Нохчийн литературин 5-9 классашна лерина программа

Нохчийн литературин 5-9 классашна лерина
программа
Кхеторан кехат
Нохчийн литературин юкъарадешаран юккъерчу школана лерина
программа хIоттийна Нохчийн Республикин юкъарадешаран школашна
лериначу планан , юкъара дешаран коьрта юкъарадешаран пачхьалкхан
программин бух т1ехь, Федеральни пачхьалкхан дешаран стандартан, коьрта
юкъара дешаран федеральни пачхьалкхан дешаран стандартана бина
хийцамаш, Россин Федерацин дешаран а, 1илманан а Министерствос омрица
ч1аг1бина болу 17-чу декабрехь 2010-чу ш. № 1897.
(т1еч1аг1дина Россин Федерацин дешаран а, 1илманан а Министерствон
омрица 31-чу декабрехь 2015-чу ш. № 1577) а, коьртачу дешаран программин
бух т1е а тевжаш, С.Э.Эдиловн нохчийн литературин герггарчу хьесапехь
йолчу программех пайда а оьцуш.
Программа лерина ю х1окху сахьтийн барамна:
Класс
Дешаран
к1ира
сахьтийн барам
к1ирнах
Дешаран шеран
дерриге
сахьташ
5класс
34
2
68
6 класс
34
1
34
7класс
34
2
68
8 класс
34
2
68
9 класс
34
2
68
Программан тайпа: нохчийн литературан базови программа
Белхан программина кхачо йина дешаран –методически комплексаца:
1аматаш:
1.Эдилов С.Э.Нохчийн литература :1амат:5 класс:-Соьлжа-Г1ала: АО «ИПК
«Грозненский рабочий» , 2018шо.
2.Эдилов С.Э.Нохчийнлитература:1амат:6 класс:-Соьлжа-Г1ала: АО «ИПК
«Грозненский рабочий» , 2017шо.
3. Эдилов С.Э. Нохчийн литература:1амат:7 класс:-Соьлжа-Г1ала: АО «ИПК
«Грозненский рабочий» , 2018шо.
4.Ахмадов М.М, Алиева З.Л. Нохчийн литература:1амат:8 класс-Соьлжа-
Г1ала: АО «ИПК «Грозненский рабочий» , 2017шо.
5. Арсанукаев А.М., Эдилов С.Э. Нохчийн литература:1амат: 9 класс-
Соьлжа-Г1ала: АО «ИПК «Грозненский рабочий» , 2017шо.
«Литература» предмет Iаморан жамIаш
Коьртачу юкъарадешаран школа чекхйоккхучуьнгахь «Литература»
предмет Iамош кхио деза личностни жамIаш ду:
-шен къоман векал а, дукхакъаьмнийн Российски пачхьалкхан
гражданин а ша хиларх кхеташ хилар;
-личностан синъоьздангаллин мехаллаш кхачаме ялор, дукхакъаьмнийн
махке безам кхиор, нохчийн литературе (культуре), кхечу къаьмнийн
культуре болу ларам кхиор;
-хIума довзаран а, коммуникативни а декхарш кхочушдарехь хаамийн
тайп-тайпанчу хьастех пайда эцар (словараш, энциклопедеш, интернет-
гIирсаш).
Коьртачу юкъарадешаран школехь предмет «Литература»
Iаморан метапредметни жамIаш билгалдовлу:
-проблемех кхета а, гипотеза хьалха яккха а, коьчал структуре ерзо а,
шена хетарг тIечIагIдеш делил дало а, барта а, йозанан а аларшкахь бахьанин
- тIаьхьалонан уьйраш билгалъяха а, жамIаш кепе дерзо а хаарехь;
-ша гIуллакхдар вовшахтоха а, цуьнан мах хадо а, шена самукъане хета
болу гуо къасто а хаар карадерзорехь;
-ша гIуллакхдеш юстаран, дуьхь-дуьхьал хIитторан кепех
пайдаэцарехь;
-тайп-тайпанчу хаамийн хьасташца болх бан, уьш лаха, талла, ша
гIуллакхдарехь царах пайдаэца хаарехь;
Коьртачу юкъарадешаран школа чекхйоккхучеран предметни
жамIаш лаьтта:
1) хIума довзаран декъехь:
-барта кхоллараллин а, тайп-тайпанчу муьрийн нохчийн литературин
произведенийн коьртачу проблемех кхетам хилар; и проблемаш нийса цхьана
кепе ерзо хьуьнар хилар;
-произведени а, иза язъяран муьран уьйрах кхетар, цу произведенийн
бухехь йолу хенан йохаллехь йовр йоцу синъоьздангаллин мехаллаш а,
церан тахана а маьIне хилар билгалдаккхар;
-литературни произведенина таллам бан хаар: хIокху я оцу литературни
родан а, жанран а произведени иза хилар билгалдан хаар; темех, идейх кхета
а, кепе ерзо а, цуьнан синъоьздангаллин мехаллаш, турпалхойн амалш
билгалъяхар, цхьана я масех произведенийн турпалхой буста, нохчийн а,
кхечу къаьмнийн а литературин произведенеш вовшашца юста;
- произведенехь сюжетан дакъош, дIахIоттам, меттан суртхIотторан
гIирсаш къастор, чулацаман идейно-исбаьхьаллин агIонаш билгалъяхарехь
цара дIалоцучу меттигах кхетар (филологически талламан кепаш);
-литературни произведени толлуш юьхьанцара (элементарни)
литературоведчески терминологи евзаш хила езар;
2) мехаллин-некъ бовзаран (ориентацин) декъехь:
-нохчийн литературин синъоьздангаллин мехаллашка кхачор, шен
къоман синъоьздангаллин мехаллашца уьш юстар;
- нохчийн литературин произведенех лаьцна шена хетарг цхьана кепе
дерзо хаар, церан мах хадор;
-Iамийначу произведенех лаьцна шен кхетам хилар;
-авторна хетачух кхетар, цунах лаьцна шена хетарг ала хаар;
3) коммуникативни декъехь:
-тайп-тайпанчу жанрийн литературни произведенеш нохчийн маттахь
лерсица а, цхьанатайпанара а тIеэцар, кхеташ ешар;
-текст тIера цитаташ а ялош, меттан исбаьхьаллин гIирсех пайдаэцарца
прозаически произведенеш я церан дакъош юхасхьадийца хаар; ладоьгIначу я
ешначу текстан хьокъехъ хаттаршна жоьпаш далар; барта монологически
къамелан тайп-тайпана аларш кхоллар; шеца къамел деш волчуьнца
оьздангаллин барамаш ларбеш, гIиллакхехь диалог дIаяхьар;
-Iамийначу произведенийн тематикица а, проблематикица а йоьзна
изложенеш, сочиненеш язъяр, цIахь а, классехь а йозанан белхаш кхочушбар,
юкъара культурин а, литературни а теманашна рефераташ язъяр;
4) эстетически декъехь:
-дешан исбаьхьаллех (искусствох) санна литературах кхетар,
эстетически кепара нохчийн литературин произведенеш тIеэцар; нохчийн
исбаьхьаллин тексташ тIехь исбаьхьаллин (эстетически) чам кхиор;
- эстетически гIуллакхдарехь нохчийн дашах, литературни
произведенийн васташ кхуллуш меттан суртхIотторан исбаьхьаллин
гIирсаша дIалоцучу меттигах кхетар;
-меттан дIахIоттаман а, нохчийн, оьрсийн литературин вастийн
системийн башхаллашца а доьзна нохчийн а, оьрсийн литературин
произведенеш вовшашца юста хаар.
Программин коьрта чулацам
Коьрта юкъарадешаран школа
(5 9 классаш)
1-ра дакъа. Литература дешан исбаьхьалла санна
Кхечу исбаьхьаллашна юккъехь литературо д1алоцу меттиг. Дешан
исбаьхьаллехь дахар исбаьхьаллин кепехь гайтаран башхалла.
Исбаьхьаллин литература дуьне довзаран, адаман синъоьздангаллин
тайп-тайпаналлин дахар а, хьал а довзаран цхьа кеп санна; дахар
исбаьхьаллин кепара гайтар. Эстетически чам а, синъоьздангалла а кхиорехь
литературо бен т1е1аткъам.
2-г1а дакъа. Халкъан барта кхоллараллера
Нохчийн халкъан барта кхолларалла а, цуьнан башхаллаш а. Барта
кхоллараллехь халкъан ойла, лаамаш, сатийсамаш, дегайовхо билгалъялар.
Нохчийн барта кхоллараллин тайпанаш: иллеш, эшарш, туьйранаш, шира
дийцарш, хабарш, аларш, наьрт-эрстхойх лаьцна дийцарш, Молла-Несартан
хабарш, тийжамаш, кицанаш, хIетал-металш.
Нохчийн халкъан туьйранаш (инзаре-тамашийна, дахаран, дийнатийн)
Миф а, туьйра а. Туьйранийн тайпанаш. Дийнатийн васташ халкъан
туьйранашкахь. Халкъан а, литературни а туьйранаш. Туьйранашкахь
бакъдерг инзаре-тамашеначуьнца нисдар, васташ кхолларан башхалла.
Туьйранашкахь бакъдерг толош, зуламениг эшош хилар.
Литературин кегийра жанраш (кицанаш, х1етал-металш). Кицанаш
хьекъале, доца аларш. Х1етал-металийн башхаллаш.
Нохчийн халкъан иллеш, эшарш а, шира дийцарш, хабарш, аларш.
Лирически а, турпалаллин а иллеш. Лирически иллийн къастамаш.
Турпалхойн ойла лирически иллешкахь гучуялар. Турпалаллин иллехь
къоман дахарехь маь1не долу г1уллакхаш, г1иллакхаш ч1аг1дар, къонахийн
хьуьнарш хастаме деш дийцар, мостаг1ашна дуьхьал къийсам латтор гайтар.
