Чолхе дешнаш
19-г1а урок
Урокан ц1е: «Чолхе дешнаш».
1алашо: чолхечу дешнех нийса кхетам балар. Церан шиъ орам хилар
хаийтар.
Кхочушдан лерина жам1аш:
1.Предметни: берашна 1емар ду чолхе дешнаш талла, церан ши а орам
каро , билгалбаккха.Берашна 1емар ду чолхе дешнаш предложенешкахь
каро билгалдаха.
2. Метапредметни:
• Регулятивни: : берашна 1емар ду шайн болх кхиамаш алсам хир
болчу кепара д1анисбан. Берашна хуур ду цхьаъ ша , тобанакахь а ,
шайн говзаллашка хьаьвсина болх д1абахьа. Берашна хуур ду шайн
кхиамин бахьнаш довза , царех пайдаэца.1емар ду шайна оьшу
г1ирс , книги т1ехь каро
• Коммуникативни: берашна хуур ду шайна т1едиллинарг кхиам
болуш кхочуш дан, 1емар ду шеен балхах лаьцна вистхила , кхиниг
кхето. Берашна хуур ду шайна оьшучохь вовшех дагабовла, оьшург
хатта.
• Познавательни: берашна 1емар душ и орам болу дешнаш х1итто,
церан башхеллех кхета. Берашна 1емар ду чолхе а , цхьалхе а
дешнаш вовшех къасто.
3. Личностни: берашна евзар ю нохчийн метан хазалла , лаам хир бу и
дика 1амо.
Урок д1аяхьар.
1.Маршалла хаттар.
-Бераш , де дика хуьлда шун!
-Диканца дукха ехийла !
2. Ц1ера болх таллар.
Шардар №67 , аг1о 36.
-Муьлха дакъош яздина аша т1адамийн метана? Х1ун ю уьш? Стенах олу
суффикс?
3. 1алашо йовзийтар.
-Д1аеша урокан ц1е. (Чолхе дешнаш).
-Муьлхачу дешнех олу чолхе дешнаш? (Берийн жоьпаш).
-Муьлхачу дешнех олу цхьалхе дешнаш? (Берийн жоьпаш).
-Х1ун кхиамаш бохур бу вай? Х1ун 1амо дагахь ду шу?
-Вайна тахана 1емар ду чолхе дешнаш довза , уьш х1итто, церан
башхаллех кхета.
4. Керла тема хьехар.
• Чолхечу дешнийн тидам бар.
Уьн т1е д1аяздо.
Дог+ц1ена-…(Догц1ена).
Х1у +таса-…(Х1утосург).
Ч1ерий+леца-….(Ч1ерийлецархо).
Хаза+хетта-…(Хазахетар).
Зуда+бер-…(Зудабер).
Хьелий+оза-…(Хьелийозархо).
-Д1адеша дешнаш. Шишша дош вовшах а тухуш керла дешнаш кхолла.
Д1адеша дешнаш. Муьлха дешнаш ду уьш? (Уьш чолхе дешнаш ду).
-Муха кхолладели чолхе дешнаш? (Шидош вовшахтохарца).
-Билгалбаха орамаш. Маса орам хуьлу чолхечу дешнийн? (Шиъ).
-Муьлхачу дешнех олу чолхе дешнаш? Караде жоп книги т1ехь.Д1адеша.
-Д1аязде дешнаш тептарш т1е.
• Берашка шайга болх байтар.
Шардар № 70, аг1о 38.
(Бераша шаьш кхочушдо шардар).
5. Сада1аран миноташ.
Мархаш дог1анах яссало:
- Дола, дог1а, дола!
Чуьппалгаш а кхиссало,
- Мала, к1а, ахь мала.
К1ено охьатаъ1ий,
Молу, молу, молу.
Мела дог1а, ца соцуш,
Дог1у,дог1у, дог1у.
6. 1амийнарг т1еч1аг1дар.
• Чолхе дешнаш предложенехь билгалдахар.
Шардар № 71 , аг1о 38.
-Д1аеша хьалхара предложени. Муьлханиг ду чолхе дош? (Зудабераш).
-Муьлханаш бу цуьнан орамаш? (Зудабер).
-Буха сиз хьакха, билгалбаха орамаш.
(Иштта толлу важа дешнаш).
Шардар № 73 , аг1о 39.
-Д1аязде шардар , орамаш билгал а бохуш.
7. Жам1 дар.
-Муьлханаш ду чолхе дешнаш?
• Карточкашца болх бар.
Чолхечу дешнашна буха сиз хаькха.
Х1урдакема, ч1ара,
ч1ерийлецархо, жа1у, таллархо,
юьртахо , иллиалархо,
х1утосург.
Чакхъяккха сан предложении.
Чолхе дешнаш олу_______________
______________________________________
Масала,
8. Рефлекси.
-Х1ун кхиамаш бехи аша? Х1ун керланиг хии шуна? Муха д1аболийча
бакъхьа хетта шуна урокан тема 1амош д1ахьо болх? Бакъо теллача атта
ду , я масалаш т1ера д1аволавелча атта ду?
9. Ц1ахь бан болх балар.
Шардар № 72, аг1о 39.
Педагогика - еще материалы к урокам:
- Комплекс упражнений для обучения стратегиям чтения профильно-ориентированных текстов на английском языке
- Анализ основных преимуществ STEM - образования
- План воспитательной работы 2 класса на 2018-2019 уч. год
- Конспект занятия "Разноцветное путешествие" с детьми средней группы
- Проект в средней группе "Ферма у дядюшки Мирона"
- Картотека Сюжетно-ролевых игр для детей среднего возраста "Дом, семья"