Дешхьалхенаш а, дешт1аьхьенаш а

18-г1а урок
Урокан ц1е: «Дешхьалхенаш а, дешт1аьхьенаш а».
1алашо: берашна дешхьалхенаш а , дешт1аьхьенаш а вовшех къасто
1амор. Церан нийсаязъяран бакъонаш йовзийтар
Кхочушдан лерина жам1аш:
1.Предметни: берашна евзар ю дешхьалхенаш ,дешт1аьхьенаш ,церан
башшхаллаш. Берашна 1емар ду уьш йозанехь билгалъяха.
2. Метапредметни:
Регулятивни: берашна 1емар ду шайн болх кхиамаш алсам хир
болчу кепара д1анисбан. Берашна хуур ду цхьаъ ша , тобанакахь а ,
шайн говзаллашка хьаьвсина болх д1абахьа. Берашна хуур ду шайн
кхиамин бахьнаш довза , царех пайдаэца.1емар ду шайна оьшу
г1ирс , книги т1ехь каро
Коммуникативни: берашна хуур ду шайна т1едиллинарг кхиам
болуш кхочуш дан, 1емар ду шеен балхах лаьцна вистхила , кхиниг
кхето. Берашна хуур ду шайна оьшучохь вовшех дагабовла, оьшург
хатта.
Познавательни: берашна евзар ю дешхьалхенан ,дешт1аьхьенан
башхаллаш-дехьалхе дешан дакъа ду, и яздо дашах хоьттина,
дешт1аьхье къамелан дакъа ду ,и яздо дашах къаьстина.
3. Личностни: берашна евзар ю нохчийн метан хазалла , лаам хир бу и
дика 1амо.
Урок д1аяхьар.
1.Маршалла хаттар.
-Бераш , де дика хуьлда шун!
-Диканца дукха ехийла !
2. Ц1ера болх таллар.
Шардар №66, аг1о 35-36.
-Х1ун ю дешхьалхе? Цо х1ун г1уллакх до?
-Х1ун ю дешт1аьхье ? Цо х1ун г1уллакх до?
3. 1алашо йовзийтар.
-Д1адеша вайна тахана жоп дплп х1оттийна хаттар?( Маца язйо
дешхьалхе хандашца цхьана а , къаьстина а ).
-Х1ун кхиамаш бохур бу аша? Х1ун 1амор ду вай хьалхара?
-Бераш, вай тахана 1амор ду дешхьалхенаш хандешнашца цхьана а ,
къаьстина а язъян. Вайна хуур ду дешхьалхенаш цхьана а , къаьстина а
язъян.
4. Керла тема хьехар.
Дешхьалхенийн хандашца къаьстина а ,хоьттина а язъяр
таллар.
Уьн т1е д1аяздо.
Дешархой д1абахара. Дешархой д1а ца бахара. 1уьйранна хьала а
г1аьттина, школе ванн кечлуш вара Сулиман. 1уьйранна
хьалаг1еттира Сулиман. Машен т1е а девлла д1адуьладелча гира
тхуна тхайн накъостий. Машен т1едевлира бераш.
-Д1аеша хьалхара ши предложении. Буха сизаш хьакха хандешнашна.
-Муха яздина хьалхарчу предложенехь дешхьалхе д1а- хандашца?
(Хоьттина).
-Муха яздина шолг1ачу предложенехь дешхьалхе д1а-
хандашца?(Къаьстина).
-Х1унда язйина шолг1ачу предложенехь дешхьалхе дашца? Книги т1ехь
лаха жоп. Д1адеша.
Д1аеша кхоалг1а а ,йоьалг1а а предложенеш. Муха яздина шина
предложенехь хандешнашца дешхьалхе? (Хоьттина, къаьстина).
-Маца язйо дешхьалхе хандашца къаьстина? Д1аеша бакъо.
-Д1аеша т1аьххьара предложенеш? Маца яздина хандош дешхьалхенца
къаьстина? Д1адеша жоп.
-Муха язйо дешхьалхе хандешца ? (Къаьстина а ,хоьттина а ).
-Маца язйо дешхьалхе хьандашца къаьстина? (Дешхьалхе хандашца
къаьстина язйо, нагахь сана дешхьалхений , орамний юккъе а, ца ,ма
даг1ахь.
-Муьлхачу дешнашца язйо дешхьалхенаш? (Хандешнашца).
-Д1аязъе предложенеш.
Уьн т1е д1аяздо.
Стоьла …1уьллу сахьт. Адам хи… велира нека ца хуушшехь. Дитта …
бара хьозанан бен. Мархашна….лела кема. Хи…лела водолазаш.
-Д1аеша предложенеш. Муьлха дешнаш оьшу церан маь1на дуьззина
хилийта? (Т1ехь, чу, т1ехь, т1ехула, к1елхула).
-Дешт1аьхьенашна а , царна хьалхарчу дешнашна а буха сизаш хьокхуш
д1аязъе.
-Уьш х1ун ю? (Дешт1аьхьенаш).
-Д1аеша бакъо. Х1ун ю дешт1аьхье? Муха язйо и дашца?
-Муьлхачу дешнашца язйина дешт1аьхьенаш? (Ц1ердешнашца).
Берашка шайга болх байтар.
Шардар № 68 , аг1о 36-37.
5. Сада1аран миноташ.
Маьлхан серло яржале -
Цхьаъ - шиъ - кхоъ,
Г1енаш лахка, човхаде -
Цхьаъ, шиъ - кхоъ.
Йиша,ваша г1аттаде
-Цхьаъ -шиъ - кхоъ.
Физзарядка йолае
-Цхьаъ - ш иъ -кхоъ.
Т1аьхьара алар:
Цхьаъ - шиъ - кхоъ,
Цхьаъ - шиъ - кхоъ,
Цхьаъ - шиъ - кхоъ,
Цхьаъ - шиъ - кхоъ.
Меттахвала, кхоссало
Цхьаъ - шиъ - кхоъ,
Г1аж схьалаца, кхозало -
Цхьаъ - шиъ - кхоъ.
Куьйгаш айба, волало -
Цхьаъ - шиъ - кхоъ.
Ницкъ бохьур бу боларо -
Цхьаъ - шиъ - кхоъ.
(Цугаев Салман)
XIapa физминот музыка а локхуш ян тарло. Багахь x1apa йиш
а локхуш зарядка яйта тарлуш ду.
6.1амийнарг т1еч1аг1дар.
Бакъо таллар.
-Д1аеша 37 аг1он т1ера бакъо. Х1ун ю дешт1аьхье ? И муха язйо
ц1ердашца ?
-Х1ун ю дешхьалхе? Муха язйо и хандешнашца? Маца язйо и хандашца
къаьстина?
Йозанан болх бар.
Шардар № 69, аг1о 37.
-Д1аеша хьалхара предложени. Муха язйо дешт1аьхье ц1ердашца?
(Къаьстина).
(Иштта толлу йисна предложенеш).
-Д1аязде шардар.
7. Жам1 дар.
-Х1ун ю дешхьалхе? Муха язйо иза хандашца?
-Х1ун ю дешт1аьхье? Муха язйо и ц1ердашца?
8. Рефлекси.
-Х1ун кхиамаш бехи аша?
9. Ц1ахь бан болх балар.
Шардар № 67 , аг1о 36 . Бакъо аг1о 36.