нахаца хабарш
Ас кура дуьйцу
Цхьаммо ца боху
Сайх тешам байна,
Сайх кхин тарвелла,
Со хIунда вогIу? (М. Дикаев).
Хаттарш а, тIедиллар а:
1. Муьлха цIерметдешнаш ду кхузахь дерш?
2. Барта хаттарш а хIиттош, церан дожарш билгалдаха.
Упражнени 145. ТIадамийн меттана лахахь гIоьнна деллачу цIерметдешнех догш
дерш а дохкуш, схьаязъе предложенеш.
1. ……… самаваьлча, гIали чу кхаьчна хуьлу машен.
2. ……… кхета, ……… гIенах гинарг билггал дас дийцинарг хиларх.
3. ……… тало ца яхь, жимма Iийна-а, ов такхо гIур вара ……… .
4. Лакха тогIе воьду ……… .
5. Тахана саза лоцур ю …………, йоккханиг.
6. ……… дийнахь масех йоккха саза лоцу ……… .
7. ……… ……… вешин кIант ву, ……… кхетар ву ……… лелочух.
8. ……… дуьхьал ца волу ………, ……… ца боьлху дехьа чу.
9. Чохь тийналла хIутту, ……… доьIу са а хезаш.
10. ……… белхи ……… бина бу, ахь ………! (Э. Минкаилов).
ГIоьнна дешнаш: сайна, со, вайшиъ, ахь, вайшимма, тхойшиъ, цу, хьо сан, охашимма,
кхарна, ас, хьо, хIораммо, иза, хIорш а, ахь, хIара, айхьа.
54
Упражнени 146. Буха сиз хьакхарца билгалдаьхначу дешнашна улло къовларшкахь
царна догIу хаттарш а хIиттош, схьаязъе предложенеш.
1. КIира хьалха цуьнан машен тIекIелъяьллера. 2. Ахьмадна къахийтира доттагIчух. 3.
Къайлах эр ду хьоьга цхьа а похIма дан а дац. 4. ХIара шиъ къамелаш деш Iара. 5. Ахьмад
чIогIа чехка вогIура. 6. Дерриге дIадели. 7. Кевнаш дIачIагIаделла. 8. Мел хилларг царна тIехьа
дисна. 9. Мацах цкъа, доьшучу хенахь, берриге махкахой гулбеллера хсамехь. 10. СаIид
Пятигорске пIераскан дийнахь веара. (Э. Минкаилов).
Хаттарш:
1. ХIун дешнаш ду аш хаттарш хIиттийнарш?
2. Цара хIун гойту: хIума я цуьнан билгало, меттиг я дар, хилар?
3. ХIун олу ишттачу къамелан декъах?
§ 27 Гайтаран цIерметдешнаш
Шайца гайтаран маьIна долу цIерметдешнаш ду: хIара, и, иза, хIорш, уьш, дIора
дIораниг, кхузара-кхузарниг, цигара-цигарниг, хьуьллара-хьуьлларниг.
Гуш ма-хиллара, цхьадолчу гайтаран цIерметдешнийн лааме кеп суффикс ниг
тIекхетарца кхоллалуш ю. Масала: дIора дитт – дIораниг, цигара цIа цигарниг.
Лаамечу гайтаран цIерметдешнийн легаран кеп
ЦI. хра хIорш
Дл. хIокхуьнан (кхуьнан) хIокхеран (кхеран)
Л. хIокхунна (кхунна) хIокхарна (кхарна)
Др. хIокхо (кхо) хIокхара (кхара)
К. хIокхуьнца (кхуьнца) хIокхаьрца (кхаьрца)
Х. хIокхунах (кхунах) хIокхарах (кхарах)
М. хIокхуьнга (кхуьнга) хIокхаьрга (кхаьрга)
Дс. хIокхул (кхул) хIокхарал (кхарал)
Лаамазчу гайтаран цIерметдешнийн легаран кеп
ЦI. хIора кIант Iентий)
Дл. хIокху (кху) кIентан (кIентийн)
Л. хIокху (кху) кIантана (кIенташна)
Др. хIокху (кху) кIанта (кIенташа)
К. хIокху (кху) кIантаца (кIенташца)
Х. хIокху (кху) кIантах (кIентех)
М. хIокху (кху) кIанте (кIенташка)
Дс. хIокху (кху) кIантал (кIентал)
Упражнени 147. Легаде гайтаран цIерметдешнаш: хIорш, дIора юрт, цигара, кхузара.
1. Шаьш легийначарех тайп-тайпанчу дожаршкахь кхоъ цIерметдош юкъа далош,
предложенеш хIиттае.
2. ДIаязъе уьш.
55
Упражнени 148. ДIаеша. ТIера схьаязъе гайтаран цIерметдешнаш юкъахь долу
предложенеш.
1. ХIара иштта ойланаш еш вогIучу заманчохь салазаш хоьхкучу берийн гIовгIанаш
кхунна тIаьхь тIаьхьа чуьраюьйлуш хезара. (С.Б.) 2. Ма вон хьаьжи хра вогIу Хизар
тIехбевллачу цаьрга. (М.М.) 3. ХIара аре шина декъе екъна Iуьллучу некъа тIехула, дикка
хьаьжча, къаьсташ геннахь цхьа-ши гIаларт а гора. (С.Б.) 4. Бецан бен тата доцу, цаьпцалган бен
гIара йоцу пIераскан буьйса. 5. Къорачу хьаннашкахь сема ладоьгIучу Нохчмахко хьан
йозаллин караделла тховса Гермчигахь хила дезарг. 6. Хийла хIусамнанас, лерина бисмилла
доккхуш, шен тароне хьаьжжина, шурийн, ялтийн сагIа дIасакховдий цунна тIера. 7. Маса
дилхан дог дехаран доIанца хьастадели АллахIана мискачу шен бIаьрхишца. (М.М.)
Упражнени 149. ТIадамийн меттана маьIница догIу цIерметдешнаш а хIиттош, дIаязъе
предложенеш.
1. санна аьтто хир бу аьлла. дагахь а дацара. 2. Цундела бIаьстенан юххьерачу
баттахь шен дагахь мел IаьIнарг охьадилла лиира цунна. 3. Бутт хьалха уьш … къежара,
хастамбора. 4. …дийриг даздеш лелара. 5. … муьлш бу суна гурш! 6. Ма дика ду со … кхетта. 7.
… ДIавоьдуш, и шиъ … йинчу кибарчигийн ехачу раьгIнашна тIехьа велира. (С-Хь. Н.)
ГIоьнна дешнаш: хIокху, хIара, кхунна, хIорш, кху, кхуьна, кхул, кхунах.
§ 28 Къастаман цIерметдешнаш
Къастаман маьIна долу цIерметдешнаш ду: хIора, массо а, дерриге а, кхин, важа,
иза, хIорра, иштта.
Къастаман цIерметдешнийн легадалар лаамаза я лааме хиларе хьаьжжина хуьлу.
Лаамаза къастаман цIерметдешнаш лега ца ло. Масала: хIора стаг, хIора стеган,
хIора стагана, хIора стага и дI. кх.
Лаамечу къастаман цIерметдешан легар
ЦI. хIора
Дл. хIораннан
Л. хIоранна
Др. хIораннуо (хIорамма)
К. хIоранца
Х. хIораннах
М. хIоранга
Дс. хIоранна
Упражнени 150. Легаде кхиверг, массо а къастаман цIерметдешнаш.
Упражнени 151. Схьаязъе. Къастаман цIерметдешнашна кIел сиз хьакха.
1. Кхин арара чехка лазархой тIе ца бохьуш, шен йисина операци чекхъяькхира
хирурго. 2. Массо а ладогIа тебнера хIинца лоьро хн олу хьовса. 3. ХIора денна дукхаза а
тIевоьдуш, дегайовхонца цхьацца къамелашца цуьнан дог уьйуш, лоьро дика лелавора
Гранаткин. 4. Дерриге а ма дарра хиина йолу зуда йоьлхура. 5. Массо а бийлабелира цо иза
вукхунах воьлу боху моьттуш.
Легаде дерриге а боху къастаман цIерметдош.
56
къ
кх
Упражнени 152. Къастаман цIерметдешнаш юкъа далош дийцар хIоттаде «Сан дахарера
цхьа де».
§ 29 Къастамза цIерметдешнаш
Къастамза маьIна долуш ду цIерметдешнаш: хьенех, минех, цхьаверг, масех,
хIуъа а, милла а, масийтта, милла а, муьлхха а.
Къастамза цIерметдешнийн легадар
ЦI. хьенех муьлхха а
Дл. хьенехан муьлххачун а
Л. хьенехана муьлххачунна а
Др. хьенеха муьлххачо а
К. хьенехаца муьлххачуьнца а
Х. хьенехах муьлххачух а
М. хьенехе муьлххачуьнга а
Дс. хьенехал муьлххачул а
Упражнени 153. ХIара цIерметдешнаш юкъа а лоцуш, предложенеш хIиттае:
Хьенехана, минехаца, хьенехагIарах, минехагIарал, минехагIаьрга, масех, масийтта,
хьенехан, минехан.
Упражнени 154. ТIера схьаязде цIерметдешнаш. Дийца, уьш муьлха тайпана
цIерметдешнаш ду. Шиъ легаде.
Уьш ду, - и ирсенаш, - Ткъа со? Со къанлур вац
Ярташкахь, гIали чохь. Шераша мел хан идорх,
Леттачийн и лоьхуш Сан дог а гIеллур дац
ТIаьхьенаш. Царлахь Мел чIогIа къахьегарх.
Ловзийта, Iамийта Къона ву, могуш ву,
Ас а дIахьоьцур ву Тоам бо ас вахарх,
сайн кIанта. Соьхь тоъал ницкъа бу
Маситта сов сол и тоьлар ву. Со а вац ткъа ирсечех?
(I.М.)
Упражнени 155. Легаде масех, маситта. Уьш юкъахь долуш предложенеш хIиттае.
Предложенеш синтаксически талла.
Упражнени 156. ТIадамийн меттана маьIница догIу цIерметдешнаш а дохкуш, дIаязъе
предложенеш.
1. И цIенош лартIехь Iалашдан ца хаьа… . 2. Iедалехь а къахьоьгуш верг гIолехь ваха
декхар ду. 3. Ас сийсара хьоьга… хмнаш дийцира моьттуш ву со. 4. ша вол-вол чохь
мичара хн йоккхур яра техь бохуш ву. 5. Уьш аса сайн Iилманан балха тIехь теллина
хIуманаш ду. 6. Тайп-тайпана тобанаш ю кхоллалуш. 7. ЦIеххьана хьокху шийла мохь а
хезна, аралилхира нах. 9. … хIун олу хаьий хьуна?-Хь.Н.)
57
ГIоьнан дешнаш: цхьацца, цхьаболчарна, дерриге а, муьлххачу, массо а, массанхьа а,
цхьаццанхьа, цхьаммо, цхьаболчара.
§ 30 Дацаран цIерметдешнаш
Дацаран маьIна долуш ду цIерметдешнаш: хIумма а, цхьа а, цхьаъа а, аддам а,
стагга а.
Дацаран цIерметдешнийн легадар
ЦI. хIумма а стагга а
Дл. хманан а стегган а
Л. хманна а стаггана а
Др. хманнуо а стагга а
К. хIуманца а стаггаца а
Х. хIуманах стаггах а
М. хIуманне а стаггие а
Дс. хIуманал а стаггал а
Лаамаза а лааме а кеп къаьсташ долу дацаран цIерметдешнаш муха муханиг, муьлха
муьлханиг, масалгIа – масалгIаниг лаамазчу кепехь лега ца ло. Лаамечу кепехь церан
легадалар кху кепехь хуьлу (лаамечу билгалдешнийн санна):
ЦI. муханиг мосалгIаниг
Дл. мухачун мосалгIачун
Л. мухачунна мосалгIачунна
Др. мухачо мосалгIачо
К. мухачуьнца мосалгIачуьнца
Х. мухачух мосалгIачух
М. мухачуьнга мосалгIачуьнга
Дс. мухачул мосалгIачул
Упражнени 157 ТIадамийн меттана маьIница дог цIерметдешнаш а дохкуш, дIаяъзе
предложенеш.
1. Суна ца оьшу шуьгара. .Ф.) 2. Сох тешар вац, ас докъар ца духку аьлча. 3.
лелош гергарло а дац. 4. ГIара ца вуьйлуш, хIумма а ца дуьйцуш, Iадда Iелахь. 5. Амма иза
… тергал а ца вора. (С-Хь.Н.) 6. Иза цо … гойтуш а дацара? (М. Б.)
ГIоьнна дешнаш: аддам а, хIумма а, цхьаьнцца а, цхьа а, цхьанхьа а, цхьаммо а,
цхьаьгге а.
Упражнени 158. ЦIерметдешнаш юкъа а далош, предложенеш хIиттае церан дожарш
билгалдаха.
Цхьа а бер, хIумма а, цхьана берана, хIуммане а, хIумманал.
Упражнени 159. Легаде цхьаъа а, стагга а, дIора керт дацаран цIерметдешнаш. Оцу
дацаран цIерметдешнашца предложенеш хIоттае, билгалдаха предложенехь муьлхачу дожарехь
ду цIерметдош.
58
Упражнени 160. ДIаязъе предложенеш. ЦIерметдешнаш кIел сиз хьакха. Уьш муьлхачу
дожарехь лаьтта.
1. Ножо ша-шен хестош дуьйцург хезначу Iожо элира: «Дукха чIогIа хеста ма бе ахь, ва
сел боккха наж, хьо боккха а, стомма а бу бохуш, хьуна тIера бIараш хьакхарчаша доу, ткъа сан
цIе Iаж массеран а стоьла тIехь Iуьллу. (К.У.) 2. Вайн кийрахь майра дегнаш ду. (Н.М.) 3. Нана
балха яха еза зама тIекхечира, тIаккха цу шиммо шаьшшинан гIуллакхаш а кханенна дитира.
(А. Г.) 4. Чохь стагга а вацара. 5. Сан хаттарна цхьаьнгге а жоп ца даладелира. 6. Массо а
ладогIа тебнера хIинца лоьро хIун олу хьовса. 7. ХIора денна дукхазза а тIевоьдуш,
дегайовхонца цхьацца къамелашца цуьнан дог уьйуш, лоьро дика лелавора Гранаткин. (М.С.)
§ 31 Хаттаран цIерметдешнаш
Хаттаран маьIна долу цIерметдешнаш: мила? муьлш? хIун? муха? муьлха? мел?
маса? масалгIа?
Муха? муьлха? масалгIа? бохучу хаттаран цIерметдешнийн лааме форма ниг
суффикс тIекхетарца кхоллало: муха – муханиг, муьлха – муьлханиг, мосалгIа
мосалгIаниг.
Хаттаран цIерметдешнийн легадалар
ЦI. мила? муьлш? хIун?
Дл. хьенан? стенан?
Л. хьанна? стенна?
Др. хьан? стен?
К. хьаьнца? стенца?
Х. хьанах? стенах?
М. хьаьнга? стенга?
Дс. хьанал? стенал?
Упражнени 161. ДIаязъе. Билгалдаккха хаттаран цIерметдош легаде иза.
Мила ву алийша,
хьуьларчу толла тIехь
Алкханчин кIорнешна
цу аннех бен бинарг? (М.С.)
Упражнени 162. ДIаеша. ТIера схьаязъе хаттаран цIерметдешнаш юкъахь долу
предложенеш.
1. «Мила ю хьо, ахь хIун до?» - хаьттира кхуьнга телафонехула цхьана стага. (Х.С.) 2.