Иллийн чулацам, д1ах1оттам, исбаьхьаллин башхаллаш. Халкъан эшарш,
церан чулацам а, маь1на а, тайпанаш а.
Исторически хиламаш я билггалчу наха лелийна г1уллакхаш дуьйцу
дийцарш.
Билггалйолчу меттигех (юьртах, ломах, рег1ах, хих, б1аьвнех) лаьцна
дийцарш.
Наьрт-аьрстхойх лаьцна дийцарш. Вайн халкъо наьрташца латтийна
къийсам.
1аьржа-Хожаг1арах лаьцна дийцарш, церан башхаллаш. Иллешкахь
турпалхочун васт. Дикачун, вочун къовсам. Гипербола фольклорехь.
Нохчийн халкъан барта кхолларалла гулъяр, дIаязъяр, зорбатохар.
Оьрсийн яздархоша А. С. Пушкина, М. Ю. Лермонтовс, Л. Н. Толстойс,
кхечара а шайн кхоллараллехь нохчийн барта произведенех пайдаэцар.
ХIинцалерчу фольклористаша къоман барта кхолларалла гулъярехь,
иза Iалашъярехь, Iилманца талларехь беш болу болх.
ХIинцалерчу исбаьхьаллин литературин барта кхоллараллица йолу
зIенаш.
3-гIа дакъа ХХ бIешеран хьалхарчу эхан литература.
С. С. Бадуев. Дахар а, кхолларалла а.
Дийцар «Зайнди». Йоза-дешар хууш хилар керлачу дахаре болу некъ.
Дийцаран васташ а, маьIна а.
ЦIеран арц” повестан чулацам а, исбаьхьаллин башхаллаш а. Пурстоьпан
Кульдевичан, цунна тIаьхьа бозучу Мирзин, Эльбертан амалш. Къоман
ламасташ повесть тIехь гайтар. Хонмурд а, цуьнан доьзал а. Бано а, Залуба а.
Нохчийн зударийн оьздангалла, цара шайн сий, къоман гIиллакхаш а лардар.
Повестехь исбаьхьаллин сурт хIотторан башхаллаш.
“Бешто” повестан тема а, дIахIоттам а. Бештон, Бусанин кхоллам. Повестан
персонажийн амалш, уьш гайтаран исбаьхьаллин башхаллаш.
Бадуев СаьIидан произведенешкахь нохчийн Iер-дахар гайтаран башхаллаш.
Къоман литература, культура кхиорехь Бадуев СаьIидан кхоллараллин
маьIна.
I. Ш. Мамакаев. Дахар а, кхолларалла а. Стихотворенеш «Берзан
бекхам», «Садаьржаш», “Кавказан латта”, Сайн кIанте”, “ЙоIе” (
IиндагIаш дахделла...) Даге”. Поэмаш «Дагалецамаш», «Нохчийн
лаьмнашкахь».
Поэтан лирикин тайп-тайпана тематика а, проблематика а. Поэтан
кхоллараллехь даймехкан, Iаламан суьрташ. Лирически турпалхочуьнан
даймахке а, шен халкъе а болу хьанал безам, цуьнан вахаран Iалашо халкъан
хьашташка хьажийна хилар. Поэтан лирикехь безам а, доттагIалла а.
Юкъараллийн дахарехь поэтан декхарш а, поэзин меттиг а.
Поэма «Дагалецамаш». Поэмехь авторан Iаламе, Терке болу безам. Сирлачу
кханенах лаьцна йолу дог-ойла, синхаамаш.
Поэма Нохчийн лаьмнашкахь”. Поэми тIехь нохчийн халкъан хьалхалера
дахар гайтар. АслагIий, Сельхьат. Церан къона дахар хIаллакьхиларан
бахьана. Авторан ойла.
“Нохчийн лаьмнашкахь” поэмин лирический, эпический билгалонаш.
Поэмин стих а, меттан башхаллаш а.
Мамакаев Iаьрбин поэзино литературехь а, къоман культурехь а дIалоцу
меттиг.
М. А. Мамакаев. Дахар а, кхолларалла а.
Стихотворенеш «Даймехкан косташ», «Лаьмнийн дийцар, «Пондар».
Мамакаев поэзин философски чулацам, цуьнан лирикехь даймехкан, къоман
историх лаьцна, патриотически, г1иллакх-оьздангаллин мукъамаш.
Лирически турпалхочо стеган парг1атонах, сийх, Даймахках лаьцна ен
ойланаш.
Дийцар «Баппа». Сутаралло а, деган куралло а элан даржах вохавар. Хьоло
вузийна стаг нийсонах хедаш, г1иллакхах херлуш, хьекъалх оьшуш хилар,
халкъ шен олаллин к1ел сацо цхьаьннан а ницкъ кхочург цахилар ч1аг1дар.
Н. Д. Музаев. Яздархочух лаьцна дош.
Стихотворени «Накъосташка». Яхь йолуш, оьзда, хьуьнаре, догц1ена
хилар деза а, сийлахь ларар. Адамийн сакхте амалш емалъяр.
М. А. Сулаев. Дахар а, кхолларалла а.
Поэма «Пхьарматан бIаьрхиш». Мифологин турпалхочун Пхьарматан
бIаьргашца кху дуьнен тIехь хилла а, хуьлуш болу а бохамаш поэми тIехь
гайтар. Къизаллина дуьхьал поэта ойъу дера аз, дуьнен тIехь мел долчу
зуламашца луьра къийсам латто безаш хилар чIагIдар.
Х. Э. Эдилов. Дахар а, кхоларалла а. Стихотворенеш «Ненан безам», «Сий
делахь, латта».
Поэтан дахаре, 1аламе болу безам, 1аламан дахарца экам хила везар
ч1аг1дар.
Ирс къуьйсуш велларг сийлахь а, веза ларар.
Б. С. Саидов. Дахар а, кхолларалла а.
Литературни туьйра «Майра к1ант Сулима». Хьаналчу къинхьегаман
маь1на гайтар а, хьоладайн писалла а, ямартло а емалъяр. Адамийн деган
дикаллий, оьздангаллий, къинхетаме хиларрий хастор.
Стихотворенеш «Вина юрт», «Деган аз».
Хьоме мохк, граждански дог-ойла Б. Саидовн поэзехь.
Х. Д. Ошаев. Дахар а, кхолларалла а. Дийцар «Чайра», очерк «Иччархо
Абу-Хьаьжа Идрисов».
«Чайра» дийцарехь кхолламо шен махках д1акъастийначу стеган дай
баьхначу лаьтте болу сатийсам, винчу махке болу безам гайтар. Стеган
дахарехь Даймохк уггар сийлахь а, беза а, хьоме а кхерч хила безар ч1аг1дар.
Очеркан жанр нохчийн литературехь. Очеркехь турпалхочун Идрисов
Абу-Хьаьжин дагалецамаш а, цуьнан б1аьхаллин г1уллакхаш а.
С. М. Курумова. Яздархочух лаьцна дош.
«Дохк» («Дохк повеста т1ера кийсак). 1аламан суьрташ а, церан
исбаьхьаллин декхар а. Ламанан 1аламан акхараллин хазалла.
З. А. Муталибов. Яздархочух лаьцна дош.
Стихотворени «Доттаг1алла»
Поэта къаьмнашна юккъера доттаг1алла ч1аг1дан дезаш хилар гайтар.
4-г1а дакъа. ХХ бIешеран шолгIачу эхан литература.
А. С. Сулейманов. Дахар а, кхолларалла а.
Стихотворенеш «Борз ю уг1уш», «Шуьнехь дош», «Дог дохден ц1е».
А. Сулеймановн поэзин романтизм. Поэтан лирикехь къонахаллин а,
оьздангаллин а тема. Къоман эхь-бехк лардеш волу цуьнан лирически
турпалхо.
Поэма «Дахаран генаш». Маьрша Даймохк, тешаме доттаг1алла,
къонахалла, бартболу доьзал поэмин коьрта теманаш. Таханлерчу дахарехь
г1иллакх-оьздангаллица доьзна кхачамбацарш 1орадахар, цаьрца къийсам
латто безар.
I-Хь. Х. Хамидов. Дахар а, кхолларалла а.
Дийцар «ДIа коч, схьа коч». Пьеса «Лийрбоцурш».
I-Хь. Хамидов яздархо-сатирик, драматург. Беламе дерг (юмор) нохчийн
литературехь. Яздархочун-сатирикан кхоллараллин коьрта теманаш.
Адамийн амалшкахь сакхтениг емалдаран говзалла.
“Лийрбоцурш” турпалаллин драми т1ехь Даймохк фашизмах 1алашба
г1евтинчу б1аьхойн майралла а, уьш къинхетам болуш хилар а гайтар.
Тайп-тайпанчу къаьмнех болчу б1аьхошна юкъара доттаг1алла.
Нурадиловс, Федоровс, Баркинхоевс, Бульбас шайн къона дахар Даймахкана
д1адалар. Нохчийчоьнан оьздачу к1ентан майрачу б1аьхочун Нурадилов
Ханпашин турпалалла.
Пьеси т1ехь гайтина мостаг1чун амалш.
“Лийрбоцурш” драми т1ехь турпалхойн васташ кхолларан г1ирсаш.
Т1емалочун васт х1оттош а, мостаг1ий гойтуш а шен къастам болуш
билгалйолу исбаьхьаллин говзалла.
Р. С. Ахматова. Дахар а, кхолларалла а. Стихотворенеш «Лийрбоцурш»,
«Ма хала ду цунах кхета»
Поэтессин кхоллараллехь лирически тема, даймахке а, иза ларбеш
болучаьрга а болу безам.
1. Э. Гайсултанов. Дахар а, кхолларалла а.
Дийцарш «Нийса кхел», «Кегий йийсарш», «Алдара Ушурма» («Александр
Чеченский» повеста т1ера дакъош), басня «Барзо амалш ца хуьйцу», повесть
«Болат г1ала йожар».
