Презентация "ГIиллакх а, оьздингалла а" 2 класс

Подписи к слайдам:
ГIиллакх а , оьздингалла а. Адамашна юккъехь лела оьзда г1иллакхаш довзийтар, уьш дийцар.
  • Адамашна юккъехь лела оьзда г1иллакхаш довзийтар, уьш дийцар.
  • Стеган дег1аца йолу унахц1еналла д1аяьлча,   цуьнан оьздангаллин гайтам бу духар ,цунах дешархой кхетор.
  • Вайн дайша лардина оьзда г1иллакхаш дийцина ца 1аш   уьш ларда дезарх кхетош-кхиор.

Урокан 1алашо:

 « Г1иллакх ялсаманера схьадеъна», ялсамане духадерза дезаш а ду, ша лелочу нахаца цхьаьна»
  •  « Г1иллакх ялсаманера схьадеъна», ялсамане духадерза дезаш а ду, ша лелочу нахаца цхьаьна»
  • Г1иллакх - динан ах ду.(Г1иллакх довзийтарх а ца тоьа, нагахь и лелош ца хилча)
  • Оьздангалла, дуьххьалд1а, х1ора стеган леларехь, амалшкахь гучуяьлла ца 1аш, цуьнан сица, синкхетамца хила езаш а ю
Стеган дег1аца йолу унах ц1еналла д1аяьлча, цуьнан оьздангаллин гайтам бу духар. Г1иллакхо лайх эла вина, г1иллакх ца хиларо элах лай вина аьлла вайн дайша…

Оцу берaна тle а веъна, иза к1ант вуйла а хиъна, цунна юххе cовг1атнa шен ворхIазза йолу тапча охьа а йиллина, «Дала беркате доьзалхо войла кхунах, Дала дукхавахавойла хlapa», - аьлла, дlавахна

зудчо коьртара йовлакх даккхар тамашийна, доккха х1ума ду, иза цхьа йоккха киртиг т1е ца х1оьттича дан йиш йолуш а дац; цундела и зуда оццул ч1ог1а холча а х1оттийна, шаьш лелориг ма-ледара х1ума ду олий, совцуш хилла уьш, цуьнга йовлакх сихха д1атиллийта, х1унда аьлча, зуда коьрта 1уьйра гича, стигал и ца дезалой, керчий, т1ек1елйолу боху. Духар уггар хьалха д1адолало коьрта туьллучу х1уманна т1ера. КУЙ Стаг бераллера валаран, цунна т1е баккхийчеран дукъ дожаран, вуонна а, диканна а д1ах1отта кийча хиларан билгало ю (доьхка)юкъ ехкар. хаттарш
  • Зуда ялийна меттиг хилча х1ун олу? -
  • К1ант вича х1ун олу? –
  • Ц1ена бедар юьйхина хилча а, эцча а?
  • Керлачу ц1а чу ваьллачуьнга х1ун олу?
  • Цхьа бохам хиллачуьнга х1ун олу?
Зуда ялийна меттиг хилча х1ун олу? -(Дала беркате т1аьхье йойла! )
  • Зуда ялийна меттиг хилча х1ун олу? -(Дала беркате т1аьхье йойла! )
  • К1ант вича х1ун олу? – ( Дала беркате доьзалхо войла! Т1аьхье беркате йойла!
  • Ц1ена бедар юьйхина хилча а, эцча а? – ( Г1оза лелайойла! )
  • Керлачу ц1а чу ваьллачуьнга?- ( Х1усамаш Дала беркате йойла,чохь иман, беркат ма эшадойла, ирсе г1уоза дахар хуьлда!)
  • Цхьа бохам хиллачуьнга х1ун олу?- ( Эзар балех хьалха волийла.Дала диканца меттах1оттадойла хилла зен.)
 Х1етал-металш.
  •  Х1етал-металш.
  • 1.  Дуьнен чохь цкъа а ца леш ерг?
  • Дикалла.
  • 2.  Барзо шен кан хийцарх, ца хуьйцуш ерг х1ун ю?
  • Амал.
  • 3.  Нанас шен берана комаьрша кховдошъерг х1ун ю?
  • Йовхо.
  • 4.  Гергарлонан бух хилла лаьтташъерг  х1ун ю?
  •   Марзо
  • 5.  Муьлхачу а адамехь ца хилча йиш йоцург х1ун ю?
  • Адамалла.
  • 6.  Кицанахь сарралц бен лаьтташ яц бохуш, юьйцург х1ун ю?
  •  Хазалла.                                                                                          
  • 7.  Адаман г1иллакхехь тоьллачух цхьа г1иллакх х1ун ду?
  • Комаьршалла.
  • 8.  Цхьана а садолчу а, садоцчу а х1уманца  адамна Дала лело бакъо цаелларг х1ун ю?
  • Ачо(хьаг1, гамо).
  • 9.  Муьлххачу а къийсамехь уггаре а дика герз муьлха ду?                                     
  •   Хьекъал.
Г1илкхехь, оьзда лелар
  • Хаттар:Чу-араволуш хьалхе хьаьнга яла еза? 
  • Жоп:    Чу-араволуш хьалхе воккхачуьнга а,заь1апчуьнга а д1аяла еза.
  • Хаттар:    Хьошалг1ахь шена хьалха йиллина юург  буха а ца юьтуш яа еза,я мелла а буха йита еза?
  • Жоп:   Жимма буха йита еза.ша вуззалц йиъна хиларан маь1на ду цуьнан.
  • -Суна ч1ог1а  дика хета шуна иштта дика хууш. Дала и хаарш  берашна  хьеха кхин а к1орггера  хаа  пурба лойла вайна.
Хьаша  вар  а,  т1еэцар 
  • 1. Вевзаш  вара,  вацара  ца  бохуш, хене  ца  хьожуш,  т1еоьцуш  ду  хьаша.
  • «Вевзаш  вацарх,  ломахь  наха  даима  оьцу  Хьаша  т1е» (А.Сулейманов).
  • Кхин  ца  масал  а  далор  вай:
  • -«Ассаламу 1алайкум!  Хьаша  т1еоьций  аша?  -  Ва  1алайкум вассалам! Йокъанах  дог1анна  санна,  т1ера  ду-кха  тхо  хьешана, - жоп  делира лекхачу  дег1ахь  волчу  стага:
  • - Тхо  ч1ирхой ду.  Сан  ц1е  Хасболат  ю. Ткъа  х1ара  сан  к1ант  ву, Шахьби. Буьйса  яккха  меттиг  езара  тхуна.- Марша  вог1ийла  хьо! Чоьхьавала.  Хьайн   ц1а  веана  хьо»;
  •  
Дерзор:  Нохчийн г1иллакх-оьздангалла,васт далош аьлча,цхьа лекха б1ов ю. Вайн къоман х1ора а чкъуро цхьацца кхериг буьллуш йоьттина,лакхаяьккхина. Цундела х1ора нохчочун декхар ду и б1ов 1алашъяр,иза кхин а лакхаяккхарехь дакъалацар. Нохчийн г1иллакх-оьздангаллин г1ала замано а йохор яц,нагахь вайх х1орамма а иза 1алашъяхь,шен леларца,вистхиларца,дечу г1уллакхца. Иза лаьттар ю,нохчийн къам мел деха.»  
  • Баркалла