Муьлхха а царах цхьаъ схьакхача везара. 3. Юха а хаттар дира, мила ву дийца, цунах къинхетам
бийр бу. 4. Веанарг мила ву хаарна, шен сацаран бахьана чекхдаьлча, дIаяха хьалагIаьттира
лулахо. (I.Г.). 6. ХIорш юьртан ара кхочуш, малх къайлабала дина охьакерчинера. 5. Кхуьнан
кийрара цIе яьллера, шаьшиъ новкъа ваьллачул тIаьхьа шега Бетас нана цамгарна гIелъелла
аьлчхьана. (С.Б.) 7. ХIун ду хилларг? 8. Суьйра корта богIу, - элира цхьаммо. 9. Хьан тесна
цунах цIе? 10. Хьан тосур яра иза, мехкадаьтта долчу дайша тесна-кх, жоп делира оццу озо.
(М.М.)
59
Упражнени 163. Легаде д а яздеш муьлха, мел, маса боху цIерметдешнаш шина
терахьехь.
Упражнени 164. ХIара цIераметдешнаш юкъа а лоцуш, предложенеш хIиттае.
Билгалдаккха церан дожар.
Хьенан, хьанах, хьанал, хIун, маса, масамма, масаннал, муьлхачеран.
§ 32. ЦIерметдош къастор
ЦIерметдош къастаде кху кепара:
1 Юьхьанцара кеп
2 Тайпа
3 Юьхь
4 Дожар
5 Терахь
6 Лааме я лаамаза
7 Синтаксически гIуллакх
Упражнени 165. ЦIерметдешнашна буха сиз хьокхуш, церан терахь, дожар
билгалдаккха.
Толлучу хенахь цIоькъана дукха езаш ю ирзошна а, уьшалшна а, аренашна а тIе йоьлху
хьаннаш. Оцу меттигашкахь хуьлу цунна кхачина дезаш долу дийнаташ: пхьагалш, дехкийн
тайпана кегийра дийнаташ. Шен аьтто баьлча, лоьцу тарсалш, кегийра хьуьнан олхазарш, акха
котамаш, лунаш, хьуьнан хьакхарчий а.
ЦIокъ-буьйсанан экха ду. Цуьнан бен адамна тIекхача хала долчохь, мохо охьайиттинчу
дечигийн орамашна кIелахь, кIоргачу ор чохь я ширделлачу, дIама яьхначу ьргахь хуьлу.
Цуьнан болар тийна, меллаша, шахтата доцуш, паргIат хуьлу. (Х.Хасаев)
?¿ Упражнени 166. Лакхара дийцарх терра дийцар хIоттаде цIерметдешнех пайда оьцуш,
шайн девзачу акхарочун дахарх лаций.
Упражнени 167. 1. Легаде къастамза, дацаран цIерметдешнаш: масех, цхьа а стаг,
цхьаберш. 2. ЦIерметдешнашца предложенеш ялае, морфологически къастаде цхьа цIерметдош.
Упражнени 168. ДIаязъе предложенеш. ЦIерметдешнаш билгалдаха. Морфологически
къастаде хьалхарчу кхаа предложенера цIерметдешнаш.
1. Нана, малх ма бу арахь! 2. Суна ма гира иза! 3. Ас кисанашкахь Салманна IаIор ма бу
иза! юха а, кхоьррушехь, шен кора улло вахара иза… 4. Дуккха а Iийра иза, уьш гучуьра
йовларе сатуьйсуш. 5. Цо сатийсинарг хилира: эххар а цуьнан бIаьрга чу кхийтира сирла малх.
6. ТIаккха малхо вуно чIогIа лазийра цуьнан бIаьрг дерриг а гучуьра доккхуш, дерриг дегI а
Iовжош, цуьнан бIаьргах чубуьйлира иза. (В-Хь.А.)
?¿ Упражнени 169. ХIокху планаца жима дийцар язде.
1. Сан цIе, ден цIе, тайпа.
2. Вина, кхиъна юрт, гIала, цуьнан истори.
3. Сан юьртахой, царах лоруш а, цIе йоккхуш берш а.
4. Суна лаьа…
60
Дийцарехь цIерметдешнаш схьа а лахий, морфологически къастаде.
Упражнени 170. Дийцаран персонажийн метта цIерметдешнаш юкъа а далош, хийца
лахахь далийна дийцар. ЦIерметдешнийн тайпанаш, дожарш, терахьаш билгалде.
ЖIаьлин къоналла
Къона долуш ЖIаьла хилла бацалахь дижина Iуьллуш. ТIехула хьийзачу мозашна
наггахь це а тухуш. Иштта ЖIаьла Iуьллуш, шен мозашна зIок етташ догIу Лекъа меракIела
деъна ЖIаьлина. Меттах а ца долуш Iаш долу ЖIаьла ца гуш, шен мозех Iехаделла дог Лекъ,
дика улле дахана ЖIаьлина. ДIа-а тIекхетта ЖIаьло схьалаьцна Лекъ.
Цул тIаьхьа дикка хан яьлла, ЖIаьла а къанделла, дада дог догIуш ца хилла. ТIаккха
ойлайина ЖIаьло «Маржа сан къоналла яI. Ма зама яр-кх хьо. ТIода тIе хиъначу мозанна
кхоссаделча, хьуьнан йистера Лекъ а лоцуш».
Иштта даздина аьлла ЖIаьло ша Лекъ лацарх лаьцца, дIаяхна къоналла дукха мерза
хетарна. (НФ).
Упражнени 171. ДIаязде. Дийцарехь цIерметдешнаш схьа а лахий, кхоъ
морфологически къастаде.
Боккха сай иза хьуьнан хьайба ду. Цхьана меттехь дац церан дажар. Хьаннашца лела
уьш. К1орга ло диллича, д1ай –схьай лела хала хиларна доккхуш цхьана меттахь совцу уьш.
Барх1 а, итт а корта хуьлу церан цхьанакхетта бажа. Шешан руьйта даа г1а а, генаш а
долчуметте, хьуьн чохь х1оттайо цара. Толлан чкъор дукха деза оцу хьайбанна. Хьун
хьаькхначу меттехь т1ек1ел ехкина дечигаш ерриге а йожу цара д1ай схьай а керчош. Аьхка
буц йоу оцу хьайбанаша. (Х – А.Берсанов)
К
х
ъ
Упражнени 172. Тидам беш хьовса суьрте. Цунах лаций жима дийцар язде. Дийцарехь
тайп-тайпанчу цIерметдешнех пайда эца.
ГIоьнна хаттарш:
1. Суьрта тIехь вайна гуш ерг хIун чоь ю?
2. Муьлш бу цу чохь? ХIун ю стоьла тIехь?
3. ХIун деш ю нана? ЙоIа хIун до?
4. Шуна хаьий, чIепалгаш муха до? Уьш дан хIун оьшу?
§ 33. Хандош
Дар я хилар гойтучу къамелан декъах хандош олу. Цо жоп ло хIун дан? хIун хила?
бохучу а, царах схьадевллачу а хаттаршна.
Масала: вада (хIун дан?), воду (хIун до?), ведда (хIун дина?), водур ву (хIун дийр
ду?); Iаржъяла (хIун хила?), Iаржло н хуьлу?), Iаржъелла Iун хилла?), Iаржлур ю
(хIун хир ду?).
Упражнени 173. Схьаязъе дийцаран кийсак. Хандешнашна буха сиз хьакха.
Иза генахь яра сунна цу дийнахь а, аьлча а, со вара – кх генахь. Иза –м ц1ахь яра -
Нохчийчохь. Даима болу шеен хелхаран мукъам ладуг1учуьнца хийцинера шовдано а. Шайн
61
шакарш лаг1ийна, лерина тхойшинга ладуг1уш 1ара олхазарш, наг –гаггахь, тхойшинна томана
санна боцца шайн мукъам балош. Иштта ойланаш евллачу хенахь. Мела а эсалчу боларахь,
диттийн генаш лестош, уьш хьаош, бара хьаькхна мох а. Х1етахь тхох б1аьрг кхетта, чубуза ца
лууш, дукъах кхоза а белла, шеен з1аьнарш тхох хьерчаш дика 1ийра малх а. Цу малхо шега
хаам бича санна, дукха ца 1аш, сихха схьах1оьттира беттаса ашен хьуьнарш гайта. Х1етте
а1уьйре т1екхечира. ( С.Такалашов)
Упражнени 174. Лахахь далийначу хаттаршна жоьпаш лучу кепара, хуьйцуш дIаязде
дешнаш: деша, яздан, хьеха, ала, дийца.
1. Хн дан? 2. Хн дин? 3. ХIун дира? 4. ХIун дина? 5. ХIун динера. 6. ХIун дора? 7.
ХIун до? 8. ХIун дер? 9. ХIун дийр ду?
ТIедилларш:
1. Тидам бе: муха хийцаделла и пхи дош?
2. Дийца, царех хIораммо гIуллакх маца кхочушхилла гойту: хьалха, хIинцца я
тIейогIучу хенахь?
Упражнени 175. Кхул хьалхарчу шардарехь далийначу хаттаран рогIаллехь схьаязде
хIара дешнаш.
Воьду, боху, вада, ала, теси, сецира, хьажа, воьссира, туьйхи, гойту, дуьйцура, левзира,
хьосту, велавеллера, аьллера, соцу, сецна, гIаьттина, эли, водур, таса, тосур, яздийр ду, къовсур
ду, хоттур, хаьтти, схьакхаьчна, араваьлла, хьовсур, чухьаьжира, аьхьнера, воьлура, хатта,
сатта, хьажа, аьр, дер, гур ду.
Хаттарш а, тедиллар а:
1. Муьлха хан гойту хIора хаттаршна жоп лучу дешнаша?
2. Муьлха дешнаш ду цхьа а хан билгал ца еш дерш?
3. Хаттарийн а, царна жоп луш шаьш яздинчу дешнийн а чаккхенийн тидам бе, уьш
дагахь латтае.
Упражнени 176. Кхул хьалхарчу шардарера хIора хаттарна жоп лучу дешнех цхьацца
юкъа а далош, предложенеш хIиттае. ДIаязъе уьш.
Хаттарш а, тIедиллар а:
1. Муьлха предложенеш ю аш язйинарш?
2. Гллакх маца кхочушхилар гойту цаьрца долчу хандешнаша: хьалха, хIинцца я
тIейогIучу хенахь?
3. Оцу предложенех шиъ юьззина синтаксически къастае.
Упражнени 177. Хаттарийн меттана шайггара маьIница догIу хандешнаш а дохкуш,
дIаязде кицанаш. Къовларш ма яхка.
1. Аьхкенан дийно Iаьнан бутт (хIун до?). 2. Аьхка Iиллинарг Iай (хIун дина?). 3. Маха
лелачухула тай а н до?). 4. Къеначу барзо ши уьстагI (хIун дина?) 5. Вираца лаьттина эса
вирах (хн дина?). 6. Дикачу пхьидо шен Iам н до?). 7. Шен ненан сий лардечо Даймехкан
сий а Iун дийр ду?). 8. Коьртехь хьекъал ца хилча, когаша (хIун до?). 9. Ненан сий динарг
махко а (хIун дина?). 10. Зулам лоьхург вонах (хIун ца хилла?). 11. Яьсса пхьегIа чIогIа (хIун
до). 12. Тешнабехк бинчух (хн до?).
62
Упражнени 178. Хандешнашна буха шишша сиз а хьокхуш, схьаязъе дийцаран кийсак.
Мисарсолта ишколехь доьшуш волуш марканаш гулъян волавеллера. Дика
вовшахкхеттера цуьнан уьш.
И марканаш а йитий, хьайн дешар деша… Суна кхин кху чохь гахь, ас кхе кхуьссур ю
хьан уьш, – цхьана гуьйренан кхоьлинчу дийнахь човхийра иза дас.
Цунах кхеравеллачу Мисарсолтас шайн божалан тхов тIе дIаяьхьира марканаш. Цул
тIаьхьа чIогIа лечкъий, ларлуш, воьдура иза цига. Юха сихха тхов тIера охьавуссура, ша
чуьрачех цхьамма коьртах ваккхале. Марканийн терахь бIенна герга гIоьртира, Мисарсолтина
ша боккъал воккха филателист тарвелира. Вайн пачхьалкхерчу, дозанал арахьарчу мехкийн а
марканаш гулйора цо. Уьш цхьа б вовшахкхетча чIогIа самукъаделира цуьнан. Шайн
эвлайисте а ваьлла, иллеш бохуш, шакарца эшарш лоькхуш, дикка хан яьккхира цо. Цул тIаьхьа
кхин а каде гулйора цо марканаш.
Упражнени 179. Хандешнашна буха сиз а хьокхуш, схьаязъе байташ. Барта хаттарш
хIиттаде билгалдаьхначу дешнашна. Хандешан хаттаршца хийца и ши дош.
Аьрзуно 1аьршашка яьлла,
Кхерстабо хелхаран т1ам.
Х1аваэхь самалхадаьлла,
Марзбелла дахаран чам.
Даймехкан машаран мерзаш
Лекхалуш, сакъерало.
Кхерамо, маьхьарца терсаш,
Олхазарш ца къехкадо.
Малх боьлу дахарна лета,
Серлонах б1аьрг 1ийдалуш.
Х1аваан сийналлех лета
Кхоьлина марха яц гуш. (С. Дакаев)
§ 34. Хандешан билгалза кеп
Упражнени 180. Схьаязде хIун дан? хIун хила? бохучу хаттаршна жоп луш долу
хандешнаш.
Саца, сецна, тесира, таса, локху, лекхна, лакха, ала, Iаржъяла, серлаяла, Iаржъеллера,
серлаели, язди, яздан, восса, воьссина, хьожур ву, хьажа, хахкавала, лахьо, кхайкхо, лахьадо,
кхойкху, кхайкхаво, кхайкха, эр ду, волавелла, волавала, дийца, дийцина, яа, йиъна, хийцира,
хийца.
1. Кхаанца предложенеш хIиттае. ДIаязъе.
ХIун дан? хIун хила? бохучу хаттаршна жоп лучу хандешан юьхьаьнцара кепах я
билгалза кеп олу. Цхьана а хенан билгало цуьнца йоцу дела олу цунах билгалза (хан
билгал йоцу) кеп.
Масала: хIун дан? − вада, деша, ловза;
хIун хила? − серлаяла, Iаржъяла, садан.
63
Билгалдаккхар: цхьана дешдекъах лаьттачу хандешнийн билгалзачу кепан
чаккхенга -н яздо. Масала: дан, ян, ван, бан, ган, н, лен, хьен, зен, тен, тан, лан, ден
и. дI.кх.
Упражнени 181. Билгалзачу кепан хандешнашна буха сиз а хьокхуш, дIаязъе
предложенеш.
1. Хьоьга ала ас леррина дагахь лардина цхьа хIума хIинца а дицдели-кх суна. 2. Нагахь
цхьа меттиг ялахь, къийсамна гIовтта кийча хила деза вай. 3. Хьан елла шуна хIара лело бакъо?
4. Ткъа хьуна хьан елла бакъо хра рицкъа хIаллакдан? 5. Довха дог дуьззина, массо адаманчул
дика шен къона безам лело а, Iалашбан а хаьа нохчийн йоIана. И шен безам ларбина, муьлххачу
а халонна дуьхьал яха кийча хуьлу иза. 6. Хьаван сатеда лиъна, генаро лаьцна къамел долийра
нанас. 7. Схьахетарехь, къоначу кIенташа тIехаа говр а, дIатоха герз а Iалашдан деза моьтту
суна. Вай къийсамна гIовтта деза хан тIекхаьчна. (М. Мамакаев).