1. Гайсултанов –нохчийн берийн литературан бухбиллархо. Гайсултановн
кхоллараллин коьрта теманаш а, проблематика а.
Дийцар «Нийса кхел». Дийцаран социальни проблематика. Бакъдерг
харцонал тола дезар ч1аг1дар. Дийцаран халкъан барта кхоллараллин амал.
«Кегий йийсарш».(«Александр Чеченский повеста т1ера дакъа)- Дийцарехь
т1амо берийн дахаре беана бохам гайтар. Т1еман къизалло адамийн дахаре
шеца дохьург емалдар.
«Алдара Ушурма»Александр Чеченский повеста т1ера дакъа). Дийцаран
исторически бух. Маршонехьа болу къийсам, шен мохк, дин мостаг1чух
лардар, церан дуьхьа вала а кийча хилар. Исторически бакъдолучунна т1ехь
кхоьллина васт.
Баснин жанр нохчийн литературехь. «Барзо амалш ца хуьйцу» баснин
дидактически хьажам, адамийн амалш цу т1ехь емалъяр.
«Болат-г1ала йожар» повестан исторически бух. Маьршачу наха
талорхошна дуьхьал, шайн парг1атонехьа латтийна къийсам. Дикачу
к1енташа халкъ вовшахтухуш, иза маршоне кхачор. Повестан коьрта
турпалхой а, васташ а.
Ш. А. Арсанукаев. Дахар а, кхолларалла а. Стихотворенеш «Баьпкан
юьхк», «Мохкбегор», «Ийманах дузийта дегнаш».
Поэтан-лирикан Ш. Арсанукаевн кхоллараллехь патриотизман а, гуманизман
а ойланаш.
1аламца а, ялтанан кхачица а къинхетаме хиларе дехар, нохчийн халкъ
иймане далор доьхуш, поэта Деле ден до1анаш. К1орггера кхетам, оьзда
лаамаш болу лирически турпалхо. Дуьненах, 1аламан аьрхачу хазаллех,
дахарх лаьцна цо ен ойланаш, а, адаман ирсехьа къийса иза кийча хилар а.
Повесть «Тимуран тур». «Тимуран тур» стихашкахь язйина повесть, цуьнан
исбаьхьаллин къастамаш. Къоман парг1ато еза ларар, мостаг1ашна дуьхьал
къийсам латтийначу турпалхойн васташ. Халкъан парг1атонехьа болучу
буьрсачу т1еман суьрташ.
А. А. Айдамиров. Дахар а, кхолларалла а. Стихотворени «Вина мохк»,
«Мух1ажарш» («Еха буьйсанаш» романан дакъа)
Даймехкан тема нохчийн литературехь. Даймехкан беркатечу ницкъах тешар,
ирс Даймахкаца дозар.
Паччахьан 1едалан ямартло а, мух1ажарийн кхолламан дега1ийжаме
мукъамаш а.
М-С. Гадаев. Дахар а, кхолларалла а. Стихотворенеш «Дарта», «Орцара
г1ов».
Поэтан са 1аламан дуьненца д1аэр. Ницкъ, доьналла а, г1орасизалла цхьана
сибатехь. Поэтан говзалла дарта олхазаран хьал довзийтарехь.
Дийцар «Ирча суьрташ». Дийцарехь тоталиризман шерашкахь нохчийн
халкъан трагеди. 1аламан суьрташа ирча кхаъ къаьхьачу 1аткъаме берзор.
М. Мусаев. Литературни туьйра. Литературни туьйра халкъачух
къастош дерг.
Яздархочух лаьцна дош. Литературни туьйра «Ц1ен маьхьси»
Хьекъал ямартлонал, тешнабехкал, сонталлел тола дезаран ойла ч1аг1яр.
Нахана даьккхиначу ор чу ша оьккху. Туьйранан оьрсийн туьйранца
цхьаьнадог1ург.
Хь. Б. Саракаев. Дахар а, кхолларалла а.
Дийцар «Баьпкан чкъуьйриг». Хьаналчу къинхьегамо лакхадоккху стеган
сий. Баьпкан сий-пусар дан дезар ч1аг1дар.
Дийцар «Ирсе б1аьрхиш».Вайна к1ант карийначу ненан ирсе б1аьрхиш.
Ненан безам боккха а, мерза а, аьхна а хилар.
Ш. Х. Окуев. Дахар а, кхолларалла а. Стихотворенеш «Сан хьоме
Нохчийчоь», «Б1аьсте».
Лирически турпалхочун синмерзаш довзуьйту 1аламан суьрташ. Поэтан
даймахкаца бозабелла синхаамаш.
«Мацалла» («Т1аьххьара верас» романан дакъа). 20-чу б1ешеран юьххьехь
ламанан ярташкахь кхолладелла социальни хьелаш. Нохчийн халкъ
комаьрша, къинхетаме хилар, мацалло г1елбина кхечу къаьмнийн векалш
дегалазамца т1еэцар. Оцу шерийн 1ер-дахар, ламасташ гайтар, къомо шен
яхь, юьхь ларъяр. Жаьмбиган, 1алсолтин, Шемалан васташ.
Хь. Д. Сатуев. Дахар а, кхолларалла а. Стихотворени «Лаьмнийн
къоналла», басня «Ломмий, цхьогаллий».
1алам поэтан кхетамехь а исбаьхьаллин суртх1отторехь а.
Адамийн сакхташ баснехь емалдар. Лоьман васт нохчийн литературехь.
1. Х. Шайхиев. Дахар а, кхолларалла а.
Стихотворени «Куйнах дош».
Къоман г1иллакхаш, ламасташ, синъоьздангаллин мехаллаш поэтан поэзехь.
Даймахкана, халкъана даим г1уллакхдеш вагаран синхаамех юьзна поэзи.
Коьртарчу куйнаца лардина сий. Поэзин фольклоран бух.
Б1ешерашкахь вайн дайша схьадеана низаман ламаст лардаран маь1на,
къонахчун ц1е еза а, сийлахь хилар ч1аг1дар.
Ч1аг1о (баллада). Легендин бух т1ехь кхоьллина баллада. Къонахчо делла
дош кхочушдан дезар, тешаме ч1аг1о хила езар ч1аг1дар.
Стихашкахь поэма «Лазаман лорах». Нуьцкъаха ц1ера ваьккхиначу
лирически турпалхочун шен махке, халкъе, ненан матте болу безам, деган
1ийжам. Дайн кешнех, дайн иллех, шина Даймахках (Дег1аста, Г1ирг1азойн
мохк) цо ен ойланаш.
М. Д. Дикаев. Дахар а, кхолларалла а. Стихотворенеш «Нохчо ву со»,
«Къинхетаме Нохчийчоь».
Даймахках, халкъах дозалла дар. Дикаевн поэзехь яхь, къоман оьздангалла,
патриотически синхаамаш, къоман хиндерг ирсе хила лаар. Б1ешерашкахь
парг1атонехьа, маршонехьа къийсам латтийначу доьналлин Нохчийчоьнах
дозалла дар. Поэтан шен Даймахке, халкъе болу хьанал безам.
Мовла Ясаев. Яздархочух лаьцна дош.
«Хьоме юрт» повестан дакъа «Тянь-Шанан лаьмнашкахь».
Адамийн вовшашца йозаелла ира меттигаш а, ч1ир йитаран 1адат а.
Даймахке, хьомечу юьрта болу сатийсам. Парг1атонан, маршонан марзонан
мах. Лох-Беташан, Джамалдинан, Серижин, Джанхотан васташ.
1. А. Ахмадов. Яздархочух лаьцна дош.
Дийцар «Къонахалла». Турпалхочун амалш, халонаш дуьхьал нисъелча цо
шегара гайтина доьналла, ша-шена т1ехь баьккхина толам.
Дийцар «Воккха дада». Къизачу акхараллица т1амо х1аллакдина бералла.
Т1амо шеца беъна бохам а, къизалла а. Деден а, йоь1а йоь1ан а васташ.
Дийцарехь диалого д1алоцу меттиг.
Гацаев СаьIид. Дахар а, кхолларалла а.
Стихотворенеш «Дарц», «Хьаннийн белхар», "Буьйса хаза, буьйса
тийна...", «БIаьсте кхечи…», «ХIай йоI, делхьа, собарде» ", "Йише
маржане", Литературни туьйра «Чкъоьрдиг».
Поэтан лирикин башхаллаш. Даймахке безам, адамийн хазахетарш,
халахетарш, дегайовхонаш, дегаIийжамаш - и берриге а бовха синхаамаш
шатайпанчу исбаьхьаллица кхоьллинчу Iаламан суьрташкахула гучубовлуш
хилар. Цуьнан поэзехь адам а, Iалам а.
Стихотворенеш аьхна ойланаш, бовха синхаамаш гIаттош хилар.
Литературни туьйра «Чкъоьрдиг». Халкъан туьйранан бахьанан а, вастан а
бух тIехь кхоьллина туьйра. Ешап-экханан а, Чкъоьрдиган а къовсам.
Чкъоьрдига ша-шена а, Ешапна а тIехь баьккхина толам.
ХIинцалерчу нохчийн поэзехь Iаламан лирикин таронаш шоръярехь Гацаев
СаьIидан кхоллараллин маьIна.
Д. Д. Кагерманов. Яздархочух лаьцна дош.
Дийцар «Доттаг1алла». Дийцаран г1иллакх-оьздангаллин проблематика.
Къоначу турпалхочун г1иллакх а, воккхачу стеган оьздангалла а.
1К. Дадашев. Яздархочух лаьцна дош.
Дийцар «Дайна бер».
Вайн заманца ца дог1учу г1учуьнца къийсам латтор,къоман оьздангаллин
ламасташ х1инцалерчу дахарца къовсаме довлар. Дайн ламасташ замане
хьаьжжина лело дезаш хилар ч1аг1дар.
