Конспект урока "«Гуьйре» Ш. Окуев"


Дешаран урок.(29.09.14г.)
Тема: «Гуьйре» .Ш. Окуев.
1алашо: Ш.Окуевн дахар, кхолларалла,цуьнан «Гуьйре» ц1е йолу
стихотворении йовзийтар; нийса а кхеташ а, шера а стихотворни
тексташ еша 1амор, 1аламе безам кхоллар,
Г1ирс: яздархочун сурт,слайдаш.
Урок д1аяхьар.
1.Урок д1ах1оттор.
Ненан мотт цахаар
Шен кхерч цаларар ду,
Кхерчан да цахилар
Маьттаза вахар ду.
Хьайн ненан мотт хаахь,
Дозалла ас до хьох,
Даггара и безахь,
Ас хастам бо хьуна.
-Бераш вовше а хьовсий делалол.Иштта хазахетарца д1аболор вай вайн
таханлера болх.
1.Ц1ера болх таллар.
«Гуьйре» ц1е йолу стихотворени т1ехь болх бар.
-Хьа язйина и стихотворени?(М.Мамакаев)
-Муьлха шеран зама ю кху т1ехь юьйцург?
-Гуьйренан муьлха билгалонаш гайтина кху стихотворени т1ехь?
-Дахкарца бохучу дашах муха кхийтира шу?(дохк)
-Муьлхачу шеран заманахь алссам хуьлуш ю дохк?
-Адамах даьцна дуьйцуш долу мог1анех муха кхета шу?
4-5 дешархочуьнга схьаюьйцуьту.
Сада1аран минот яр.
2. 1алашо йовзийтар.
«Гуьйрахь хинболчу сайл, карара лекъ тоьла»- цу кицанах муха кхета шу?
-Вай тахана д1адоьшур ду Ш. Окуевс яздина « Гуьйре» ц1е йолу
стихотворени.
3.Кроссворд яр.
-Хина т1ай,некъана накъост(говр).
-Хьун чохь а,арахь а кетар лелориг(уьстаг1)
-Ц1инц1алго текхо минц1алг?(ТАЙ ,МАХИЙ)
-Италин коьрта шахьар (столица Рим)
-Кавказа къаьмнийн божарийн духар?(верта)
Вай мичахь деха?(Кавкахехь)
4.Хьехархочун дош(юххедиллар).
Шима вина 1937 шаран 6 ноябрехь.
Нохчий цӀера бохучу хенахь Шима ворхӀ шо долуш вара. 1954 шарахь ворхӀ класс
чекхъеккхинчул техь иза шахте вахара. Цигахь цо цӀа верзалца болх бира. 1957
шарахьиза цӀавирзира. Цу хенахь иза язъя волавелира. Нохч-ГӀалгӀайн
паччалкхан педагогически институтан филологически факультет чекхъеккхира
цо. Арми дӀавиггалца цо «Ленинхо» аьлла районны газетахь болх бира.
Армера цӀа веанчул техь цо чекхъеккхира Лакхара партийн школехь йолу
советски белхалой кечбеш йолу курсаш. Цул техь цо болх бира райкомехь,
школашкахь, редакцишкахь.
1973 шарахь чӀогӀа цомгаш хилла, болх бита дизира цуьна. Таккха иза
литературан балх тӀевирзира иза. И болх ша 1986 шарахь валлалц дӀакхихьира
цо.
5.Керла тема хьехар.
Муьлха дош кхолладелла оханехьа (гуьйре)
Х1ун хийцамаш хуьлу 1аламехь гуьйрана?
1.Хьехархочо д1айоьшу стихотворени.
2.Дошам
Эсар- йис
Шога- нийса йоцуш, тасалуш т1ехле йолу х1ума.
Дин-говр
6. Чулацамах кхетор.
-Стенах лаьцна ю стихотворени?
-Муха кхета хьо «Гуьйрено гергарло дуьйцу 1уьйрено юьллучу эсарца»
бохучух муха кхета хьо?
-Гурахь х1унда хийцало зезагийн бос?
-«Къоьжа корта» бохучух муха кхета хьо?
-Х1унда аьлла поэта «Буьйсанна хан-зама йоьду ах йича сов йолчу
набарца»?Гуьйрана адам сиха хьийзаш х1унда ду?
Х1ун кечамаш деш бу уьш?Шай кечам бинаъ ца 1аш
кхи хьена терго йо цара? Х1унда? Акхарошан хьа бо кечам?
Сада1аран миноташ.
7.Т1еч1аг1дар.
8.Бераша д1айоьшу стихотворени.
-Муьлхачу дешнашца д1айолало стихотворени?
-Муьлха масалш ялийна автора гуьйренан сур