Упражнени 182. ТIадамийн меттана маьIница догIу дешнаш а хIиттош, дIаязъе
предложенеш.
1. ГIазот а …мегар ду, цу Делан пурба делахь. 2. Лаьттан бакъо … дезарш вай ваьш ду. 3.
Цундела, дезий вай-м, вешан бакъо къевсина, …дезаш. 4. Тхоьгара семалла ма гIерта хьо. 5.
цахуучун багахь мотт герзал а зуламе бу. 6. Ткъа хIара тоьпаш, тарраш хIунда деана ахь
кхуза? Тхан сий …деана ахь хIорш? 7. Кхеран паргIато … ца веанера Беликов. 8. ХIинца, бIаьрг
а хьаббина, паргIат таро-м дера хир яц. Хьайна наб кхетийта лаахь, догIа доккханиг а
деза, гIуй чIогIа а беза. 9. Хьо гIали юккъе дагахь ю моьтту сунна. 10. Гутаренна бохург
санна, кхузахь …а мега тхо. (М. Мамакаев).
ГIоьнна дешнаш: ларъян, кхайкхо, дIаяккха, гIовтта, лакхаяккха, лела, дIавижа,
декъалъян, къовла, тоха, совца, яха.
Упражнени 183. ДIаеша предложенеш. Схьаязъе царех билгалзачу кепан хандешнаш
шайца дерш.
1. ТIаккха Iедало хабар дахьийтинера Соьлжа-гIаларчу хьаькамашка, ТоргIа охьавало г
даийта шайна, аьлла. 2. Торгцу ьйранна охьавигна Соьлжа-гIала. 3. Ас дош дели-кх хьуна,
сахилале кхузахь хила. 4. Вай Iедало хьо бахьана долуш кхузахь даха ца дуьту. 5. Вай гуьржийн
махка дIадаха деза. 6. Цхьа ирс шиннал ца хуьлу дуьненчохь. 7. Кхуо итт класс чекхъяьккхира.
ТIаккха хIара техникуме деша вахара. (М. Бексултанов).
Упражнени 184. Лахара хандешнаш билгалзачу кепе а дохуш, дIаязде.
Кеп: ведда вада, хаьттинера хатта.
Яздина, кхоссавелла, билгалвелира, хьалахьаьжира, вагарвинера, вагавора, вазвина,
тIеюттура, гайти, дийцина, вуьзира, гIаьттина, хьалаваьлла, чукхоссалора, галваьллера,
дуьйцура, аьлла, тухур, хьожур, вухавирзина.
Упражнени 185. Лахахь далийна билгалзачу кепан хандешнаш юкъа а далош,
предложенеш хIиттае. ДIаязъе уьш.
Кеп: хьалаваха. Сулимина хьалаваха дагадеара.
Дийца, хатта, хьалавала, охьавосса, деша, Iамо, къасто, кхехко.
Упражнени 186. Билгалзачу кепан хандешнашна буха сиз а хьокхуш, дIаязъе
предложенеш.
64
1. Дайн Iадат дара церан кхетамехь Iалашдан дезарг. 2. Кхарна-м сагатдан ца оьшура. 3.
Вуно дукха дара воккхачу стагана хала ойла ян дисинарш. 4. Ткъа хIинца цу балхах
кIелхьаравала дагахь ву техьа Вербицкий? 5. ХIусамдай, хьеший новкъа а баьхна, садаIа дагахь
дIатевжинера Бици. . М.) 6. ХIорш вай ваьшна юккъера, дийнахь панарашца лоьхуш, лахка
беза, вешан керлачу бахаман белхаш вай чIагIбан беза! 7. Бекхам бан, атта ваха, нахана веза,
кура лела стогалла, герз а ца оьшу, цунна оьшу хаза а, харц а мотт. (С. Б.)
Упражнени 187. Кхул хьалхарниг санна кхочушде хIара шардар а.
Хазахета суна чолхе дахар –
Полла, берийн ловзар, сийна гIа.
Вина ву со хьеста бецан гIад.
Кхолла цIенош, деша, латта аха.
Амалехь диканиг нанас ло вайна,
Махкана, халкъана гIуллакхаш дан.
Лакхене некъаш даха, халонаш лан а,
Оьздачу адамийн гIуллакхаш ган. (I. Кусаев).
§ 35. Хандешан хенаш
Упражнени 188. ХIун до? (хIун ца до?) бохучу хаттаршна жоп лучу хандешнашна буха
сиз а хьокхуш, дIаязде кицанаш.
1. Кхихкича, яй а тIехбогIу. 2. Аьшпийн кIуьро бIаьргаш ца Iийжабо. 3. Тешнабехк
бинчух боьду. 4. МоттаргIанаш лелочунна цамоьттург хуьлу. 5. Вон дош къорачунна а хеза. 6.
ВорхI воI волчу ден пхьоьханахь дош лела. 7. Къонах ваханчуьра дош дохьу, къиг яханчуьра
эхь дохьу. 8. Хьекъале дош цкъа аьлча тоьа. 9. Стеган дагара матто схьадуьйцу. 10. Ахчано
стигала боьду некъ лоху. 11. Да левинчо нана а юхку.
1. ГIуллакх маца кхочушхилар гойту аш билгалдаьхначу хандешнаша?
2. ТIаьххьара хандош хийца хIокху хаттаршна жоьпаш лучу кепара: хн дин? хIин дира?
хIун дина? хIун динера? хIун дора? ТIаккха дийца оцу хандешнаша гIуллакх маца кхочушхилар
гойту?
Дар я хилар гойтучу къамелан декъах хандош олу. Цо жоп ло хIун дан? хIун хила?
Хандешан коьрта кхо хан ю: карара хан, яхана хан, йогIу хан. Хандешан хан
билгалъяккхар дар я хилар къамел дечу хенахь хилар, къамел дале хилар я къамел
динчул тIаьхьа хирг хиларца доьзна ду.
Карарчу хено дар я хилар къамел дечу (заманахь) хенахь хуьлуш хилар гойту.
Масала: доьшу, яздо, сахуьлу.
Къамел дале хилла дар я хилар яханчу хено гойту. Масала: дешна, яздина,
сахилла.
Къамел динчул тIаьхьа хин долу дар йогIучу хено гойту. Масала: доьшур ду,
яздийр ду, сахир ду.
Упражнени 189. Карарчу хенан хандешнашна буха сиз а хьокхуш, дIаязъе
предложенеш.
65
1. Ягарйо ас гIулчаш, ягарйо. 2. КIадвелла, когаша аьлларг ца до, сих-сиха садоIу. 3. Вота
хилла деттало дог. 4. Кхо эзар гIулч дIайолу. 5. Геннахь цхьа шах-ших хеза, дикка дахло иза. 6.
Мох баьлла, догIа герга гIерта. 7. ХIора шарахь а класса чохь зезагаш кхиадо оха. 8. Цара чоь
хазйо, цхьа тамехь хьожа латтайо. 9. КIорнеш серлонгахь сиха кхуьу. 10. Лаьмнийн баххьаш
дешица кхолуш схьакхеттачу маьлхан зIаьнаршлахь эзар бос оьцу шовдано. (Ж. Махмаев).
Упражнени 190. ДIаеша дийцаран кийсак. Схьаязъе карарчу хенан хандешнаш шайца
долу предложенеш. Билгалъяха карарчу хенан хандешнийн чаккхенаш. ( )
Бовха богу делкъенан малх. Массо а садолу хIума IиндагIе гIерта. ЖIаьлеш леташ а ца
хеза. НIаьна а яц кхойкхуш.
Йовхоно меттахдаьхна жIаьлеш шийлачу учеш кIел левчкъинера. IиндагIаш кIел,
ченалахь, когаш дIа а бахбина, Iохку котамаш.
Тов лаьтта, йовхоно кIеж туьйсу. Мох хьоькху бацо гIа хьадеш. Акказин гIаш дуьхь-
дуьхьал ваьшта а хебна кхозу.
Доллу хIума дIатийна йовхонна. Урамашкахь гуш адам дац. (Х. Ошаев).
Упражнени 191. ТIадамийн меттана маьIница дог хандешнаш а дохкуш, схьаязъе
байташ. Карарчу хенан хандешнийн чаккхенаш билгалъяха.
Шира чевнаш меттахйовлий
Наггахь цара ………
Ткъе пхийтта шо дIа ма доьллий,
ХIетте ирча гIенаш ………
ГIенах ……… суо тIам тхь леташ,
Гонах ……… Iожалла.
Стигал кечлуш санна ………
Латта ……… чов хилла. (А. Сулейманов).
ГIоьнна дешнаш: го, хьовзаво, го, хета, кхерста, Iуьллу.
Упражнени 192. Схьаязде хандешнаш, хьалха билгалзачу кепан, тIаккха карарчу
хенан.
ВогIу, ала, яздан, олу, хьожу, хотту, доьшу, лаьтта, латта, гойту, соцу, вада, теша, ган,
тийсало, го, хеза, доьшу, йохъяла, къуьйсу, сенло, воьлу, велха, тоха, дийца, лепа, гIотту,
къасто, оху.
ТIедилларш:
1. Карарчу хенан хандешнийн чаккхенаш билгалъяха. ( )
2. Шина а тобанера цхьацца хандош юкъа а далош, предложенеш хIиттае, дIаязъе,
синтаксически къастае уьш.
Упражнени 193. Карарчу хенан хандешнашна буха сиз а хьокхуш, дIаязъе дийцаран
кийсак.
Юх-юха а кху метте вогIу со. ТIаккха вогIалой . Цхьана а хIуманан ойла ца еш лаьтта.
Сан дагчохь есалла ю, дегI дазделла. Бендацарца тIевогIалой лаьтта со Соьлжин даьржинчу
хина. Ткъа хи-м дIаоьху, дуккха а шераш хьалха санна. Цу хинехь а хета суна хьалхалера шовкъ
а, айъам а. ХIуъа дийцича а Iа ма ду, шен карзахалла сацо мур ма бу тIекхаьчнарг…
66
…Вехха, веха лаьтта со кху меттехь. ГIайгIа, бехк, къастар хаало… Ас, леррина хьажар а
доцуш, иштта дIа гIеххьа даржарца яйчу тулгIенашца къегачу хине дIахьовсадо бIаьргаш…
Кхузара дIавахча со кхуза тIеийзаво. Цхьана хIуманна тIевоьду. (К. Ибрагимов).
Упражнени 194. ХIара хандешнаш карарчу хене а дохуш, дIаязде.
Сахилира, Iаржлора, дехьаваьлла, охьавоьсси, схьаяздина, туьйлира, волавелла,
къевсина, хьожур ву, Iамор ду, хаьттинера, эр ду, дуьйцур, оьшур, кхоссавала, нисдинера.
ТIедиллар:
1. Шаьш хийцинчу хандешнех кхоъ юкъа а далош, предложенеш хIиттае, дIаязъе.
2. Царех шиъ синтаксически къастае.
К
х
ъ
?
¿
Упражнени 195. ХIокху суьрте а хьожуш, цунах лаций жима дийцар язде. ЦIе тилла
цунна.
Сурт ( доьзалан сурт)
ГIоьнна хаттарш:
1. Суьрта тIехь вайна муьлш го?
2. Дивана тIехь ерг мила ю? ХIун деш ю и?
3. Цунна дехьо телевизорна уллехь верг мила ву? И хIун деш ву?
4. Стоьла уллехь берш муьлш бу? Уьш хIун деш бу?
5. Жимачу йоIана уллохь лаьттарг мила ю? И хIун деш ю аьлла хета хьуна?
6. ЙоIIий, кIанттий хIун деш ду?
7. Телевизор латийна юй? ХIунда?
8. Ахь урокаш муха йо: телевизоре хьожуш я и дIайойий?
Упражнени 196. Схьаязъе дийцаран кийсак. Хандешнашна буха сиз хьакха.
ГIала а, Аргуне а боьлхурш машен тIехь буьсу. Цаьрца соцу со а. Машенара охьаэккхий
базара юккъе хьоду Саьхьар-Солта. Кхо хьокхам, ши шиша шура а йохьуш схьакхочу. Уьш
машенан копота тIе охьакхуьйсу, неI схьа а йоьллий. Юха шен метта охьахуу.
Редактор, ддоьлхий вай? хотту цо, ша сан гIуллакхана сецча санна. «ДIадаха мегар
ду» − олу ас, сайх доьзна хIумма а доций хуъушехь.
Воьжна висина а пассажир хир варий-те? − хотту цо.
Со вист ца хуьлу.
ГIала, Устрада-Эвла… вогIург схьавола, автобус дIайоьду, мохь туху цо ша Iаччуьра
дIа.
Гермачига дуьгий ахь? тIейогIу ши зуда.
Дукха а ца луьйш, хьалаяла ший а.
И шиъ хьалайолу.
Автобус новкъайолу. (С-Хь. Дадаев).
Хаттарш, тIедилларш:
1. Муьлханаш ду карарчу хенан хандешнаш?
2. Цара муьлхачу хаттарна жоп ло?
3. Кара а яй, дIаеша хаттаран предложенеш. Церан хаттаран кепаш муха кхоллаелла?
Тидам бе хандешнийн хийцадаларан.
Упражнени 197. ДIаеша дийцаран кийсак. Хандешнашна буха сиз а хьокхуш, схьаязъе.
67
Бераш дитташ т1е диттинчу аннийн баннаш хьалха, хелха юьйлуш санна, т1емаш а детташ,
екаш алкханчаш яра. 2. Сийна стигалхула шуьйра даржийна т1емийн наггахь юьхьигаш а
хьаеш, б1аьрг бетташ. Гонаш туьйсуш маккхалш гора. 3. Новкъа юьйлуш, ижу лоьхуш,
дакъаделла очакхийн б1аьллех ца къаьсташ, н1аьвлаш яра, хьойддий йойддий лелаш. (Х.О.)
4.Дарта атта йойзар ю цо шина метре кхоччуш д1асатесначу т1емех а, цуьнан парг1ат леларца а.
(М.М.) 5.Кхуран диттан мурйоьллачу цхьана генах вота етта юйлира хенак1ур.(А.А.) 6.Ч1ег1аг
ша тайпана олхазар ду.7. Цо ч1ог1а тидам бо къегачу х1уманийн. 8.Цуьнан бен чохь цхьацца
къегаш йолу х1умнаш карош меттигаш дукха хилла.9. Масала, зударийн пхьаьрсах доьхку
сахьт, стакан 1айг, куьзган б1аьргаш, нодарчий. (Х.Х.)
10. Бен сту белча. Бата пах ца белла. 11. Мацалло борз хьуьн чуьра арайоккху. 12.Ламанах
бен ца долу леча. (Кицанаш)
1.Кицанийн маь1на барта билгалдаккха.
§ 36. Хандешан карара хан
Хандешан карарчу хено дар я хилар къамел дечу заманахь хилар а гойту, хIун до?
хIун хуьлу? бохучу хаттаршна жоп а ло.
Масала: воду (хIун до?), Iаржло (хIун хуьлу?).
Карарчу хенахь долчу хандешнийн чакхенаш тайп-тайпана хуьлу. Масала: хIун
до? молу, лета, яздо, Iа, луьй, лов.
Упражнени 198. ДIаеша текст. Схьаязъе, карарчу хенан хандешнашна буха сиз хьакха.