Ш. Р. Рашидов. Дахар а, кхолларалла а.
Стихотворенеш «Т1амна дуьхьал довла», «Даймохк».
Т1амна дуьхьал къийсам латто безар кхайкхор.
Даймехкан тема поэтан кхоллараллехь коьрта тема. Лирически
турпалхочун ойланаш, синхаамаш.
Поэма «Ден весет». Къоначу т1аьхьенгахь хила еза синъоьздангаллин
мехаллаш. Стеган халкъаца, шен махкаца хила еза юкъаметтигаш
билгалъяхар.
М. М. Кибиев. Яздархочух лаьцна дош.
Стихотворенеш «Меттан сий», «Дош», Басня «Зов».
Нохчийн мотт Даймехкан билгало санна. Меттан дозалла, ца дойтуш цуьнан
сий дан дезар.
Дашна-гимн. Дешан дозалла: цо бан тарлуш болу цатам а, цунах долу беркат
а.
Басня «Зов». Баснин жанр нохчийн литературехь. Адамийн сакхте амалш
емалъяр. Х1иллано духатуху х1илла.
Ж. М. Махмаев. Яздархочух лаьцна дош.
Дийцар «Буьйсанна г1улчаш». Дийцаран турпалхочун чоьхьара монолог
беран синъоьздангаллин дуьне кхолларан г1ирс санна. Цуьнан коьрте хьийза
карзахе ойланаш а, накъосташа иза нийсачу новкъа ваккхар. 1аламца хила еза
юкъаметтигаш йовзийтар.
Стихотворени «Баьпкан 1аьржа юьхк». Стихотворенехь къинхетам,
доглазар-дахаран лаккхара мехаллаш хилар ч1аг1дар.
Э. 1. Мамакаев. Поэтах лаьцна дош.
Стихотворени «Х1орд». Стихотворенин филиософски маь1на. Къийсамо
кхуллу дахар, тийна дахар стеган амалца дог1уш цахилар ч1аг1дар.
1. Д. Кусаев. Поэтах лаьцна дош.
Стихотворени «Амалехь диканиг». Доьзалхочун амалехь дика мел дерг
кхиорехь дас-нанас д1алоцу меттиг гайтар.
С. С. Яшуркаев. Яздархочух лаьцна дош.
Дийцар «Напсат». Халкъан бохамна т1ехь сайоккхурш емалбар. Напсатан
васт-Г1ум-Азехь бисинчийн цатуьйн лазам. Дийцарехь дахаран бакъдерш.
Повесть «Маьрк1аж-бодан т1ехь к1айн хьоькх». Даймахках баха бакъо
йоцурш мискачарал миска, декъаза нах. Сийлахь Нохчийчоь оьздачу
йоь1ан куьцехь гайтаран бахьана а, маь1на а. Боцца мур чулоцучу
хиламашкахула Мадин дахар а, халачу хьелашкахь кхуьуш йолу цуьнан амал
а к1орггера йовзийтар, цуьнан кхоллам халкъан кхолламах бозабелла хилар.
Хь. Х. Сайдуллаев. Поэтах лаьцна дош.
Поэма «Ненан б1аьрхиш». Легендин бух т1ехь поэма. Поэмин турпалаллин-
патриотически шовкъ (пафос). Даймохк мостаг1чух ларбар, цуьнан дуьхьа
вала кийча хилар. Турпалаллин иллийн турпалхойн амалш ден-ненан к1ентан
амалехь. Поэмин турпалаллин а, трагедин а мукъамаш. Йохьан а, декхаран а
проблема ястаран башхалла. К1ентан а, ненан а доьналла.
С-Хь. М. Нунуев. Яздархочун дахар а, кхолларалла а.
«Хьайбаха» («Йилбазан оьмар» роман т1ера дакъа). Ламанан
к1отаршкахь НКВД-с д1акхехьна политика а, акхараллин, къизаллин суьрташ
а. Сталинан хьадалчаша шайна х1оттийначу жоьжахатех ламанхой яхьах ца
бухуш, доьналлица чекхбовлар.
Дийцар «Лазийна шовда» Кхоам боцуш х1аллакдечу 1аламна орца дехар.
1аламан дахарна к1оршаме юкъаг1ертар-жил1аламан законаш талхор.
Л. Ш. Абдулаев. Поэтах лаьцна дош.
Поэма «Маьлхан каш». Поэми т1ехь юккъерчу б1ешарахь хилларг а,
халкъан дахарехь маь1не долу г1уллакх а, иза кхочушдечу турпалхочух
лаьцна а дийцар. Поэма – шех дала тарлучу вонах нах маьрша буьтуш,
маьлхан кешнашка д1а мел вахначунна гимн.
Л. Яхъяев. Яздархочух лаьцна дош.
«Даркеш» («Гиххойн Таймасха» роман т1ера дакъа).
Дайн шира ламаст дийцаран бухехь. Вала гергавахнарг я толур воцуш ун
кхеттарг тускар чохь маьлхан кешнашка вахьаран г1иллакх. И г1иллакх
лардаро Даркешна бина т1е1аткъам. Ден а, Даркешан а юкъаметтиг гайтаран
башхалла.
1-Хь. А. Хатуев. Поэтах лаьцна дош.
Стихотворени «Аьрзунан илли». Стихотворенин патриотически бух,
синъоьздангаллин проблематика. Дуьнен т1ехь даха кхоьллиначу адаман мах
беза хиларан, дахар лардан дезаран ойла кхиор. Вовшашца йолу
юкъаметтигаш дог-мерза, ийна хила езар. Кхерчара ц1е санна, дайн ц1ена
г1иллакх, яхь даим ларъян езар ч1аг1дар.
М. Э. Бексултанов. Яздархо – дийцар жанран говзанча.
Дийцар «Цакхетта хестор». Аьхна, исбаьхьа, беркате 1алам а, цуьнца
къинхетаме хила везар а. Джабраилан а, цуьнан денден а 1аламца йолу
юкъаметтигаш гайтаран башхалла.
Дийцар «Некъ лацар». Дайшкара схьадог1у оьзда г1иллакхаш ширдала,
дицдала йиш цахилар, уьш лардан дезар – вайн декхар. Т1екхуьучу т1аьхьено
дайн ламаст цалардаро дендена, к1ентан к1антана бина т1е1аткъам а, цуьнан
т1аьхьало а.
Дийцар «Дика ду-кх хьо волуш» Дийцаран турпалхо, цуьнан шен деца йолу
юкъаметтигаш. К1ентан шен дега болу лерам а, дена а, к1антана юккъехь
хила еза г1иллакх-оьздангалла
М. М. Ахмадов. Дахар а, кхолларалла а.
Дийцар «Телефон». Дийцарехь жимачу турпалхочун дуьне а, дахар а, шен
доттаг1чунна накъосталла дан и кийча хилар.
А. Т. Исмаилов. Яздархочух лаьцна дош.
Литературни туьйра «Бирдолаг». Барт а, цхьаалла а акхараллел, сонтачу
кураллел, ницкъал тоьлуш хилар ч1аг1дар. Лоьман олалла дожоран маь1на.
Деган дикаллий, оьздангаллий, къинхетаме, тешаме, накъосталла дан кийча
хиларрий хастор, ямартло, стешхалла емалъяр. Акхаройн дахар адамийн
дахарца дустаран маь1на.
Ю. С-А. Яралиев. Поэтах лаьцна дош.
Стихотворени «Кад». Хьанал къинхьегам а, стеган говзалла а къобалъяр.
Адаман дахар а, цуьнан кхоллам а. Стихотворенин философски маь1на.
А. Д. Бисултанов. Поэтах лаьцна дош.
«Хьайбахахь язйина байташ» (Хьайбахахь багийначийн назма. Багонза
бисиначийн назма). Стихотворенеш «Дег1аста», Нохчийн халкъан
илланчина».
Хьайбахахь къизаллин акхариллаца х1аллакбиначу лаьмнийн к1отаршкарчу
нахана яьккхина назма.
Сийна Сибрехара шайн махка ц1абоьрзучу вайнехан сатийсамаш, дог-ойла.
Стихотворенеш «Дег1аста». Азаллехь дуьйна къизачу ницкъана юьх-
дуьхьал лаьтташ схьабеанчу Даймахкана хастамбар. Къоман парг1ато еза
ларар. Стихотворенин патриотически маь1на.
Стихотворени «Нохчийн халкъан илланчина».
Кху лаьтта т1ехь халкъан иллин, халкъан илланчийн, къонахчун мах лакхара
хилар ч1аг1дар.
В-Хь. Х. Амаев. Яздархочух лаьцна дош.
Дийцар «Малх чубаре хьоьжура иза». Халкъан дахарехь хиллачунна т1ехь
дийцар. Халкъ махках даккхар а, х1аллакдина бералла а. Жимачу к1ентан
вагон чохь д1адоьду дахар гайтаран башхалла. К1ентан а, ненан а васташ.
Дийцар «Генарчу денойн туьйра». Халкъан ламаст дийцарехь. Вайн дайша
лардеш схьадеъна ламаст кхочушдар. Кхиъна ваьллачу к1антана ден
доттаг1чо шаьлта яларан маь1на а, х1инца дуьйна цо кхочушдан деза
декхарш а.
Б. Шамсуддинов. Яздархочух лаьцна дош.
Стихотворени «Ахь цхьалха витичахьана». Лирически турпалхочун шен
нене болу безам а, цо цуьнга сатийсар а.
5-г1а дакъа. Кхечу къаьмнийн литературера
Ладо Авалиани. Яздархочух лаьцна дош.
Дийцар «Хьаькхна буц». Машар а, адамалла а деза а, сийлахь а хилар
ч1аг1дар. Багратионан майралла а, нохчийн т1емалойн лаккхара оьздангалла
а.
