Конспект "«Тупалхо лийр вац» З.сулейманова"
Чеченская литература
Тема: «Тупалхо лийр вац» З.сулейманова
1алашо: З.сулейманован «Тупалхо лийр вац» стихотворени йовзийтар;
нийса а , шера , кхеташ а стихотворни тексташ еша 1амор; нохчийн къоман
лийр боцу к1ентий бовзийтар, царех дозалла дар кхиор.
Билгалбаьхан кхиамаш: берашна хаьар ду , хезаш а, меллаша стихотворни
тексташ еша; берашна хуур ду шайн дешнашца а , учебника т1ера масалаш
далорца хьехархочун хаттаршна жоьпаш дала, берашна хуур ду турпалхойн
васт х1отто, царех тарбала лаам хир бу берийн.
Урок д1аяхьар.
1.Ц1ера болх таллар.
Бераша д1адоьшу В.Матиевн «Ханпаша т1амехь» ц1е йолу дийцар
2.Дешаре шовкъ кхоллар.
Хутал хецна хорбаз, бухкаюххехь беха пха.
Хедар - налха, бошхап - худар.
-Д1адеша меллаша, юха чехка.
3.1алашо йовзийтар
-Муьлха дийцар доьшур дув ай ?Х1ун болх бийр бу вай и дийцар 1амош?
Суна девзар ду…
Суна 1емар ду…
Аса дийр ду…
-Вай тахана д1айоьшур ду З.Сулеймановн «Турпалхо лийр вац »ц1е йолу
стихотворени
4.Керла тема хьехар.
а)Хьехархочо д1айоьшу З.Сулеймановн «Турпалхо лийр вац » ц1е йолу
дийцар.
аь)Чулацамах къамел дар.
-Мила ву стихотворени т1ехь вуьйцург?
-Х1унда дехар ду даимна даимна турпалхойн сий?
-Вай юьртахь хьан лаьцна Даймехкан т1амехь дакъа?
-Церан хьуьнарех лаьцна х1ун хаьа шуна?
5.Сада1аран миноташ.
1ам чохь баьццара ши пхьид
Дукха каде хьийзаш яра:
Юьхь-куьг цара дуьлура,
Дег1ах гатахьоькхура.
Когашбетташ, т1араш
детташ, Аьрру, аьтту д1асасетташ.
Юха хьала а нислуш,
Багахь«къакъи» дора.
Цундела ю уьш могушШу а хила лууш.
(Бераша байташйоыду дег1ан меженаш хьееш).
6. 6.Керла тема кхин д1а а хьехар.
а)бераша д1айоьшу З.Сулеймановн «Турпалхо лийр вац » ц1е йолу
стихотворени
7.Рефлекси.
Х1ун дан ницкъ кхечи шун?Х1ун диси ца далуш?
Суна евзи…
Суна 1еми..
Аса д1айиши..
8.Жам1 дар.
-Муьлха дийшира дийши вай?
9.Ц1ахь бан болх балар
Аг1о 131 дагахь 1амо