1. Хьаннаша вайн мехкан шиъ кхоалгIа меттиг дIалоцу. Хьун мехкан коьрта Iаламан
бахам бу. Хьун ларъян а, Iалашъян а еза. 2. ХIора шарахь цIе яларца хIаллакьхуьлу хьаннийн
эзарнаш гектараш. 3. Хьуьнхахь цIе латочун хаа деза: цIе яларан бахьан хила мега охьакхиссина
дитина шишанаш. 4. Шишанех малхехь дохделча екъачу бацахь цIе лата тарло. 5. Хьуьнхахь
йитина нехаш Iохку цигахь 20-90 шарахь, цара новкъарло йо диттанашна. 6. Кевстиго дитт
лардо садолчу хIуманех а, дакъадаларах. 7. Къоначу дитта тIера чкъор даккхаро, дитт
хIаллакдо. 8. Зингаташа дийнахь хIаллакйо 20 000 герга зуламе сагалматаш. 9. Зингатийн
хьуьнан коьрта дарбанчаш ду. 10. Зингатийн бIаьрзнаш дохо мегар дац. 11. Олхазарийн баннаш
дохо мегар дац. 12. Олхазарш ца хилча хIун хIаллак хир ю. 13. Олхазарша юу зуламе
сагалматаш.
1. Стенах лаьцна дуьйцу текстехь?
2. Текстана цIе тилла.
3. Шу хиллий хьуьнхахь? Аша хIун до хьуьнха экскурсе дахана, цIа дахкале цигара?
Упражнени 199. ДIаязде кицанаш, церан маьIна де. Карарчу хенан хандешнашна буха
сиз хьакха, хаттарш хIиттаде.
1. Нанас йина чов лаза ца лозу. 2. Iовдалниг, хье мел вин а, Iовдалволу. 3. ДоттагI
шираниг тоьлу, керт керланиг тоьлу. 4. ХIуманна мало ечо юьхь а паргIат юьлу. 5. Хьаша ца
вогIучу цIа чу беркат ца догIу. 6. Тахана дан дезарг кханенга ма татта. 7. Сихалло са диъна,
собаро лам биъна.
1. ДIаяздинчу кицанийн маьIна де.
Упражнени 200. Карарчу хенан хандешнашна буха сиз а хьокхуш, дIаязъе
предложенеш.
68
1. Хьалха уьгIнарг нана-борз яра, ша ижуна яханчуьра цIа йогIий хоуьйтуш. 2. Нана
шайна ижу йохьуш йогIу дела, хазахеташ угIу уьш. 3. Буьйсанна а, дийнахь а – наб шайн
дагадеанчу хенахь йо цара. 4. Буьйсанна са дика го барзана дийнахьчул. 5. Берзалой
дукхахьолахь сарахь угIу. 6. Туьйранахь даима борз Iовдал, партал юьйцу. 7. Цхьогал хIилла
долуш гойту. 8. Туьйранахь цхьогало борз Iехайо, шен хIилланца иза эша а йо. 9. Амма цу
акхаройн дахарехь борз мелхо а цхьогалал а чIогIа ларъяла хууш а, кхетам болуш а ю, -
дуьйцура дас. И бакъ дуй хиира кIантана дукха хан ялале. (Х –А.Б.)
Упражнени 201. Карарчу хенан хандешнашна буха сиз а хьокхуш, т1адамийн метта
хандешнаш х1иттош, дIаязъе предложенеш.
Кхин хмма а ца хилча а… толу хан д1аяьлча а топ лелор. Стенна… иза? Зуламечу
олхазаршна а толлуш ша тайпа таллархойн тоба… .Оцу тобанехь болчара а ца … тоьпаш
аьхкенан хенахь. Зуламечу олхазарийн бенаш… цара. Амма заповедникашка марзделла зуламе
экха я олхазар хилча. Иза д1адаккхархьама, герз схьаэца дезаш меттиг… .( Х.Э)
Г1оьнна дешнаш : хуьлу, лелайо, дохадо, хуьлу, оьшу, товш дац.
Упражнени 202. Шаьш дага а лоцуш, карарчу хенан хандешнаш юкъа а далош пхиппа
предложени хIотае, дIаязъе уьш.
Дийца хандешнаша муьлхачу хаттаршна жоьпаш ло.
Упражнени 203. ДIаязъе предложенеш, карарчу хенан хандешнийн чаккхенашна кIел
сиз хьакха. Йийца уьш нийса язъяран бакъонаш.
Клара елаелча беснеш тIе кIаьгнаш хIуьтту, кIайн лепаш нийса цергаш гучуйовлу, лахара
балда горгачу чIенгехьа таьIа. Грузовик йоьттина долу уй, болатан морзахаца схьа а
лоций, хIаваэ хьалаойу мухь ойучу крано. Меллаша дIа а кховдадой, пхийтта метр
лакхахь гIишлош яр дIахьош болчу белхалошна хьалха охьадохку цо и уй. Раз ирх оьхуш
долчу гатано шена тIехь ирх кхоьхьу еттина кибарчигаш. Берриге а гIирсаш а,
гIишлошъярехь шайх пайдаоьцуш йолу хIуманаш а машинаша дIа-схьа а лелайо, лакхахь
белхаш беш болчарна тIе а кхоьхьу. Ткъа, ша (Александров) чохь висинчу буьйсанна цо
радиога ладоьгIу, говзаллин, исбаьхьаллин литература йоьшу, гIишлош ярехь пайда лун
долу керланиг юкъадаккхаран некъийн ойланаш йо, планаш хIиттайо. (Н.Музаев)
§ 37. Хандешан яхана хан
Упражнени 204. Дохковала, лаца, йовза, къасто, хьеха боху хандешнаш хийца хIокху
хаттаршна жоп лучу кепара: ХIун дин? ХIун дира? Хн дина? Хн динера? ХIун дора?
1. ГIуллакх маца кхочушхилар гойту оцу хандешнаша?
2. Ойла а яй, тидам бе: хIун башхалла ю царна юккъехь?
Яханчу хено дар я хилар къамел дале хьалха хилла хилар гойту. Хандешан яханчу
хенан пхи кеп ю: 1. ХIинцца яхана хан. Цуьнан хаттарш ду: хIун дин? хIун хили?
69
веди, дийши, хьагвели. 2. Гуш яхана хан. Цуьнан хаттарш ду: хн дира? хIун хилира?
ведира, дийшира, хьагвелира. 3. Яхана яьлла хан. Цуьнан хаттарш ду: хн дина? хIун
хилла? ведда, дешна, хьагвелла. 4. Хьалха яхана хан. Цуьнан хаттарш ду: хн динера?
хIун хиллера? веддера, дешнера, хьагвеллера. 5. Ихна хан (дIаихна хан). Цуьнан
хаттарш ду: хIун дора? хIун хуьлура? водура, доьшура, хьаглора.
Упражнени 205. Яханчу хенан хандешнашна буха сиз а хьокхуш, схьаязъе
предложенеш.
1. Ишколе воьдуш хIора ьйранна Решид волчу хIуттура Ризван, тIаккха цхьаьна
дIавоьдура и шиъ. 2. Цхьаьна воьдуш хилча, некъ а беха ца хета, луьйш-олуш сиха дIакхочу. 3.
Тахана а веана схьакхечира Ризван. 4. Чоьхьаваьлча, чIогIа цец а велира: Решид хIинца а, ха
хоьрцуш, меттахь керчаш гора. (I. Г.) 5. Цул тIаьхьа дозаллица хьуьйсура цаьрга бераш, массара
а доттагIалла тесира шина вешица. 6. Маьждигехь салт дилли. 7. Новкъахь шаьш дIакхаччалц
къулханаш, шайн хуу кхидолу аяташ доьшура цара. 8. ХIинцале дуккха баккхийнаш а, бераш
схьадаьхкинера. 9. Рузбанан ламаз дале имама даима а нахана хьехамаш бора (Ж.М.)
Упражнени 206 Яханчу хенан хандешнашна хаттарш х1иттош, схьаязъе.
1. Яхье даьлла эппаза туьмане кхаьчна. 2. ТIех аркъал сеттинарг букъ бойна, висна. 3.
Нахана хьекхийна цергаш шех яхна. 4. Тоьпо цхьаъ бен ца вийна, матто эзар вийна. 5. Шина
воне цахьийзинарг шен вонехь ша висна. 6. Шина сагIийна тIаьхьаваьлларг цхьа а доцуш висна.
7. ДоттагIалла хадо лиъча, нуьйран хIоъ бехна. 8. Нанас йина чов лаза ца лозу. 9. Ненан сий
динарг махко лерина. 11. Дикачу гIиллакхо лейх эла вина, вуочу амало элах лай вина.
(Кицанаш).
ТIедиллар:
1. Шайна ца хаахь, баккхийчаьрга хаттий а, оцу кицанийн маьIна даста.
Упражнени 207. Билгалзачу кепера хIара хандешнаш яханчу хенан массо кепашка а
дохуш, дIаязде.
Кхоссавала, хьалатаIа, ласто, хьеха, лакха, олла.
Кеп: талла – телли, теллира, теллина, теллинера, толлура.
ТIедиллар:
1. Царах ши хандош юкъа а далош, предложенеш хIиттае, дIаязъе. Цхьаъ синтаксически
къастае.
Упражнени 208. ТIадамийн меттана маьIница догIу хандешнаш дохкуш, дIаязъе
предложенеш.
1. ДогIано хатт баьккхина некъ гIаш богIучу тутмакхашна къаьсттина ………. 2. Говраш
а, шершаш, хала ……. 3. Можо-алонан басахь схьакхетта бутт а Iаьржачу мархашна тIехьа
……… . 4. Кхин вистхилла цхьаьнге хаттар ца деш, шен луьйта а таIийна, ……… поручик. 5.
Сел ирча тIедаьхкинчу халахетарша бIарзвеш, ……… къона тутмакх. 6. ХIара шиъ иштта Iаш,
кхин цхьа къона накъост а ……… кхарна тIе. 7. Дукхахберш, шайн ма-хуьллу сиха, ламазаш эца
гIерташ ……… (М. М.). 8. Шен реми юкъара тоьлларг говр а елла, кIант …… воккхачу стага.
(Н.Ф.) 9. Наб ца кхеташ вехха ….. Хасболат. (С. Ю.) 10. КIанта лерина ….. цаьрга. 11.
Урамехула, хIоз керчош, дIавоьдура ялхалгIачу классера Iимран. (Ж.М.)
ГIоьнна дешнаш: йогIура, бухахьабаьллера, хьалавелира, къайлабелира, гIелвинера,
бохкура, веара.
70
Упражнени 209. ДIаеша дийцаран кийсак. Цу юккъера схьаязде хандешнаш, хIоранна
дуьхьал хаттар а хIоттош.
Аьхкенан юккъера бутт тIекхечира. Цу баттахь къаьсттина денош довха догIура.
Еариндийнахь сахуьлуш гIаьттина Бисолта мангал хьакха вахара. Цу дийнахь луларчу юьртахь
базар хIуттуш яра. Кхо герка даьтта а эцна, Аруха цу базара яха кечъелира. Цо, ша базара яхале,
дуккха а гIуллакхаш дехкира Зайндина тIе.
Со базара йоьду, цигара со цIа яллалц, кху уьйтIара хьайн коган лар дса ма
ялийталахь! ХIара, цхьа буьртиг лаьтта ца бужуьйтуш, кега а деш, дакъор ду ахь! аьлла, аьрру
пхьарс а лаьцна, вадийна вигина, уьйтIахь палс тIе дакъо даржийначу кIа юххе, кхехкаш
тIехьаьжначу бовхачу малхе Зайнди охьахаийра Арухас. Ша сарралц цу бовхачу малхе хиъна
Iелур вац, ала ца ваьхьаш, IаддаIийра Зайнди.
Арухех кхоьруш, гаррехь дегI а дегош, хиъна Iачу Зайндина юха чуеддачу Арухас тIайх
юьззина цхьа йоккха куьйра еара. И куьйра Зайндина хьалха дIа а хIоттош, цо элира:
Хаза Iалаш а еш, со цIа кхаччалц, хIара куьйра лийсалахь! (С.Бадуев)
Хаттарш, тIедиллар:
1. ГIуллакх маца кхочушхилар гойтий аш яздинчу хандешнаша?
2. Кхин цкъа еша бакъо 37). Барта ала: яханчу хенан хандешнийн муьлха кепаш ю
кхузахь аш язйинарш?
Упражнени 210. Яханчу хенан хандашна буха сиз хьокхуш, тIехула кеп билгалйоккхуш,
схьаязъе предложенеш.
ДIаяьлла аьхке. Гуьйренан денош тIекхаьчна. Бовхачу махка дIадаха туохаделла
олхазарш. Iимранан чIегIардиган кIорни то а делла, дикка ондадаьлла хилла. Iимрана иза
новкъа а даьккхина, олхазаршна тIаьхьахIоттийна. Чекхдаьлла Iа. БIаьсте яьлча, олхазарш
духадаьхкина. Холча хIоьттина Iаш хилла Iимран, шен чIегIардиг стенга дахана-те бохуш.
ЦIаьххьана деана Iимранан куьйга тIе хиина чIегIардиг. Кхуьнниг хилла иза. Самукъадаьлла
Iимранан. (Н.Ф.)
1. Муьлха олхазар ду дуьйцург?
2. Iимранан доттагIалла муха тасаделла цуьнца?
3. ЧIегIардиг Iимран волчу деаний?
4. ЧIегIардиган бен бохо мегий? ХIунда?
§ 38 Яханчу хенан чаккхенаш нийсаязъяр.
Упражнени 211. Схьаязъе, карарчу хенахь долу хандешнаш хIун дин? бохучу хаттарна
жоп лучу яханчу хене а дерзош. Тидаме эца чаккхенаш нийсаязъяр.
1. Шен ерриге а мукъа хан чIерий лоьцуш йоккху СаIида. 2. Шаьшшиннан гIирсаш а
эцна, чIерий леца ваха араволу ши доттагI. 3. Iуьйранна хьуьнахарчу олхазарийн эшаршка
ладугIу, регIа тIехьара хьалаболучу малхе хьожу Юсуп. Набаро боддина дегI хинан йоккхачу
айми чохь меттадаладо цо.
Упражнени 212. Еша. БIогIамалгашкахь схьаязде яханчу хенан хIора кепехь долу
хандешнаш.
71
Чохь латийна кхин чиркх а боцуш, кхерчахь йоккха йогучу цIера хьалха Iачу царна
вовшийн юьхь-сибат дика гора. Ерриге а еллаелла схьахьаьжинчу воккхачу жаIуьнан юьхьо
цуьнан дагахь дерг бохура. Ишттачу нахана юккъе кхул хьалха а нисвеллера харачо. ХIетте а
тахана дуьххьара кхузахь бен ойла ца йира Зеламхас шена хьалха хIоьттинчу хьолан.
ХIинццалц схьа кхунна муха ду ца хиъна цхьа тамашена дахар дара хIинца схьахIоьттинарг.
ХIокху дуьненахь адамана массо а хIуманал дукхаезачу серлонах а хаьдда, ша цхьа бух боцчу
бердах воьдуш санна хетаделира цунна. Шений, паргIатчу серлонний юккъехь доккхо Iин гира
Зеламхина, мел чIогIа гIоьртича а, хIинца кхуьнга шега цунах дехьавала тIай а тиллалур
доцуш.(М.Мамакаев)
1. ХIун къамелан дакъа ду билгалдаьхна дешнаш? Муха кхолладелла уьш?
2. Гуш-яханчу хенан кепехь хандешнаш долу предложенеш тIера схьаязъе.
Упражнени 213. ТIадамийн метта оьшу элпаш а дохкуш, тIера схьаязъе.