6-гIа дакъа. Литературин теорех болу хаамаш.
Исбаьхьаллин литература дешан говзалла (искусство) санна. Халкъан барта
кхоллараллин башхаллаш. Цуьнан халкъан Iер-дахарца йолу уьйр. Нохчийн
фольклоран жанраш. Турпалалла бохучух халкъан болу кхетам. Нохчийн
фольклорехь халкъан ламасташ гайтар, дика а, вуо бохучух лаьцна кхетам
балар. Халкъан фольклорехь Iаламо дIалоцу меттиг. Iер-дахар, доьзал,
пачхьалкх, патриотически дог-ойла нохчийн фольклорехь. Халкъан барта
кхолларалло литература кхиарна бина тIеIаткъам а, царна юккъера уьйр а.
Фольклоран кегийра жанраш (хIетал-металш, кицанаш). Халкъан эшарш.
Халкъан туьйранаш ( инзаре-тамашена, дахаран, акхаройх лаьцна).
Турпалаллин иллеш. Шира дийцарш, хабарш, аларш, наьрт-аьрстхойх
дийцарш, Iаьржа-ХожагIарах дийцарш.
ХIетал-металшкахь, кицанашкахь халкъан хьекъал а, кхетам а. Халкъан
эшарийн тайпанаш нохчийн фольклорехь.
20-50 шерийн литературехь йоза-дешар даржоран, юьртбахам кхиоран,
Даймохк мостагIчух ларбаран, къинхьегаман, ширачу Iадаташна дуьхьал
къийсам латто безаран теманаш айъар. Оцу шерийн литературехь
синъоьздангаллин мехаллаш чIагIъяр: къинхетам, доглазар, догъэцар.
Къоман амалш оцу шерийн произведенешкахь. Цу шерийн литературин
жанрийн тайп-тайпаналла (хабарш, назманаш, иллеш, поэмаш, повесташ,
дийцарш). Литературан фольклорца уьйр хилар. Цу шерийн произведенийн
композиционни башхаллаш, васт хIотторан кепаш. Советски юкъараллехь
исбаьхьаллин литература Iедало хьалхахIитточу декхаршца цхьаьнаян езаш
хилар. Оцу идеологин лехамашца нохчийн литература кхиар а.
60-70 шерийн литературехь Лирически турпалхо даймехкан дуьхьа
къахьега, ваца кийча хилар. Кхетош-кхиоран маьIна. Оцу шерийн
литературан идейно-исбаьхьаллин башхаллаш.
Литературин тайпанаш а, жанраш а (эпос, лирика, драма): эпически
жанраш – дийцар, очерк, повесть, роман; лирически жанраш стихотворени,
литрически илли; драматически жанраш трагеди, драма, комеди.
Лироэпически произведенеш. Назманаш.
Литературни произведенин форма а, чулацам а: тема, идей,
проблематика, сюжет, композици (экспозици, дIадолор, кхиар (кульминаци),
дерзор, пролог, эпилог, портрет, интерьер, диалог, монолог, лирически
юкъадалораш (отступление) антитеза, къовсам, авторан васт, автор-дийцархо,
литературни турпалхо, лирически турпалхо. Жанрах болу кхетам кIаргбар:
турпалаллин илли, турпалаллин драма, поэма.
Трагически а, беламе дерг. (Ирони. Юмор. Сатира.)
Турпалаллин дерг. Даздинарг. Лахдинарг.
Проза а, поэзи а. Стихкхолларан бух: стихотворенин барам
(шинастопан барам ямб, хорей, кхаастопан барам дактиль, амфибрахий,
анапест), ритм, рифма, строфа.
Исбаьхьаллин произведенин мотт. Произведенехь исбаьхьаллин
суртхIотторан гIирсаш: эпитет, метафора, олицетворени, метоними, дустар,
гипербола, аллегори.
80-90 шерийн литература. Керла, теманаш, проблемаш, литературни
турпалхой. Нохчийн литературин демократизаци. Литературехь Даймехкан
кхолламах жоьпалла а, даккхий декхарш а шена тIелаца кийча волу турпалхо
лахар. Шен чулацамца а, исбаьхьаллин кепехь а литература керлачу тIегIане
ялар. ХIинцалерчу заманан жоьпалле, ира проблемаш ястар. Халкъан
исторехь бохаме хиллачу денойх лаьцна кхечу кепара дийцар. Халкъан
дахарехь йицъян йиш йоцу синъоьздангаллин мехаллаш лахар. Турпалхочун
проблема а, даймехкан тема а. Халкъан кхоллам вай махках даьхначу хенахь
а, цIадирзиначул тIаьхьа а. Литературехь нохчийн истори философски а,
публицистически кепара а йовзийтар.
7-гIа дакъа. Дешархойн барта а, йозанан а къамел кхиор.
Хьехар оьрсийн маттахь долчу школийн дешархойн къамелаца
гIуллакхдар шардарна тIехьажийна хIораммо ша а, тобанашца а цхьамогIа
упражненеш кхочушъяр. Хезаш ешар, хаттарна барта жоп далар, текст ешар
а, дагахь Iамор а.
Барта текстана комментари яр а, ешнарг барта тайп-тайпана
юхасхьайийцар, произведенин исбаьхьаллин дIахIоттамна чувахар санна.
Дешнашца суртдиллар а, барта мини - сочинени а, яздархочун поэтикех кхета
хьажар. Ролашца ешар, инсценировкаш яр, школан спектаклана аудио и
видеозапись яр, театран гIирсашца барта къамел кхиор цхьана системехь.
Литературни темина барта доклад-хаам, нахана хьалха вистхила хааран кеп
санна.
ЛадугIуш материал дIаязъяр, конспект язъяр, тезировани яр, йозанан
къамел кхиоран баххаш санна. Гочйина материал оригиналца йогIуш ю яц
хьажаран Iалашонца оригинал а, гочйина исбаьхьаллин произведени а
вовшашца юстар. Дешархоша шаьш литературни произведенин дакъа
нохчийн матте даккхар, Iаморехь культурийн диалоган принцип кхочушъяр.
Проблемни кепара хаттарна йозанца жоп далар, «текстах лаьцна
текст» кхолларан хаарш кхиоран декъехь юьхьанцара зIе санна.
Кхоллараллин амал йолу изложени а, литературни темина йолу сочинени а,
ешначух лаьцна яьржина йозанца ойлаяран жанр санна. Рефераташ язъян а,
хIораммо ша кхочушбен проектни талламан белхаш а историко-литературни
бух тIехь юьхьанцарчу муьрехь кхочушбан Iамар.
Нохчийн литературин тематически планаш
5-9 классашна
1-ра дакъа. Литература дешан исбаьхьалла (искусство) санна ( 2 с)
Кхечу исбаьхьллашна юккъехь литературо д1алоцу меттиг. Дешан исбаьхьаллехьдахар
исбаьхьаллин кепехь гайтаран башхалла.
Исбаьхьаллин литература дуьне довзаран, адаман синъоьздангаллин тайп-тайпаналлин
дахар а, хьал а довзаран цхьа кеп санна; дахар исбаьхьаллин кепара гайтар. Эстетически
чам а, синъоьздангалла а кхиорехь литературо бен т1е1аткъам.
2-г1а дакъа. Халкъан барта кхоллараллера ( 31 с)
1. Фольклоран кегийра жанраш (х1етал-металш, кицанаш). ( 3 с)
Х1етал-металшкахь, кицанашкахь халкъан хьекъал а, беламе дерг а билгалдаккхар.
2. Нохчийн халкъан туьйранаш (инзаре-тамашийна, дахаран, дийнатех) шишша
туьйра.
Сюжет. Туьйранан ламасталлин х1умнаш-долор, дерзор, юх-юха аларш. Нохчийн
а, оьрсийн а туьйранийн юкъара дерг а, къоман башхалла а. (7 с)
Туьйра. Туьйранийн тайпанаш. Фольклорни а, литературни а туьйра. Туьйранашкахь
бакъдерг а, инзаре-тамашена дерг а цхьаьнадалор.
Инзаре-тамашийна туьйра. Туьйранан синъоьздангаллин маь1на- дикачун а, вочун а
къовсам, дикачо зуламна т1ехь толам баккхар.
Дийнатех лаьцна туьйранаш. Дийнатийн васташ оьрсийн а, нохчийн а туьйранашкахь.
Дийнатийн амалш даим цхьанакепара гайтар. Оьрсийн туьйранийн турпалхойн амалшца
уьш юстар.
1ер-дахаран туьйра. Беламе суьрташ а, амалш а, адамийн сакхте амалш емалъяр оцу
тайпанчу туьйранашкахь.
3. Шира дийцарш, хабарш, аларш. ( 2с) Билгалйолчу меттигех (юьртах, ломах, рег1ах,
хих, б1аьвнех) лаьцна дийцарш. Оцу дийцаршкахь исторически хиламаш я билгалчу
наха лелийна г1уллакхаш.
4. Наьрт-аьрстхойх, 1аьржа-Хожаг1арах дийцарш. Гипербола фольклорехь. (6 с)
Церан чулацам а, башхаллаш а. Халкъо шен парг1атонехьа, маьрша дахарехьа
наьрташца а, 1аьржа-Хожаг1арца а латтийна къийсам. Халкъо баьккхина толам.
5. Лирически а, турпалаллин а иллеш. Турпалхочун васт. (13с)
Дахаро а, 1аламан хьелаша, хиламаша ткъам барца меттахъяьхна турпалхочун
ойланаш лирически иллешкахь гучуйийлар. Даймохк безар, иза 1алашбар, вовшашца
барт хилар, кхечу къаьмнашца доттаг1аллин уьйраш лелор, халкъан, мехкан г1уллакхна
т1ера хилар иллешкахь ч1аг1дар. Къонахалла, оьздангалла, къинхетамалла, адамийн сий
лардар иллешкахь кхайкхор.