Цхьа сахьт даьллачу хенахь, цкъа а ца гина сурт гира суна, ша этIаш, кеглуш, цхьацца
тархашка бекъал…ра. Царна юккъехь къегаш гучудуьйл…ра хи, яккхий, ницкъ болуш йолу
тархаш, кегийчарна тIейовл…ра. Нагахь санна кегийрчу тархаша дуьхьало яхь; цхьана
йистехула тIеюьйл…ра, цу хьолехь йолуш дикка охьаоьх…ра уьш. Наггахь, шии а тарх, каг а
лой, хибуха йоьд…ра. Церан гIийла татанаш, цкъацкъа лере кхоч…ра.
Упражнени 214. ХIун дин? бохучу хаттарна жоп луш долу хандешнаш, хIун дира?
бохучу хаттарна жоп лучу хандешнашка дерзаде.
Левзи хийци
веди кхечи
хии кхоьлли
вийли язди
хIоьтти дели
Кеп: левзи – левзира
Упражнени 215. ДIаеша. Къовларшна юккъера билгалзачу кепера хандешнаш оьшучу
хене хIиттаде.
Жалауддис шен книжки тIера сурташ (гайта) Iун дира?). ЧIогIа беламе дара уьш.
Сайчух тера Iад а карахь, хьалахьаьвзина мара а болуш, кIант вара цу тIехь (вилла) (хIун дина?).
Цхьанхьа нийсалла тIулгаш кхуссуш (волла) Iун дара?) иза юха олхазаршна тIаьхьаваьлла
(лела) Iун дора?) кхечухьа бедашна тIулг хьежош воллура. ТIаьххьарчу сурта тIехь Iад
кагдина охьа а кхоьссина, цунна тIе ког а баьккхина, воьхна (лаьтта) Iун дора?). (I.
Гайсултанов)
1. Хандешнийн чаккхенашна кIел сиз хьакха.
§ 39. Хандешан йогIу хан
72
Хандешан йогIучу хено дар я хилар къамел динчул тIаьхьа хирг хилар гойту.
ЙогIучу хенан ши кеп ю:
1. Хинйолу хан. Цуьнан хаттарш ду хн дийр ду? хIун хир ду?: вогIур ву, доьшур
ду, хьаглур ву;
2. Хила мега хан. Цуьнан хаттарш ду хIун дер? хIун хир?: вогIур, доьшур,
хьаглур.
Упражнени 216. Лахахь далийначу хандешнех йогIучу хенан шина а кепан хандешнаш а
деш, дIаязде.
Гучудала, дуста, кхолла, самаваккха, араваккха, билгалдан, ваха, лаа, деха, йила, кхосса,
марца, хьен, латта, дицдан, гайта, лехка, сецира, дешнера, схьакхоьсси.
1. Шаьш кхоьллинчех кхо хандош юкъа а далош, предложенеш хIиттае. ДIаязъе уьш.
2. Царех цхьаъ синтаксически къастае.
Упражнени 217. ДIаязъе байташ. Хандешнашна буха сих хьакъа. Билгалъяха церан
хенаш.
Лойша сунна шийла шовда,
Амма цIена шовда ло!
Адмийн дегнаш, чуьра мекха
ДIаяьккхина, цIандийр ду…
Лойша суна сийна стигал,
Амма цIена стигал ло!
ХIай адамаш! Лаьттахь, стиглахь
Ас машар хIоттор бу! (А.Сулейманов)
Упражнени 218. ДIаязде кицанаш. Хандешнашна буха сиз хьакха. Хандешнаш йогIучу
хенан кепашка дерзаде.
1. Къа ца хьегча, хи чуьра чIара ца баьккхина. 2. Хьаша шарахь Iен ца вогIу. 3. БIаьстено
бIаьрг хьосту, гуьйрено гай хьосту. 4. Барзо а ца юу еттина. 5. Дукха хи тIе кхехьна кIудал хин
йистехь йисна. 6. Дешарх иддарг гIомато лаьцна.
1. Барта кицанийн маьIна даста.
Упражнени 219. ДIаязъе предложенеш.
1. Наха къола дой а, шайна рицкъа лоху. 2. Изза дийр ду ас а… 3. Ден керара суьлханаш
охьаийгира. 4. ХIун элира ахь? тевжина Iачура охьахиира иза. 5. – Къола? Хьанна дан
воллура хьо къола? 6. Хьо хьера-м ца ваьлла?.. 7. Варийлахь, Муса, кхин цкъа а хьайна дага
ма даийталахь иза. 8. Къола дар дика гIуллакх дац. 9. Бусалба динехь дихкина иза, нохчийн
гIиллакхехь оьзда дац иза. …10. Мусас сатуьйхира. 11. Цул тIаьхьа дукха хан ялале цунна
хезира хьун хьакха лесхозе нах бохуьйту бохуш. (А.Айдамиров).
1. Схьалаха предложенешкахь хандешнаш, муьлхачу хаттаршна жоьпаш ло цара.
2. Билгалъяха хандешнийн хенаш.
73
Упражнени 220. Схьаязде карарчу хенахь долу хандешнаш, тIаккха яханчу хенахь дерш,
цул тIаьхьа йогIучу хенахь дерш.
Вистхир ву, аьтта, вицвелира, кхийдайо, лур ду, оьцур, даьстира, хоржу, гур, хоттур ду,
ястаелла, лестайо, хьоьсту, толлур, кховдор, йийкъи, лестина, текха, совцийра, элира, доьлху,
олу, гайтинехьара, лелара, лепнера, хоттур ду, лосу, аьхьа.
ХIора хенан кхаа хандашца предложенеш хIиттае.
Упражнени 221. Схьаязъе, хандешнашна кIел сиз хьакха, хаттарш хIиттаде.
1. Садовш дара. 2. Нийсса ах йогучу стигало суьйре цIиййинера. 3. Чубуза бегош бара
малх. 4. Хьаьъначу шовдан бух санна, цIена гора балхара цIа доьрзучу адамийн эшаршца
луьттучу сирлачу хIаваах чекх цIенош а, дитташ а. 5. Дашочу зIаьнаршца гуьйренан тхи а
доьлхура массо а хIуманийн IиндагIа тIехь дахделлачу лаьтта. (М.Мусаев)
Упражнени 222. ДIаеша дийцаран кийсик. ТIера схьаязде хандешнаш, йогIучу,
хинйолучу хене дерзаде.
Хьакхарчийн, лунийн бергийн ларашна юккъехь кхечу экханан лар гира таллархочун
сирлачу бIаьргашна. ХIинца цIокъ дижина а, я набъеш а дацара. Цунна таллархо тосавелира и
сема дара. Цуьнан ши бIаьрг, кIега санна богуш, нийсса таллархочунна тIехьоьжуш бара, ши
лерг догIаделла дара, иза я тIекхета, я дIаэккха бина кечам бара ямартчу экханан. ЗIакарш юха а
оьзна, юьйлина, топ хьажийра цIоькъана Халида, бIаьргаца Iалашо а лоцуш. Топ елира, экха
кхура тIера кхосса а луш, чудеара. Лаьттахь жимма когаш хьаькхна, дIатийра иза. (Х.Х.)
Упражнени 223. ЙогIучу хенан хандешнашна буха сиз а хьокхуш, тIера схьаязъе
предложенеш.
Дера йохьур ю кх, кхунна луъург царех лаьцна дуьйцур ма ду. Иштта акхарошка
безам хилар – иза дика амал ю, бер хьекъале. Къинхетаме хилар ду. Зу ган лууш ю хьо Камила?
- Соьга 1амалур ярий зу. Ваши, цхьацца хьуьнарш лело а, хелхаяла а? Ма дика а хир
дара, сан иштта зу хилча!..
- Ваши, хьо юха маца вог1ур ву? т1аьхьа мохь туьйхира Камилас. Цунна кхин дуьхьал
жоп цахазош, д1аволавелира иза.
…Цунна а цхьа г1айг1а бийр бу вай,со юха гучувер ву… (З.С.)
Упражнени 224. Хандешнаш, таблица а хIоттаяй, юьхьанцарчу кепехь дIаязде. Массо а
хенашкахь хийца уьш.
Дан, хила, дита,эша,велха, ерза, хьажа, эца, деша, Iилла.
Кеп:
Билгалза
кеп
Карара
хан
Ихна
хан
ХIинц
яхана
хан
Гуш
яхана
хан
Яхана
яьлла
хан
Хьалха
яхана
хан
Хила
мега
хан
Хин
йолу
хан
хьажа
хьожу
хьаьжна
хьаьжи
хьаьж
ира
хьаьжна
хьаьжнера
хьожур
хьожур ву
Упражнени 225. Къовларш юккъера хандешнаш йогIучу хене а дохуш, схьаязъе
предложенеш.
74
1. «Чуван (мага) со?» - аьлла, чоьхьавелира иза. 2. «Доккам, кхана дуьйна ас гIо (дан)
хьуна. Реза вуй хьо? Школе дIа а цхьана (эха) вайшиъ. Бакъахьа дуй?» - бохуш, къамел дора
Сулеймана цуьнга. 3. «Доккам, кхунах гIуллакх (ца хила). ХIокху чолхалахь задачаш-м муххале
а (ца янъяла) хьоьга, шозза шиъ маса ду хаахь а тамаша бу-кх». 4. «Чалх дIаяьккхича а, пайда-м
бац, бераша юха а (яржо) оцу сахьта. 5. «(Ца яржо), шайга дIаяккхийтича-м».
(Х.Берсанов).
Упражнени 226. ТIедиллар. Схьаязъе,хандешнийн хенаш билгалъяха.
1. Тхан хьехархочо боху, вайн юьртара ишкол чекхъяькхинчул тIаьхьа кхидIа а дешча,
тхох инженераш, лоьраш хир ду, - шен хьехархочо аьлларг дийцира Тимара. 2. Цунна моьттура,
да юххе а ваьлла вахна шаьшшиммо экха дожор ду. 3. Амма ден дагахь кхин хиллера. 4.
Хьоькхучу махо схьагулйиначу мархаша стигал дIаюькънера. 5. – Дада, хьо гIелвелла хир ву, ха
дан со гIо? 6. Кхана де хаза хилахь, талла гIур ву вайшиъ. 7. Хьуна хуур дуй ткъа ХьамидгIаьрга
ваха? хаьттира Хьамзата, - Хуур ду. Яздина адрес ду соьгахь, хоттуш дIакхочур ву. (Д.К.) 8.
Церан къамел доца хир ду. (Ж.М.) 9. Цхьана дегIана хIумма а хуур дац мамина а. 10. Ма
сагатдийр ду цо! Дадас а. 11. Амма цо хоуьйтур дац, да къуьйлуш лелар ву. 12. Ткъа со? Со хир
вац. Накъосташа – нийсархоша тохара санна доьшур ду, буьрканах ловзур бу, маьждиге гIур бу,
мохк толлур бу. Со а воцуш! Бехк сан сайн бу. (Ж.М.) 13. Буьйса йоккхуш стенгахь хир ду
шу? Ломаххьий?
§ 41. Хандешнийн классашца хийцадалар
Цхьадолу хандешнаш классашца хийцалуш ду: уьш дукха дац. Классашца
хийцалуш долу хандешнаш шайн хIоттамехь классан гайтамаш «б, в, д, й» болуш дерш
ду. Классан гайтам хила тарло хандешан юьххьехь а, юккъехь а. Масала: вада, бада,
дада, яда (йада), дIавада, дIабада, дIадада, дIаяда.
Классан гайтам хила тарло чолхечу хандешнийн хIоттаман шолгIачу орамехь а.
Масала: шелво, шелбо, шелдо, шелйо.
Упражнени 227. ДIаязъе предложенеш. Хандешнашна буха сиз хьакха. Билгалъяккха
хандешнийн, класс, хан.
Къеггина хьаьжнера дашо малх. 2. Баьццарчу, гоьллец йогIучу бацалахь вижина Iуьллуш
вара кIанталг. 3. ЧIогIа гIовгIанаш хезна, самавелира иза. 4. Цхьа доккха кхо Iаламат дара цунна
тIехIоьттина лаьтташ, кед-кедал бIаьргаш а, маьрс-маьрсел цергаш а, пепнаш санна лекха
догIмаш долуш. 5. Массо а ца тешаш дIатийра. 6. Стигала хьалахьаьжира кIанталг. 7. Гира
цунна къегина кхетта седарчий, царна юккъехь къаьсташ гуш ВорхI вешин ворхI седа а,
чоьлпанан сурт хIоттийна къегаш. 8. Цу седарчийн чоьлпанан суьртан йистерчу шина седана
тIера хьала шен дагахь нийса сиз хьаькхира кIанталга, и нийсса къилбседанна тIехула делира.
«И седа даима а къилбседехьа бу. (I. Гайсултанов)
Упражнени 228. ДIаязъе предложенеш. Хандешнийн классаш билгалъяха.
Чанан даар дукха ду. Чано буц а йоу, жIаьлин нускалаш а доу, массо а тайпа хуьнан
стоьмаш а боу, ялта а доу.
Хьаьрс-хьоча тIейолий, дитт а лестош, шена даа хьечаш эгадо чано. Иштта, бухара
кхораш биъна ша яьлча, кхурана та йолий, генаш лестош, кхораш а эгабо. Дитт лаьстийча
охьа ца оьгуш болу стоьмаш, генаш шена тIе ийзош кег а деш, боу цо. Кхораш дIабевлча
пепнаш а, бIаьлланган бIараш а, ножан бIараш а дуу чано. Уьш диъча ча ерста. Акха никх
карийча и никх а бохабой, моз дуу чано. (Х-А. Берсанов).
75
Упражнени 229. ХIора цIердашна дуьхьал къовларшкарчу хандешнех маьIница догIург
а дуьллуш, дIаязде дешнийн цхьаьнакхетарш.
КIант, йоI, бер (доьлу, воьлу, йоьлу); диг, мангал, бел (артбелла, артъелла, артделла); етт,
гомаш, цициг дира, дедира, бедира); мача, куй, верта (тишбелла, тишъелла, тишделла);
москал, уьстагI, жIаьла (дерстина, ерстина, берстина); бекъа, кIеза, Iахар (доду, йоду, боду).
Упражнени 230. Классашца хийцалуш долчу хандашна кIел сиз хьакха. Кхаа хандашца
предложенеш ялае.
Вижа, гIатта, саца, хаа, хаздан, къега, чIаг1бала, дита, ядаян, дIадала, резаван, яха, лаха,
новкъаяккха, дIадерза, лепа, йоьлху, кхета, бIарзвала, татта, гIелбан, тохадала, дIаяла, аха, лов,
дIабуза, кхио.
§ 42. Хандешнийн терахьашца хийцадалар
Шеца уьйр йолчу дешан терахье хьаьжжина хандашехь хуьлучу хийцамах олу
хандешан терахьашца хийцадалар. Масала:
кIант воду – кIентий бовду,
бер соцу – бераш совцу,
цIе туьллу – цIераш тохку, сурт дуьллу – сарташ дохку,
тIулг Iуьллу – тIулгаш Iохку.
Терахьашца хийцалуш долу хандешнаш дукха дац.
Упражнени 231 Схьаязде хандешнаш шайца уьйр йолчу цIердешнашца. Билгалдаккха
хандешнийн терахь.