Къоман дахарехь маь1на долу г1уллакхаш иллийн чулацамехь хилар.Дикачу
к1ентийн хьуьнаре г1уллакхаш хастош дийцар. Мостаг1чунна дуьхьал къийсам
латтийна халкъана хьалхабевлла къонахий бовзийтар. Иллийн исторически бух а,
исбаьхьаллин башхаллаш .
3-г1а дакъа 3. ХХ бIешеран хьалхарчу эхан литература (43с)
С. С. Бадуев. Дийцаран жанр. Тема, идей, сюжет. Исбаьхьаллин суртх1отторан
г1ирсаш ( 3 с)
Дахар а, кхолларалла а. С. Бадуевн кхоллараллин маь1на къоман литература, культура
кхиорехь.
Дийцар «Зайнди». Йоза-дешар хууш хилар керлачу дахаре болу некъ. Дийцаран
васташ а, маь1на а.
1. Ш. Мамакаев. Лирически турпалхо. Ритм. Рифма. (6 с)
Дахар а, кхолларалла а. Мамакаевн поэзино литературехь а, къоман культурехь а
д1алоцу меттиг.
Стихотворенеш «Берзан бекхам», «Садаьржаш», поэма «Дагалецамаш».
Поэтан лирикин тайп-тайпана тематика а, проблематика а. Поэтан кхоллараллехь
даймехкан, 1аламан суьрташ.
Поэма «Дагалецамаш». Монологан кепехь поэма.
Поэмехь авторан 1аламе, Терке болу безам. Сирлачу кханенах лаьцна йолу дог-ойла,
синхаамаш.
М. А. Мамакаев. Лирически турпалхо. Ритм. Рифма. Стихан барамаш. Символ.
Дийцаран жанр. Тема, идей. Композици, сюжет. ( 6 с )
Дахар а, кхолларалла а.Стихотворенеш «Даймехкан косташ», «Лаьмнийн дийцар»,
«Пондар».Мамакаев поэзин философски чулацам, цуьнан лирикехь даймехкан, къоман
историх лаьцна, патриотически, г1иллакх-оьздангаллин мукъамаш. Лирически
турпалхочо стеган парг1атонах, сийх, Даймахках лаьцна ен ойланаш.
«Баппа» дийцар. Дийцаран жанр. Тема, идей. Композици, сюжет
Сутаралло а, деган куралло а элан даржах вохавар. Хьоло вузийна стаг нийсонах хедаш,
г1иллакхах херлуш, хьекъалх оьшуш хилар, халкъ шен олаллин к1ел сацо цхьаьннан а
ницкъ кхочург цахилар ч1аг1дар
Н. Д. Музаев. Лирика. ( 2 с)
Яздархочух лаьцна дош.Стихотворени «Накъосташка». Яхь йолуш, оьзда, хьуьнаре,
догц1ена хилар деза а, сийлахь ларар. Адамийн сакхте амалш емалъяр.
М. А. Сулаев. Лирика. Лирически турпалхо. Пейзаж. Исбаьхьаллин суртх1отторан
г1ирсаш. ( 8 с)
Стихотворенеш «Ламанан хи», «К1анте».
Поэтан дог, дахар, ирс Даймахкаца дозаделла хилар.
Дайн оьзда г1иллакхаш лардан дезар, шегахь дика амалш: яхь, собар, тешам кхио езар
ч1аг1дар. 1аламан лирика. Даймехкан исбаьхьа, беркате 1алам 1алашдан дезар, цуьнца
къинхетаме хила везар.
Поэма «Пхьарматан б1аьрхиш». Мифологин турпалхочун Пхьарматан б1аьргашца кху
дуьнен т1ехь хилла а, хуьлуш болу а бохамаш поэми т1ехь гайтар. Къизаллина дуьхьал
поэта ойъу дера аз, дуьнен т1ехь мел долучу зуламашца луьра къийсам латто безаш
хилар ч1аг1дар.
Х. Э. Эдилов. Лирика. Стихан ламасталлин кеп. Рифма. Строфа. ( 3 с)
Дахар а, кхоларалла а. Стихотворенеш «Ненан безам», «Сий делахь, латта».
Поэтан дахаре, 1аламе болу безам, 1аламан дахарца экам хила везар ч1аг1дар. Ирс
къуьйсуш велларг сийлахь а, веза ларар.
Б. С. Саидов. Литературни туьйранан жанр. Литературни туьйранан халкъан
туьйранах къаьсташ дерг. Тема, идей, сюжет. ( 6 с)
Яздархочун дахар а, кхолларалла а. «Майра к1ант Сулима». Хьаналчу къинхьегаман
маь1на гайтар а, хьоладайн писалла а, ямартло а емалъяр. Адамийн деган дикаллий,
оьздангаллий, къинхетаме хиларрий хастор.
Граждански лирика. Лирически турпалхо.
Стихотворенеш «Вина юрт», «Деган аз».Хьоме мохк, граждански дог-ойла Б. Саидовн
поэзехь.
Х. Д. Ошаев. Дийцаран, очеркан жанраш. Тема, идей, д1ах1оттам, турпалхочун
васт. ( 5 с)
Дахар а, кхолларалла а. Дийцар «Чайра».
Дийцарехь кхолламо шен махках д1акъастийначу стеган дай баьхначу лаьтте болу
сатийсам, винчу махке болу безам гайтар. Стеган дахарехь Даймохк уггар сийлахь а,
беза а, хьоме а кхерч хила безар ч1аг1дар.
«Очерк Абу-Хьаьжа Идрисов». Очеркан жанр нохчийн литературехь. Очеркехь
турпалхочун Идрисов Абу-Хьаьжин дагалецамаш а, цуьнан б1аьхаллин г1уллакхаш а.
С. М. Курумова. Пейзаж. ( 2 с)
Яздархочух лаьцна дош.«Дохк» («Дохк повеста т1ера кийсак). 1аламан суьрташ а,
церан исбаьхьаллин декхар а. Ламанан 1аламан акхараллин хазалла.
З. А. Муталибов. (2 с.)
Яздархочух лаьцна дош. «Доттаг1алла»Поэта къаьмнашна юккъера доттаг1алла
ч1аг1дан дезаш хилар гайтар.
4-г1а дакъа. ХХ бIешеран шолгIачу эхан литература (143 с).
А. С. Сулейманов. Лирика. Исбаьхьаллин васт. Аллегори. ( 8 с)
Дахар а, кхолларалла а.Стихотворенеш «Борз ю уг1уш», «Шуьнехь дош», «Дог дохден
ц1е».А. Сулеймановн поэзин романтизм. Поэтан лирикехь къонахаллин а, оьздангаллин а
тема. Къоман эхь-бехк лардеш волу цуьнан лирически турпалхо.
Поэма «Дахаран генаш». Лирически поэмин жанр. Маьрша Даймохк, тешаме
доттаг1алла, къонахалла, бартболу доьзал поэмин коьрта теманаш. Таханлерчу дахарехь
г1иллакх-оьздангаллица доьзна кхачамбацарш 1орадахар, цаьрца къийсам латто безар.
1-Хь. Х. Хамидов. Сатира, юмор. Тема, идей, пресонажийн васташ. Монолог а,
диалог а. (2с)
1-Хь. Хамидов-яздархо-сатирик, драматург Дийцар «Д1а-коч, схьа-коч». Беламе дерг
(юмор) нохчийн литературехь. Шира бухадисиначу г1иллакхашца, 1адаташца къийсам
латтор яздархочун-сатирикан кхоллараллин коьрта теманаш. Адамийн амалшкахь
сакхтениг емалдаран говзалла.
Р. С. Ахматова. Лирика. Лирически турпалхо. Пейзаж. (2с)
Дахар а, кхолларалла а. Стихотворенеш «Лийрбоцурш», «Ма хала ду цунах кхета»
Поэтессин кхоллараллехь лирически тема, даймахке а, иза ларбеш болучаьрга а
болу безам.
1. Э. Гайсултанов. Лирически а, прозаически а произведенеш. Жанр, хат1,
исбаьхьаллин кеп. (12 с)
Дахар а, кхолларалла а. 1. Гайсултанов –нохчийн берийн литературан бухбиллархо.
Гайсултановн кхоллараллин коьрта теманаш а, проблематика а.
Дийцар «Нийса кхел». Дийцаран социальни проблематика. Бакъдерг харцонал тола дезар
ч1аг1дар. Дийцаран халкъан барта кхоллараллин амал.
«Кегий йийсарш».(«Александр Чеченский» повеста т1ера дакъа)- Дийцарехь т1амо
берийн дахаре беана бохам гайтар. Т1еман къизалло адамийн дахаре шеца дохьург
емалдар.
Ш. Р. Рашидов. Лирика. Лирически турпалхо. Исбаьхьаллин суртх1отторан
г1ирсаш. Ритм. Рифма. Стихан барамаш. ( 4 с)
Дахар а, кхолларалла а.
Стихотворенеш «Т1амна дуьхьал довла», «Даймохк».
Т1амна дуьхьал къийсам латто безар кхайкхор.
Даймехкан тема поэтан кхоллараллехь – коьрта тема.
Лирически турпалхочун ойланаш, синхаамаш.
Поэма « Стеган халкъаца, шен махкаца хила еза юкъаметтигаш билгалъяхар.
М. М. Кибиев. Лирика. Философски лирика. (4 с)
Яздархочух лаьцна дош.
Стихотворенеш «Меттан сий», «Дош», басня «Зов».
Нохчийн мотт Даймехкан билгало санна. Меттан дозалла ца дойтуш, цуьнан сий
дан дезар.
Дашна-гимн. Дешан дозалла: цо бан тарлуш болу цатам а, цунах долу беркат а.
Басня «Зов». Баснин жанр нохчийн литературехь. Маь1на. Адамийн сакхте
амалш емалъяр. Х1иллано духатуху х1илла.