1. Ткъа сан-м дегабаамо садукъадора, бIаьргех хиш туьйсура (М.Б.) 2. Кузахь нежнаш
дууш хьуьнан хьакхарчий яьжнера. (Х.Х.). 3. ЦIокъ буьйсанан экха ду. 4. Дийнахь шен
хIусамехь садош йоккху хан. 5. Буьйсанна цIокъ арадолу шена ижу лаха (Х. Х.). 6. ГIопастана
тIе аркъал охьавижира Тайниг. 7. БIаьргаш шашах дIахьабделира. 8. Нурадис, цIа а вахана,
когара конькеш дIаехира. 9. Хи чу ца лоьхкуш, йистехьа совцийра Ахьмада говраш. 10. Говраш
хи мала хIиттира. 11. Вуха а вирзина, схьахаьхкина вогра иза. 12. ТIекхоччушехь, цо говр
сацор ю моьттуш, ша иза башха тергал ца вечуха вара Ахьмад.13. Ткъа Хьозас, ма-яггIара, хи чу
тесира говр. (I.Г.).
Упражнени 232. Лахахь далийначу хандешнашца предложенеш хIиттае. Дязъе уьш.
Хандешнийн терахь билгалдаккха.
ДIалечкъира, гIеттира, бевлла, ваьлла, Iуьллу, лаьллина, чухьаьдира, охьахиира,
чухьаьлхира, гIевттира, сехьаелира.
Упражнени 233. ХIора цIердашна дуьхьал къовларшкарчу хандешнех маьIница догрг
дуьллуш, дIаязде дешнийн цхьаьнакхетарш, билгалдакха буха сиз хьакхарца дукхалин
терахьера хандош.
БIаьхо, тIемалой (боцу, вогIу): чIегIардиг, олхазарш (гIевтина, гIеттина); тIулг, дечигаш
(Iуьллу, Iохку); лулахо, адамаш (вижна, дийшина); кхор, жаш (охьаэгна, охьабоьжна); стигал,
хIусамаш (серлаевлла, серлаяьлла).
76
§ 43. Хандешан цхьаллин, дукхазаллин кепаш
Хандешан цхьаллин я дукхазаллин кепо дар я хилар цкъа я дуккхазза
кхочушхилар гойту.
Масала: (цкъа) вада – (дукхазза) ида, (цкъа) саца – (дукхазза) сеца, (цкъа) хахка −
(дукхазза) хехка, (цкъа) хьажа – укхазза) хьийса, (цкъа) лата – (дукхазза) лета, (цкъа)
тоха – (дукхазза) етта.
Дуста цхьаллин, дукхаззаллин кепашца ца хийцалуш долу хандешнаш: (цкъа)
доьшу (дукхазза) доьшу, (цкъа) хазахета укхазза) хазахета, (цкъа) яздо – (дукхазза)
яздо, (цкъа) доьрзу – (дукхазза) доьрзу.
Цхьадолчу хандешнийн бен цхьаллин, дукхазаллин кеп билгал ца йолу.
Упражнени 234. ДIаязъе байт. Дукхазаллин кепарчу хандешнашна буха сиз хьакха.
БIешераш хийла ихна и бекаш,
Хьацарлахь къийсамехь кхиъна и бу.
Кхоьллинчу халкъана хьанала бецаш.
Даима ша хилла нохчийн мотт бу.
Вайн халкъан ойланаш, дахар а гIийла
Далхадеш, къийсамна гIиттийна цо.
Нохчочун майралла, оьздалла хийла
Зевнечу иллешкахь екийна цо.
1. ХIун ю оцу стихотворенин цIе?
2. Хьан язийна иза? ХIун ю поэто хесторш?
3. «Хьацарлахь, къийсамехь кхиъна и бу» бохучу дешнех муха кхета шу?
Упражнени 235. Цхьаллин, дукхазаллин кепашца хийцалуш долу хандешнаш цхьана
богIаме, терахьашца хийцалурш вукху бIогIаме схьаязде.
Чукъеди, даьхнера, ер ю, тасало, бухадуьйлу, тIекхийда, серладоху, хьуьйсу,
схьахьокху, хьосту, самаволу, гIаттадо, лоху, тохаделира, тIехIутту, хьаладаьлла, йоьгIна,
тухура, гучубовлу, кхерста, Iохкура.
Билгалдаьхначу хандешнашца предложенеш а хIиттаяй, дIаязъе.
Упражнени 236. Лахахь далийна хандешнаш дукхазаллин кепе даха.
Цаста, мала, хатта, хьажа, вада, лара, тоха, Iотта, харца, кхарза, кхосса, дотта, такха,
лакъа, Iана, ласа, хьарса, аха.
Кеп: хьажа-хьежа.
Цхьаллин а, дукхазаллин а кепехь долу хандешнаш юкъа а далош, шишша предложени
хIоттае.
Упражнени 237. Схьаязъе предложенеш. Цхьаллин а, дукхазаллин а кепашкахь лела
тарлуш долчу хандешнашна кл цхьа сиз хьакха, цхьаллин кепехь бен ца лелачунна ши сиз
хьакха.
77
Доттаг1ий сихха ц1а баха новкъа бевлира. Т1еоьхучу лайно тоххарехь д1абуькънера
некъ. Делахь а, даима а шаьш лелачу меттигашкахула ц1а ваха хуур долуш вара и шиъ. Цундела
майрра новкъавелира. Ло дале хьалха лаьттах ша бина хиларна, шера яра ирхенашлахь.
Цкъацкъа ког а шерший охьавужура. Дечигах а тийсалуш, иштта х1ара шиъ д1авоьдуш. Цу
шина хиира, шаьшиъ некъах тиллийла.
Наталийн дас пондар а лоькхуш, бераш левзира, хелха а дийлира, эшарш лийкхира.
Массарал а хаза дара Билалас дина нохчийн хелхар.(1.Ахмадов)
Упражнени 238. Дукхазаллин кепехь долчу хандешнашца йолу предложенеш схьаязъе.
1. Лаьттах аьтто тIа туьйхира цо. 2. Хьаж хьулдеш, хьерчара чо. 3. КIорггера
хьоьжура хьешан бIаьргаш. 4. ГIовгIанца, хур эцна, садоьIура цо. 5. Велхаран
къурд иккхира цуьнан. 6. Доьдучу хин гIовгIа лагIъеш, боьра чуьра
хьаладуьйлура цуьнан дуткъа аз. 7. ЦIеначу сийначу стиглахь лепара седарчий,
вовшашца яхье дуьйлуш. 8. Церан серло макхъеш, уьш аьшнашдан санна,
боьлура горга бутт. 9. Сийна кIайн серло туьйсура самукъанечу батто. (С.
Курумова).
§ 44. Хандешнийн терахь а, кеп а вовшахкъастор
Дукхаллин терахь а, дукхаззаллин кеп а цхьана хандашо билгалъян тарло:
Iе) тилла – цхьалин терахь, цхьаллин кеп,
Iераш) тахка – дукхаллин терахь, дукхазаллин кеп,
сурт дилла – цхьаллин терахь, цхьаллин кеп,
сурташ дахка – дукхаллин терахь, дукхаззаллин кеп.
Цхьаллин а, дукхаллин а терахьан форманаш къаьсташ а йолуш, цу шина а
терахьан дукхаззаллин кеп цхьаъ хила тарло:
(говр) соцу – цхьаллин терахь, цхьаллин кеп,
(говраш) совцу – дукхаллин терахь, цхьаллин кеп,
(говр, говраш) соьцу – дукхаззаллин кеп.
Цхьаллин а, дукхаллин а терахьан шен-шен дукхаззаллин кеп хила а тарло:
хьажа – цхьаллин терахь, цхьаллин кеп,
хьовса – дукхаллин терахь, цхьаллин кеп,
хьежа – цхьаллин терахь, дукхаззаллин кеп,
хьийса – дукхаллин терахь, дукхаззаллин кеп.
Упражнени 239. ДIаязъе. Цхьаллин терахьехь долчу хандешнаша буха цхьа сиз хьакха,
дукхаллин терахьерчарна шиъ.
1. ДоттагIий сихха цIа баха новкъабевлира. 2. ТIеоьхучу лайно тоххарехь дIабуькънера
некъ. 3. Делахь а, даима а шаьш лелачу меттигашкахула цIа ваха хуур долуш вара и шиъ. 4.
Цундела майрра новкъавелира. 5. Ло дале хьалха лаьттах ша бина хиларна, шера яра
ирхенашлахь. 6. Цкъацкъа ког а шерший охьавужура. 7. Дечигах а тийсалуш, иштта хIара шиъ
дIавоьдуш, цу шинна хиира, шаьшиъ некъах тиллийла. (1.Ахмадов)
Упражнени 240. ДIаязъе, хандашна буха сиз хьокхуш.
1. Чувахана стогар схьа а эцна, юха а леррина сени чухула бIаьрг туьйхира цо. (Х.Б.) 2.
Шен да волчу яхана Зезаг цIахь яцара. Бици еара хIинцца чу. (М.М.) 3. Тхоьца кемана тIехь ши
кIант вара. (Л.Т.) 4. ХIинцца адамаллин ойла йоьссира коьрта чу. (Х.Э.) 5. Нурадис, цIа а
78
вахана, когара конькеш дIаехира. 6. Цуьнан кийрахь синтем бацара. (I.А.) 7. Баккхийнаш
дIабахча, ши кIант шаьшиъ висира. 8. Iаьрбис йиллинчу говре а хьаьжна, велавелира Ванюшка.
(I.Г.) 9. Нах тIебуьтучу хIора дийнахь цомгашниг волчу йогIу ший а йоI. (Н.О.)
1. Барта дийца хандешнийн терахь, кеп муха къаьста вовшах.
Упражнени 241. ДIаеша. Схьаязде хандешнаш шайца уьйр йолчу цIердешнашца.
Хи чу ца лохкуш, йистехьа совцийра Ахьмада говраш. ГIугI латтадора хе гонах, шаш,
лой дешна стамделла. Чхераш керчош, буьрса догIура иза хIокху хенахь гуттар а.
Говраш хи мала хIиттира. Романера ма-Iаммара, яйн шок лоькхура Ахьмада, говрашка хи
малийта.
Хьозас динчо цкъа цецваьккхира Ахьмад, юха кхерийра. Вуха а вирзина схьахаьхкина
вогIура иза. ТIекхоччушехь, цо говр сацор ю моьттуш, ша иза башха тергал ца вечуха вара
Ахьмад.
Ткъа Хьозас, ма яггIара, хи чу тесира говр. Шок сацийра. Ахьмада, мохь туьйхира:
Вухавала! ( 1.Гайсултанов)
1. Хандешнийн кеп, терахь билгалдаккха.
2. Муха къаьста терахь а, кеп а?
Хандош къастор
1. Билгалза кеп
2. Хан
3. Классашца хийцадалар
4. Терахь (цхьаллин, дукхаллин)
5. Кеп
6. Предложенин меже
Упражнени 242. ТIадамийн метта, шайггара, маьIница догIу хандешнаш а дохкуш,
дIаязъе дийцаран кийсак.
Гуьйре Кха тIера гIодмаш цIа дан ваха со, лулахошкара ши говр, хIургон а ехна.
Нана а соьца. Боларахь тхо, говрашна ницкъ цабархьама. Аьхка санна, бовха бацахь а,
комаьрша гуьйренан малх. Цо говзачу пхьеро санна, дешица диттийн баххьаш, аренан
басеш. Юьртан бажа бара кхузахь. Iу гуш … . Бежнаш кIена герга . Уьш дIа ца лахкахь, цара
гурахь дIадийна ялта … .(Ж.Махмаев)
Упражнени 243. ДIаязъе предложенеш. Хандешнийн шалха мукъазчу аьзнашна кIел сиз
хьакха. Билгалъяха хандешнийн хенаш.
1. Салман шен йолу ойла схьайийцина ваьлла. 2. ТIома девлла кхокхий тхан цIенош
тIехула хьийза. 3. Ламанан басех хи охьахьаьдда. 4. Ведда вогIу Султан тIе йисте кхечира. 5.
Борз хьуьнхара юьрта иккхинера, хьошалгIа доцуш, и дадайна; тIаьхьа иччархой, жIаьлешший
девлла хиларна цIока кIелхьараяьккхина. 6. Хьархочун кIеззиг хиэ хьеран корта бохийнера,
бохам юьхьанца боккха бацара, шен хенахь куьг тоьхнехьара, бакъду вайн хьархо саготта-м
вацара, ткъа хьеран корта денна тIеттIа бухуш лаьттара, хи-м кIудалх санна эха дуьйлира. (К.И.)
79
Упражнени 244. ДIаязъе текст. Гуш яханчу хенан хандешнашна кIел сиз хьакха.
Дуьххьарлера ло
Дукха хан йоцуш дуьххьарлера ло охьадиллира.
Арарчу хIаваах лайн хьожа йогIура, когашна кIелхьара ло кIеда, гIарж деш декара, латта
а, тхевнаш а, дитташ а, новкъара гIанташ а массо хIума а кIеда яра, кIайн дара, къона дара,
селханчулла хийцаме дара хIокху цIенна тIера дуьйна дIа а, фонараш сирла йогура, хIаваъ
цIанделлера. (А. Чехов)
Упражнени 245. ДIаязъе предложенеш. Классашца хийцалучу хандешнабуха сиз хьакха.
1. Шийлачу шовдан тIе довхачу дийнахь жима Iахар беара хи мала дагахь: кхуьнан
докъазаллина цига нисъелла меца йоккха борз, ижонна араяьлла. 2. Цхьа алкханч къона йолуш
дуьйна шоршалах шок лакха Iемина хилла, ешшехь шоршал ша хилча санна. 3. «Сан хьоме
лулахо, хьайн десара яалахь!» «Дера, доттагI, кхин яалур яц: вуьзна со логгец!». 4. Ахархо
батракана дов деш воллу, кхерам Iабаьлла ша хьалагIаьттича. 5. Амма поваро хьехам бечу
юкъана, Васька даьлла ерриг кхерзина котам йиъна. 6. Къийгана цхьанахьара-м дала нехча елла;
цхьана базанна тIе а хиъна, хIума яа и кечъелла, амма багахь нехча а йоллуш, ойлане яьлла,
цуьнан докъазаллина, гена доцуш цхьогал хилла дедда доьдуш. (И.Крыловн баснеш тIера)
1. Кхаа хандешан морфологически къастам бе.
Упражнени 246. Схьаязде кицанаш. Хандешнашна буха сиз хьакха. Йийца церан хан,
терахь, кеп.
1. Къуьно бен хестор вац къу-стаг. 2. Дикачу кIантана доттагIий ца эшна. 3. Барт боцучу
доьзалехь беркат хир дац. 4. Хьаша ца леринарг хьошалгIахь а ца лерина. 5. Стеган дикалла
собарх хиъна, говран дикалла боларх хиъна. 6. Хьалха хьажий бен ког ма баккха, тIехьа хьажий
бен дош а ма ала. 7. Дикачу кIанта ден дог деладо.
1. ХIора кицанан шайна хуу маьIна дийца.
2. Муьлха ду царах гIиллакхах лаьцна долу кица?
3. Хьаналчу дахарх дерг муьлха ду?
Упражнени 247. ДIаеша байт. Шайца уьйр йолчу дешнашца цхьаьна схьаязде
хандешнаш. ХIоранна къовларшкахь хаттар а хIоттош, хан билгалъяккха.
Ненан Безам
Хьозано кIорнеш яьхнера
Тхов кIелахь, карниза чохь.
Хаддаза хезара церан
Цхьа гIийла, цхьа буткъа мохь.
ХIусамдас, чу поппар тоьхна,
Дуькъира цу бенан Iуьрг.
Хьозано, бешара лехна,
Еара цхьа цIозан цуьрг.
Хьаьвзира и хьоза гонах,
80
Беттара кIорнешка мохь.
И нана кхоьрура вонах –
Шен бераш даларх цу чохь.