Ж. М. Махмаев. Лирика. Дийцаран жанр. Тема, идей, Сюжет. Турпалхочун
васт. (4 с)
Яздархочух лаьцна дош.
Стихотворени «Баьпкан 1аьржа юьхк». Стихотворенехь къинхетам, доглазар-
дахаран лаккхара мехаллаш хилар ч1аг1дар.
Дийцар «Буьйсанна г1улчаш». Дийцаран турпалхочун чоьхьара монолог беран
синъоьздангаллин дуьне кхолларан г1ирс санна. Цуьнан коьрте хьийза карзахе ойланаш
а, накъосташа иза нийсачу новкъа ваккхар. 1аламца хила еза юкъаметтигаш йовзийтар.
Э. 1. Мамакаев. Лирика. (1с)
Поэтах лаьцна дош.
Стихотворени «Х1орд». Стихотворенин филиософски маь1на. Къийсамо кхуллу
дахар, тийна дахар стеган амалца
дог1уш цахилар ч1аг1дар.
Ден ве
1. Д. Кусаев. Граждански лирика. (2 с)
Поэтах лаьцна дош.
Стихотворени «Амалехь диканиг». Доьзалхочун амалехь дика мел дерг
кхиорехь дас-нанас д1алоцу меттиг гайтар.
С. С. Яшуркаев. Дийцаран жанр. Тема, идей, д1ах1оттам. Билгало (символ). ( 6 с)
Яздархочух лаьцна дош.
Повесть «Напсат». Халкъан бохамна т1ехь сайоккхурш емалбар. Напсатан васт –
Г1ум-Азехь бисинчийн цатуьйн лазам. Повестехь дахаран бакъдерш.
Дийцар «Маьрк1аж-бодан т1ехь к1айн хьоькх». Даймахках баха бакъо йоцурш
мискачарал миска, декъаза нах. Сийлахь Нохчийчоь оьздачу йоь1ан куьцехь гайтаран
бахьана а, маь1на а. Боцца мур чулоцучу хиламашкахула Мадин дахар а, халачу
хьелашкахь кхуьуш йолу цуьнан амал а к1орггера йовзийтар, цуьнан кхоллам халкъан
кхолламах бозабелла хилар.
сет». Къоначу т1аьхьенгахь хила еза синъоьздангаллин мехаллаш.
Хь.Х.Сайдуллаев.Исторически поэмин жанр.Фольклоран васташ а, мукъамаш а. (3 с)
Поэтах лаьцна дош.
Поэма «Ненан б1аьрхиш». Легендин бух т1ехь поэма. Поэмин турпалаллин-
патриотически шовкъ (пафос). Даймохк мостаг1чух ларбар, цуьнан дуьхьа вала кийча
хилар ч1аг1дар. Турпаллаллин иллийн турпалхойн амалш ден-ненан к1ентан амалехь.
Поэмин турпалаллин а, трагедин а мукъамаш. Йохьан а, декхаран а проблема ястаран
башхалла. К1ентан а, ненан а доьналла.
С-Хь. М. Нунуев. Дийцаран жанр. Тема. Проблематика. ( 4 с)
Яздархочун дахар а, кхолларалла а. Дийцар «Хьайбаха». Исторически бакъдолучунна
т1ехь дийцар. Бохаман суьрташ. Тема. Идей. Персонажийн васташ.
Ламанан к1отаршкахь НКВД-с д1акхехьна политика а, акхараллин, къизаллин суьрташ а.
Сталинан хьадалчаша шайна х1оттийначу жоьжахатех ламанхой яхьах ца бухуш,
доьналлица чекхбовлар.
Дийцар «Лазийна шовда» Сатирически дийцар. Адам а, 1алам а.
Кхоам боцуш х1аллакдечу 1аламна орца дехар. 1аламан дахарна к1оршаме юкъаг1ертар-
жил1аламан законаш талхор.
Л. Ш. Абдулаев. Поэма. Лирически турпалхо. Диалог. Монолог. ( 2 с)
Поэтах лаьцна дош.
Поэма «Маьлхан каш». Поэми т1ехь юккъерчу б1ешарахь хилларг а, халкъан дахарехь
маь1не долу г1уллакх а, иза кхочушдечу турпалхочух лаьцна а дийцар. Поэма шех дала
тарлучу вонах нах маьрша буьтуш, маьлхан кешнашка д1а мел вахначунна гимн.
Л. Яхъяев. Дийцаран жанр. Ламасталлин проблематика. ( 2 с)
Яздархочух лаьцна дош.Дийцар «Даркеш» («Гиххойн Таймасха» роман т1ера дакъа).
Дайн шира ламаст- дийцаран бухехь. Вала гергавахнарг я толур воцуш ун кхеттарг тускар
чохь маьлхан кешнашка вахьаран г1иллакх. И г1иллакх лардаро Даркешна бина
т1е1аткъам. Ден а, Даркешан а юкъаметтиг гайтаран башхалла.
1-Хь. А. Хатуев. Патриотически лирика. ( 2 с)
Поэтах лаьцна дош.Стихотворени «Аьрзунан илли». Стихотворенин патриотически бух,
синъоьздангаллин проблематика. Дуьнен т1ехь даха кхоьллиначу адаман мах беза хиларан,
дахар лардан дезаран ойла кхиор. Вовшашца йолу юкъаметтигаш дог-мерза, ийна хила
езар. Кхерчара ц1е санна, дайн ц1ена г1иллакх, яхь даим ларъян езар ч1аг1дар.
М.Э.Бексултанов. Дийцаран жанр. Тема, идей. Д1ах1оттам.Персонажийн васташ. (6 с)
Яздархочун дахар а, кхолларалла а.Дийцар «Цакхетта хестор». Аьхна, исбаьхьа, беркате
1алам а, цуьнца къинхетаме хила везар а. Джабраилан а, цуьнан денден а 1аламца йолу
юкъаметтигаш гайтаран башхалла.
Дийцар «Некъ лацар». Дайшкара схьадог1у оьзда г1иллакхаш ширдала, дицдала
йиш цахилар, уьш лардан дезар вайн декхар. Т1екхуьучу т1аьхьено дайн ламаст
цалардаро дендена, к1ентан к1антана бина т1е1аткъам а, цуьнан т1аьхьало а.
Дийцар «Дика ду-кх хьо волуш» Дийцаран турпалхо, цуьнан шен деца йолу
юкъаметтигаш. К1ентан шен дега болу лерам а, дена а, к1антана юккъехь хила еза
г1иллакх-оьздангалла
М. М. Ахмадов. Дийцаран жанр. Персонажан васт. ( 2 с)
Дахар а, кхолларалла а. Дийцар «Телефон». «Телефон» дийцарехь жимачу турпалхочун
дуьне а, дахар а, шен доттаг1чунна накъосталла дан и кийча хилар.
А. Т. Исмаилов. Литературни туьйра. Монолог. Диалог. Аллегори. ( 2 с)
Яздархочух лаьцна дош.
Литературни туьйра «Бирдолаг». Барт а, цхьаалла а акхараллел, сонтачу кураллел,
ницкъал тоьлуш хилар ч1аг1дар. Лоьман олалла дожоран маь1на. Деган дикаллий,
оьздангаллий, къинхетаме, тешаме, накъосталла дан кийча хиларрий хастор, ямартло,
стешхалла емалъяр. Акхаройн дахар адамийн дахарца дустаран маь1на.
Ю. С-А. Яралиев. Философски лирика. Ритм. Рифма. ( 2 с)
Поэтах лаьцна дош. Стихотворени «Кад». Хьанал къинхьегам а, стеган говзалла а
къобалъяр. Адаман дахар а, цуьнан кхоллам а. Стихотворенин философски маь1на.
А. Д. Бисултанов. Лирика. Назма. Граждански лирика. Лирически турпалхо. ( 5 с)
Поэтах лаьцна дошюНазма. Назмин жанр нохчийн литературехь. «Хьайбахахь язйина
байташ» (Хьайбахахь багийначийн назма. Багонза бисиначийн назма).
Хьайбахахь къизаллин акхариллаца х1аллакбиначу лаьмнийн к1отаршкарчу нахана
яьккхина назма.Сийна Сибрехара шайн махка ц1абоьрзучу вайнехан сатийсамаш, дог-ойла.
Стихотворени «Нохчийн халкъан илланчина»
Кху лаьтта т1ехь халкъан иллин, халкъан илланчийн, къонахчун мах лакхара хилар
ч1аг1дар.
В-Хь.Х. Амаев. Дийцаран жанр. Тема, коьрта проблемаш. Персонажийн васташ. ( 5 с)
Яздархочух лаьцна дош.Дийцар «Малх чубаре хьоьжура иза». Халкъан дахарехь
хиллачунна т1ехь дийцар. Халкъ махках даккхар а, х1аллакдина бералла а. Жимачу
к1ентан вагон чохь д1адоьду дахар гайтаран башхалла. К1ентан а, ненан а васташ.
Дийцар «Генарчу денойн туьйра». Халкъан ламаст т1ехь дийцар. Вайн дайша лардеш
схьадеъна ламаст кхочушдар. Кхиъна ваьллачу к1антана ден доттаг1чо шаьлта яларан
маь1на а, х1инца дуьйна цо кхочушдан деза декхарш а.
Б. Шамсуддинов. Лирически турпалхо. (1 с)
Яздархочух лаьцна дош.Стихотворени «Ахь цхьалха витичахьана» Лирически
турпалхочун шен нене болу безам а, цо цуьнга сатийсар а.
5-г1а дакъа. Кхечу къаьмнийн литература (2 с)
Ладо Авалиани. Исторически дийцар. Тема. Сюжет. ( 2 с)
Дийцар «Хьаькхна буц». Исбаьхьаллица кхоьллинарг а, дахаран бакъдерг а. Машар а,
адамалла а деза а, сийлахь а хилар ч1аг1дар. Багратионан майралла а, нохчийн
т1емалойн лаккхара оьздангалла.