Бен баста гIиртира хьоза,
Ницкъ ма-ббу еттара зIок.
Куьйгаш дац хатташ схьаоза,
ГIорто бац нуьцкъала ког.
ЦIеххьана гIаьттина тIома,
Яьккхира цо кIорнийн цIе.
Шен безам – уьш йолччу, хьоме,
кхийтира карниза тIе.
Пенаца дуьйжира лаьтта,
Цкъа-шозза гIаттийра зIок.
Ша охьадоьжначу меттехь
Дисира и, сецна дог. ( Х.Эдилов)
VI-ЧУ КЛАССЕХЬ IАМИЙНАРГ КАРЛАДАККХАР
1. Муьлха къамелан дакъош Iамийна ялхалгIачу классехь?
2. Билгалдош стенах олу? Иза предложенехь дукхахьолахь муьлха меже хуьлий лела?
3. Билгалдош терахьашций, классашций хийцалой? Масалш даладе.
4. Масаллин терахьдешнаша хIун гойту?
5. Цхьалхе, чолхе, хIоттаман терахьдешнашна масалш даладе.
Масалш бакъо йийцарца тIечIагIде.
6. РогIаллин терахьдешнаш муха кхоллало?
7. ЦIердешан, билгалдешан, терахьдешан къамелан дакъойн меттана лелаш долчу
къамелан декъах хIун олу?
8. Доладерзоран а, дерзоран-доладерзоран а цIерметдешнаш муьлханаш ду?
9. ХIара, дIора, дIораниг, хIоккхул, оццул бохурш муьлха цIерметдешнаш ду?
10. Хаттаран а, юкъаметтигаллин а цIерметдешнашна юккъехь хIун башхалла ю?
11. Дар я хилар гойтучу къамелан декъах хIун олу?
12. Хандешан маса хан ю?
13. Хандешан билгалза кеп бохучух муха кхета хьо?
14. Хандешнаш дерриш а хийцалой терахьашца? Классашца?
15. Хандешан хинйолу хан муха кхоллало?
Диктанташ
Маца йолало б\аьсте.
Кхаа баттахь лаьтта б\аьсте, аьлча а дезткъе шийтта дийнахь. Йолало бекарг беттан
ткъе шолг\ачу дийнахь, чекхйолу асаран беттан ткъе цхьаалг\ачу дийнахь.
Б\аьстенан мур кхаа декъе бекъало: хьалхара ткъе пхиъ де – буьйса б\аьстенан юьхь
ларало (бекарг беттан т\аьххьара итт де а, оханан беттан хьалхара пхийтта де а юкъалоцу цо), и
81
юьхь д\аяьллачул т\аьхьа б\аьстенан чилла хуьлу. Ткъа цул т\аьхьа дог\учу ткъе пхиъ де –
буьйсано б\аьсте ерзайо.
Оханан беттан т\аьххьара пхийтта де а , х\утосург беттан ткъе ворх\ де а юкъалоцуш
йолу б\аьстенан чилла лаьтта шовзткъе шина дийнахь. (Я.Боцуев)
Т\едиллар: Легаде х\оттаман ши терахьдош.
Маца чекхйолу иза?
Муьлха а чилла – б\аьстенан чилла и елахь а, аьхкенан, гуьйренан я \аьнан чилла и
елахь а – нохчийн хьесапехь п\ерасканандийнахь йолалуш хиларна, хьалхарчуй, т\аьхьарчуй
ткъе пхеа денойн барам хийцабала тарло: ткъе пхиппа денойн метта ткъе кхоъий, ткъе ворхх\ий
де долуш я ткъе ворхх\ий, ткъе кхоъий де долуш.
Б\аьстенан т\аьххьара ткъе пхиъ де – буьйса лаьтта х\утосург беттан чаккхенерчу деа
дийнах а, асаран беттан юьххерчу ткъе цьаа дийнах а.
Цул т\аьхьа болало аьхкенан мур.(Я. Боцуев)
Т\едиллар: Йозанца долу терахьдешнаш ципаршца язде.
Бакъбеллла поп.
Кхин ч\ог\а къинхетаме хетало бакъбелла поп аьхка. Дерриге дитташ керла баьццара
духар а духий кечло, могаш – маьрша, цхьа а бала – г\айг\а а йоцуш д\алаьтта. Эзарнаш
олхазарш охьадуьссу церан генаш т\е, эшарш а лоькхуш: шайн г\ур – г\ур до акха кхокхаша,
зарзарша, ца соцуш, шайн беха мукъамаш бо. Церан \индаг\ехь лаьтта сеш а, масарш а, шайн
исбаьхьа кортош т\ехьа а тесна. (В. Пшавела)
…Больницехь масех сахьт а даьккхина, араваьллачу лоьрана ц\еххьана тамехь хетара,
вуьшта а ц\ена долу б\аьстенан х\о.
Хьагвеллачо молу хи санна, марзонца, шеен кийра буззуш. Чууьйзира лоьро и ц\ена
х\аваъ. Дег\ айбина. Нийса ког боккхуш, вог\ура иза, шекарх тера к\айн лепа ло, даша ца
доладеллехь а, когашна к\елахь, бамба санна, к\еда хаалора, шеен \ай хуьлуш долу тата а доцуш
Лилан басахь йолчу стигалансийналлехь вовшашна т\аьхьа а х\иттина, сийначу ломахула
уьстаг\ий санна, меллаша лелара к\айн мархаш…
Нана гина бер санна, елаелла яра апрелан \уьйре. Дуьххьара яьлла йолу и лилула сийна
буц, б\аьрса \абош, ц\ена лепара уьйт\ахь. ( М.Сулаев)
Т\едиллар: Билгалдешнийн суффиксаш билгалъяха.
…Генарчу а, исбаьхьчу а цхьана \аьрбийн махкахь туьйране – хазачу бешахь хилира со.
Оцу бешо шен баьццарчу куьйгашца ворх\ гуо беш маракъуьйлура паччахьан ц\а.
- Т\аккха. Муха хета хьуна? Хазахийтин хьуна сан беш? – ас тамаш баре сатесна, хаьттира
эмира.
- Хьан бешахь олхазарш ца дека, - жоп делира ас. – Олхазарийн эшарш йоцчохь х\орш
деккъа дитташ бен дац. Царна т\ера стоьмаш мерза я чаьмза хилар дац коьртаниг. И стоьмаш
82
олхазарш ца декачу бешахь кхиъна хилар ду коьртаниг. Г\айг\анан чам хир бу х\окху \ежийн,
туьркийн, хьайбанийн, инжиран…
Ткъа хьан дашочу ахчано кхузахь х\умма а хийца йиш яц. (Вороков В. Махьмуд Эсамбаев)
Т\едиллар: Лаамаза билгалдешнаш лаамечаьрга дерзаде. Цхьаъ легаде.
Аьхке
Ткъа муха хуур дара аьхке т\екхочуш юйла. Оцу хенахь дукха бу тидамаш.Аьхке юлуш хаа
лаахь, календарь т\е хьежа ца оьшу. Иза гойтур ду дитташа, дийнаташа.
Наггахь хьаьрмако,элхьамчо заза даьккхинехь, аьхке йоьллачу дийнахь дуьйна хьала охьа
кортош лестош хуьлу. Гомаш хи чу йижча, \алам кхоччуш дохдаларан тоьшалла ду.
Хазачу эшаршца ч\ег\ардигаш лекхачу стиглахь лелаш хилча а, йоькхана хирг хиларан
билгало ю. Йоькхана де хир ду, нагахь сай, бодий къаьстачу хенахь накхар чуьра мозий
арадуьйлуш а, чуьркаш зов деш лелаш а, хи чохь ч\ара ловзуш а хилахь. (Хь.Хасаев)
Т\едиллар : Хандешнийн хенаш билгалъяха.
Шерипов Асланбек
Шерипов Асланбек вина 1897 –чу шарахь, ламанан когашкахь болчу нохчийн хазачу махкахь
Сиржа – Эвлахь. Цуьнан да цигахь г\уллакхехь волчу хенахь.
Ч\ог\а хьуьнар долуш, т\ахъаьлла, оьзда, майра, х\уъа а ловш вара Асланбек беран хенахь
дуьйна а. Цо ч\ог\а йоьшура литература. Дукха лорий д\аяздора халкъан турпалхойх лаьцна
долу нохчийн шира дийцарш а, иллеш а. Ша шегара стихаш язйора цо.
Аьхка каникулашка шайн юьрта ц\а вог\ураАсланбек. Х\оразза а цуьнца юьрта бог\уш
хуьлура школехь болу цуьнан оьрсийн доттаг\ий. Къахьегарна т\ера а вара Асланбек: цо даима а
бахамехь г\о дора шен дена, хьаьжк\ашна асар дан воьдура, буц ян воьдура, даьхни \алашдора.
( Х.Исмаилов)
Хьанна хаьа, турпалчу ламанан кийрара схьадолу х\ара Орга, кхузахула охьадог\у мел хан –
зама д\аяьлла. Хийла дайнарш, лайнарш, хезнарш хир дара х\окху бердийн а. гондахьарчу
\аламан а, х\окху Органан а дийца а , далхо а!..
Лекха ду бердаш, кхин лекха ду хадан х\иттина наьрт – аьрстхой санна, лаьтташ долу
лаьмнаш. Инзаре хаза ду кхузахь! Хийламо йийцина хьо, Кавказан исбаьхьа хазалла! Я а ю вайн
Кавказ хаза а, исбаьхьа а!..
Набаран тар тесча, г\енах дуьхьал а туьйсуш, сайна цкъа а евзина йоцчу сайн нанна т\аьхьа
со беран хенахь ма велххара. Хийла вилхина со хьуна. Со вина, со кхиийна болу сан нана –
Даймохк! Карадац суна дешнаш хьо бийца а, хесто а! Амма цхьана тайпана ницкъ хир бац
хьоьга болу бовха безам сан кийрара башо…( Х.Саракаев)
83
НИЙСА ЯЗДЕ
Анайист
Аракхосса
Арадаккха
Араэккхо
Аркъал
Базаръачу
Башлакх
Баьццара
Баьчча
Бирдолаг
Бираьнчик
БоргIал
Бумаьштиг
БIаьлланг
Бога
Буо
БIаьхо
БIаьштиг
Вотангар
Вета
Воьта
ГIота
Дошло
Доьрчашна
Даьндарг
ЖамIат
ЗаьIап
Карс
Колонна
Кисет
Ларча
Лагжайна
ЛагIдан
Леткъам
Луьттург
Маъ
Муьрг
Омра
Оьла
Осалалла
Пурба
Пхьоьха
Сацкъар
Цкъарг
ЦIоз
Чорда
Чхьонкар
Чхьаьвраг
Чхьовг
Чхьоч
Чуьппалг
Шедаккхаж
Шаьлта
Эвсара
Эвхьазниг
Эмалк
Яйдакх
Ялкх
IаддаргIа
Iажаркх
Iаждарбуц
Iаткъа
84
КХЕТОРАН ДОШАМ
А
АгIаз (бу) жимачу гезган тайпа.
Айпе (айпе – айпени – билгалдош) – шена тIехь кхачамбацар, дерт хилар.
Алмаз (ду) зудчуьн сибтехь са-гIамарт.
Анайист (ю) (-ан, -ана, -о; -ош) – бIаьргалоцу стигал, латтий хотталу сиз.
Ача (ю) (-н, -нна, -но, -нца, -нах, -не, -нал) – пхьегIи чу лацалун чкъор.
Ачо (-н, -нна, -но, -нца, -нах, -не, -нал) – цабезам, гамо.
Аят (аятан, аятна, аята, аятца д.т. аяташ) Къуръанан уггар деза доIа, байт бохучу
маьIнехь.
Б
Байт (байтан, байтана, байто байтаца,д.т.байташ) – стих.
Баккхал (ю) - цIенна хьаштйолу кега-мерса хIумнаш.
Барзакъ (ду) (ан, на, о, ца, ах, е, ал; аш) – тIоьхлара духар.
Барч (баьрчан, баьрчана, баьрчо, баьрчаца, д.т. баьрчнаш) чохь уггар чIогIа лоруш йолу
меттиг.
Бахтар (ду) (-ан, -на, -о, -ца, -х, -е, -ал; ш) – доьхка аса.
Баьхьа (баьхьанан, баьхьанна, баьхьано, баьхьанца, д.т. баьхьанаш) дечкан бел.
Башлам (башламан, башламна, башламо, башламца, д.т. башлаьмнаш) тIе ло диллина
лам.
Беда (бедан, беданна, бедано, беданца, д.т. беданаш) – тIе поппаран цIенкъа йиллина тхов.
Беркат (беркатан, беркатна, беркато, беркатца. д.т. беркаташ) – рицкъа, хьалдолуш хилар.
Билзиг (ю) (-ан, -на, -о, -ца, -ах, -е, -ал; -аш).
БиргIа (биргIан, биргIанна, биргIано,биргIанца,д.т. биргIанаш) 1. Тоьпан биргIа. 2. Хи
догIу биргIа.
Бол (болан, болана, д.т. дан) хьерахь луш йолу ял, хьерах пайдаэцарна лун мах.
Болат (болатан, болатна, болато, болатца, д.т. болаташ) – дахчийна ши.
Боьра (боьран, боьрана, боьро, боьраца, д.т. боьрана) – хьуьнан Iин.
Бумзи (бумзин, бумзина, бумзино, бумзица, д.т. бумзеш) – кIадийн тайпа.
Буобер (буоберан, буоберана, буоберо, буобераца, д.т. буобераш) – да я нана доцу бер.
Бурам (ду) (-ан, -на, -о, -ца, -ах, -е, ал; -аш) – хи кеман тайпа.
Бухкар (бухкаран, бухкарна, бухкаро, бухкарца, д.т. бухкарш) букъа тIехь лело мохь
дIабоьхку доьхка, говран нуьйр дIайоьхку доьхка.
85
БIан министр Iан министран, бIан министрана, бIаьн министре, бIан министраца, д.т.
бIон министраш) – тIемалойн, бIахойн куьйгалхо.
БIарлагIа IарлагIан, бIарлагIна, бIарлагIо, бIарлагIца, д.т. бIарлагIаш) гIаларт,
дуьхьалтеснарг, хетаделларг, моттаделларг.
БIов Iаьвнан, бIаьвнна, бIаьвно, бIаьвнаца, д.т. бIаьвнаш) – ширчу заманахь Нохчийчохь
лаьмнашкахь тIулгех еш хилла гIишло, чIагIо.
БIоста Iостан, бIостана, бIостано, бIостанца, д.т. бIосташ) – дагаран аьрта агIо.
В
Ваба (ю) (вабин, вабина, вабо, вабица, вабига, вабанаш). 1) еза хIума меттах-йоккху гIуркх
тайпа гIирс. 2) аьчка лом.
Вад (ду) − сибат, куц.
Варш (ю) хьуьна луьсте, юькъа коьллаш, дитташ долу меттиг.
Варша (варш. варшан, варшана, варшо, варшаца, д.т. вар-шаш) юькъа хьун.
Васт (ду) астан, вастана, васто, вастаца, вастах, васте, вастал; васташ) говза хIоттийна
сурт.
Векал (векалан, векална, векало, векалца, д.т. векалш) – тешам белла хаьржина стаг.
Г
Гаьллаш (цхьаллин терахьехь ц алела) – говран дуьрстанан бага юхку аьчкан хIумнаш.
Гара (гаранан, гаранна, гарано, гаранца, д.т. гаранаш) 1. Тайпана цхьа дакъа. 2. Дечиг
доккхуш хедийна дечиган аьхкаш.
Гарманан арахь нохчийн барта кхоллараллехь – йоккха шера аре.
Геланча (геланчин, геланчина, геланчо, геланчица, д.т. геланчаш) цхьа гIуллакх
тIедиллина вохуьйтуш верг.
Гечо (гечон, гечонна, гечоно, гечонца, д.т. гечош) – хих волу меттиг.
Гирда (гирдан, гирдана, гирдано, гирдица, д.т. гирданаш) хьалха заманахь ялта дустуш
лелийна барам, 12 кийла гергга.
Гочдархо (гочдархочун, гочдархочунна, гочдархочо, гочдархочуьнца, д.т. гочдархой) –
цхьана маттера кхечу матте доккхург.
Гуй (гуйнан, гуйнна, гуйно, гуйнаца, д.т. гуйнаш) – жIаьллина доьша дутту пхьегIа.
ГI
ГIара Iаранан, гIаранна, гIарано, гIаранца, д.т. гIаранаш) – гIовгIа.
ГIезало Iезалочун, гIезалочунна, гIезалочо, гIезалочуьнца, д.т. гIезалой) – татарин.
ГIиргIа IиргIин, гIиргIина, гIиргIано, гIиргIица, д.т. гIир-гIанаш) – олхазар.
ГIишло (гIишлон, гIишлонна, гIишлоно, гIишлоца, д.т. гIишлош) цIенош.
ГIоьмаш (гIоьмаш, гIоьмашна, гIоьмаша, гIоьмашца, цхьаллин терахьехь ц алела) -
куьйгашна туху буржал.
ГIовтал (гIовталан, гIовтална, гIовтало, гIовталца, д.т. гIовталш) нохчийн тIехула юху
бедар.
ГIордаз Iордазан, гIордазна, гIордазо, гIордазца, д.т. гIордазаш) – шога ков.
ГIота Iотанан, гIотанна, гIотано, гIотанца, д.т. гIотанаш) гонаха керт а йолуш,
уьстагIий кхобу меттиг.
ГIушлакхе Iушлакхен, гIушлакхенна, гIушлакхено, гIушлакхенца) дийнан 10-11 сахьт
долу хан.
Д
Дажал (дажалан, дажална, дажало, дажалца, д.т. дажалш) – онда стаг.
Дера оьгIазе, кIоршаме.
Дирша (диршачун, диршачунна, диршачо, диршачуьнца, д.т. диршанаш) маIаш йоцу
хьайба.
86
Дошло (дошлочун, дошлочунна, дошлочо, дошлочуьнца, д.т. дошлой) – говрахь волу
тIемало.
Ж
Жерахь (куцд.) хьалххе, сарахь.
ЖииIалам (ду) Дала кхоьллана массо хIума.
ЖовхIар (жовхIаран, жовхIарна, жовхIаро, жовхIарца, д.т. жовхIарш) – механа беза тIулг.
ЖоммагI (ду) (жоммагIан, жоммагIна, жоммагIо, жоммагIца, жоммагIах, жоммагIе,
жоммагIал; -аш) жима диг.
Жоьла (ю) уьстагIий чулохку меттиг.
Жуьжак (ду) куча йисте хебарш дарцакуьцана тегна кIадин аса.
З
Закъалт (закъалтан, закъалтана, закъалто, закъалтаца, д.т. закъалташ) тешамна хьалха
дIалуш йолу хIума.
ЗаьIапхо (заьIапхочун, заьIапхочунна, заьIапхочо, заьIапхочуьнца, д.т. заьIапхой) -
чолакха.
ЗIе Iенан, зIенна, зIено, зIенаца, д.т. зIенаш) а) уьйр; Б) радиохула я телефонехула
къамел дар (зIе тохар).
И
Йийсар (йийсаран, йийсарна, йийсаро, йийсарца, д.т. йийсарш) – каравахна стаг.
К
Катер (катеран, катерна, катеро, катерна, д.т. катераш) – хIордкема.
Кевнахо (кевнахочун, кевнахочунна, кевнахочо, кевнахочуьнца, д.т. ковнахой) -
когабуьрканах ловзуш ков лардеш верг.
Когасалаз (когасалазан, когасалазна, когасалазо, когасалазца, д.т. когасалазаш) когех
йоьхкуш, ша тIехь хехкало хIумнаш.
Кхиазхо (кхиазхочун, кхиазхочунна, кхиазхочо, кхиазхочуьнца, д.т. кхиазхой) бераллера
ваьлла кхиъна вогIу жима кIантстаг.
КIеж Iежан, кIежана, кIежо, кIежаца, д.т. кIежаш) яй кхехкар (тардинчу маьIнехь),
дахар я болх сихбалар.
КIозар Iозаран, кIозаро, кIозарна, кIозарца, д.т. кIозарш) – еха месаш.
КIошт Iоштан, кIоштана, кIошто, кIоштаца, д.т. кIошташ) – бахархой беха цхьа меттиг.
Л
Ламаст (ламастан, ламастана, ламасто, ламастаца, д.т. ламасташ) оьздангалла,
гIиллакхаш.
Ларча (ларчин, ларчина, ларчано, ларчица, д.т. ларчанаш) хьарчийна я шад бина
хIумнаш, мохь.
Леткъам (латкъам латкъаман, латкъамна, латкъамо, латкъамца, д.т. латкъамаш)
резавацар.
Лу (лун, луна, луно, луца, д.т. лунаш) – акха газа.
Луьйта (луьйтан, луьйтана, луьйтано, луьйтанца, д.т. луйтанаш) нуьйр тиллинчу
говрахь волчун ког чутосург.
М
Мулк (мулкан, мулкана, мулко, мулкаца, д.т. мулкаш) – бахам, хьал.
Н
87
Набахти (набахтин, набахтина, набахтино, набахтица, д.т. набахтеш) лаьцна стаг
чувуллу меттиг.
Наиб (наибан, наибна, наибо, наибца, д.т. наибаш) – куьйгаллехь волчу динан ден гIоьнча.
Наьрт (наьртан, наьртана, наьрто, наьртаца, д.т. наьрташ) туьйранашкахь дуьйцу инзаре
доккха адам.
Нажжаз (нажжазан, нажжазна, нажжазо, нажжаца, д.т. нажжазаш) гаур, шайтIа, боьха
хIума; нажжаз вар – неIалт алар, бехвар.
НIаьвла (нIаьвлин, нIаьвлина, нIаьвло, нIаьвлица, д.т. нIаьлеш) – олхазар.
Некъахьовзам (некъахьовзаман, некъахьовзамна, некъахьовзамо, некъахьовзамца, д.т.
некъахьовзамаш) – 1. Бохам. 2. Некъ цанисбалар.
О
Олалла (олаллин, олалло, олаллина, олллица, д.т. олаллаш) – куьйга кIел латтор.
Ото (отонан, отонна, отоно, д.т. отонаш) – хьешана лерина цIа.
П
ПохIма (похIман, похIмина, похIмо, похIмица, д.т. похIмаш) – кхоллараллин говзалла.
Пхьор (пхьоран, пхьорана, пхьоро, пхьорана, д.т. пхьораш) – суьйранна юург.
Р
Рема (ремин, ремина, ремо, ремица, д.т. реманаш) – дукха а цхьаьнакхетта говраш.
С
Салават (салаватан, салаватана, салавата, салаватаца, д.т. салаваташ) Мухьаммад
пайхамарна, Делера салам маршалла хуьлда цунна, хастам бар.
Сардал (сардалан, сардална, сардала, сардалца, д.т. сардалш) ширчу Iедалехь цхьана
меттиган хьаькам.
Сонта (муха? – билгалдош) – хьекъал кIезиг долуш.
Сужд уждан, суждана, суждо, суждаца, д.т. суждаш) Далла гIуллакх деш, лаьтта
кхаччалц охьатаIар.
Сунт (сунтан, сунтана, сунто, д.т. сунташ) парз ламазца деш долу, тIедиллина доцу,
мелан ламаз.
Т
Талорхо (талорхочун, талорхочунна, талорхочо, талорхочуьнца, д.т. талорхой) герзаца
тIе а леташ, нехан даьхни, бахам идош верг.
Тар (таран, тарана, таро, тараца, д.т. тараш) – наб озор.
Тар бартхилар (дов дIадаккхар)
Тача (тачин, тачина, тачано, тачица, д.т. тачанаш) – гIашлойн готта некъ, лар.
Тов (тевнан, тевнна, тевно, тевнаца, д.т. тевнаш) – а) чIогIа йовха; б) бода.
Тов Iун до? – хандош) – барт хуьлу.
Тов Iун хуьлу? хIун до? – хандош) резахилар.
Товха (товхин, товхина, товхано, товхица, д.т. товханаш) – чуьра пеш.
ТогIе огIин, тогIина, тогIино, тогIица, д.т. тогIеш) – таьIна шера меттиг.
Токхам (токхаман, токхамна, токхамо, токхамца, д.т. токхамаш) – латта текхна меттиг.
Тутмакх (тутмакхан, тутмакхна, тутмакхо, тутмакхца,д.т. тутмакхаш) лаьцна йийсаре
валийна стаг.
Тхьамда (тхьамдин, тхьамдина, тхьамдано, тхьамдица, д.т. тхьамданаш) куьйгалхо,
баьчча.
Х
88
Хьаьхьмач (хьаьхьмачан, хьаьхьмачна, хьаьхьмачо, хьаьхьмачца, д.т. хьаьхьмачаш)
хIума вовшах латош – гIирс.
Ц
Цана (цанин, цанина, цано, цаница, д.т. цанаш) тайп-тайпана бецан кхиъна йол хьокху
меттиг.
ЦIерпошт Iерпоштан, цIерпоштана, цIерпошто, цIерпоштаца, д.т. цIерпоштан)
аьчкнекъа тIехула лела нуьцкъала машен.
Ч
Чалдам (чалдаман, чалдамна, чалдамо, чалдамца, д.т. чалдамаш) – байракхан гIаж.
Чалтар (чалтаран, чалтарна, чалтаро, чалтарца, д.т. чалтарш) коре я неIаре чIагIонна туху
цаца.
Чардакх (чардакхан, чардакхна, чардакхо, чардакхца, д.т. чардакхаш) лекха хехочун
бун. Дукхахьолахь чардакх беа бIогIамана тIехь лаьтташ хуьлу.
Черт (чертан, чертанан, черто, чертаца, д.т. черташ) – шочах юьйцина йина хIума.
Чхо (чхоьнан, чхоьнна, чхоьнно, чхоьнца, д.т. чхоьнаш) – жима харш.
Э
Эвхьаза (муха? куцнош) – эхь дацар, ийза цавалар.
Эла (олан, элана, эло, элана, д.т. элий) 1. Куьйгалхо, тхьамда, баьчча. 2. Накхармозийн
нана.
Эхарт (эхартан, эхартана, эхарто, эхартаца, д.т. эхарташ) – веллачул тIаьхьа хиндолу
бакъдуьне.
89
ЧУЛАЦАМ
§ 1. Билгалдош, цуьнан маьIна ……………………………………………………….
§ 2. Билгалдешнийн тайпанаш ……………………………………………………….
§ 3. Лаамаза а, лааме а билгалдешнаш ………………………………………………
§ 4. Билгалдешнийн терахьашца хийцадалар ……………………………………….
§ 5. Билгалдешнийн классашца хийцадалар ………………………………………..
§ 6. Мухаллин билгалдешнийн даржаш …………………………………………….
§ 7. Билгалдешнийн легарш ………………………………………………………….
§ 8. Билгалдешнийн кхолладалар …………………………………………………….
§ 9. ТIеэцна билгалдешнаш нийсаяздар ……………………………………………..
§ 10. Билгалдош грамматически къастор ……………………………………………
§ 11. Терахьдош ……………………………………………………………………….
§ 12. Масаллин терахьдешнаш ……………………………………………………….
§ 13. РогIаллин терахьдешнаш ……………………………………………………….
§ 14. Декъаран терахьдешнаш ………………………………………………………..
§ 15. Гулдаран терахьдешнаш ………………………………………………………
§ 16. Билгалза-масаллин терахьдешнаш ……Эцаран ц\………………………………………
§ 17. Терахьдешнийн хIоттам ……………………………………………………….
§ 18. Терахьдешнийн легадар ……………………………………………………….
§ 19. Терахьдешнийн легаран кепаш ……………………………………………….
§ 20. Терахьдешнийн нийсаяздар …………………………………………………..
§ 21. ЦIерметдош ……………………………………………………………………
§ 22. ЦIерметдешнийн тайпанаш ………………………………………………….
§ 23. Яххьийн цIерметдешнаш а, церан легара …………………………………
§ 24. Дерзоран цIерметдешнаш а, церан легара …………………………………
§ 25. Доладерзоран цIерметдешнаш ………………………………………………
§ 26. Дерзоран-доладерзоран цIерметдешнаш а, церан легар а ………………….
§ 27. Гайтаран цIерметдош …………………………………………………………
§ 28. Къастаман цIерметдош ……………………………………………………….
§ 29. Къастамза цIерметдешнаш ……………………………………………………...
§ 30. Дацаран цIерметдешнаш ……………………………………………………..
§ 31. Хаттаран цIерметдешнаш ……………………………………………………
§ 32. ЦIерметдош къастор ………………………………………………………….
§ 33. Хандош …………………………………………………………………………
§ 34. Хандешан билгалза кеп ………………………………………………………
90
§ 35. Хандешан хенаш ………………………………………………………………
§ 36. Хандешан карара хан …………………………………………………………
§ 37. Хандешан яхана хан ………………………………………………………….
§ 38. Яханчу хенан хандешнийн чакхенаш нийсаязъяр …………………………
§ 39. Хандешан йогIу хан …………………………………………………………..
§ 40.
§ 41. Хандешнийн классашца хийцадалар ………………………………………..
§ 42. Хандешнийн терахьашца хийцадалар ……………………………………….
§ 43. Хандешан цхьаллин, дукхазаллин кепаш …………………………………..
§ 44. Хандешнийн терахь, кеп вовшахкъастор …………………………………..
§ 45. Хандош къастор ………………………………………………………………
ТЕРАХЬДЕШНИЙН НИЙСАЯЗДАР
1. ЦIерниг дожарехь
цхьаъ, шиъ, кхоъ, диъ, пхиъ
лаамаза лааме
-Ъ доцуш яздо: -Ъ долуш яздо:
цхьа гIант кхоъ, пхиъ,
ши йоI диъ, шиъ
2.
яздо ца яздо
Й
ялхитта
вуьрхIитта
берхIитта
цхьайтта
шийтта
кхойтта
дейтта
пхийтта
91
ЯХАНЧУ ХЕНАН ХАНДЕШНАШ ПХЕА КЕПЕ ДЕКЪАЛО:
ХIинцца
яхана хан
хIун дин?
хIун хили?
Гуш
яхана хан
хIун дир?
хIун хилира?
Яхана
яьлла хан
хIун дина?
хIун хилла?
Хьалха
яхана хан
хIун динера?
хIун хиллера?
Ихна хан
хIун
хуьлура?
хIун дора?
хаьтти
левзи
хаьттира
левзира
хаьттина
левзина
хаьттинера
левзинера
хоттура
ловзура
ЦIЕРДЕШНИЙН ДОЖАРШ
ЦIерниг мила? хIун?
Доланиг хьенан? стенан?
Лург хьанна? стенна?
Дийриг хьан? стен?
Коьчалниг хьаьнца? стенца?
Хотталург хьанах? стенах?
Меттигниг хьаьнга? стенга?
Дустург хьанал? стенал?