5 чу классехь нохчийн литература хьехаран шеран рузманан хьесапаш
«Нохчийн литература» 2018-2019 дешаран шо
Урокан тема
cахьт
Урок д1ахьо хан
План.
Билг.
I-чийрик (18 с.)
1 дакъа .Нохчийн халкъан кхолларалла
13с
Нохчийн халкъан кхолларалла
1
Туьйра «Тамашийна олхазар»
1
«Кхо ваша» цара дина ха
1
«Кхо ваша» кхоалг1ачу вешин толамаш
1
Барзо 1ахарца мохк къовсар
1
Кл. арахьара дешар «Хьекъал долу йо1 а, кхиэлахо
1
Кхо ваша а, саьрмик а
1
Доьшуш хилла к1ант
1
Дешархоша шайна дуьйцуш хезна халкъан туьйранаш
дуьйцуш д1ахьон урок
1
Изложени «Ломмий, цхьогаллий» (изл. гул.аг1о 4)
1
Кицанаш
1
Х1етал-металш
1
Ц1ахь д1аяздина кицанаш, х1етал-металш дуьйцуш
д1ахьон урок
1
2 дакъа. Исбаьхьаллин литература
55с
Б.Саидов «Майра к1ант Сулима» Седа, Сулима
1
Сулимин акхарошца тасаделла гергарло
1
Содина дагабеана шолг1а тешнабехк
1
Сулимина карийна накъостий
1
Карладаккхар
1
II-чийрик (14 с.)
Мусаев М. «Ц1ен маьхьси»
1
Цхьогало барзана бина бекхам
1
Гацаев С. «Чкъоьрдиг» к1ант кхоьру
1
Чкъоьрдиган толамаш
1
Исмаилов А. Бух1анан дийцар. Лоьман пачхьалкх, Кур
1
Бирдолаг. Толам
1
Кл. арахьара дешар «Лулахой»
1
Литературни туьйранний, халкъан туьйранний юкъара
башхалла
1
Бадуев С. «Зайнди». Зайндис дина ц1ийнананалла.
1
«Зайнди» дега даийтина кехат
1
Сочинени «Х1унда лаьа суна Зайндих тера хила?»
1
Классал арахьара дешар «Хьасанний, Ахьмаддий»
1
Изложени «Дика амал» гул. Аг1о 5
1
Изложени йийцаре яр. Г1алаташ т1ехь болх бар.
1
III- чийрик (20 с.)
Хь. Саракаев «Баьпкан чкъуьйриг»
1
Р. Ахматова «Лийрбоцурш»
1
М. Мамакаевн дахар а,кхолларалла а.
1
М. Мамакаев «Баппа»
1
Сатуев Хь. «Лаьмнийн къоналла»
1
М. Сулаев «Ламанан хи»
1
1аламах лаьцна сочинени «Б1аьсте»
1
Классал арахьара дешар М. Сулаев « Т1ехтохар»
1
Ж.Махмаев «Буьйсанна г1улчаш» 1,2 дакъа
1
«Буьйсанна г1улчаш» 3-г1а дакъа
1
Кл. арахьара дешар «Лом-1елин хьуьнарш»
1
Сулейманов А. «Борз ю уг1уш» мох
1
«Борз ю уг1уш» наж
1
1-Хь. Хатуев «Аьрзунан илли»
1
Изложени «Цхьана буса» изл. гул. аг1о 8-г1а
1
Изложени йийцаре яр. Г1алаташ т1ехь болх бар.
Кагерманов Д кхолларалла йовзийтар.
1
Кагерманов Д. «Доттаг1алла».
1
Дешархоша шаьш ешна произведенеш йийцаре яр.
1
Классал арахьара дешар «Лом-1ела исс корта болчу Хожин
г1аланашкахь».
1
1амийнарг т1еч1аг1даран урок.
1
IV-чийрик (16 с.)
Ш.Арсанукаев «Баьпкан юьхк».
1
Ш. Рашидов «Т1амна дуьхьал довла».
1
1. Ахмадов «Къонахалла». Тимар борз ен вахийтар.
1
«Къонахалла» Тимара къу вожор.
1
Сочинени «Къонахалла».
1
В-Хь. Амаев «Малх чубаре хьоьжура» жима кор.
1
«Малх чубаре хьоьжура иза». Г1ан.
1
Х-М. Эдилов «Ненан марзо».
1
1. Мамакаевн кхолларалла. «Садаьржаш»
1
М-С Гадаевн кхолларалла.
1
Гадаев М-С. «Доттаг1ашка»
1
Хь. Хасаев «Ц1окъ»
1
Тестировани
1
М. Бексултанов «Ца кхетта хестор».
1
Классал арахьара дешар «Мархийн к1айн г1арг1улеш».
1
Жам1дар
1
6 чу классехь нохчийн литература хьехаран шеран рузманан хьесапаш
2018-2019 дешаран шо
п/п
Урокан ц1е
Сахьт
Хан
планаца
факт.
1 ра четверть (18 с.)
Халкъан барта кхолларалла
8 с.
1
Халкъан барта кхолларалла
1
2
«Эвтархойн Ахьмадан илли».
Эвтархойн Ахьмадан а, оьрсийн к1ентан вовшахкхетар.
1
3
Таймин Бийболатан илли».
1
4
Сочинени «Муха хета суна илли т1ехь Таймин Бийболат»
1
5
Наьрт-аьрстхойн паччахь Наураз.
1
6
Ницкъ болу Солса.
1
7
Гермчигара наьрташ.
1
8
Наьрт-аьрстхой кхерор.
1
Исбаьхьаллин литература
28
9
Гайсултанов 1умаран кхолларалла. «Нийса кхел» дийцар
1
2 чийрик
1
Гайсултанов 1умар «Барзо амалш ца хуьйцу» басня
1
2
СатуевХьусейн «Ломмий, цхьогаллий» басня
1
3
Гадаев Мохьмад-Салахь «Дарта» стихотворени.
1
4
Ошаев Халидан кхолларалла. «Чайра» дийцар.
1
5
Мамакаев 1аьрби кхолларалла. Поэмех лаьцна. «
Дагалецамаш»
1
6
Сайдуллаев Хьасанан кхолларалла«Ненан б1аьрхиш»
1
7
Пейзажах лаьцна кхетам. Сулаев Мохьмадан кхолларалла
«К1анте»
3 г1а четверть (10 с.)
1
1
Эдилов Хасмохьмадан кхолларалла «Ненан безам»
стихотворени
1
2
Ахмадов Iумаран кхолларалла «Воккха дада». Эвлаяъ.
1
3
Айдамиров Абузаран кхолларалла «Вина
мохк»стихотворени
1
4
Эпитетах лаьцна Ахматова Раиса «Ма хала ду цунах кхета».
1
5
Саракаев Хьамзат «Ирсе б1аьрхиш». Ахьъядан ойланаш.
1
6
Изложени
1
7
Арсанукаев Шайхи «Мохкбегор»стихотворени
1
8
Окуев Шима «Б1аьсте» стихотворени
Саидов Билалин кхолларалла..
1
9
Кибиев Мусбек «Меттан сий».стихотворени .
Олицетворенех лаьцна
1
10
Дикаев Мохьмад «Къинхетаме Нохчийчоь»стихотворени
1
4 четверть (8с.)
1
Рашидов Шаидан кхолларалла«Ломара ц1е» стихотворени
маь1на а, башхалла а
1
2
Мамакаев Эдуард «Х1орд» стихотворени
1
3
Махмаев Жамалдин «1аьжачу баьпкан юьхк»
1
4
Нунуев Сайд-Хьамзатан кхолларалла. «Хьайбаха»
1
5
Яхъяев Лечин кхолларалла «Даркеш».Даркешан хьехар
1
6
«Йилбазан оьмар» романа дакъа «Хьайбаха»
1
7
«Гиххойн Таймасха» роман т1ера дакъа
1
8
Бексултанов Муса «Некълацар» дийцар.Жам1
1
7 чу классехь нохчийн литература хьехаран шеран рузманан хьесапаш
2018-2019 дешаран шо
п/п
Урокан ц1е
Сахьт
Хан
планаца
факт.
1 ра четверть (18 с.)
1
Халкъан барта поэзи
1
2
«Бабин Иэсин, ворх1вешин йишин илли».
1
3
«Бабин Иэсин, ворх1вешин йишин иллех» лаьцна
1
4
«Ваша воцчу Сийлахин илли»
1
5
«Дадин юрт яккхаран илли»
1
6
«Дадин юрт яккхаран иллех» лаьцна
1
7
«Нохчийн шира илли»
1
8
«Нохчийн ширачу иллех» лаьцна
1
9
Сочинени «Позин турпалхойн амалш» (барта)
1
10
«Сай» халкъан илли
1
11
«Сай» ц1е йолчу халкъан иллех лаьцна
1
12
Лириках а, поэтически къамелах а, стих кхолларах а лаьцна
кхетам балар
1
13
Классал арахьара дешар «Девлатгерин эвла йоккхуш
д1аьккхина илли»
1
14
Мамакаев Мохьмадан «Даймехкан косташ»
1
15
Мамакаев Мохьмадан «Даймехкан косташ»стихотворенех
лаьцна
1
16
Изложени
1
17
Гадаев Мохьмад-Салахьан «Ирча суьрташ»
1
18
«Ирча суьрташ»дийцаран исбаьхьаллин башхаллех лаьцна
1
2 г1а четверть (14 с.)
1
Саидов Билал «Вина юрт»
1
2
Саидов Билал «Деган аз»
1
3
Курумова Селима «Дохк»( повеста т1ера кийсак)
1
4
Мамакаев 1аьрби «Берзан бекхам»
1
5
Мамакаев 1аьрби «Берзан бекхам» стихотворенин
исбаьхьаллин башхалла